Шалажа (эрк)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шалажа
оьрс. Шалажа
Амал
Дохалла 40 км
Бассейн 258 км²
ДӀаэхар
Хьост (B) хиш вовшахкхоьтийла: Ӏаьржа Шалажа, КӀайн Шалажа
 • Локхалла 473,7 м
 • Координаташ 43°03′16″ къ. ш. 45°20′14″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Ӏаьс-хи
 • Эрк чекхдолу меттиг 6,5 км аьтту бердаца
 • Локхалла 167 м
 • Координаташ 43°15′15″ къ. ш. 45°25′04″ м. д.HGЯO
Хин охьане 7,6 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Ӏаьс-хи → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийн Республика
КӀошташ Хьалха-Мартанан кӀошт, ТӀехьа-Мартанан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001112108200005598
Шалажа (эрк) (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче

ШалажаРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт кӀошташкахула. Ӏаьс-хин аьтту га.

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Эрк кхоллало Ӏаьржа а, КӀайн а Шалажа цхьаьнакхетачохь. ОхьадогӀу къилбаседехьа Шалажахула, Котар-Юртахула, ШаӀми-Юртахула. Эркан хикхоче ю Закан-Юртан дуьхьала Ӏаьс-хин хикхочел 6,5 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохалла – 40 км (КӀайн Шалажаца цхьаьна), хи гулден майда — 258 км²[1]. Уггаре доккха аьтту га — Нетхой эрк.

Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • КӀегана юх – эркан аьтту бердаца йолу саьлнаш.[2].
  • Хьабин хьераш – эркан бердаца йолу нийса меттиг, Шалажа эвлан къилбаседа йисттехь.
  • Валгхуоша хи чутеснача - генарчу заманахь Ӏаьржачу лаьмнашкахь лаьттачу Валарг-кӀотаран бахархоша шайн ялташ дуьйчу меттигашкара Валарг-хи, татол а даьккхина, Шалажан чудерзийна меттиг[3].

Хин реестрах хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца юкъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин юкъ [1].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005598[1].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Шалаж // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.