Аштаркханан область

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Российн Федерацин регион

Аштаркханан область

Flag of Astrakhan Oblast.svg Coat of Arms of Astrakhan Oblast.svg
Байракх Герб

Аштаркханан область Российн картан тӀехь

Администрацин центр

Аштаркхне‎

Майда

55-гӀ

- Массо
- хина тӀехуле %.

49 024 км²
8,5

Бахархой

56-гӀ

- Массо
- Луьсталла

1 013 840 (2013)

20,6/км²

ДЧС

52-гӀ

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

145,4 млрд. сом. (2010)

146,6 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилба

Экономикан кӀошт

Идалйист

Пачхьалкхан мотт

оьрсийн

Губернатор

Жилкин, Александр Александрович

РФ регионан код

30
ISO 3166-2 код RU-AST

Сахьтан аса

Самаран хан[d]

Аштаркханан о́бласть — Российн Федерацин субъект ю, Къилбан федералан гуо чуьра.

Доза ду Волгоградан областца — къилбаседехь, ГӀалмакхойчоьнца — малхбузехь, Кхазакхстанца — малхбалехь, къилбехахь — Каспий-хӀорд бу.

Областан администрацин центр — Аштаркхне‎ гӀала.
Майданца Аштаркханан область (49 024 км²) 6-гӀа меттигехь ю Идалйистан бархӀ регион юкъахь.
Кхоьллина 1943 шеран 27 декабрехь.

2016 шеран 27 мартехь дуьйна Аштаркханан область 4-гӀа сахьтан асанехь ю[1] (GMT+4, RTZ+1 «Самаран хан»).

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаламан хьал[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан область ю Малхбален-Европан арен къилба-малхбалехь Каспийистан арен тӀехь, бараман шораллехь, гӀум-аренан а, ахгӀум-аренан а зонехь, уьш дожийлашна лелош ю. Область готтачу асанца Идал-Ахтубан тогIин шинне агӀора 400 км сов яхъелла. Дистина хиш боккхачу муьран чудогӀий дельтан майдано Ӏов тасаран пайдехь хуьлу коьртачу промыслан чӀерашна — иргӀун, севрюган, белуган, кхечарна а.

Къилбаседан йист ю Волгоградан область дозанца 48°52' къ.с. ш., къилбан — Каспий-хӀордан бердаца — 45°31' къ.с. ш.. Уггар малхбузан тӀадам бу Чернояран кӀоштахь Волгоградан областан дозанехь — 44°58' м.бал. д., малхбален — Идалан дельтан цхьаьна жимчу гӀайрен тӀехь Володаран кӀоштехь 49°15' м.бал. д. Областан коьрта ландшафт чӀинг-тулгӀенан гӀум-аренан акъарий ю чолхе йина даккхийчу баьрзнаш, гӀамарш, бекъа боьранаш, Ӏаьмнаш, рельефан карстан кепаш, кхин а.

Каспий-хӀордан таханлера абсолютан билгало ю 27 м Дуьненан океанан барамал лахахь. Къилбаседехьа абсолютан билгалонаш тӀекхета, уггар а къилбаседан декъехь кхочу плюс 15—20 м. Уггар лекха меттиг Боккха Богдо лам — 161,9 м, областан къилбаседа-малхбалехь.

Область доьалгӀачу сахьтан асана UTC+4 юкъаягӀийтина, Самара санна, Аштаркхнера меттигера хан 1 сахьт москван хенал хьалха ю.

Область Къилбан федералан гуон Идалан кӀоштахь ю. Географин хьал Аштаркханан областан шакепара ду. Иза лаьтта Европан а, Азин а дозанехь, Идало аравала таро ло 5 хӀорде.

