Африка
Африка | |
---|---|
![]() Африка дуьненан эхиган картан тӀехь | |
Мохк | 30 221 532 км² |
Бахархой | 1,3 млрд (2020)[1] стаг |
Луьсталла | 30,51 стаг/км² |
Бахархойн цӀераш | африкахой |
Юкъахь ю | 55[2] пачхьалкхаш |
Йозуш йолу пачхьалкхаш | |
Мотт | хьажа Африкин меттанаш |
Сахьтан асаш | UTC-1 тӀиера UTC+4 кхаччалц |
Яккхий гӀаланаш | ![]()
![]() |
![]() |
А́фрика — майданца шолгӀа материк ю Евразел тӀаьхьа, къилбаседехьа Лаьттаюккъера хӀорд бу, къилбаседа-малхбалехьа ЦӀен хӀорд бу, малхбузехьа Атлантикин океан ду, малхбалехьа а, къилбехьа а ХӀиндин океан ду. Африка олу кхин а Африка материках а, цунна гергара гӀайренех а лаьтта дуьненан декъах. ГӀайренаш а доцуш Африкан майда хуьлу 29,2 млн км², гӀайренашца — 30,3 млн км²[3] гергга, цуо иштта къовлу 6 % Дуьненан тӀехолонах, латтан тӀехолонах 20,4 %. Африкан махкахь 55 пачхьалкх.
Африкин бахархой миллиард гергга стаг ву. Африка лору адамийн даймохк: кхузахь карийна уггаре хьалхара гоминидийн а, церан хила тарло дайн а, царна юкъахь сахелантропаш, Avstralopitecus africanus, A. afarensis, Homo erectus, H. habilis, H. ergaster.
Африкин континент хадайо экваторо а, шортта климатан зонаш а; иза цхьаъ бен яц къилбаседа субтропикийн климатан асанера къилба субтропикан асане кхаччалц яхъелла континент. Цхьанаэшшара йолу йочанаш а, хи диллар а ца тоарна — цаьрга терра шалаьмнаш я ломан системийн хи доллу чкъор ца хиларна — Ӏаламо хуьцу климат цхьанхьа яц, бердашца бен.
Африкин оьздангаллин а, экономикан а, политикан а, социалан а баланаш Ӏамош ду африканистика олу Ӏилма.
Йистера меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Къилбаседан — Бланко мара (Бен-Секка, Рас-Энгела, Эль-Абъяд) 37°20′28″ къ-с. ш. 9°44′48″ м-ба. д.
- Къилбан — Мехийн мара (Агульяс) 34°49′43″ къ. ш. 20°00′09″ м-ба. д.
- Малхбузан — Альмади мара 14°44′27″ къ-с. ш. 17°31′48″ м-бу. д.
- Малхбален — Рас-Хафун мара 10°27′00″ къ-с. ш. 51°24′00″ м-ба. д.
ЦӀе схьаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Юьхьанца Карфагенан бахархоша «афри» дашца гойтура гӀалан гена доццуш деха адамаш. И цӀе дукха хьолахь схьайолуьйту финикийн afar дашах, иза «чан» бохург ду. Карфаген яьккхинчул тӀаьхьа румхоша провинцех олура Африка (лат. Africa)[4]. ТӀаьхьуо Африка ала долийра оцу континентан ерриг а евзачу регионех, тӀаккха ша континентах а. Кхечу теорино боху, «афри» къам схьадаьлла берберийн ifri дашах, иза «хьех» маьӀна долуш ду, аьлча а хьехан бахархой. Оцу меттигехь тӀаьхьа кхоллаелла бусалбанийн провинци Ифрикис иштта Ӏалашбина и орам шен цӀерехь.
Топоним схьаяларан кхин версеш а ю.
- Иосиф Флавийс, I бӀешеран жуьгтийн историко, и цӀе схьаялар чӀагӀдора Ливе хиина ИбрахӀиман кӀентан кӀента цӀарах Еферах (Бахам. 25:4).
- Латинан дош aprica, маьӀна «маьлхан» ду, хьахийна Исидор Севильян «Юьхьигехь», XIV том, дакъа 5.2 (VI бӀешо).
- Грекийн αφρίκη («шело йоцу») дешах цӀе схьаяларан верси, кховдийра историка Лев Африкана. Цунна хетара, φρίκη дош («шело» а, «Ӏадор» а), харц префиксца α-ца цхьаьнатоьхна, билгалбоккху шело а йоцу, кхерам а боцу мохк.
- Поэта а, ша Ӏемина волу мисарӀаморхочо Мэсси Джеральда, 1881 шарахь аратеттира Африка дош мисран af-rui-ka («юьхь Ка Ӏуьрга ерзор») дашах схьадаларан верси. Ка — хӀора стеган энергин дубль, ткъа «Ка Ӏуьрг» дашо билгаладоккху бен я вина меттиг. Африка, иштта, мисархошна маьӀна долуш хуьлу «даймохк»[5].
