Къемат-де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Къемат-де (Ӏаьр. يوم القيامة‎‎‎, Къиямат) исламан тешарехь иза Дала бартхаттаран де ду, хӀора адамо ша Ӏамал ярре терра цунна бекхам бийр болуш.

ТӀекхачаран хан[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къемат-де тӀекхачаран нийса хан цхьанне ца хаъ, АллахӀ воцучунна. Дукха наха шайн пайхамаршка хаьттина хилла и Де маца тӀекхочура ду аьлла, амма цуьнан нийса терахь хууш ца хилла.