Аштаркханан областан доза ду:

Ландшафташ[нисъе | нисъе чухулара]

Областан ландшафтан структура лаьтта 8 ландшафтах. АхгӀум-аренан зонехь кхоллаелла Идал-Сарпинан а, Баскунчакан а ландшафташ. ГӀум-аренан зонехь ю Идал-Уралан, Идал-Приергенинан, Малхбузан а, Малхбален а Ӏаьмнийн-барзийн ландшафташ. Чоьхьара зонийн ландшафташ ю Идал-Ахтубан тогӀе а, Идал хин дельта а. ХӀора ландшафтехь билгалйовлу масех шен амал йолу меттиг.[2]

Лаьттан чкъор[нисъе | нисъе чухулара]

Россин лаьттан-географин кӀошташъяран урхалло Аштаркханан область юкъайогӀуйту сирла-боьмаша а, боьра а ахгӀум-аренан лаьттан, кӀайн лаьттан комплексийн, гӀамаран массивин, кӀайн лаьттан тачанийн Каспий-хӀордйистан провинцин.[2]

Хин ресурсаш[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан областан тӀехулара хиш гойту Идал хино а, дуккха долчу цуьнан геннаш а (900 гергга), теза а, дуьра а Ӏаьмнаш а (1000 гергга), дуьненан уггар доккха къевлина Ӏам болчу Каспий-хӀордо.[2]

Пайден маьӀданаш[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаламан ресурсаш: Iаламан газ, туьха, гипс. Мехкдаьттан ресурсийн мах хадийна 300 млн т гергга, 2-5 км кӀоргехь доллу.

1950-гӀа шерашкахь дӀайиллина Промыслан газ йолу меттиг, иза бахьнехь Аштаркханехь а, цхьа могӀа ярташкахь а газ юьллуш ю.

1976 шеран августехь дӀайиллина Аштаркханан саьнгалгазоконденсат йоккху меттиг. Иза ю Аштаркханан 70 км къилбаседа-малхбалехьа. Углеводородан аьргаллин промыслан ресурсаш ю Идалан аьру бердаца, церан барам 2588 млрд куб. м. ю, 412 млн т конденсат а ю.

Аштаркханан областан башха ларйо меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Областан таханлера ларъеш йолчу меттигийн машан юкъайогӀу пачхьалкхан заказникаш, таллархойн бахамаш, пачхьалкхан Ӏаламан эсаллаш, уьш XX бӀешеран 70-гӀий-80-гӀий шерашкахь вовшахтоьхна. ХӀинца башха ларъеш йолу Аштаркханан областан меттигийн (БЛЙМ) маша лаьтта 2 пачхьалкхан Ӏаламан заказниках, 3 биологин заказниках, 35 Ӏаламан эсалла.

Аштаркханан областан пачхьалкхан Ӏаламан а, биологин а заказникаш[2]

Заказникан цӀе Кхоьллина шо Майда,
эзар га
Профиль
Богдин-Баскунчакан 1993 35,2 ландшафтан
Ильменно-Бугровой 1995 6,9 ландшафтан
Берли гӀамарш 1998 3,1 ландшафтан
Степной 2000 87 ландшафтан
Теплушки 2000 4,7 биологин
Кабаний 2001 2,1 биологин
Енотаевн 2001 3,8 биологин

Дийнаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан областан хӀокху заманан фауна 9 000 сов кепара ю. Кхузахь еха хинан а, лаьттан а дийнаташ — аренийн, гӀум-аренийн, ахгӀум-аренийн ландшафтийн яхархой[2].

Ораматаш[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан область флоран агӀора Афро-Азин гӀум-аренан областан а, Каспий-хӀордйистан гуон Арало-Каспийн (Туранан) провинцин Ирано-Туранан Голарктика областан а юкъайоьду. Оцу гуон чуйогӀу каспийхӀордйистан-туранан циркумкаспийн кепарниш а, Къилбаседа Каспи-хӀордйистан эндемикаш а[2].

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан областан климат континентан, екъа ю. Ӏа луо кӀезиг долуш, сих-сиха дохлуш, ца лаьтта луон чкъор долуш ду, амма цхьадолчу деношкахь дикка чӀогӀа шелонаш хуьлу, Кхазакхстанера я Уралера шийла хӀаваан массаш яьхкича. Аьхке тӀехйовха. Климатан амалехь ду яккхий шеран а, де-буьйсан а хӀаваан температуран амплитудаш, кӀезиг барамехь йочанаш йолуш, тӀуналла Ӏанаре далар лакхара долуш[3][4].

