Йоккха Кавказ
Йоккха Кавказ | |
---|---|
адыг. Къаукъазышхо, азерб. Böyük Qafqaz, суьйл. КӀудияб Кавказ, даьргӀ. Халал Кавказ, гӀалгӀ. Йоккха Кавказ, гӀеб-черг. Къаукъазышхуэ, гуьрж. დიდი კავკასიონი, гӀум. Уллу Кавказ, нох. Йоккха Кавказ, лезг. Чlехи Кьавкьаз | |
![]() Йоккха Кавказ | |
Амалш | |
Дохалла | 1150 км |
Шоралла | 33 - 180 км |
Уггар лекха меттиг | |
Уггар лекха бохь | Эльбрус |
Уггар лекха меттиг | 5642 м |
Лаьтта меттиг | |
43°21′ къ. ш. 42°22′ м. д.HGЯO | |
![]() |
Йо́ккха Кавка́з — Ӏаьржа а, Каспийн а хӀордашна йукъара ламанан система, Жима Кавказца цхьаьна ламанан мохк Кавказан лаьмнаш кхуллу.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йоккха Кавказ йаьржина къилбаседа-малхбузера Ӏаьржа хӀордйистан Анапера а, Таманан ахгӀайренера а, Каспий-хӀордан Апшеронан ахгӀайрене, Бакохан герга кхаччалц, 1100 км сов. Шоралла хийцало Новороссийскан кӀоштара 32 километрера максималан 180 км кхаччалц Эльбруса меридианан кӀоштахь, 160 км ДегӀастанахь.
Дукха хьолехь Йоккха Кавказан ламанан зӀе йоькъу кхаа дохаллин дакъошка (асанашка):
- Семанан декъехь лаьтта Коьрта Кавказан (йа Хидоькъен) дукъ (I) {локхаллашца (3500 сов)4000-5000 м}, цхьа могӀа (къилбаседехьа) параллелан тӀелетта АгӀонан дукъца (II) {3000 м, къилбаседа-малхбузен йист йоцург }.
- Къилбаседа басенан асанан (дукхаха дерг Йоккха Кавказан малхбузен а, йуккъера а дакъош) йукъайоьду даккъийн (ламанан зӀенийн) параллелан система, иза тӀаьхь-тӀаьхьа лахло къилбаседехьа, царна йукъахь асимметрин моноклиналан (куэстан) амалера Ӏункара къилба а, легӀана къилбаседин басенашца — Тархийн дукъ (III) {3300—3600 м} а, Байданийн дукъ (IV) {1200—1500 м} Хьаннийн дукъца (IV) {Издара-лам (1326 м)}.
- Йоккха Кавказан къилба басе, лаьтта Доккха Кавказан дукъан тӀелетта кулисакепара даккъех.
Йоккха Кавказ йекъало 3 сегменте (йохаллица): Малхбузен Кавказ (Ӏаьржа хӀорд тӀера (Тамань-Анапа) Эльбрусан кӀажошка кхаччалц), Йуккъера Кавказ (Эльбрус йукъа а лоцуш Башлам тӀекхаччалц), Малхбален Кавказ (Башлам тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц).
Йоккха Кавказ дукха хӀокху заманан ша хьаьхна регион йу. Шаломан барам 2050 гергга бу, цара дӀалоцу 1400 км² гергга майда. Йоккха Кавказан ша хьаьхна меттигаш, ах сов, лаьтта Йуккъера Кавказехь (50 % барамах а, 70 % ша хьаьхна майданах). Ша хьаьхна меттигийн йукъ йу Эльбрус лам Безенгин пенаца тӀаьхь Безенгин шалам а болуш — иза уггаре боккха шалам бу Йоккха Кавказехь, бохаллехь 17 км гергга бу.
Йоккха Кавказ — ламанан регион йу тайп-тайпана ландшафташца, шорта эндемин ораматашца а, дийнаташца а (хьажа Кавказан лаьмнаш).
Йоккхачу Кавказан тӀехула — Доккхачу Кавказан дукъ тӀехула — чекхдолу Российн Федерацин пачхьалкхан доза Гуьржийчоьнца, Абхазица, Къилба ХӀирийчоьнца, Азербайджанца.
Шалаьмнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шалаьмнийн берриг барам — 2050 гергга бу, ткъа йерриг майда йу 1424 км²[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Долгушин Л. Д., Осипова Г. Б. Ледники. — М.: Мысль, 1989. — 447 с. — ISBN 5-244-00315-1.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Кавказ // Италия — Кваркуш. — М. : Советская энциклопедия, 1973. — С. 113. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 11).
- Панов В. Д. Эволюция современного оледенения Кавказа. — СПб.: Гидрометеоиздат, 1993. — ISBN 5-286-00959-X.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. ГӀодехьа Википедина, хӀара йаззам тӀебуьзна. |