Британийн импери

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Британин импери
инг. British Empire
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост

 
 
 
 
 
 
 
1707 — 1997
Коьрта гӀала Лондон
Мотт (меттанаш) ингалсан
Официалан мотт Ингалсан мотт
Ахча стерлингийн фунт
Майда 36 190 000 км² (1920),
31 878 965 км² (1913)[1]
Бахархой 480 000 000 ст.
(24 % Дуьненан бахархойх 1922 шеранна)
Урхаллин тайпа конституцин монархи[2]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Британин импери (инг. British Empire) — метрополи коьртехь йолу колонийн импери, цуьнан долахь дара адамаллин исторехь хьалха хилла долу уггаре дукха латта колонешца пхеа нах беха континент тӀехь (нагахь Монголин империн бакъ йолу майда ларахь). Уггаре йоккха майда империн йара 1919 шо кхачале, оцу хенахь Цхьаьнатоьхна Паччахьалло урхалла дора даьржина 31 878 965 км² латтанашна [1](Цунна йукъахь дац 8,1 млн км² къобал йанза а, де-факто терго йеш доцу мехкаш Антарктикехь, царна хӀокху дийне кхаччалц претендент йу Йоккха Британи а, цуьнан хилла доминионаш а: Австрали а, Керла Зеланди а), иза ду 22% гергга латта. Империн бахархойн дерриг дакъа 480 млн стаг ву (доьлгӀа дакъа бахархойх). Нисса Pax Britannica тӀаьхьено кхетайо ингалсан меттан роль, дуьненахь уггаре баьржина политики, спортан, музыкин, транспортан, махлелоран кхачнехь[3][4][5].

Британин империн истори таханлера де кхаччалц йоккха роль ловзош йу Америкин Цхьанатоьхна Штатийн, Канадин, ХӀиндин, Австралин, Керла Зеландин, Сингапуран, Ирландин, Германин, Францин, дуккха а кхин болчеран дахарехь[6].

БӀаьрг тохар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Британин импери тӀекхетара шина бӀешарахь сов. Йоккха пачхьалкх шорйан кульминаци лору XX бӀешеран йуьхьиг. Оцу хенахь массо а континенташ тӀера дуккха а тайпана латтанех нийсонца олу импери, «тӀех цкъан а малх чу ца бузу»[7].

Нисдаран а, тӀемца схьабаккхаран а экспансиван муьраш болабелла дикка машаран махлелоран а, дипломатин муьрера. Империс аьтту бира британин технологеш, махлелор, ингалсан мотт, урхаллин кеп дуьненахь йаржош. Империн гегемонин ду къасторан маьӀна экономикин кхоран а, Цхьаьнатоьхна Паччахьаллин дуккха а мехкин политикин Ӏаткъаман а. Колонийн хӀоттамах хууш ду, Бритнин империн Ӏаткъаман дикка ши маьӀна долун амал хилар. Колонешка чубеира ингалсан мотт, административан а, бакъонийн гуранаш, уьш йинера Йоккха Британинчух тера. Деколонизаци йеш Цхьаьнатоьхна Паччахьалла гӀоьртира хиллачу колонешкахь йукъайаккха парламентан демократи а, бакъо лакхар хилар а, хӀетте тайп-тайпана аьттунца. Дукхаха йолчу колонеш сацам бира, Къамнийн доттагӀалло хуьйцу царна Импери психологин агӀора[8][9].

Британин колонеш гӀуллакх дора коьртаниг Цхьаьнатоьхна Паччахьаллин экономикин хьашташна. ХӀетте а эмигрантийн колонешкахь йора инфраструктура кхоллархьама маьрша экономика, амма Африкин а, Азин а тропикин регионашкахь цара ловзайо аьрго латточун роль, царна кхаьчна инфраструктурин минимум дакъа. Тахана экономика дукхах йолу гӀийла кхиина мехкийн (инг. Less developed countries) дукха хьолехь йозу аьргаллин ресурсийн экспортах.