ХӀаваан юккъера температуран барам хийцало къилбехьара къилбаседехьа +10 °C тӀиера +8 °C кхаччалц. Уггар шийла бутт — январь, температуран юккъера барам бу −10… −20 °C. Уггар лакхара температуран юккъера барам +35…+45 °C хуьлу июлехь[5].

Шеран йочанийн барам 180—200 мм областан къилбехахь, 280—290 мм къилбаседехь. Уггар дукха йочанаш хуьлу апрелера июль бутт кхаччалц. Аьхка догӀа стигал къекъаш догӀу, наггахь къора а туху.[6][7]

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Ширчу заманахь таханлерчу Аштаркханан областан лаьттанаш тӀехьула чекхдовлура персийн а, Ӏарбойн а йохк-эцаран некъаш. VIII—X бӀешерашкахь меттиг ГӀажарийн каганат юкъахь яра. Хила тарло бохуш дуьйцу, таханлерчу Аштаркханан областан лаьттанаш тӀехь ГӀажарийн каганатан столица 965 шарахь эла Святослава йохийна йолу Идал. ТӀехьуо кхуза охьахевшира половхой, XIII бӀешеран хьалхарчу декъехь хийцина болу монголо-гӀезалоша, тӀехьа кхузахь бехира Аштаркханан ханаллин гӀезалой а, кхазакхаш а.

1558 шарахь Аштаркханан ханалла юкъатуьйхира Оьрсийн пачхьалкхан. Аштаркханан мохк хилира къилба-малхбален Оьрсийн пачхьалкхан тӀеман форпост. Масала, 1569 шарахь туркоша аьттонза гуо латтийра Аштаркханан гӀап. 1597 шарахь Аштаркхнехь чекхъяьккхира 1578 шарахь йолийна Спасо-Преображенан божарийн килса.

XVII бӀешарахь Аштаркханан махкахь йоьдуш яра йохк-эцар, чӀеран а, туьхан а промыслаш. БӀешеран юккъехь Аштаркханан махкахь гӀаттам хилира Разин Степана айина.

1705-06 шерашкахь меттигера бахархой гӀевттира I Петран политикан дуьхьал. 1722 шарахь Кутум хин хикхочехь верфь йира, цунна Аштаркханан адмиралтейство цӀе елира. 1730—1740 шерашкахь Аштаркханан губернехь кечдан долийра дареш а, баккха бамба а.

1802 шеран 15 ноябрехь даьллачу Омарца Аштаркханан губерни шина декъе екъна: Аштаркханан а, Кавказан а. ТӀаккха а, Аштаркханан губерни Кавказах дӀакъастар чекх ца делира 1832 шеран 6 январехь бен, цунна догӀуш долу омар кӀела куьг мА яздинехь.

Советан заманахь таханлера Аштаркханан область юкъахь лаьттина Аштаркханан губернин, Лахара-Идалан областан, Лахара-Идалан махкан, Сталинградан махкан, Сталинградан областан 1943 шеран 27 декабрехь ССРС Лакхарчу Советан Президиуман Омарца Аштаркханан область (цу юкъа ягӀна дӀаяьккхинчу ГӀалмакхойн АССРн дакъа а, Сталинградан областан Аштаркханан гуо а) кхоллалц. 2010 шо чекхдолуш цхьа могӀа эксперташ кхайкхийра Волгоградан а, Аштаркханан а областаш цхьанатоьхна Лахара-Идалан мохк кхуллур бу аьлла. Цу тӀе Ӏалашо Аштаркханан областан ю, цуьнан потенциалан а, регионан элитина а[8].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Росстатан терхьашца областан бахархойн барам бу 1 021 287[9] ст. (2015). Бахархойн луьсталла — 20,83 ст./км2 (2015). ГӀалийн бахархой — 66,35[10] % (2017).

