Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд
ХотӀан адрес Паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |
---|---|
![]() | |
АгӀонан цӀе | Шина маьждиган гӀуллакххо |
Официальни кехаташ | Ши маьждиг лардеш волу паччахь |
Альтернативни хатӀ | Шина маьждиган гӀуллакххо-эла |
Салман ибн Ӏабдул-Ӏазиз ибн Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд (Ӏаьр. سلمان بن عبد العزيز بن عبد الرحمن آل سعود ; вина 1935 шеран 31 декабрехь, Рияд, СаӀудийн Ӏаьрбийчоь[3]) — СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан ворхӀалгӀа паччахь а, Саӏудийн династин куьйгалхо а, Шина Хьараман гӀуллакххо а ву. 2015 шеран 23 январехь паччахь хӀоьттина шен ваша ӀабдуллахӀ паччахь дӀакхелхиначул тӀаьхьа.
Салман — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхарчу паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀант ву, ФахӀд паччахьан[4][5] уггар тешаме хьехамча вара иза, СултӀан принцан уггар уллера ваша а вара иза[6]. Паччахь хилле иза оборонан министр а (2011—2015), Риядан провинцин губернатор а вара (1963—2011).
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жима волуш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ӏабдул-Ӏазизан воӀ Салман вина 1935-чу шеран 31 декабрехь, Риядехь, СаӀудийчохь, Ӏабдул-Ӏазизан 25-гӀа кӀант хилла иза, цуьнан нана йара Хьассат ас-Судайри[7][8]. Дуьххьарлера образовани йаьккхина цо Принцийн школехь, Риядехь[9]. Дин а, вайн заманан Ӏилма а Ӏамийна Салмана[10].
Салман принцан 18-шо кхаьчча, цуьнан дас Ӏабдул-Ӏазиза, 1953-чу шеран мартехь иза шен векал а, Риядан эмир (мэр) а хаьржина[10][11]. ТӀаьхьо, цуьнан вашас СаӀуд паччахьа, министран чинехь, иза Риядан мэр (куьйгалхо) хаьржина[10][11]. Салман отставке вахна 1960-чу шеран декабрехь[9].
Риядан губернатор[нисйе бӀаьра | нисйе]
1963-чу шеран февралехь, Риядан провинцин губернатор хилла Салман[9]. Оцу хенахь 48-шо хилла цунна, 2011-чу шаре кхаччалц губернаторан болх бина цо[10].
Оборонан министр[нисйе бӀаьра | нисйе]

2011-чу шеран ноябрехь, Салман принц оборонан министр хаьржина, шен вешина СултӀанан метта[12], ткъа Риядан хаьржина губернатор СаттӀам принц вара. Иштта Советан къоман кхерамзаллин дӀахӀоттаман чувахана Салман[13]. 2012-чу шеран апрелехь иза хьажа вахана Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Йоккха Британи а йолчу, цигахь АЦШ-н президентца Барак Обамаца цхьаьнакхетта[14][15].
Паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а[нисйе бӀаьра | нисйе]
СаӀудийчоьнан верасан принц а волуш, 2015-чу шеран 23 январехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь а, Шина Маьждиган гӀуллакххо а хилла Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз, шен цхьана цӀийнах волу ваша ӀабдуллахӀ паччахь кхелхина чул тӀаьхьа. Иштта Салманан ваша Мукърин хаьржинера верасан принц а, премьер-министран когаметтаниг а. Цул тӀаьхьа верасан принц хаьржира Салманан вешин кӀант Мухьаммад бин Найиф[16].

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз кхузза зуда йалийна ву[17]. Цуьнан хьалхара зуда хилла СултӀанат бинт Турки ас-Судайри[18], 71-шо долуш кхелхина иза 2011-чу шарахь[19]. Иза Салманан ненавешин йоӀ йара, Турки бин Ахьмад ас-Судайрин[19], Асир провинцин хинволчу губернаторех цхьаъ хилла Турки бин Ахьмад[20].
Цуьнан шолгӀа зуда Сарат бинт Файсал йу, цо вина кӀант СаӀуд принц ву. КхоалгӀа зуда йу ФахӀдат бинт Фалахь, цуьнан берш ду: Мухьаммад принц, Турки принц, Халид принц, Найиф принц, Бандар принц а, Ракан принц а[21]. Салманан воккхах волу кӀант ФахӀд велла хилла дог лазадаьлла 2001-чу шарахь[22]. Цуьнан кхин кӀант Ахьмад иштта дог галдаьлла велла 2002-чу шарахь[23]. Цуьнан кӀант СултӀан ву дуьххьара космосе вахана бусалба стаг а, дуьххьара вахана Ӏаьрбо а[24]. Цуьнан кӀант Ӏабдул-Ӏазиз 1995-чу шарахь, нефтан министран когаметтаниг хилла[25].
2013-чу шеран февралехь цуьнан кӀант Турки Saudi Research and Marketing Group олучу компанин председатель хилла, цуьнан воккхах волчу вешица Файсалца хийцина иза[26].