- Палеонтолог а, яздархо а волчу И. Ефремовс, «Африка» дош доийта ширачу Та-Кем маттера (ш.-грек. «Афрос» — чопан мохк). Иза доьзна ду, континентан тӀекхочуш, Лаьттаюккъера хӀорд чохь масех хӀордан Ӏовраш цхьаьнакхетарца хуьлучу чопанех.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Исторел хьалхара мур[нисъе бӀаьра | нисъе]
Африка марталлин континентан Пангейн[6] юкъахь хиллачу Мезозойн муьран юьххьера Триасан муьре кхаччалц, и чекхбаллалц а, оцу регионехь алсама хилла тероподаш а, атта олхазаран хенан даьӀахкъерш а. Триасан муьран чеккхенгахь динчу ахкарша, тешалла до материкан къилбе алсама ховшар къилбаседечул а[6].
Африка тӀулгийн бӀешеран муьрехь[нисъе бӀаьра | нисъе]
Африкехь буьртиг-ялта ахьарах тешалла ден шира археологин карийначарна, вайн эрал хьалхара 13 эзар шо терахь хӀоттийна. Даьхнийлелор Саьхьарехь (хӀинца а гӀум-аре хиланза йолу) доладелла вайн эрал 7500 шо гергга хьалха, ткъа юьртан бахам кхоьллина Нилан кӀоштахь вайн эрал хьалхара 6 эзар шерашкахь.
Оцу хенахь ялта хьекъа мохк хилла болчу Саьхьарехь, ехара таллархойн-чӀерийлецархойн тобанаш, цунна тешалла до археологин карийначара. Ерриг Саьхьарехула (хӀинцалера Алжазаира, Ливи, Мисар, Чад, кхи а) карийна шорта петроглифаш а, тархийн йозанаш а, царна хан ло вайн эрал хьалхара 6000 шерера вайн эран VII бӀешо кхаччалц. Уггаре дика евза Къилбаседан Африкин хьалхара бахаман исбаьхьаллин иэс ю акъари Тассилин-Аджер.
Саьхьарин иэсийн тобанаш йоцуш, тархийн суьрташ кхин а хаало Сомалехь а, КъАР (уггаре шира суьрташна хан елла вайн эрал хьалхара 25 эзар шо[7]).
Лингвистикин хаамаша гойту, банту мотт буьйцу (коса, зулу, кхин а) этносаш кхелхира къилба-малхбузен агӀора, цигара аратеттира койсанийн къаьмнаш, (хьажа бушменаш, готтентоташ, кхин а). Банту хевшинчу меттигашкахь карийна тропикан Африкин амалера буьртиган культураш, маниока, ямс.
КӀеззиг йолу этносийн тобанаш, масала бушменаш, хӀинца а атта беха шайна, талла а толлуш, Ӏаламера даарш а гулдеш, шайн масех эзар шо хьалха лелош хилла долу.
Шира Африка[нисъе бӀаьра | нисъе]
Къилбаседа Африка[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вайн эрал хьалхара 6—5-гӀа эзар шерашкахь Нилан тогӀи чохь кхоллаелира латта лелоран оьздагаллаш (Тасийн оьздангалла, Фаюман оьздангалла, Меримде), церан бух тӀехь вайн эрал хьалхара 4-гӀа эзарлагӀа шерашкахь кхоллаелира Шира Мисар. Цунна къилбехьа, иштта Нил тӀехь, цуьнан Ӏаткъамца кхоллаелира керма-кушан цивилизаци, иза хийцира, вайн эрал хьалхара 2-гӀа эзарлагӀа шерашкахь, нубийхоша (пачхьалкхан кхоллам Напата). Цуьнан геригаш тӀехь кхоллаелира, Эфиопин а, коптийн Мисран а, Византин а оьздангаллин а, политикин а Ӏаткъамехь лаьтташ йолу, Алоа, Мукурра, Набатейн паччахьалла, кхин а.
Эфиопин акъарин тӀехь къилбаӀаьрбийн Сабийн паччахьаллин Ӏаткъамца кхоллаелира эфиопин цивилизаци: вайн эрал хьалхара V бӀешарахь Къилба Ӏаьрбийчуьра схьабевллачара кхоьллира Эфиопин паччахьалла, II—XI бӀешерашкахь яра Аксуман паччахьалла, цуьнан бух тӀехь кхоллаелира керсталлин Эфиопи (XII—XVI бӀешерийн). Оцу цивилизацин кхерчашна гуонаха дара даьхний лело Ливихойн тайпанаш, ткъа кхин а хӀинцалера куш-нилотийн мотт буьйцу къаьмнийн дай.