Бахархойн барам хийцабалар[нисъе | нисъе чухулара]

Шайолусоюзан а, шайолуроссийн а нах дӀаязбарехь хиллачу терхьашца шаболу а, оцу юкъахь гӀалийн а бахархой (церан дакъа)[11][12]:

Къаьмнаш[нисъе | нисъе чухулара]

Дукхахболу областан бахархой бу оьрсий (2002 шеран терхьашца — 70 %, 2010 шеран терхьашца — 67,6 %), цу тӀе областера оьрсийн процент уггар кӀезиг ю къаьмнийн йоцучу РФ субъекташлахь. Шен барамца шолгӀа меттигера къам — кхазакхаш (16,3 %), Аштаркханан область кхазакхаш беха историн меттиг ю, иза уггар дукха кхазакхаш беха федерацин субъект а ю. Аштаркханан область гӀезалой беха историн меттиг ю (оцу юкъахь аштаркханан а, юртийн а, шайн метан диалекташ йолуш) (6,6 %), ногӀий (дукхахберш кхарагӀашаш), гӀалмакхой, туркменаш.

Шайолусоюзан а, шайолуроссийн а нах дӀаязбарехь (1926—2010) жамӀашца областан къоман хӀоттам хийцабалар:

Къам 1926 шо
эзар ст.[13]
1959 шо
эзар ст.[14]
1970 шо
эзар ст.[15]
1979 шо
эзар ст.[16]
1989 шо
эзар ст.[17]
2002 шо
эзар ст.[18]
2010 шо
эзар ст.[19]
Оьрсий 380,0 (74,5 %) 544,1 (77,5 %) 654,9 (75,5 %) 684,3 (74,7 %) 713,6 (71,9 % 700,6 (69,3 %) 618,2 (67,6 %)
Кхазакхаш 45,7 (8,7 %) 68,9 (9,8 %) 96,7 (11,2 %) 106,0 (11,6 %) 126,5 (12,8 %) 142,6 (14,1 %) 149,4 (16,3 %)
ГIезалой 48,5 (9,5 %) 57,2 (8,1 %) 67,1 (7,7 %) 70,8 (7,7 %) 71,7 (7,2 %) 70,6 (7,0 %) 60,5 (6,6 %)
Украинаш 13,9 (2,7 %) 6,5 (0,9 %) 14,0 (1,6 %) 15,8 (1,7 %) 18,7 (1,9 %) 12,6 (1,2 %) 8,1 (0,9 %)
Азербайджанаш 4,5 (0,45 %) 8,2 (0,8 %) 7,8 (0,9 %)
НогӀий 4,0 (0,4 %) 4,6 (0,45 %) 7,6 (0,9 %)
Нохчий 4,6 (0,5 %) 7,9 (0,8 %) 10,0 (1,0 %) 7,2 (0,8 %)
ГӀалмакхой 4,4 (0,9 %) 12,7 (1,8 %) 11,4 (1,3 %) 8,7 (0,95 %) 8,2 (0,8 %) 7,2 (0,7 %) 6,7 (0,7 %)
Эрмалой 3,1 (0,6 %) 2,8 (0,3 %) 6,3 (0,6 %) 5,8 (0,6 %)
Цигонаш 2,2 (0,2 %) 2,5 (0,25 %) 7,3 (0,7 %) 5,2 (0,6 %)
ЖIайхой 4,2 (0,4 %) 4,7 (0,5 %)
Лаьзгий 3,0 (0,3 %) 4,2 (0,5 %)
ДаьргӀой 2,7 (0,3 %) 3,6 (0,4 %) 4,2 (0,5 %)
Корейш 2,0 (0,2 %) 2,9 (0,3 %)
Туркменаш 1,2 (0,2 %) 1,1 1,4 1,6 2,3 (0,3 %) 2,2 (0,3 %)
Жуьгтий 6,1 (1,2 %) 3,8 (0,5 %) 3,4 (0,4 %) 2,8 (0,3 %) 2,1 (0,2 %)
Белорусаш 3,2 (0,3 %) 4,0 (0,4 %) 2,7 (0,3 %)
Немцой 2,8 (0,5 %)
Ца яздина
къам
3,0 22,1
Гайтина къаьмнаш барамца
2000 сов стаг волу (туркменаш боцурш)

Кхазакхаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Кхазакхаш
Бух болу яззам: Кхазакхаш Россехь

Кхазакхийн бахархойх 16 % сов бу, беха Аштаркханан областан массо а кӀошташкахь а, гӀаланашкахь а, иза уггар боккха гайтам бу Россехь. Иштта кхазакхаш бехачу кхечу Россин регионашкахь болхбеш ю кхазакхийн оьздангаллин центраш, ткъа уьш гулахь бехачохь ишколашкахт хьоьху кхазакхийн мотт. Аштаркханан областехь йоккха кхазакхийн оьздангаллин центр ю «Жолдастык». Кхазакхийн мотт хьоьху Аштаркханан лакхарчу дешаран заведенешкахь (АПТУ). 2016 шарахь дуьненахь уггар баккхийчу бахархойх яра аштаркханан кхазакх Бисембеева Танзиля — Аштаркханан областан Краснояран кӀоштан ИсламгIази юртара яхархо. 2016 шеран мартехь цуьнан кхаьчна 120 шо[20].

Областан Ӏедалан меженаш[нисъе | нисъе чухулара]

Законкхолларан Ӏедал[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан областан законкхолларан Ӏедалан меже ю Аштаркханан областан Дума, 1994—2001 шерийн муьрехь Аштаркханан областан законкхолларан гулам олуш хилла. 2006 шарахь дуйна регионан законкхолларан меженан председатель ву «Единая Россия» партин регионан куьйгалхо Клыканов Александр Борисович, цуьнан кандидатура 2009 шарахь хьехош яра областан губернаторан дарже.

2006 шо кхачале регионан законкхолларан меже кхоллара мажоритаран харжамийн системица. 2006 шарахь харжаман закон хийцадалар бахьнехь харжамаш дӀабаьхьира ийна харжамийн системица. Политикан партешна кхаж тесча областан думе чекхъелира «Единая Россия» (38 %), «Родина» (16 %), РФКП (14 %), Пенсионерийн парти (9 %).

Кхочушдаран Ӏедал[нисъе | нисъе чухулара]

Областан кхочушдаран Ӏедалан куьйгалладо Аштаркханан областан губернаторо. 1991—2004 шерашкахь областан губернатор вара Гужвин Анатолий Петрович, 1996 а, 2000 а шерашкахь харжамашкахь тоьлла волу. 2004 шеран августехь Гужвин веллачул тӀехьа 2004 шеран 5 декабрехь хиллачу Аштаркханан областан коьртан харжамашкахь туьйлира областан коьртан декхар кхочушдеш волчу Жилкин Александр Александровича. Тоьллачун аьтту беш яра «Единая Россия».

Губернаторо куьйгалла до областан кхочушдаран Ӏедалан меженашна а, Аштаркханан областан Правительствона а. 2004 шарахь дуйна Аштаркханан областан Правительствон Председатель ву Маркелов Константин Алексеевич.


Административан-лаьттан хӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан областехь болхбеш бу 170 муниципалан кхоллам, царна юкъахь 2 гӀалин гуо (цхьаъ царех — Аштаркханан областан къевлина административан лаьттан кхоллам Знаменск), 11 муниципалан кӀошт, 11 гӀала, 146 юрт.

