Марха

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Мархин бутт дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg
Марха достуш

Марха — бусалбан марха кхабар ду. Рамазан бутт марха кхабар парз дина хилла хӀиджратан шолгӀачу шеран шаIбан баттахь. Вайн умматал хьалха долчу къаьмнашна а, умматашна а девзаш хилла марха кхабар. Рамадан баттахь марха кхабар вуно чIогIа деза а ду, мелехь а ду, хIунда аьлча ша и бутт чIогIа беза бутт а бу, цу баттахь марха кхабар парз Iибадат дар а ду. Цуьнан дозалла дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду. Церах ду Делан Элчано Мухьаммада Mohamed peace be upon him.svg аьлларг: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дӀадаханчу къиношна».

Рамадан баттахь марха кхаба дезаран далил Къуръан а, суннат а, массо бусалба нехан барт а бу. Нагахь санна и стаг цу баттахь марха кхабар парз дац бохуш доьхьал ваьлла велахь – иза керста ву, шен динах дIакъаьстина стаг ву, цундела иза тоба даре кхайкха веза. Нагахь санна цо тоба дахь къобал дийр ду иза, тоба ца дахь – Дала тӀедиллина долу декхар чекхдоккхуш вуьйр ву и стаг. Иштта доьхьало еш волу стаг шен динах араваьлла ларар хIокху билламца доьзна ду: нагахь санна и стаг бусалба дин керла тIелаьцна велахь, я Ӏеламнахана генахь велахь, Рамадан баттахь марха парз хилар девзар доцучу агIор, ишттачу хьолехь и стаг керста лоруш вац марха парз дац аьлла цо тIе ца лацахь.

Нагахь санна и стаг марха парз хиларна доьхьал ваьлла а воцуш, делахь а цхьа а бахьана доцуш цо марха кхабар Iадда дитахь – масала, цо алахь: " марха кхабар парз ду суна тIехь, делахь а ас ца кхобу иза" – и санна волу стаг Iеса стаг ву, керста вац. Бусалба нехан паччахьна а, куьйгалхочунна а тIехь ду и стаг сацор, марха кхобучу юкъана иза юучух-молучух вуха тохар.