МаӀа-хи
| МаӀа-хи | |
|---|---|
| оьрс. Мсхий | |
| Амал | |
| Дохалла | 8 км |
| ДӀаэхар | |
| Хьост (B) | |
| • Эрк долу меттиг | Шигов корта |
| • Локхалла | 3154 м |
| • Координаташ | 42°36′30″ къ. ш. 45°32′36″ м. д.HGЯO |
| Хикхоче (B) | Хьачарой-Аьхк |
| • Эрк чекхдолу меттиг | аьрру бердаца |
| • Локхалла | 1097 м |
| • Координаташ | 42°39′44″ къ. ш. 45°35′21″ м. д.HGЯO |
| Хин охьане | 257,1 м/км |
| Эрк долу меттиг | |
| Хин система | Хьачарой-Аьхк → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд |
|
|
|
| Пачхьалкх | |
| Регион | Нохчийчоь |
| КӀошт | Итон-Кхаьллан кӀошт |
МаӀа-хи[1] — Россин эрк, охьадогӀу Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кӀоштахула. Хьачарой-Аьхкан аьрру га. Эркан дохалла – 8 км.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Схьадолу ломара, Доккхачу Кавказан дукъ тӀийра, Шигов корта олучу меттигера, хӀордан тӀегӀанал 3154 м лакхара. ОхьадогӀу Итон-Кхаьллан кӀоштахула къилбаседехьа. Пхенин гу олучу меттигехь, Ӏуьмиечу атагӀехь, Саьхьампан къилба-малхбалехь эркахь кхета Кхел-хи. Эркан хикхоче ю Хьачарой-Аьхкан аьрру бердаца, МаӀа-хи 90° са беш кхета цунах.
Эркан хи цкъан а бех ца ло, мел чӀогӀа догӀанаш эхарх. ХӀунда аьлча, хи схьадолу ломан шешкара[1].
Хин объектан система: Хьачарой-Аьхк → Орга (эрк) → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд.
ЦӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]"MaӀa" - боьрша, тӀаккха маьӀна хуьлу Боьрша-хи. Кхин тӀе иза кхета Кхел-хих, аьлча а Стен-хих[1].
Хин реестрах хаамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Россин пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 164.