ГӀалийн гуонаш[нисъе | нисъе чухулара]

Герб ГӀалин гуо Бахархой
(2015)[12], ст.
I Coat of Arms of Astrakhan.png Аштаркхне гӀ. 530 863[21]
II RUS Знаменск COA.gif КЪАЛГ Знаменск 27 208[22]

Муниципалан кӀошташ[нисъе | нисъе чухулара]

Аштаркханан административан-лаьттан декъадалар
Байракх Муниципалан кӀошт Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
ст.
1 RUS Ахтубинский район flag.jpg Ахтубинскан кӀошт Ахтубинск гӀ. 7 810 65 218[23]
2 RUS Володарский район flag.gif Володарскан кӀошт Володарски юрт 3 883 47 594[23]
3 RUS Енотаевский район flag.gif Енотаевкан кӀошт Енотаевка ю. 6 300 25 851[23]
4 Икрянинан кӀошт Икряни ю. 1 950 47 678[23]
5 Камызякан кӀошт Камызяк гӀ. 3 493 47 836[23]
6 Flag of Krasnoyarsky rayon (Astrakhan oblast).png Красни Яран кӀошт Красни Яр ю. 5 260 36 959[23]
7 Flag of Limansky rayon (Astrakhan oblast).png Лиманан кӀошт Лиман гӀтю 2 100 31 168[23]
8 Нариманован кӀошт Нариманов гӀ. 6 100 47 668[23]
9 Приволжскан кӀошт Началово ю. 841 49 435[23]
10 Flag of Kharabalinsky rayon (Astrakhan oblast).png Харабалин кӀошт Харабали гӀ. 7 100 40 851[23]
11 Чёрни Яран кӀошт Чёрни Яр ю. 4 200 19 447[23]

КӀоштан маьӀне гӀала

ГӀалин цӀе Бахархойн барам
Ахтубинск гӀ. 38507
Нариманов гӀ. 11196
Камызяк гӀ. 16219
Харабали гӀ. 18041
5 эзар стаг барам болу ярташ
Аштаркхне 530 863[21]
Ахтубинск 38 160[23]
Знаменск 27 202[23]
Харабали 18 097[23]
Камызяк 16 073[23]
Красни Яр 12 214[24]
Нариманов 11 139[23]
Володарски 10 102[23]
Икряни 10 036[25]
Лиман 8763[23]
Верхни Баскунчак 7968[23]
Чёрни Яр 7621[26]
Енотаевка 7616[25]
Красни Баррикади 6446[23]
Старокучергановка 6343[27]
Капустин Яр 5724[25]
Началово 5451[25]
Сасыколи 5224[25]
Никольски 5072[23]

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Экономикан специализаци[нисъе | нисъе чухулара]

Областан экономикан центран — Аштаркхнен — промышленни комплекс юкъахь ю хинкеманашдар, чӀаракечбаран промышленносташ. Коьрта промышленностан отраслаш — машенашъяр, электроэнергетика, юурган промышленность. Регионехь бухбоцуш газ а, мехкдаьтта а, саьнгал а ду. ГӀалин промышленность иэшамехь ю. Иэшам бийриг ягорган промышленность ю, цуо кхоалгӀа дакъа иэшам бо промышленностан, ткъа иштта хинкеманашдар, радиопромышленность, электроэнергетика. ТӀаккха а промышленностан иэшам 2002 шерца дуьстича лагӀбелла 28,9 %.

Ахтубинскан кӀошт (70,2 эзар ст. гергга) областан къилбаседа-малхбален декъехь ю. Цигахь лаьтта тӀеман полигон, тӀеман дуьхьалояран промышленностан филиалаш. Коьрта предприятеш — ОАО «Бассоль» (юург яр), ОАО «Минерал-Кнауф» (гӀишлошъяран гӀирс), ОАО «Ахтубински ССРЗ» (машенашъяр), ОАО «Консервийн завод», ЗАО «Ахтубинскан жижигкомбинат».

Камызякан кӀошто (50,3 эз. ст. гергга) юьртабахаман продукци кхиорехь а, цунах юургаш кечъярехь а коьрта позицеш латтайо. Юьртабахаман коьрта агӀонаш — хастоьмашлелор, кхашлелор, дугалелор, жижиг-шурийн даьхнийлелор. КӀоштан промышленностехь ю хӀара отраслаш: хинкеманашдар (предприятех уггар ширачех цхьаъ ю — ОАО «Волго-Каспийский СРЗ»), яйн, полиграфин, даман-жаржан промышленносташ, гӀишлошъяран гӀирсашбар.

