Чулацаман тӀегӀо

Ӏалий ибн Абу ТӀалиб

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Ӏели ибн Абу ТӀелип тӀера хьажжина кхуза)
Ӏалий ибн Абу ТӀалиб
Ӏаьр. علي بن أبي طالب
Хьайдар, Хьайдарат, Абул-Хьасан, Абу Тураб, АсадуллахӀ, Аль-Муртаза, Баб Мадийнатул-Ӏилм, Саййидуна Ӏалий, Имам Ӏалий
Говзалла пачхьалкхан гӀуллакххо, къеда, факъихӀ, мухьаддис, муфассир, судья, поэт, халиф
Вина терахь 599 шеран 17 март({{padleft:599|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг Макка, Хьижаз
Кхелхина терахь 661 шеран 28 февраль({{padleft:661|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (61 шо)
Кхелхина меттиг Куфат, Ӏиракъ, Рашидун халифат
ДӀавоьллина меттиг Имам Ӏалийн маьждиг
Пачхьалкх
Къам, некъе Ӏаьрбий, къурайш, Бану ХӀашим
Да Абу ТӀалиб
Нана ПетӀимат бинт Асад
Зуда ФатӀимат аль-ЗахӀраъ[1], Уммуль Банин[вд], Умамат бинт Абу Ӏас[вд], Асмаъ бинт Ӏумайс[вд], Хавлат бинт ДжаӀфар[вд], Лайла бинт Масуд[вд], Ас-Сахба бинт Рабиа[вд], Умм Са’ид бинт Урва[вд]
Динлелор ислам
ГӀарадевлла белхаш Мусхаф Али[вд]
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу ТӀалиб аль-ХӀашими аль-Къураший (Ӏаьр. أبُو الحَسَنِ عَلِيُّ بْنُ أَبِي طَالِبٍ الهَاشِمِيّ القُرَشِيُّ), иштта вевзаш ву Лом-Ӏела (гӀаж. شیر علی Шир Али; 599 шеран 17 март, Макка[2]661[3], Куфат[вд], Рашидун-халифат[2]) — иза Рашидун халифатан воьалгӀа халиф а (656—661), Мухьаммад пайхамаран ﷺ девешин кӀант а, цуьнан нуц а, цуьнан накъостех (асхьабех) цхьаъ а ву. Иза Йалсаманица кхаъбаьккхинчу иттаннах цхьаъ а, шийӀашна гергахь Асхьабул-Кисаэх хьалхара имам а ву.

Ӏалий вина Маккахь, КаӀбат чохь вина ву аьлла а ду иза. Цуьнан нана ФатӀимат бинт Асад аль-ХӀашимийят йу. Мухьаммад пайхамаро ﷺ хӀижрат далале хьалха ислам дин тӀеэцна цо, и тӀеэцна шолгӀаниг йа кхоалгӀаниг хилла иза, кегийчарах дуьххьара и дин тӀеэцнарг а хилла иза. Пайхамаро ﷺ хӀижрат дина кхо де даьлча Мадийнате хӀижрат дина цо. Мухьаммад пайхамаро ﷺ бусалбачарна йукъахь вежаралла дӀахӀоттийча шен ваша а вина цунах, хӀижрат дина шолгӀачу шарахь шен йоӀ ФатӀимат цуьнга маре а йахийтина цо.

Ӏалийс дакъалаьцна Мухьаммад пайхамаран ﷺ массо а гӀазоташкахь, Табукан гӀазот доцург; хӀунда аьлча пайхамаро ﷺ цу хенахь Мадийнатан куьйгаллехь витина хилла иза. Иза вевзаш ву шен говрашлелорца а, доьналлица а, тӀом бан говзаллица а. Цо боккха тӀеӀаткъам бина бусалбанийн тӀемашкахь толам баккхарехь, уггаре а хьалха — Саьнгаран гӀазотехь а, Хайбаран тӀамехь а. Иза Мухьаммад пайхамаро ﷺ теш вина хилла. Иза Къуръан йаздархойх а, цуьнан уггар мехалчу векалех а, министрех а цхьаъ а хилла.

