МаӀа-хи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
МаӀа-хи
оьрс. Мсхий
Амал
Дохалла 8 км
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг Шигов корта
 • Локхалла 3154 м
 • Координаташ 42°36′30″ къ. ш. 45°32′36″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Хьачарой-Аьхк
 • Эрк чекхдолу меттиг аьрру бердаца
 • Локхалла 1097 м
 • Координаташ 42°39′44″ къ. ш. 45°35′21″ м. д.HGЯO
Хин охьане 257,1 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Хьачарой-Аьхк → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошт Итон-Кхаьллан кӀошт
МаӀа-хи (Нохчийчоь)
хьост
хикхоче

МаӀа-хи[1]Российн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кӀоштахула. Хьачарой-Аьхкан аьрру га. Эркан дохалла – 8 км.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Схьадолу ломара, Доккхачу Кавказан дукъ тӀийра, Шигов корта олучу меттигера, хӀордан тӀегӀанал 3154 м лакхара. ОхьадогӀу Итон-Кхаьллан кӀоштахула къилбаседехьа. Пхенин гу олучу меттигехь, Ӏуьмиечу атагӀехь, Саьхьампан къилба-малхбалехь эркахь кхета Кхел-хи. Эркан хикхоче ю Хьачарой-Аьхкан аьрру бердаца, МаӀа-хи 90° са беш кхета цунах.

Эркан хи цкъан а бех ца ло, мел чӀогӀа догӀанаш эхарх. ХӀунда аьлча, хи схьадолу ломан шешкара[1].

Хин объектан система: Хьачарой-АьхкОрга (эрк)СоьлжаТеркКаспий-хӀорд.

ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

"MaӀa" - боьрша, тӀаккха маьӀна хуьлу Боьрша-хи. Кхин тӀе иза кхета Кхел-хих, аьлча а Стен-хих[1].

Хин реестрах хаамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]