Исламан рузма

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Исламан календарь дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Рузма
Рузманах дерг
Рузман
тайпа

Беттан

ЧухӀоттам
високосийн
11/30 (Ӏаьрбийн цикл)
3/8 (туркойн цикл)

Кхин рузманаш
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеранАссирийнАцтекийнБахаинБенгалийнБуддийнВавилонанВизантийнМалхбаленславянийнВьетнаманГильбурданГолоценанГригориананГуьржийнДарийнШирагрекийнШирамисранШирахӀиндинШирагӀажарийнШираславянийнЖугтийнЗороастрийнХӀиндийнИнкийнИрананИрландинИсламанКельтийнЦийнКонтанКоптийнМалайнМайянМасонийнМиньгоНепаланКерлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григориананРуманРумийнСимметринСоветийнЦхьанаэшшарнигТамилан • Тайхойн: беттан, маьлханТибетанКхаазаманТуванТуркменийнФранцузийнХакасийнХанаанейнХараппийнЧучхеШведийнШумерийнЭфиопийнЮлианийнЯванЯпонийн
Тахана

шинара

19 ноябрехь

2019


21 Рабиуль-Аввал

1441

[карлаяккха]

Исламан рузма — динан Ӏийданий терхьаш билгалдахархьама бусалбачара лело беттан рузма. 2016 шо кхаччалц цхьаболчу бусалбачу мехкашкахь лелайора официалан рузма санна. Шераш дагардан долийна ХӀиджратера (16 июль вайн эран 622 шо)[1]Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg а, дуьххьарлера бусалбанаш а Маккара Мадинате дӀакхалхаран тӀиера. Цундела бусалбачу мехкашкахь рузманах олу ХӀиджратан рузма (Ӏаьр. الـتـقـويم الـهـجـري‎‎, ат-такъвийму-л-ХӀиджрий).

Рузман структура[нисъе бӀаьра | нисъе]

Де-буьйса, бусулбанийн рузманца долало малх чубуьзча, григорианан рузманца санна буьйса юккъе яхача ца болало. Бутт болало неомени хилча, аьлча а, Беттан хӀоз маьркӀажа хенахь бутт кхетарехь дуьххьара ма-гиннехь. Дукха хьолахь хуьлу бутт кхетначул тӀаьхьа 1—3 де даьлча.

Синодикан беттан бохалла хуьлу юккъера барамехь 29,53 де-буьйса гергга, цундела исламан рузман баттахь хила тарло 29 я 30 де. Нагахь 29-гӀа дийнан сарахь стиглахь Бутт гахь, тӀедогӀу де-буьйса керлачу беттан хьалхара лору. Нагахь Бутт ца гахь, тӀаккха керла де-буьйса беттан 30-гӀа хуьлу. ТӀетоьхна денош мегаш дац, цхьаъ де доцург, и де леладо бутт кхетар беттан 1-ра терахьан герга лелорхьама. И де юкъатуху зуль-хидж беттан.

Бутт кхетаран терахь лара атта делахь а, ахбутт боккъал маца кхета ала чӀогӀа хала ду. Иза дозу дукха факторех, масала, хенан-хӀоттам, атмосферан оптикан хьал, терго ечун географин хьал. Цундела хала ду керла бутт маца болало хьалххе хаьа. Цул сов, синодикан беттан бохалла, хила тарло, ялх сохьтал сов я беха цуьнан юккъерачу барамал, цундела неомени тӀекхача тарло де хьалха а, де тӀаьхьа а Бутт гаран юьхьиган лардечу юккъерачу терахьал[2].