Промышленность[нисъе | нисъе чухулара]

Ягорган промышленность ю Аштаркханан областан коьрта отрасль, кхузахь Россин европан декъехь уггар йоккха Аштаркханан газоконденсат йоллу меттиг йолун дела. Цуьнан бази тӀехь болх бо Аштаркханан газан комплексо, оцу юкъайогӀу газопромыслаш а, газтоешйолу завод а. Комплексан специализаци ю арахецар: техникан газан саьнгал, автомобилан бензин, дизелан а, котельнин а ягориг, пропанобутанан фракци. Областехь яьржина машенашъяр (хинкеманашдар, пхьалгӀапрессан гӀирс бар, компрессораш, кхин а).
1990-гӀа шераш 2003 шарца дуьстича хаъал тӀекхетна РФ Аштаркханан областан ягорган промышленностан продукцин дакъа (8 % тӀиера 60 % кхаччалц), электроэнергетикан (2 % тӀиера 11 % кхаччалц), Каспийн бассейнан промыслашкахь декъаза хьал хилар бахьнехь хаъал охьадаьлла юурган промышленностан дакъа (36 % тӀиера 9 % кхаччалц), ткъа иштта лагӀделла яйн промышленностан дакъа (27 % тӀиера 1 % кхаччалц). Уггар дика юккъерасинан коэффициенташ ю металлхадошйолу чархаш ярехь — 4 (РФ регионаш юкъахь беалгӀа меттиг бу массо а лорушйолчу промыленни продукцин кепашлахь), Ӏаламан газ, мехкдаьттан дуьххьара чекхдаккхар.

Юртан бахам[нисъе | нисъе чухулара]

Юртбахаман лерина лаьттанаш ду 3,4 млн гектар сов. Хастоьмаша дӀалаьцна майданаш уггар яккхийчех ю массо а Россин федерацин субъекташлахьКеп:Нет АИ. Областан аренашкахь хӀора шарахь кхиайо 350 эзар тонн томаташ, бурч, баклажанаш, кабачкеш, наьрсаш, жӀонкаш, буракаш, хох, копаста. Ӏадат хилла Аштаркханан областехь дуга лелор, иза кхиадо Идалан йистехула. Регионан климатан хьоло таро ло шарахь шозза картолаш кхиаян. Даймехкан а, голландин а, немцойн а дика хӀун сорташ юкъаяржоро лакхара а, цхьанаэшшара ялта гулдан аьтту бо. Российн Федерацин регионех Аштаркханан область ю даьхний Ӏалашдина ца Ӏаш, уьш сов даьхначех. ХӀора шарахь регионехь дӀахьо юртбахаман хьайбанийн областан выставка. Бежний гойту дукха хьолахь шурийн кепарнаш: симменталан, цӀен аренан, дукхапродуктийн Ӏаьржа-къорза. Аштаркханан областан коьрта отрасль ю жалелор. Регионехь ю шатайпа уьстагӀан генетикан фонд: исхаран, холхазан, жижигтӀергӀан, эдильбаевн тайпанаш, цара боккха аьтту бо тӀаргӀа баккхарехь. Дукха хан йоццуш долийна жижиган жалелор.

Транспорт[нисъе | нисъе чухулара]

1997 ш: цӀерпоштнекъийн дохалла — 849 км, асфальт биллина автомобилийн некъийн — 4031 км, хинан некъаш — 1443 км. Дукхахъерш хин пристанаш ю. Коьрта кеманаш лела хиш: Идал, Бахтемир, Бузан, Болда, Ахтуба, Кизань, Царев. Шалаьтта мур дукха хьолахь шарахь 2—3 бутт бу, наггахь — 4 бутт, довхачу Ӏаьнашкахь коьрта кеманаш лела хиш гӀора данне а ца до. Аштаркхнехь а, Оляхь а болхбеш хӀордан порташ ю. ХӀордан бухахул даьккхина Идала-Каспийн татол (дохалла 188 км, кӀоргалла 5 м), цуо хутту Бахтемир Каспий-хӀордан кӀоргачу декъаца. Олян а, Гилян (Иран) а порташ юкъахь цахеддаш хӀордан бураман уьйр ю. Аштаркхнехь болхбеш ю дуьненанъюкъара аэропорт.