Говрашлелор (вайн эран хьалхарчу шерашкахь), ткъа иштта эмкалашлелор, Саьхьарехь оазисан латталелор кхиарца гучуевлира махлелоран шахьарш Телги, Дебрис, Гарама, кхолладелира ливин йоза.
Африкин ЛаьттаюккъерахӀордан бердашца вайн эрал хьалхара XII—II бӀешерашкахь къегира финикийн-къартӀаджан цивилизаци. Гергара къартӀаджан лоллин пачхьалкхо Ӏаткъам бора ливин бахархошна. Вайн эрал хьалхара IV бӀешарахь кхоллабелира ливин тайпанийн — мавретанхойн (хӀинцалера МагӀриб Мулуя эркан лахенашка кхаччалц) а, нумидихой (Мулуя эрк тӀийра къартӀаджан бахамашка кхаччалц) — баккхий берташ. Вайн эрал хьалхара III бӀешарахь пачхьалкхаш кхолла хьолаш кхолладелира (хьажа Нумиди а, Мавретани а).
КъартӀадж Румо хӀаллакйинчул тӀаьхьа, цуьнан махках хилира руман провинци Африка. Вайн эрал 46 шо хьалха Малхбален Нумидех йира руман провинци Керла Африка, ткъа в.э. хьалхара 27 шарахь ший а провинци вовшахтуьйхира, урхаллехь бара проконсулаш. Мавретанин паччахьаш Руман куьйга кӀела бахара, ткъа 42 шарахь мохк бийкъира шина провинцин: Тингитанан Мавретани а, Цезаран Мавретани а.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 2013 World Population Data Sheet. Population Reference Bureau (2013). Теллина 2019 шеран 1 майхь.
- ↑ How many countries in Africa? How hard can the question be?
- ↑ Африка // Ангола — Барзас. — М. : Советская энциклопедия, 1970. — С. 435—451. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 2).
- ↑ Africa African Africanus Africus — Word Roots Medical Etymology
- ↑ Nile Genesis: An Introduction to the Opus of Gerald Massey Архивацийина 30 январехь 2010 шеран., глава III
- ↑ 1 2 Jacobs, Louis L. (1997). «African Dinosaurs.» Encyclopedia of Dinosaurs. Edited by Phillip J. Currie and Kevin Padian. Academic Press. pp. 2-4.
- ↑ Apollo 11 (ca. 25,500-23,500 B.C.) and Wonderwerk (ca. 8000 B.C.) Cave Stones
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Африка // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Asante, Molefi The History of Africa. — US: Routledge, 2007. — ISBN 978-0-415-77139-9
- Clark, J. Desmond The Prehistory of Africa. — London: Thames and Hudson , 1970. — ISBN 978-0-500-02069-2
- Crowder, Michael The Story of Nigeria. — London: Faber, 1978. — ISBN 978-0-571-04947-9
- Davidson, Basil The African Past: Chronicles from Antiquity to Modern Times. — Harmondsworth: Penguin, 1966.
- Gordon, April A.; Donald L. Gordon Understanding Contemporary Africa. — Boulder: Lynne Rienner Publishers , 1996. — ISBN 978-1-55587-547-3
- Khapoya, Vincent B. The African experience: an introduction. — Upper Saddle River, NJ: Prentice Hall, 1998. — ISBN 978-0-13-745852-3
- Moore, Clark D., and Ann Dunbar (1968). Africa Yesterday and Today, in series, The George School Readings on Developing Lands. New York: Praeger Publishers.
- Naipaul, V. S.. The Masque of Africa: Glimpses of African Belief. Picador, 2010. ISBN 978-0-330-47205-0
- Tausch, Arno. Africa on the Maps of Global Values: Comparative Analyses, Based on Recent World Values Survey Data (en) // SSRN Electronic Journal : journal. — 2018. — 16 July. — DOI:10.2139/ssrn.3214715.
- Wade, Lizzie. Drones and satellites spot lost civilizations in unlikely places (en) // Science : journal. — 2015. — DOI:10.1126/science.aaa7864.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Ков «Африка» |
---|---|
![]() |
Африка Викидошам чохь |
![]() |
Африка Викидешнаш чохь |
![]() |
Африка Викиларма чохь |
![]() |
Африка Викикерланаш чохь |
![]() |
Африка Викигид чохь |
Викиларма: Атлас: Африка
- African & Middle Eastern Reading Room from the United States Library of Congress(ингалс.)
- Africa South of the Sahara from Stanford University
- The Index on Africa from The Norwegian Council for Africa(ингалс.)
- Aluka Digital library of scholarly resources from and about Africa(ингалс.)
- Africa Interactive Map(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 17 январехь. from the United States Army Africa
- African Kingdoms(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 19 майхь.
- The Story of Africa from BBC World Service(ингалс.)
- Africa Policy Information Center (APIC)(ингалс.)
- Focus on Africa magazine from BBC World Service(ингалс.)