Шара-Орга (эрк)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шара-Орга
оьрс. Шароаргун
Sharoargun.jpg
Амал
Дохалла 86 км
Бассейн 1150 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Локхалла 3280 м
 • Координаташ 42°34′04″ къ. ш. 45°29′25″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Орга
 • Эрк чекхдолу меттиг 45 км аьтту бердаца, Дуби-Эвлан къилбехахь
 • Локхалла 340 м
 • Координаташ 43°01′25″ къ. ш. 45°42′57″ м. д.HGЯO
Хин охьане 35,3 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошташ Шаройн кӀошт, Шуьйтан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001212108200005993
Шара-Орга (эрк) (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
Blue pog.svg
Blue 0080ff pog.svg — хьост, Blue pog.svg — хикхоче

Шара-Орга[1]) — Нохчийчуьра эрк. Орган аьтту га.

Схьадолу Бацойн дукън къилбаседа басера, Донойн-лам, ЧӀиешойн лам[2], Кочие баххьаш тӀиера лайнашкара а, шешкара а. Хьостан локхалла — 3050 м хӀордан тӀегӀанал лакхахь.

Дохалла — 86 км[1]. Майда — 1150 км²[1]. Кхета Органах Дуби-Эвлахь. Шара-Орга дикка шуьйра а, сиха а ломан эрк ду, шораллехь цхьаццанхьа 40 метр сов а хуьлу.

Лахенашкахь Шара-Орга а, Орга а доькъу Дарген дукъо, цуьнан басеш хьаннех юьзина ю, ткъа дукъ ломан цанех. Оцу дукъ тӀехула XIX бӀешарахь оьрсийн эскарш тӀеоьхура Шуьйтан агӀора а, кхечу Нохчийчоьн ломан меттигашка, иза къаръян гӀерташ, иштта цара дуьтура лахахь готта хьун яьлла Орган Ӏин.

Геннаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шара-Орган лакхенашкара охьанехьа геннаш: Хашалдой-Аьхк (аьтту), ЦӀесин эрк (аьрру), Кенхи-эхк (аьтту), ЧӀунойн Аьхк (аьрру), Киелойн эхка (аьтту), ДӀай ахк (аьтту), Инз арара хи (аьрру), Сунхай ахк (аьрру), Сурхохи (аьтту), Нижлойн-Ахк (аьтту), Ваштар (аьтту).

Шара-Орган тӀай

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Шаро-Аргун // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]