Зударий исламехь

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Зударий исламехьбусалбанийн юкъараллехь зударийн хьал таллар, ткъа кхин зударийн социалан институташца йолу юкъаметтигаш лелон низамийн а, бакъонийн а система. Зударийн хьал исламехь — ламаст хилла емалийн меттиг ю бусалбанийн юкъараллин социалан хӀоттаман[1].

ШариӀато (исламан бакъо) гойту ладаме башхаллаш божарийн а, зударийн бакъонашкахь а, декхарашкахь а. Башхаллаш го зуда ялорехь, йитарехь, юрисдикцин статусехь, духарехь, дешарехь.

Историн бос[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏаьрбийн зударийн IV—VI бӀешерашкара ламаста духар

Исламо зудчун хьолан бен Ӏаткъаман мах хадабале хьалха хьажа веза исламал хьалхарчу Ӏаьрбийчохь хилла зударийн статусе. Исламал хьалхарчу Ӏаьрбийчохь зударийн хьал гӀоле хиларе сатийса мегар долуш хилла[2][3]. Хаамаш бу дайш-наноша шайн къоьлла бахьнехь керла дуьнен тӀе девлла зудабераш дойуш хиларх[4][5].

Исламо хийцина Ӏаьрбийн юкъараллин структура, хийцина гендеран ролаш. Профессор Монтгомери Уильяман талламашца, исламо тодина зударийн хьал, бакъонаш елла царна[6]. Цхьаболчу талламхоша кхин тӀе чӀагӀдо, зударийн, исламаца, алсама бакъонаш хилла, XX бӀешо кхачале малхбуза мехкашкахь хиллачулла а. Масала, французийн бакъонаша зударийн бакъонашна тоьхна доза дӀа ца даьккхина 1965 шарахь[7] бен. Ной Фильдмана, Гарвардан университетан бакъонийн профессоро билгала доккху[8]:

« Ингалсхоша цхьацца колонешкахь бусулбачарна шайн йолу бакъонаш лелоран жамӀ цхьаъ хилла — исламан законаша елла зударийн бакъонаш дӀаяхар. Мегарий теша цунах зударшна а, божаршна а юкъара нийсаллин агӀора прогресс ю ала. »

Оксфордан дошамо гойту юкъара зударийн хьал ислам юкъадаьллачул тӀаьхьа тодалар, цуо билгалдоккху зударийн буьззина мах хилар[9].

Исламаца зуда ялор «барт» бар санна ду, зудчун лаамца хилар декхарийлахь ду. Зударшна бакъо кхаьчна дайх бисина бахамна, хьалха, ислам даржале, ирс кхочура гергарчу божаршна. Аннемари Шиммела боху, «исламал хьалхарчу муьре хьаьжчи, исламан законашца зударийн хьал хийцадалар, йоккха прогресс хилла; зудчун бакъо хилла законаца шен бахаман урхалла дан»[10].

Уильям Монтгомерис боху, Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg шен заманан историн контекстехь зударийн бакъонаш тойина, хаъал тодина церан хьал коьрта бакъонийе гарантеш елла.

Джон Эспозитос билгалдоккху, «Мухьаммад пайхамар Mohamed peace be upon him.svg зударшна бакъонаш а, доьзалан дахарехь, марехь, дешарехь, экономикан уьйранехь аьттонаш а белла. Бакъонаша юкъараллехь зударийн статус айина».

Исламан зудчун дахаран тайп-тайпана агӀонех долу Сийлахь тексташ[нисъе | нисъе чухулара]

Гендеран ролаш[нисъе | нисъе чухулара]

Къуръано боху «Боьрша нах Ӏуй бу зударийн, цундела АллахӀа цхьаъ айина вукхалла а, цара шайн бахамера харжъяр бахьнехь»[11].

Бусалбанийн ламастаца, зуда ерриг куьйгакӀела ю майрачун. Зудчун коьрта роль юьгу доьзале, тӀаьхье яре[12], берашна Ӏуналла даре, ткъа божарийн роль ю доьзална финансийн аьтто барехь. Нагахь зудчун лаам хилахь, цуьнан таро ю деша, болх бан, иштта кхин дӀа а, амма варисан пурбанца.

Хьиджаб а, маршо а[нисъе | нисъе чухулара]

Зуда никъаб йоьхна, Яман

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]