ХӀинца беттан юьхьиг билгалйоккху ши агӀо ю. Цхьаболчу мехкашкахь керла бутт тӀекхачар билгалдоккху къуона Бутт гаран факт хилча. Беттан хӀоз гар тешалла дан деза, лаххара а, тешаме волчу шина бусалбачо. Амма дукхаха болу исламан мехкашкахь лелайо астрономин бакъонаш, цара таро йо неомени тӀекхачар хьалххе билгала даккха. ХӀора махкахь шайн-шайн бакъонаш ю. Терхьан, беттан, шеран цхьаьнадаран юкъара бакъонаш ца хилар, дац билгала де гайтар. Цундела и чолхалла дӀаяккха оьшу кхин а кӀиранан де а.

Исламан рузман шо лаьтта 12 беттах, цунна чохь ду 354 я 355 де. Тайп-тайпанчу мехкашкахь лелайо бес-бесара хийцадаларан циклаш 354 де долуш а, високосан 355 де долуш а. Високосан шо юкъадаккхар кхетадо, 12 синодикан бутт нисса 354 де цахиларо. «Ӏаьрбийн цикл» лаьтта 30 шарахь: 19 шо 354 де долуш, 11 високосан 355 де долуш. Високосан шераш 2, 5, 7, 10, 13, 16,18, 21, 24, 26, 29-гӀа. «Туркойн цикл» лаьтта 8 шарахь. Високосан шераш 2, 5, 7. Кхин цхьа де тӀетуху тӀаьхьарчу беттан[3].

Исламан рузман шо 10 я 11 де маьлхан шерал доца долун дела, цуьнан беттанаш дикка сиха хийцало шеран замане хьаьжча. Масала, цхьана хенахь аьхкенахь хилла, цхьа хан яьлча Ӏай хуьлу.

Беттанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Исламан календарь

  1. Мухьаррам
  2. Сафар
  3. РабиӀуль-авваль
  4. РабиӀус-сани
  5. Джумада аль-ула
  6. Джумада ас-сани
  7. Раджаб
  8. ШаӀбан
  9. Рамадан
  10. Шавваль
  11. Зуль-КъаӀдат
  12. Зуль-Хьиджат

Тахана: шинара
21 Рабиуль-Аввал 1441 г. х.

ВикицитатникТерахь дехьадаккхар
  1. Мухьаррам — (Ӏаьр. محـرّم‎‎) — беттан рузман хьалхара бутт. Ӏаьрбийн маттахь «мухьаррам» дош «хьарам дина», «ца магийна» ду. Оцу баттахь ца магадора тӀемаш дан.
  2. Сафар — (صفـر‎) — «можа». Цхьаьна версица, и цӀе гуьйренан беттан цӀе ю, ораматаш мажлуш, якъало.
  3. РабиӀуль-авваль — (ربـيع الأول‎) — беттан рузман кхоалгӀа бутт. Таханлерачу Ӏаьрбийн маттахь «раби» бӀаьсте далахь а, ширачу заманахь иштта олура гуьйренах. И бутт иштта гуьйренан бара.
  4. РабиӀус-сани я РабиӀу ахира — (ربـيع الآخر‎ я ربـيع الـثاني‎) — «шолгӀа Раби»
  5. Джумада аль-ула — (جمادى الأولى‎) — беттан рузман пхеалгӀа бутт. «Джумада» дош Ӏаьрбийн маттахь долу «гӀоро», «юкъйала» дешан орамах долу. Иза Ӏаьнан бутт хилла.
  6. Джумада аль-ахира (جمادى الآخرة‎), я Джумада ас-сани (جمادى الـثاني‎) — «ахира» дош «тӀаьххьара» бохург ду.
  7. Раджаб — (رجب‎) — беттан рузман ворхӀалгӀа бутт. Ӏаьрбийн маттахь «раджаб» дош орам болуш ду «кхера» боху дашца. Раджаб — тӀамах ларбаларан бутт.
  8. ШаӀбан — (شعـبان‎) — даьлла хандешах «декъадала». Оцу баттахь тайпанаш лелабоьлхура.
  9. Рамада́н (тюрк. рамазаан) — (رمضان‎) — даьлла хандешах «цӀийдина хила». Оцу баттахь малхо латта дагадора, орамаш ягайора.
  10. Шавва́ль — (شوّال‎) — даьлла хандешах «метах вала». Шавваль — кхерстаран бутт.
  11. Зуль-къаӀдат — (ذو الـقـعـدة‎) — даьлла хандешах «хина Ӏие, метах ма вала». Зуль-къаӀада — дӀахӀуттийлан бутт.
  12. Зуль-хьиджат — (ذو الحجة‎) — даьлла хандешах «хьаьж дар»

