Энгал

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Энгал
оьрс. Энгелик
Амал
Дохалла 8 км
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг ГӀой-арц
 • Локхалла 643 м
 • Координаташ 43°01′44″ къ. ш. 45°38′18″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Орган татол
 • Локхалла 284 м
 • Координаташ 43°05′18″ къ. ш. 45°38′12″ м. д.HGЯO
Хин охьане 44,8 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Орган татол → ГӀой-Чу → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийн Республика
КӀошт Хьалха-Мартанан кӀошт
Энгал (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче

Энгал я ЭнгалкРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийчоьн Хьалха-Мартанан кӀоштахула. Эркан хикхочен ю Орган татол. Эркан дохалла – 8 км. ОхьадогӀу къилбаседехьа.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Энгал схьадолу Чехкар-арц а, ГӀой-арц а даккъашна юкъара. ОхьадогӀу къилбаседехьа Олхазаран-КӀотар юкъахула. Аьхка лекъа. Гидрониман бух тӀаьхь долчун маьӀна ца хаьа. Эркан ши цӀе ю: Энгал а, Энгалк а[1].

Эркаца йолу топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ГӀой-арц – Энгалан малхбалехьа. Шира дийцаршкахь цунах олура ТӀарча арц[2].
  • ГӀуркх-гу – Энгалан аьтту бердаца[3].
  • Дубин берийн кешнаш – Энгалан аьрру бердаца, Олхазаран-КӀотар юкъахь[3].
  • Хьажбекаран дукъ – Чехкар-арцан къилбаседа га, Энгалца нисса охьа дахделла[4].
  • Хьачаройн дукъ – Олхазаран-КӀотаран къилба йист. Энгалца нисса охьа дахделла, къилбаседан декъехь беха Хьачаройн тайпана нах[4].
  • Чехкар-арц я Энгал арц. Оцу меттигехь 1818-1919 шерашкахь лаьттина Воздвиженски гӀап. Энгал арц (Энгал арц) «Энгал хребет» - то же, что и Чехкара арц[2].
  • ШишагӀин бӀар хиллача – Олхазаран-КӀотаран юкъахь Энгалкан аьтту бердаца. Акаев ШишагӀас кхийна бӀаран дитт, цуьнан стоьмаш дуура эвлара бераш[5].
  • Энгалчу – Олхазаран-КӀотаран эвлан шира дакъа, къилба йист, лаьтта Энгалкан чӀожехь[5].
  • Юкъера басие – беха гу, къилбаседехьа охьабогӀу Пуркх-гу тӀиера эвланехьа, Энгалан аьтту бердаца[3].

Хин реестрах хаамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца юкъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин юкъ.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]