Палестина пачхьалкх
Палестина пачхьалкх | |||||
---|---|---|---|---|---|
Ӏаьр. دولة فلسطين | |||||
| |||||
Шатлакхан Илли: «Фидаи» | |||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн | ||||
Коьрта гӀала | Рамалла[1][2] | ||||
Йоккха гӀала | ГӀазза | ||||
Президент Премьер-министр Спикер парламента |
Махмуд Аббас Рами Хамдалла Абдель Азиз Дуэйк |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 6020[3] км² | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2013) | ▲4 394 323[4] стаг | ||||
Ахча | Керла Исраилан шекель | ||||
Интернет-домен | .ps | ||||
Код ISO | PS | ||||
Код МОК | PLE | ||||
Телефонан код | +970 | ||||
Сахьтан аса | +2 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Палестина пачхьалкх (Ӏаьр. دَولَة فِلَسطِين) — иза Хьалхарчу Азера де-юре (законехь ма-доггӏура) шен-лаамехь (независимое) йолу цхьаццамма къобалйина пачхьалкх йу. Палестина пачхьалкх хьолаца шен-лаамехь хилар 2019-чу шеран июлан чаккхенгахь къобалдина ВКК декъашхойн 193 пачхьалкхех 138 пачхьалкхо.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тахан долу хьале хьежач ПиластӀинан мохк бекъна бу, Хамас бохуш тобано куьгал деш йу ГӀаза бохуш йолу ПиластӀинан кӀошт, малх бузехь болу ПиластӀинан мохк, Миср мохкац доза долуш, йукъерчу хӀорданца аре йу цуьна. Махьмуд Ӏаббас Ӏедало куьгал деш йу йорданан хин агӀорахь йолу Палестанан кӀошташ.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]ПиластӀинин истори хьалха заманан чура дуьнахь йевзаш йу, Ӏусманан Пачхьалкх йохийначул тӀаьхьа Европин пачхьалкхаш массуьйтта агӀор декънера ПиластӀинан латт. Ингалс мохко шен карабахначул тӀаьхьа ПиластӀинан мохк, ПиластӀинахошкара латтанаш схьа даьхна жуьгташна дӀасаделла, цу латта тӀаьхь ша жуьгтийн мохк «Исраил» кхолла йолла аьлла дуненна дӀакхайкханера.1948 шарахь ингалсхоша, амеркахоша накъосталлла а деш жуьгтийн мохк кхоьллина аьлла пиластӀинан латтанаш тӀехь чӀагӀо йина жуьгтийн мохк кхоьллина. Цигара дуьйна жуьгтийн гӀуллакх хьалха даьккхина пиластӀинахой шайн латтанаш доцуш битина. Оцу хенахь дуьйна пиластӀинхоша шайн мохк мукъабаккха лууш леташ бу, жуьгташа а, Европера церан накъосташа а, Америкин Штаташа а, Ингалсхоша а царна тӀаьхь йеш йоккха харцо йу, шайн мохк ца кхуллийтуш. Парансхош жуьктишан уоза безам беш ПиластӀинан мохк маьрша мохк ца лору, кхин дӀа йолу дунан пачхьалкхаш ПиластӀинан Мохк къаьстин маьрша мохка лоруш бу. ПиластӀинан махкахь йу уггара йеза лерийн кхоълох гӀала Къудс-ГӀала (Йерусалим) Ислам дин чохь. Палистанан махкахь ду кхоъалгӀа деза междиг Масжид Аль-Акъса, кхиъ Къуббат Ас-Сохра бохуш долу междиг Хаттаб кӀант халиф Ӏумаро дайтин междиг ду из.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ временная Коьрта гӀала Палестинской национальной администрации (ПНА). Палестинская национальная администрация провозгласила Иерусалим столицей Палестины, хотя не имеет над ним суверенитета
- ↑ Основной закон Палестинского государства, Ст. 3. Архивйина 2014-08-04 — Wayback Machine
- Article (3) : Jerusalem is the Capital of Palestine.
- ↑ Данные Палестинского академического общества изучения международных отношений Архивйина 2006-10-04 — Wayback Machine
- ↑ Счетчик населения Палестины (18.10.13.) .