Дешар[нисъе | нисъе чухулара]

Областехь болхбеш ю 6 ЛДЗ а, 10 сов Россин кхечу регионийн ЛДЗн филиалаш а[28][29].

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

  • Петран а, Павлан а килса (17—18 бӀешераш, Чёрни Яр ю.);
  • ГӀалмакхийн тӀулгийн килса-хурул (XIX бӀешо долалуш, Речное ю.);
  • Чуркински гӀайрен тӀиера Николаевско-Высокогорски килса (XIX бӀешера чеккхе), кхин а.

Аштаркханан область нумизматикехь[нисъе | нисъе чухулара]

Россин Банкан иэсаллин ахчан са

2008 шарахь Россин Банко арахецна иэсаллин ахча, Аштаркханан областан лерина.

Хьаьжа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Астраханской области разрешили сменить часовой пояс. Российская газета. Теллина 2016 шеран 27 октябрехь.
  2. 1 2 3 4 5 6 География Астраханского края [Текст]: учеб. пособие/А. Н. Бармин, Э. И. Бесчётнова, Л. М. Вознесенская [и др.]. — Астрахань : Издательский дом «Астраханский университет», 2007.-259 с.
  3. Географический атлас. Главное управление геодезии и картографии при совете министров СССР. 1988 год.
  4. Аштаркхан. Ru / История Астрахани / История Астраханского края / Природа Астраханского края / Климат Астраханского края
  5. «Природа и история Астраханского края» — Аштаркхан: Изд-во Астраханского гос. пед. ин-та, 1996. 364 с
  6. Климат Астраханской области
  7. Климат Астрахани
  8. Андрей Серенко. Нижневолжское укрупнение // Независимая газета.
  9. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2015 года и в среднем за 2014 год (опубликовано 17 марта 2015 год). Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 18 мартехь. Теллина 2015 шеран 18 мартехь.
  10. Численность постоянного населения на 1 января (человек) 1990-2010 года
  11. Переписи населения Российской империи, СССР, 15 новых независимых государств
  12. 1 2 Тома официальной публикации итогов Всероссийской переписи населения 2010 года
  13. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей
  14. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей
  15. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей
  16. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей
  17. Демоскоп Weekly — Приложение. Справочник статистических показателей
  18. Демоскоп Weekly - Приложение. Справочник статистических показателей. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 28 апрелехь. Теллина 2013 шеран 21 апрелехь.
  19. Информационные материалы об окончательных итогах Всероссийской переписи населения 2010 года
  20. Вести. Ru: От Распутина до Путина: старейшая женщина планеты живет под Астраханью
  21. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  22. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года.
  23. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  24. Всего зарегистрировано на территории МО «Красноярский сельсовет» на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 7 февралехь. Теллина 2016 шеран 7 февралехь.
  25. 1 2 3 4 5 Всероссийская перепись населения 2010 года. 1. Численность и размещение населения Астраханской области. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 11 майхь. Теллина 2015 шеран 11 майхь.
  26. Сведения о численности постоянного населения муниципального образования «Черноярский район» на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 25 февралехь. Теллина 2016 шеран 25 февралехь.
  27. Состав и оценка численности населения муниципального образования "Наримановский район" Астраханской области на на 1 января 2013 и 2014 годов. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 19 ноябрехь. Теллина 2014 шеран 19 ноябрехь.
  28. Высшие учебные заведения Астраханской области. Рособрнадзор.
  29. Информационно-аналитические материалы по результатам проведения мониторинга деятельности образовательных организаций высшего образования 2015 года — Аштаркхананобласть. Министерство образования и науки Российской Федерации. Теллина 2016 шеран 17 июнехь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]