Ӏалийн даржах а, цуьнан асхьабашца йолчу йукъаметтиган а хьокъехь исламан тобанашна йукъахь историн идеологин резадацар ду. Царах цхьаболчара дуьйцу: Дала иза бусалбачарна верас а, имам а, халиф а хаьржина ву, и Мухьаммад пайхамаро ﷺ Аль-ГӀадиран хутӀбатехь дӀакхайкхина а ду бохуш. Бусалба нахана халиф Абу Бакр харжар Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьехамашна бӀостанехьа ду аьлла цара, цуьнца цхьаболчу асхьабийн йукъаметтигаш атта ца хилла аьлла а хета царна. Амма вукхара цо Ӏалий хаьржина хилар харцдо, цуьнан асхьабашца йолу йукъаметтигаш чӀагӀйелла дика йара аьлла а хета царна. Ӏалийн хьокъехь йолу ойланийн башхалла суннатхошна а, шийӀашна а йукъахь бӀешерашкахь дуьйна хиллачу къовсаман коьрта дух ду.

Ӏалийна халифатца байӀат дина хӀижрин 35-чу шарахь (656 в. э.) Мадийнатехь. Цо пхеа шарахь а, кхаа баттахь а урхалла дина. Цуьнан халифат йуьйцу политикин агӀора чӀагӀйелла йацара бохуш, амма иза къаьсташ йара хаалун культурин прогрессца, къаьсттина халифатан керла нана-гӀала — Куфат.

Дахар дӀайаздар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьалхара шераш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цуьнан йуьззина цӀе йу: Абул-Хьасан Ӏалий ибн Абу ТӀалиб ибн Ӏабдул-МуттӀалиб ибн ХӀашим ибн Ӏабд Манаф аль-Къураший. Цунах олуш хилла кхин а Абу ТӀураб а, Хьайдар а. Мухьаммад пайхамара олуш хилла цунах Муртаза («резавинарг», «хаьржинаверг») а, Маула («хьомениг») а[4].

Вина хӀижрат далале 22 шо хьалха (599—600 шераш) ражаб беттан 13-гӀа дийнахь Маккахь къурайшийн тайпанан Бану ХӀашиман некъийн коьртан Абу ТӀалийбан а, Фатима бинт Асадан а доьзалехь. Дукха хьосташ хоуьйту, Ӏела бен вац сийлахь КаӀбатан[5] чохь вина. Ӏелин да — Абу ТӀалийб хуьлура Мухьаммад пайхамаран ден ӀабдуллахӀан нанас дена вина ваша. Да-нана деллачул тӀаьхьа, Мухьаммад масех шарахь кхийра девешийн доьзалехь. Шен рогӀехь, Абу ТӀалийбанан гӀуллакхаш дакъазадевллачул тӀаьхьа, ткъа Хадижат йалийначул тӀаьхьа Мухьаммадан гӀуллакхаш тоделлачул тӀаьхьа, цуо кхион схьаийцира шега Ӏела.

Ӏелийн исс йа итт шо долуш, цуо тӀеийцира ислам дин, цунах хилира дуьххьарлера бер а, боьрша стаг а ислам дин тӀеэцначарах. Шен дахаран берриг Маккан муьрехь Ӏалий генаваьлла вац Мухьаммад пайхамарна. Мухьаммад пайхамар Мадината кхалхале, маккахой гӀиртира иза виен. Зуламхой цуьнан цӀа чу бахча, царна цу чохь карийра Ӏела, ша верна кхерам боллушехь Мухьаммадан метта вижнера иза, зуламхойн терго йайархьама. Ткъа пайхамар оцу хенахь Мадината новкъахь вара. Мелла а хан йаьлча Ӏалий а кхелхира цига[4].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Али-заде А. Али ибн Абу Талиб // Исламский энциклопедический словарьМ.: Ансар, 2007. — С. 68.
  2. 1 2 Али бен-Аби-Талеб // Энциклопедический словарь / под ред. И. Е. АндреевскийСПб.: Брокгауз — Ефрон, 1890. — Т. I. — С. 438.
  3. (unspecified title)(untranslated).
  4. 1 2 Али-заде, 2007.
  5. "ʿAlī (Muslim caliph)"(ингалс.). Encyclopædia Britannica.