Бехкамийн беттанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бехкамийн беттанаш (Ӏаьр. الأشهر الحرم‎‎) — джахилан заманахь КаӀбатан гуонаха виен а, тӀемаш бан а, талла а ца магийна исламан рузман беттанаш. Иштта бутт биъ бу: зуль-къаӀдат, зуль-хьиджат, мухьаррам, раджаб. Бехкаман беттанаш исламехь деза лору[4].

Бехкамийн бахьна дара хьаьж доьхкучеран кхерамазалла, ткъа КаӀабате богӀучара латтайора лакхара йохк-эцар а, шортта са а. ТӀом ца бича ца бевлча, Ӏаьрбаша-жахилаша дӀатоттура «бехкаман» бутт хьалха а, тӀаьхьа а, тӀаккха паргӀата тӀемаш дора. Исламан историн хьалхарчу шерашкахь бусалбачара иштта лелабора и бехкамаш[5]. Амма, хӀиджратан шолгӀачу шарахь (Мединат кхалхар) раджаб бутт чекхболуш, Нахле хьажийна бусалбанийн талламан тобано бехкам боха а бина, тӀелетира маккахойн ковран. Бусалбачаьрца хиллачу тӀамехь вийра Ӏамр ибн аль-Хадрами, ткъа кхин цуьнан ши новкъахо йийсар вира. Маккан джахилаш бехке бира бусалбанаш юкъара тӀеэцна законаш дохорна, амма дукха хан ялале АллахӀа доссийра Мухьаммад пайхамарна Mohamed peace be upon him.svg Аль-Бакара сурат юкъара 217 аят, цуо бакъо елира бехкаман баттахь тӀом бан[6].

Исламан бакъончаша (факъихӀаша) боху, бехкаман беттанашкахь тӀом хьалха боло мегар дац, амма бакъо ю болийнарг дӀабахьа а, чекхбаккха а, нагахь тӀом кхечу баттахь болийнехь. Бехкам ца хьахало нагахь мостагӀ тӀелеттехь мехкан зулам дан Ӏалашо йолуш[7].

КӀиран денош[нисъе бӀаьра | нисъе]

КӀиран де Ӏаьрбийн цӀе Транслитераци МаьӀна Билгалдаккхар
КӀиран де الأحد аль-Ахьад хьалхара
Оршот الإثنين аль-Иснийн шолгӀа Марха кхабар дика ду.
Шинара الثلاثاء ас-Суласа́ъ кхоалгӀа
Кхаара الأربعاء аль-Арбиа́ъ деалгӀа
Еара الخميس аль-Хами́йс пхеалгӀа Марха кхабар дика ду.
ПӀераска الجمعة аль-ДжумӀа гулам Бусалбачеран жамаӀатца перза ламаз даран де. Исламан мехкашкахь и де мукъа де ду.
Шот السبت ас-Сабт садаӀар

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]


  1. Азия и Африка сегодня Изд-во восточной лит-ры., 1992. С. 29.
  2. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 64. — 478 с. — 105 000 экз. — ISBN 5-02-014354-5
  3. Климишин И. А. Календарь и хронология. — Изд. 3. — М.: Наука, 1990. — С. 263—264. — 478 с. — 105  000 экз. — ISBN 5-02-014354-5
  4.  5:2Къуръан
  5.  9:36Къуръан
  6.  2:217Къуръан
  7. Али-заде А. А. Ашхур аль-хурум : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.