Муъмин

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
                              

Муъмин (Iарб. مؤمنтешашверг, нийса динехь верг) — исламан термин, цуьнца билгалвоккху бусалбаниг, даггара АллахӀах тешна волу, дин цуьнан дахаран маьIна хуьлу, цуьнан ойланаш а, лелар а дIалоцу цуо[1].

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Муъмин» дош даьлла Iарбийн дукхаллин терахьан орамах «а-м-н», цуьнан дуккха а маьIнаш ду, масала, кхерамазалла, тешамалла, тешар, нийсалла, тешам, деган паргIато, эсалалла, муьтIахь, ладогIар[2]. АллахIан цIе (Аль-Муъмин) гочйо «ларвийриг», «Iалашвийриг», «нийсаниг», «тешамениг», кхин а. Таханлерачу нохчийн маттахь «муъмин» дешан аналог «дика бусалба» ду, амма иза кIезиг хеташ маьIна ца дайа Iелам наха муъмин дош далийна нохчийн мате а.

Муъминан а, муслиман а йукъара башхалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бусалбанийн ламастехь муъмин дош леладо муслим дешан синоним санна. Амма Iелама наха бекъна и ши кхетам, муъмин лакхара хIоттош муслимал. Церан муслим терминологица (Ӏарб. مسلم — муьтIахь верг, тIевирзинарг) исламехь билгалбоху АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад элча хиларах а тешна берриг бусалбанаш, башхалла а йоцуш церан Iилман тIегIа, Делах кхерар, лелориг. Муъмин олу бусалбачарех, нагахь иманан тIегIа а, гIуллакхаш а цуьнан лакхара делахь дукхаха болу бусалбачеранчул. Юккъера бIешерийн исламан Iелам стага Ибн Дакъийкъ аль-Ӏидас иштта йийцина муслиман а, муъминан а йукъара зIе: «ХIора муъмин бусалба ву, амма муьлхха а бусалба муъмин вац!».[3] Муслиман а, муъминан а тIегIанаш йоцуш исламан Iилманчаша билгалйоккху кхин тIегIанаш уггаре Делах чIогIа кхоьручу бусалбанийн — мухьсин (Ӏаьр. محسن‎‎ — «дикнаш деш верг»), диканаш деш волу стаг, салихь (Ӏаьр. صالح‎‎ — «беркате», «нийсаниг»), массарна а масала хуьлуш нийса дахар долу стаг.[4]

Терминах болу къийсамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Iелам нах муъмин дешан маьIна доккхуш шайн ойланашца бекъабелира. Ламасталлин агIончаша лорура муъмин уггаре хьалха дагца тешнарг (Iакд би-ль-кальб), нахала доккхуш шен тешар (икрар), дика гIуллакхаш (Iамал) деш, цIена ният долуш. Мурджинаш лорура, муъминан тоам бу дагца тешна, шен дин нахана хезаш дIахаийтар. Кхин къовсаме момент хилла муъминах муслим хилар а, муслимах муъмин хилар а. Ламасталлин агIончаша дехьа-сехьа далар тардолуьйту, хIунда аьлчи иман, амале а, гIуллакхийн барамашка хьаьжжина, лагI а ло, тIе а кхета. Мурджинаш и некъ хулийла а дац боху, хIунда аьлчи иман дозуш дац цуьнан гIуллакхех, иза лагI ца ло. Иманан маьIна доккхуш болу и шина некъо къийсамаш баьхна муъмин ву я вац хаттарехь. Ламасталлин агIончаш, мутакаллимунаш, муIтазилиташ, хаварижаш, супеш ларйора формула «со теша, иншааллахI», ткъа мурджиIиты, лору шен иманах йолу шеко ца тешар (куфр), кховдайора формула «со даггах теша»[5].

Муъминехь хила дезарг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къуръанан дукха аяташкахь дуьйцу даггах делах тешачеран дика гIиллакхаш, церан хаза синмехаллаш:

  • Муъминаш ламаз до, ламаз тIехь синтеме хуьлу.
  • Цара ло закат, шайн бахам бойу АллахIан новкъа.
  • Шайн муьлххачу гIуллакхехь уьш АллахIан бен тIе ца тевжа (таваккуль).
  • Муъминаш дикане кхойкху, гIочух сацаво.
  • Уьш гена буьйлу деса а, пайден доцу гIуллакхашна.
  • Уьш цIена бу, цара даккхий къинош ца летадо.
  • Муъминаш АллахIан а, Цуьнан ПайхIамарна а муьтIахь бу, даиман а цара аьллариг деш а бу.[2]

Аль-Муъмин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-Муъмин

Аль-Муъмин (Iарб. المؤمنаль-муъмину) — АллахIан цIарех цхьа цIе ю, лело ца мега еккъа АллахIе кхойкхуш бен. Аль-Муъмин цIе АллахIан сипаташ дуьйцуш лелайо Аль-Хашр суратехь «Иза — АллахI, вац дела, Иза воцург, Паччахь верг, Сийлахьверг, ЦIенаверг, Лардийриг, Iалашдийриг, Ницкъберг, Ондаверг, Везаниг. ЦIена ву АллахI, гена ву цара накъост вечунна»[6].

Къуръан чохь муъминех лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Сурат Аль-Муъминун — Къуръанан 23 сурат, доссийна Маккахь, 118 аятах лаьтта.
  • Къуръанехь Муъмин дош хьахийна 229-за[7], масала: «Дерза массо а АллахIе, хIай тешашдерш, — ирс долуш хила мегий шу-м»[8].
  • Къуръан чохь гайтина Мухьаммад пайхIамаран дахаран меттиг, пайхIамаран тIе баьхкира бедуинаш цара хаийтира шеш муъмина ду аьлла, бедуинаш иза аьлча АллахIа омар дира Мухьаммад пайхIамарна дIаала аьлла, уьш буьззина муъмина бац, бусалбий бенна бац уьш.

Бедуинаш элира: «Тхо муъмина ду». ДIаала: «Шу муъмина дац». Цундела ала: «Тхо бусалба хилла». Иман хIинци а шун дегнаш чу ца дижна. Нагахь аша АллахIа а, Цуьнан ПайхIамара а бохург дахь, Цуо кIеззиг а дойур дац шун гIуллакхаш. Бакъдолуш, АллахI - Гечдийриг а, Къинхетамениг а ву.

Суннатехь муъминех лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Фадаля ибн Iубайда дийцина: «АллахIан элчано Iадикаяран хьаьжа деш аьлла: „Аса хаийтий шуна муъмин мила ву? Муъмин — наха шайн бахам а, шайн са а тешна дуьтург ву; муслим — кхечу нахана шен меттаца а, куьйгашца а зулам ца дийриг ву; муджахид — АллахIан муьтIахь хилархьама шен сица къовсам латториг ву; ткъа мухIажир — шен къинош дитинарг ву!“»

Сборник хадисов имама Ахмада, 6/21[9]

АллахIан элчано аьлла: «ЦIена тешашверг (муъмин) — уллехь кхерам а боцург, нахана уллехь паргIата а хетарг ву».

Ас-Суюты Дж. Аль-джами‘ ас-сагыр. С. 548, хадис № 9144[10]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]