Нохчийчоьнан географи


Нохчийн Республика лаьтта Къилбаседа Кавказ, Теркан а, Соьлжан а хишшан тогӀенашкахь. Республикин майда йу 16 эзар км² гергга[1]. Къилбаседера къилбехьа уггаре еха меттиг — 183 км, малхбузехьара малхбалехьа — 112 км[2].
Рельеф[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчоьнан мехкан къилба дакъа (майданан кхоалгӀа дакъа) ду лекха лаьмнийн зонехь (Доккха Кавказан дукъан къилбаседа басехь), къилбаседа дакъа — нийса ду, дӀалаьцна Нохчийн арено а, Теркан-ГӀуман чутаӀено а[2].
Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчоьнан амалехь ду тайп-тайпана климатан хьолаш. Республикин махкахь йу массо а йукъан климатан тайпа: йекъа барамера континенталан климат тӀиера шийла а, тӀуьна а лекха лаьмнийн климате кхаччалц. Январан йуккъера температурин барам бу −3 °С Теркан-ГӀуман чутаӀенехь, −12 °С кхаччалц лаьмнашкахь, июлан йуккъера температурин барам 25 а, 21 а °С. Шеран йочанийн барам бу 300 тӀиера (Теркан-ГӀуман чутаӀенехь) 1000 мм кхаччалц (къилба кӀошташкахь).
Гидрографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчоьнан гидрографин маша бу Каспий-хӀордан бассейнан йукъахь. Республикин коьрта эрк, цунна малхбузера малхбалехьа чекхдолу, — Терк. Нохчийчоьнан мехкан хиш цхьатерра декъаделла дац: ломан декъан а, цунна гергара Нохчийн аренан а луьста, дика геннаш долуш, эркийн маша бу; Теркан-Соьлжан акъарин тӀехь а, Теркан къилбаседехьара кӀошташкахь а, эркаш дац ала мегар ду[2].
Ораматаш а, дийнаташ а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Латтанаш а, ораматаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Аренийн декъашкара латтанаш — дукхаха дерг бен ду, кӀеззиг лакхахь дерш — Ӏаьржа латтанаш ду, эркийн тогӀенаш чохь — уьшалин-бен, ткъа лаьмнашкахь — ламанан-хьаннийн а, ламанан-бенийн а. Теркан-ГӀуман чутаӀенехь алсама ду сагалбецан-кӀайчу лаьттан ораматаш, тӀуьнчу меттигашкахь — типчакан-огаран аренаш. Нохчийн аренийн латтан тӀехь кхуьу буц-аренан а, хьунбуцаренан а ораматаш. Лаьмнашкахь 2200 м хьалакхаччалц — шуьйра гӀа долу хьун, кхин а лакхахь — лаьмнийн цанаш.
Дийнаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчохь дукха цоьстурш, текхаргаш, олхазарш: тодакх, гӀезаш, акха бедаш, кавказан акха котам. Лаьмнашкахь хаало тӀулган а, хьуьнан а салораш, бора ча, нал, лу, борз, хьуьнан цициг, кхин а. Лаьмнийн цанашкахь — тилла гӀиргӀа, ломан москал, кавказан сарсал.
Пайден маьӀданаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчоьнан мехкан бахам бу ягорган-энергетикан ресурсаш, масала: мехкадаьтта, газ, конденсат. Кхин а республикехь кӀезиг йац кибирчиган аьргалла, сацкъар-латта, гӀишлошъяран гӀум, мергель, кир-маьӀда, доломит, гипс. Шен хӀоттамца Нохчийчуьра мехкадаьтта дукхаха дерг парафинца ду, алсама бензин а доллуш. Доккхаха долу дакъа долу Теркан дукъан системехь, кхин а мехкадаьттанан буруш ду Соьлжан дукъ тӀехь а, Ӏаьржа лаьмнийн моноклиналехь а[2].
Сахьтан аса[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн Республика лаьтта MSK — москохан хенан сахьтан асанехь, цунна чохь хан къаьста +4 сахьт UTC (UTC+4)[3].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Чечня — общая информация и география (12/10/2008). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 21 декабрехь.