Къоьзана Ӏам

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар

Къоьзана Ӏам
Кезенойам. Вид с запада 3.jpg
Координаташ42°46′38″ къ. ш. 46°09′11″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Регионаш ДегӀаста, Нохчийчоь
ХӀордан тӀегӀанал локхалла 1854 м
Майда 2 км²
Юккъера кӀоргалла 72[1] м
Ӏомах кхета хиш Хьорсу хи, Ковхи
Къоьзана Ӏам (Нохчийчоь)
Blue pog.svg
Къоьзана Ӏам
Къоьзана Ӏам (ДегӀаста)
Blue pog.svg
Къоьзана Ӏам
Commons-logo.svg [[commons:Category:Commons-logo.svg Lake Kezanoiam Викигуламехь|Къоьзана Ӏам Викигуламехь]]

Къоьзана Ӏам[2] , оьрс. м. Кезено́йам[3] (Эйзенам[4], Голубое[3][5], Большое Форельное[6][7][8] – Нохчийн Республикин ЧӀебарлойн а, Дагестанан БотӀлихан а кӀоштийн дозанехь, мохкбегийча хӀоьттинчу боьрана чохь кхоллабелла Ӏам бу. Иза ГӀой-Хин бассейна юкъа богӀуш бу[6]. Иштта мехкан Ӏаламан гидрологин агӀонхьара йоккха мехалла а ю и[9]. Ӏам лаьтта субъальпийн байн бухкехь. Ӏам хих буза ломах Ӏийдалучу а, лаьттан бухара дуьйлучу а хиша. Льтта тӀехулара чуоьху хиш дац цуьнан. Хин тӀегӀа, сезонехь я масех шарахь (6-8 метр хиллал) хийцадалар нисло, иза доьзна ду цуьнан хигулдаран йистошкахь легачу йочанийн бараме хьаьжжина. Аьхка Ӏоман хи дохло 17-18 °С. Ткъа Ӏай 60—80 см стомма ша бо[6].

Объектах лаьцна информаци[нисъе | нисъе чухулара]

Латта нисдаран бинчу бартаца Ӏоман кхаа декъах ши дакъа Дагестанан ду[7].

Географин хаамаш а, схьабалар а[нисъе | нисъе чухулара]

Лекхачу лаьмнаша юкъахь лаьтта Къоьзана Ӏам – Къилбаседа Кавказехь шен майда уггаре йоккха йолу Ӏам бу. Иза лаьтта Нохчийн Республикин ЧӀебарлойн а, Дагестанан БотӀлихан а кӀоштийн дозанехь Ӏаьндийн дукъан къилбехьара басехь, 1869 (1822[10]) метр хиллал хӀордан хӀоттарал лакхахь.Ӏоман майда – 2, 4 км2 ю. Ӏам кхоллабелла жима ши хин Хьорсу хи (Алхар) и Ковхи (Ходу) тогӀи чохь сацар бахьанехь[11]. Сацар бахьана и ши хи лахахь цхьаьнакхетачохь Кашкерломан дукъан къилбехьарчу басин хьаьт такхар ду. Ткъа цуьнан бахьана мохкбегор хила а там бу.

Ӏоман малхбузехьа лаьтта Ӏаламан сунт 100 метр герга локхалла йолуш ю. Ткъа Ӏоман боьран Ӏункара басенаш а ю, шера бух а бу. Ӏоман кӀоргалла 74 метр ю[10]. Ӏоман йохалла 2,7 км ю.

Уггаре шуьйрачохь - 735 метр бу. Бердан сиз Ӏ0 километр деха ду. Ӏам хих буза цунна чуоьхучу кегийчу хиш а, шен боьра чохь бухдуьйлучу хьостанаша а. Амма коьрта долчу декъана Ӏоман хин барам латтабо къилбаседехьара Ӏомана чудогӀучу жимачу Хьорсу хино а, малхбалехьара чудогӀучу Ковхино а. Ӏоманна хи чу дан тӀехулара апареш дац, хетарехь лаьтта бухахь цунна гондахьарчу кир-маьӀданан юккъехула доьдуш шен апари хила тарло цуьнан.