2010-чу шеран августехь АЦШ-хь Салманан букъсуьртан операци йина[27]. Цо инсульт лайна, цуьнан аьрру куьг аьтту куьйгал чӀогӀа вон лозуш дара[28][29]. Цхьаболчара дуьйцу, цунна Альцгеймеран лазарх зен хилла бохуш[30].
Къуръанан конкурс[нисйе бӀаьра | нисйе]
2015-чу шарахь СаӀудийн Ӏаьрбийчура Джиддат шахьарахь дӀайаьхьира Сийлахь Къуръан дешеран дуьненайукъара бархӀалгӀа конкурс. Иза дӀайахьарна тӀехь верасалла деш вара СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахь Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль-СаӀуд.
«Хьафизийн тоьлла школа» номинацехь, жюрин берриге а декъашхойн цхьабарт хуьлуш, хьалхара меттиг йелира Нохчийчуьрчу хьафизийн школашна. СовгӀаташ дӀадаларна леринчу даздаршкахь дакъалоцуш вара Джиддатан губернатор Амир Миш аль бин Маджид бин Ӏабдул-Ӏазиз а, ткъа иштта шуьйра бевзаш болу Ӏеламнах а. И деза совгӀат схьаийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчас, «Некъ» телерадиокомпанин директора Адама Шахидова.
Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара шайх ӀабдуллахӀ бин Басфара шен къамелехь лаккхара мах хадийра Нохчийчохь Къуръанан Ӏилма Ӏалашдарехь, кхиорехь, даржорехь беш болчу белхан. Цо къаьсттина билгалдаьккхира бусалба дин къоначарна Ӏамадайтарехь, хьафизаш кхиорехь Кадыров Рамзана лелош долу доккха маьӀна. Нохчийн хьафизийн школаш дуьненахь уггаре а тоьлла а, хаза а йу бохура цо.
Хьафизаш кечбаран дуьненайукъарчу организацин генеральни секретара конкурсехь дакъалоцуш хиллачеран а, хьешийн а тидам тӀебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун ворхӀ бер — Ӏайшат, Хадижат, ХутӀмат, Табарик, Ахьмад, Ӏела, Адам — хьафизаш хиларна. И хаам цара кхаъ хиларца тӀе а ийцира. Царна бевзина бацара кхул хьалха шен чохь ворхӀ хьафиз волу доьзал[31].
Тайпа[нисйе бӀаьра | нисйе]
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
|
Цуьнан доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]
Зударий | Церан бераш |
---|---|
СултӀанат бинт Турки ас-Судайри | ФахӀд, СултӀан, Ахьмад, Ӏабдул-Ӏазиз, Файсал, Хьассат |
ФахӀдат бинт Фалахь Аль Хьислаян аль-Ӏаджами | Мухьаммад,[32] Турки[33][34], Халид[35], Бандар[36], Найиф, Ракан |
Сарат бинт Файсал ас-СабиӀи | СаӀуд[34] (Шайх Мухьаммад бин Халидан йоӀ маре йигина цо[37]) |
Мудави бинт Маджид ад-Давиш | цуьнан бераш дац |
СултӀанат бинт Мандиль аль-Халиди | цуьнан бераш дац |
![]() |
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд Викилармехь |
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
СаӀудийн Ӏарбийчоьнан совгӀаташ:
Мохк | Де | СовгӀат | |||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
![]() |
23 январь 2015 | Йоккхачу Бадран орденан суверен | ![]() |
23 январь 2015 | Ӏабдул-Ӏазизан орденан суверен | ||
![]() |
23 январь 2015 | Файсал паччахьан орденан суверен |
Мохк | Де | СовгӀат | |
---|---|---|---|
![]() |
— | Нигерин Националан орденан Доккхачу жӀарин кавалер | |
![]() |
15 февраль 1974— | Граждански гӀуллакхийн Национальни орденан Доккхачу жӀарин кавалер[38] | |
![]() |
октябрь 2015— | Джибутин Боккхачу Седин орденан кавалер[39] |
Суьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Salman ibn 'Abd al-'Aziz Al Sa'ud // Encyclopædia Britannica (инг.)
- ↑ Lundy D. R. Salman bin Abdul-Aziz al-Saud, King of Saudi Arabia // The Peerage (инг.)
- ↑ السيرة الذاتية الأمير سلمان بن عبد العزيز وزير الدفاع، موقع إمارة منطقة الرياض، دخل في 1 يونيو 2010
- ↑ Wihbey, Paul Michael (1997). «Succession in Saudi Arabia: The not so silent struggle». IASPS Research Papers in Strategy (4). Теллина 14 May 2012.
- ↑ Viorst, Milton (January–February 1996). «The storm and the citadel». Foreign Affairs 75 (1): 93–107. DOI:10.2307/20047470. Теллина 1 June 2012.
- ↑ al Baker, Basheer. Prince Salman Seeks Balance in Saudi Transitional Period (3 November 2011). Хьаьжна 23 апрелехь 2012.
