Керла шо

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Керла шо
МаьӀна Дахаран керла мур болор
Даздо Григорийн рузма лелочу мехкаша
Терахь Григорийн рузманца шеран хьалхара де (1 январь)
Даздар Фейерверкаш, доьзалийн тевнаш, синкъерамаш
Поштан марка
Украинин поштан марка. 2011

Керла шо — коьрта рузманан Ӏида, дӀадолучу шеран тӀаьххьарчу денера керлачу шеран хьалхарчу дене дехьадовлу хан[1]. Даздо дукха къаьмнаша тӀеэцначу рузманца.

Керла шо 1 январехь доладалар йукъадаьккхина руман урхалчо Юлий Цезара вайн эрал 46 шо хьалха[2]. Шира Румехь и де лерина дара Янусан — цара иза наьӀрийн а, массо долош долу хӀуманна дела лорура. Январан цӀе йелла Янусан цӀарах, цуьнан сурт дуьллура ши йуьхь йолуш: цхаъ хьалха хьоьжура, ткъа важа — тӀехьа[3].

Керла шеран де[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дукха болчу мехкашкахь Керла шо даздо 1 январех[4], Григорийн рузманца хьалхарчу дийнахь. Керла шо асанан хан лоруш долало Тийна Ӏапказ тӀера, дуьххьара иза кхочу Республика Кирибате (Лайн гӀайренаш) тӀе (сахьтан аса UTC+14). Уггаре тӀаьхьа иза долало Америкин Самоахь, Мидуэй а, Ниуэ гӀайренаш тӀехь (сахьта аса UTC−11) — Кирибатехь Лайн гӀайренаш тӀехь оцу хенахь 2 январь ду, буьйсайуькъана 1 сахьт даьлла[5]. Цхьацца мехкаш Керла шо даздо беттан рузманца}}[6][7][8].

1 январехь дуьйна Керла шо даздан долийна вайн эрал 153 шо шо хьалхь, хӀуда аьлча оцу дийнахь дуьйна шайн дарже бовлура руман консулаш. Вайн эрал халхара 46 шарахь руман баьчча а, коьрта цӀу а волчу Юлий Цезара йукъайаьккхира шен керла рузма («юлийн»), чаккхенца чӀагӀдира шо доладалар вайн эраль хьалхара 45 шеран 1 январехь. Нисса Цезарь волчу хенахь, астрологин Ӏаткъамца Керла шеран Ӏидано эцна ша-тайпана маьӀна шо доладалрна.

Шира Керла шо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шира Керла шо — иза керлашеран Ӏида, даздо юлийн рузманца. 1901 шерера 2100 шо кхаччалц григорийн а, юлийн а рузманийн башхалла 13 де йу, тӀаккха юлийн рузманца Керла шо нисло буса 31 декабрера (13 январь) 1 январе (14 январь). Даздо Россехь, Беларусехь, Украинехь, Кхазакхстанехь, Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Азербайджанехь, Сербехь, Швейцарехь, дуьненан кхечу махкашкахь.

1 январехь шо доладалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дикка хан йаьлла 1 январь гражданийн шеран хьалхара де хилале. 1 январь шеран хьалхара де хилар тӀеэцаран тайп-тайпана мехкашкахь тайп-тайпана хан йу:

Мохк Шеран йуьхьиг[10][11]
Венецин республика 1522
Швеци 1529
Сийлахь Руман импери (~ Германи) 1544
Испани, Португали, Польша 1556
Прусси, Дани[12], Норвеги 1559
Франци (Карл IX Руссильонан эдиктаца) 1564
Къилба Нидерландаш[13] 1576
Лотаринги 1579
Голландийн Республика 1583
Шотланди 1600
Речь Посполити (~ Белорусси, Латви, Литва, Польша, Украина) 1362[14]
Российн импери 1700
Тоскана 1721
Йоккха Британи, Ирланди,
Британин импери
Шотланди йоцург
1752
Япон 1873
Цийчоь (Тайвань а, КХР) 1912
Желтойчоь 1923
Туркойчоь 1926
Таиланд 1941

Пиротехника[нисйе бӀаьра | нисйе]

Керлашеран фейерверк

Керла шо даздеш жигара лелайо тайп-тайпана пиротехникин хӀуманаш: хлопушкаш, бенгалин цӀераш, тӀаьхьара итт шерашкахь, — салюташ, ракеташ, руман чиркхаш, йаккхий а, кегий а петардаш, кхин йерш а.