Температуран билламаш[нисъе | нисъе чухулара]

Хин тӀегӀа цуьнан бассейна чу легачу атмосферан йочаний бараме хьаьжжина шера-шаре долуш хийцало. Ӏоман хи шийла ду, аьхка а цуьнан температура 17-18 °С лакха ца йолу. Хин лахарчу гӀатлин температура – 7-8 °С бен ца хуьлу. Ӏай Ӏам гӀора бо, шан стоммалла цхьацца долчу шерашкахь 70-80 сантиметр йолуш меттигаш а баьхкина.

Туризм а, садаӀар а[нисъе | нисъе чухулара]

Къоьвзинан Ӏоман спорта-туристийн комплекс «Кезеной-Ам». Июнь 2016 ш.

Нохчийн Республикин Веданан кӀоштехь 18 апрелехь 2015 шарахь дӀайиллира туристийн-рекреационни кластер «Кезеной-Ам» изза цӀе йолчу Ӏоман бердан йистехь. Спорта-туристийн комплексан юкъа йогӀу 58 номер йолу гостиница а, 40 стаг чукхоьу люкс-коттедж а, ВИП-коттедж а, ресторан а, баня а, 1200 кв.м. майда йолу спорткомплекс а, пирс а, иштта кхийолу объекташ а[12].

Иштта проектехь (2016) ю – муьшан некъ а, конференц-зал а, меттигарчу дахаран хотӀехь ресторанни уьйтӀе а, берийн самукъадаккхаран комплекс а яр. Цул сов Ӏалашо ю говран а, гӀаш а, велосипедан а, квадро а экскурсеш а, четаран гӀала ян а[13].

Спорт[нисъе | нисъе чухулара]

1970-1980-чу а шерашкахь Ӏоман бердан йистошкахь яра СССР-н академин пийсиган спортан олимпиадан сборнийн база. НР тӀемаш болчу хенахь база ерриге а хӀаллакйина. 20Ӏ5-чу шарахь Россин пийсиган спорта Федерацин президента Вениамин Бутас кхайкхийра академин пийсиган Россин сборныйс Къоьзана Ӏома тӀехь шайн тренировкаш юхайолор[14].

Ораматийн а, дийнатийн а дуьне[нисъе | нисъе чухулара]

Ӏома чохь деха цӀечу чӀерийн эндемични тайпа кумжа цӀе йолу чӀара – эйзенамски форель

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Озеро Кезеной-Ам
  2. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  3. 1 2 Кеп:Карта
  4. Дмитриев Н. А. Озеро Эйзенам // Гидробиологический журнал СССР. — 1930. — Т. IX. — № 4—6. — С. 113—120.
  5. Топографическая карта
  6. 1 2 3 Ю. В. Ефремов Голубое ожерелье Кавказа. Л., Гидрометеоиздат, 1988, 160 стр.
  7. 1 2 Даниялова Н. В., Надирадзе А. А. Использование биологических ресурсов Дагестанского рыбопромыслового района Каспийского бассейна. — М.: Наука, 1984. — С. 17. — 119 с.
  8. Harrassowitz O. Veröffentlichungen der Abteilung für Slavische Sprachen und Literaturen des Osteuropa-Instituts(Slavisches Seminar) an der Freien Universetät Berlin Том 21,Выпуск 1 -Том 22,Выпуск 3. — 1961.
  9. Кеп:Oopt.aari.ru
  10. 1 2 Берг Л.С. Рыбы пресных вод СССР и сопредельных стран. — М.—Л., 1948. — Т. 1. — С. 254. — 466 с.
  11. Кеп:Карта
  12. В Чечне открылся туристский кластер "Кезеной-Ам"
  13. В «Кезеной-Ам» обсудили вопросы развития Комплекса
  14. Федерация гребного спорта России планирует готовить олимпийскую сборную на базе «Кезеной-Ам»

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Чеченцы: история и современность» / Составление и общая редакция Ю. А. Айдаева. — Москва: Мир дому твоему, 1996. — 352 с.
  • Антология «Чеченская Республика и чеченцы. История и современность». — Москва: Наука, 2006. — 576 с. — ISBN 5-02-034016-2

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]