Балкхарой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Балкхарой
Шен цӀе малкъарлыла, таулула
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла 125 000 гергга (2010 шо)

 Росси:
 112 924 (2010 шо)[1]

 Кхазакхстан: 2 300[2]

 ГӀиргӀазойчоь: 1 900[3]

 АЦШ: 3-5 эз. ст.[4] (2010 шо)

 Украина: 206 [5]

 Узбекистан: 800 (2019 шо)[6]
Хаам
Мотт кхарачойн-балкхаройн
Дин ислам суннийн маьӀнера
Йукъабоьду туьркийн къаьмнаш
Гергара къаьмнаш кхарачой, гӀирман гӀезалой, гӀумкий
Схьабалар туьркаш, аланой, кавказан тайпанаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Балкха́рой (кхарач.-балк. малкъарлыла, таулула[7][8]) — туьркийн къам, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан орамера бахархой, дукхаха дерг беха Къилбаседа Кавказан йуккъерачу декъехь, ламанан а, ламанан кӀажошкара а (Балкхаройчоь) кӀошташкахь Баксан, Чегем, Хазнидон, Черек-Балкхаройн (малкхархой), Черек-Хуламан (безенгиевгӀар, холамхой) эркийн лакхенашкахь. Йоккха европин расин кавказан антропологин тайпана йукъара бу[9]. Фактехь цхьа къам ду лулара Кхарачой-Чергазийчуьра кхарачошца.[10] Буьйцу тюркийн доьзалан кхарачойн-балкхаройн мотт.

Этноним[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Чекхдаккханза дакъа «Балкхарой» къоман (этноним) цӀе схьайаларан масех верси йу:

  • иза схьайаьлла оьрсийн «малкхарой» цӀеран вариантах (Малкхар чӀожан бахархой)[11].
  • «болгарийн» цӀерах[12] (737 шарахь Ӏаьрбойн-хазарийн бертан хьелашца каган луучарна массарна а ислам дин тӀелаца бакъо йелла. Дуккха а булгараша-бурджанаша (масала, таханлера балкхаройн кхарачойн, гӀумкийн дайша) бусалба дин тӀеийцира. Нисса оцу заманахь дуьйна булгарашна йукъахь ислам даржа долало. Билг. — Бегунов Ю. (ред.), Закиев М., Бариев Р., Глашев Б., Нурутдинов Ф. Булгарийн къоман хазна. Этногенез. Истори. Оьздангалла. Арахецаралла: «БулгарИздат»; 2007 ш.

Барам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Берриг балкхаройн барам хIинца бу 125 эз. гергга стаг (2010, мах хадор). Россехь беха 112,9 эз. стаг (2010), царех ГӀебартойн-Балкхаройчохь — 108,6, иза хуьлу 12,7 % республикин бахархойх. ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан кIошташкара дакъа 2010 шеран бахархой багарбаран жамIашца:

Муниципалан кIошт Балкхаройн дакъа, %
Эльбрусан МКI 69,5
Черекан МКI 64
Чегеман МКI 20
ГIГ Нальчик 16,9
Зольскан МКI 6

Цхьаболу балкхарой беха Кхазакхстанехь а, ГӀиргӀазойчоьхь а (4—5 эз. ст., 2008 шарахь мах хадорца), уьш цига кхаьчна 1944 шарахь махках бахар бахьнехь.

Беха кхин а Туркойчоьхь, Европин мехкашкахь, АЦШхь, уьш XIX бӀешарахь Къилбаседа Кавказ йитинчу мухажирийн тӀаьхье ю.

Мотт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхарачойн-балкхаройн (кхарачойн, балкхаройн) мотт — кхарачой а, балкхаройн а мотт бу, туьркийн меттанех цхьаъ бу иза. Меттан ген къестамаш бакхий бац. Таханлера цӀе йукъара тӀеэцна 1950-гӀа шерашкахь, хьалха олура ломан-гӀезалойн, ломан-туьркийн, гӀезалойн-джагатайн. Баьржина ГӀебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, шинне а республикашкахь пачхьалкхан меттан статус ю. Россехь мотт буьйцурш 303 эз. гергга стаг ву[13].

Охьаховшаран географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Балкхарой Европехь уггаре лакхахь дехачарех цхьа къам ду. Цара дӀалоцу Къилбаседа Кавказан атагӀаш а, ломан кӀажош а Малка, Баксан, Чегем, Черек, церан геннийн а Ӏинаш. Балкхаройчоьнан мохк бехаш бу ломан массивашца, хьаннашца, хьена атагӀашца, альпийн байнашца.

Этносан истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЭльбрусЕвропин Российн, Кавказан уггаре лекха лам; цуьнан сурт ду балкхаройн къоман байракх т\аьхь.

Балкхаройн къоман этногенез[нисйе бӀаьра | нисйе]

Туьркой меттан балкхаройн а, кхарачойн а, ткъа иштта кавказан меттан вайнехан, гӀажарийн меттан хӀирийн, материалан а, синмехаллин оьздангаллин а шира субстратан бух бу археологехь лар йитина, уггаре къегина, дика теллина кобанан оьздангалла. ГӀажарийн чкъор хааделла хӀирийн-кхарачойн-балкхаройн этнооьздангаллин йукъараллехь. И йукъаралла лору этносаш хиттарехь аланийн доминантан сурт санна. Шен рогӀехь туьркийн «тӀаьхьие», дукха хьолахь, йоьхку кипчакаш (половхой) лома бахарца, иштта кхоллаелла Къилбаседа Кавказехь туьркийн меттанийн анклаваш — Балкхаройчоь а, Кхарачойчоь а. Антропологин хаамаш бен тешалла ца до нах кхалхаран а, зударий балоран а контакташна[14].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 Окончательные итоги Всероссийской переписи населения 2010 года
  2. Kazakhstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission.
  3. Kyrgyzstan - People Groups. Balkar // Joshua Project. A ministry of the U.S. Center for World Mission.
  4. Борлакова Ф.А. Карачаево-балкарская диаспора в США // Научные проблемы гуманитарных исследований. — 2008. — № 15. — С. 9—15.
  5. Всеукраинская перепись населения 2001 года. Распределение населения по национальности и родному языку. Государственный комитет статистики Украины. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 25 августехь.
  6. Country: Uzbekistan. Joshua Project.
  7. Каракетов, 2005, Каракетов, 2007
  8. «Этнонимы и племенные названия Северного Кавказа», Год: 1973, Автор: Волкова Н. Г., Издательство: «Наука» (Главная редакция восточной литературы, г. Москва), стр. — 87
  9. Алексеев В.П. Происхождение народов Кавказа. — Москва: Наука, 1974.
  10. КАРАЧАЕВЦЫ • Большая российская энциклопедия - электронная версия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  11. К. Х. Унежнев. История Кабарды и Балкарии. — ГП КБР "Республиканский полиграфкомбинат им. Революции 1905 г." Издательский центр "Эль-Фа", 2005-01-01. — 626 с. Архиван копи 2020 шеран 14 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  12. Андрей Николаевич Кононов. История изучения тюркских языков в России: дооктябрьский период. — Наука, Ленинградское отд-ние, 1982-01-01. — 372 с. Архиван копи 2017 шеран 6 апрелехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
  13. Всероссийская перепись населения 2002 года. perepis2002.ru. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 августехь. Теллина 2017 шеран 17 апрелехь.
  14. М. М. Герасимова. К вопросу о происхождении балкарцев Архивйина 2019-08-19 — Wayback Machine. Вестник антропологии. 2013. № 3(25) с. 52-71

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]