Зул-хьижжат
| Зул-хьижжат | |
|---|---|
| Цул хьалхарниг | зул-къаӀдат |
| Цуьнан рогӀераниг | мухьаррам |
| Йохалла | 29 де-буьйса[1], 30 де-буьйса[1] |
| Йуьхьанца дуьйна дӀа(д)баьлла | 12 бутт |
| Исламан рузма |
|---|
|
1. Мухьаррам |
|
Тахана: кӀиран де |
Зӯл-хьижжат (Ӏаьр. ذُو الْحِجَّةِ) — иза исламан рузманан йа беттан шеран шуьйтталгӀа бутт бу. Иза бихкинчу беа баттах шолгӀаниг бу. Цунна и цӀе тиллина 412-чу шарахь, Мухьаммад пайхамаран ﷺ пхоьалгӀа деда волчу Килаб ибн Мурратан заманахь, цу баттахь хьаж дар нисло дела тиллина цунна и цӀе. Иза билгалдинчу беттанех тӀаьххьарниг бу, Дала шайн хьокъехь аьллачу: ﴾Хьаж билгалдинчу беттанашкахь деш ду﴿ [Къуръан 2:197]. И беттанаш дуьйлало шаввал беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа чекхдовлу зул-хьижжат беттан уьтталгӀа де чекхдолуш. Цу беттан уьссалгӀачу дийнахь Ӏарафат де а, Ӏарафатехь латтар а хуьлу йа Доккхачу хьаьжан де олуш дерг, ткъа цуьнан уьтталгӀачу дийнахь бусалбанийн ГӀурбанан Ӏийдан хьалхара де хуьлу.
Цуьнан цӀераш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏаьрбашна Ӏаьрбийн беттанийн цӀерийн биъ гулам бевзаш хилла, тӀаьххьарниг хӀинцалерачу хенахь лелош болу гулам бара, цу тӀехь Ӏаьрбийн бартхилла вайн эрин V-гӀа бӀешо долалуш. Самудхоша цунах «мусбил» олуш хилла, ткъа бисинчу Ӏаьрбий хиллачу Ӏаьрбаша «наӀас» а, «бурак» а олуш хилла цунах.
ЖехӀилийн заманахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЖехӀилийн заманахь зул-хьижжат баттахь йуьхьанца дуьйна дӀахьуш хилла зул-мажаз олу базар, Ӏаьрбаша Ӏуказ базар Ӏадйитинчул тӀаьхьа. Иза зул-къаӀдатан тӀаьххьарчу дийнахь дӀахьуш хилла. Иза хьарам дерг а, тӀом бар а ца магош долчу дихкинчу дезачу беттанех цхьаъ хилла.
Исламехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дала оцу беттан хьалхарчу итт буьйсанах «аль-Фажр» сурат чохь дуй биъна: ﴾Аса дуй буу итт буьйсанах а!﴿ [Къуръан 89:2].
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 العجيري ص. التقويم الهجري (Ӏаьр.) — مدينة الكويت: مكتبة العجيري, 1988. — С. 23. — 140 с.