- ↑ Winberg Chai. Saudi Arabia: A Modern Reader. — University Press. — P. 193. — ISBN 978-0-88093-859-4.
- ↑ (July–August 2012) «An Heir to the Kingdom: New Crown Prince Salman». The Diplomat 35: 8–11. Теллина 9 February 2013.
- ↑ 1 2 3 His royal highness Prince Salman bin Abdulaziz. Ministry of Interior. Теллина 2012 шеран 12 майхь.
- ↑ 1 2 3 4 Ministers with portfolio. Saudi Embassy, Washington DC. Теллина 2012 шеран 19 июнехь.
- ↑ 1 2 Profile: New Saudi Defense Minister Prince Salman Bin Abdulaziz (6 November 2011). Хьаьжна 12 майхь 2012.
- ↑ Saudi Arabia names Prince Salman as new defence minister, BBC News (5 November 2011). Хьаьжна 26 майхь 2012.
- ↑ The Allegiance Council, APS Diplomat News Service (27 October 2011). Хьаьжна 16 мартехь 2013.
- ↑ Saudi Prince dead, Salman likely successor, Trade Arabia (16 June 2012). Хьаьжна 17 июнехь 2012.
- ↑ (21 June 2012) «Al Saud move with speed to reconfigure top team after Nayef's death». Gulf States Newsletter 36 (926). Теллина 23 February 2013.
- ↑ Салман бин Абдульазиз подарил чиновникам, пенсионерам и учащимся денежные средства в размере двухмесячных выплат. Анадолу (2015, 30 январь). Теллина 2015 шеран 5 февралехь.
- ↑ Prince Salman Named Saudi ‘Crown Prince’, Arab Times (18 June 2012). Хьаьжна 26 февралехь 2013.
- ↑ Princess Sultana (19 June 1983). Хьаьжна 9 февралехь 2013.
- ↑ 1 2 Sultana, wife of Riyadh Emir, passes away (3 August 2011). Хьаьжна 26 майхь 2012.
- ↑ Sultana bint Ahmad bin Muhammad al Sudairi. Datarabia. Теллина 2012 шеран 8 майхь.
- ↑ Family Tree of Salman bin Abdulaziz bin Abdul Rahman Al Saud. Datarabia. Теллина 2012 шеран 1 майхь.
- ↑ Death of a Generous man (25 July 2001). Хьаьжна 3 мартехь 2013.
- ↑ Bradley, John R.. Prince Ahmed's cousin killed on way to funeral (23 July 2002). Хьаьжна 26 майхь 2012.
- ↑ First Arab astronaut makes a royal tour of space (20 June 1985), стр. B12. Хьаьжна 3 мартехь 2013.
- ↑ Saudi oil assistance to Pakistan proceeding slowly. Wikileaks (30 July 2008). Теллина 2012 шеран 26 майхь.
- ↑ Prince Turki succeeds Prince Faisal as SRMG chairman (9 February 2013). Хьаьжна 9 февралехь 2013.
- ↑ [http://www.gulfinthemedia.com/index.php?m=gcc_press&id=2271052&cnt=171&lang=en PHPSESSID=6ae1931c79dcdc291ac1f3b9d2d1e5fb King Salman bin Abdulaziz undergone successful surgery, Royal Court statement says], Gulf in the Media (17 August 2010). Хьаьжна 26 майхь 2012.
- ↑ Henderson, Simon The Man Who Would Be King. Foreign Policy (10 April 2012). Теллина 2012 шеран 12 апрелехь.
- ↑ Henderson, Simon. To Stop Iran, Get a New Saudi King (10 January 2013). Хьаьжна 19 апрелехь 2013.
- ↑ Next after next… The Economist (Cairo). 5 April 2014. Retrieved 4 August 2014.
- ↑ Дуьненахь а тоьлла йу вайн хьафизийн школаш.
- ↑ أمر ملكي: الأمير محمد بن سلمان رئيساً لديوان ولي العهد ومستشاراً خاصاً لسموه بمرتبة وزير، جريدة الرياض، دخل في 3 مارس 2013
- ↑ صحيفة الشرق الأوسط -«الشرق الأوسط» تطلق منصتها الرقمية وموقعها الإلكتروني الجديد
- ↑ 1 2 حفل زواج صاحب السمو الملكي الأمير فيصل بن عبد الرحمن بن عبد العزيز - جريدة الرياض
- ↑ سمو ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير خالد من كريمة الأمير محمد بن مشعل - جريدة الرياض
- ↑ http://www.al-jazirah.com/2010/20100202/jo1.htm
- ↑ الاقتصادية : ولي العهد يحتفل بزواج نجله الأمير سعود
- ↑ Декрет о награждении
- ↑ King Salman holds talks with Djibouti leader
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Shifting Sands and the Gulf" on Sulayman's transition as King Архивйина 2015-01-27 — Wayback Machine
- King Salman Royal Profile" by Royal Families of the World Архивйина 2015-05-20 — Wayback Machine