Керла шо даздеш пиротехникин хӀуманаш лело буьйлабелира Азин мехкашкахь, хьалхарчу рогӀехь Цийчохь, хӀунда аьлча лорура, лелхачу хӀумнаш чӀогӀа гӀара йаьккхича а, къегина серло хилчи а, боьха хӀумнаш дӀалохкуш гӀодо. ТӀаьхьа и гӀиллакх даьржира дерриг дуьненан тӀехь.

Уггаре гӀарадаьлла тайп-тайпанчу мехкашкахь гӀиллакх ду Керла шарахь Цийчоьхь фейерверкаш кхийсар, кхин а петардаш лелхар, уьш ца совцу керлачу шеран хьалхарчу дийнан дохаллехь. Цу тӀе тоьпан молха а, петардаш а, фейерверкаш а йукъайаьхна дукха хан йац, амма Керла шо даздечу хенахь гӀовгӀа йаккхаран эзар шо хан ло. Дерриг долалелла легендин тӀера, Керла шо долалуш тайп-тайпанчу меттигера лаьхкина зуламе синоша, керла меттиг лоху, ткъаоьшу цӀа карийча, охьахуу цунна чохь, хӀусама дайшна зуламаш до. Ткъа Керла шо даздеш гӀовгӀа йаьккича, уьш лохку.

ХӀокху заманахь дукха йолу дуьненан коьрта гӀаланаш йа цхьацца мехкаша дойу миллионаш доллар, и пиротехникин шоу Керла шарна йархьама.

Пиротехникин хӀумнаш дукха лелор, гӀеметтахӀоттанза болчара а, кхуллу цӀеран кхерам а, чевнийн хьал а, цулдела керлашеран буьйса лору уггаре Ӏаткъаме шеран мур цӀераш йойучеран а, гӀоьнан гӀуллакхашна.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Новый год / Е. С. // Николай Кузанский — Океан. — М. : Большая российская энциклопедия, 2013. — С. 246. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 23). — ISBN 978-5-85270-360-6.
  2. Кеп:Книга:Календарь и хронология
  3. The World Book Encyclopedia. 1984. Т. 14. С. 237.
  4. Best places to go for new years(бил-боцу.). ArrestedWorld. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 3 ноябрь. Архивйина 2020 шеран 8 ноябрехь Архивйина 2020-11-08 — Wayback Machine
  5. Новый 2013 год наступил в России. РБК. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 19 июнь. Архивйина 2021 шеран 24 июнехь
  6. World Time Zone. UTC+14. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 сентябрь. Архивйина 2014 шеран 2 июлехь
  7. Harris, Aimee. Millennium: Date Line Politics. Honolulu Magazine (1999 шеран апрель). ТӀекхочу дата: 2006 шеран 14 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2006 шеран 28 июнехь
  8. Greenwich. Greenwich Meantime, Kiribati. Kiribati Map. ТӀекхочу дата: 2008 шеран 27 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 11 октябрехь
  9. Навруз в Казахстане – выходные продлятся пять дней подряд. regnum.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 1 январь. Архивйина 2021 шеран 6 майхь
  10. Mike Spathaky Old Style and New Style Dates and the change to the Gregorian Calendar: A summary for genealogists. Архивйина 2014 шеран 11 октябрехь
  11. The Change of New Year's Day. Homepages.tesco.net (2003 шеран 1 декабрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 13 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 11 октябрехь Архивйина 2011-10-11 — Wayback Machine
  12. Дания назвала 1 января в качестве нового года в начале 14 века согласно RW Bauer (Calender for Aarene fra 601 til 2200, 1868/1993 ISBN 87-7423-083-2), хотя номер года не начинался с 1 января до 1559 года.
  13. В указе от 16 июня 1575 года. Герман Гротефенд, Osteranfang. Архивйина 2016 шеран 13 июлехь " (начало Пасхи), Zeitrechnung de Deutschen Mittelalters und der Neuzeit. Архивйина 2016 шеран 28 июнехь (Хронология немецкого средневековья и современности) (1891—1898)
  14. Иванов Е. История праздников Нового года и Рождества. «Новый год и Рождество в открытках»