Британин империн арахьара политика бахьнехь шорйар бух тӀехь ду англосаксийн «этносан башхалла», хьесапехь «схьайаккхархойн расин локхалла»[10][11][12][13]. Британин конийн бакъонан коьрта бӀогӀамех цхьаъ бу, этносийн тобанашна йукъара девнаш хиларо латтайо колонин олалла. И классикийн хьесап «бекъий олалла де» ду бахьна дукха хӀокху заманан девнийн, масала, Къилбаседа Ирландехь, ХӀиндехь, Зимбабвехь, Суданехь, Угандехь, Ӏиракъехь. Оцу тайпана масала ду Кенехь 1952 - 1957 шарахь хилла Мау Мау гӀаттам, кхиинчу тайпанийн жима гӀаттамах даккхий тӀемаш хуьлуш. И гӀаттам боьдуш велла масех бӀе ингалсхо, ткъа орамера тайпанаш дагардора тайп-тайпана маххадорца, 18 000 тӀера 30 000 бала кхаьчнарг ву.

Британин империн тӀаьхье[нисйе бӀаьра | нисйе]

Британин хӀордал дехьара мехкаш а, Тажан латтанаш а.

ХӀинца Цхьаьнатоьхна Паччахьалло Ӏалашйо Британин гӀайренел арахьара 14 мехкан суверенитет. 2002 шарахь царна Британин хӀордал дехьара мехкийн статус йелла. Цхьацца оцу мехкех тӀе стагга а охьахаанза (ханна хевшина тӀеман йа Ӏилманан персонал йоцург). Йисинчеран тайп-тайпана тӀегӀан шеш шайн урхалла ду, дуьненайукъара гӀуллакхийн а, дуьхьалонан а областашкара, уьш йозу Йоккачу Британех.

Цхьацца хӀордал дехьара мехкашна тӀехь йолу Британин суверенитет къуьйсуш йу лулахоша: Гибралтарна претендент Испани, Фолклендийн гӀайренашна, Къиба Георгина, Къилба Сандвичан гӀайренашнаАргентина, ХӀиндин Ӏапказ чуьра Британин мехканМаврикий а, Сейшелаш а. Цул сов, Британин антарктикин мохк бу Аргентино а, Чилис а къуьйсу объект йу, дукхах йолчу пачхьалкхаша мехкийн цхьанне претензи къобал ца йо Антарктиде (хьажа иштта Мехкан претензеш Антарктикехь).

Дукхаха йолу колонеш йукъайогӀу Британин къаьмнийн доттагӀаллин — политикица йоцу шен лаамехь цхьаьнакхетна политикица нисса накъостий, цунна чохь Цхьаьнатоьхна паччахьаллин цхьан а привилеги йац. ДоттагӀаллин пхийтта декъашхоша лору шайн пачхьалкхан корта британин паччахь, уьш йу ДоттагӀалин паччахьаллаш.

Британин урхалло а, британин иммиграцис а иттаннаш шерашкахь, наггахь бӀешерашкахь, тача дитина дерриг дуьненна тӀера дуккха а маьрша пачхьалкхашкахь. Британхоша даьхха политикин дозанаш, димна ца догӀура реалан къаьмнаш дехачхула, цуо дуккху а девнаш латтадо Кашмирехь, ПалестӀинехь, Суданехь, Нигерехь, Шри-Ланкехь. Британин парламентан система хилира хӀетал пачхьакхан кхолламийн дукхаха йолчу колонийн а, кхечу пачхьалкхин а, ткъа законаша — церан юридически системийн[14]. Британин лакхара апелляцин суд хӀинца а йу лакхара суьдан инстанци масех хиллачу колонийн Карибийн хӀорд а, Тийна Ӏапказ а чохь. Ингалсан мотт ненан мотт бу 400 млн ст., 1 млрд къамел до цуьнца кхечу мехкан маттахь санна[15], хӀетте мотт баржар доьзна ду оьздангаллин Ӏаткъамца Цхьаьнатоьхна Штатийн. Британин дин даржочара йаржийна ингалсан килс массо а континент тӀехь, Англиканаллин йукъаралла хӀинца йу 77 млн декъахо.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 БСЭ. [bse.sci-lib.com/article001365.html Британская империя в БСЭ]. БСЭ. Большая советская энциклопедия. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 22 апрель.
  2. Bogdanor, 1997.
  3. Johnston, 2008.
  4. Porter, 1998.
  5. Sondhaus, 2004.
  6. Hosch, 2009.
  7. Jackson, pp. 5-6.
  8. Brendon, p. 660.
  9. Brown
  10. Francis Hutchins, The Illusion of Permanence. British Imperialism (Princeton, 1967), S. 133
  11. zitiert Philip Mason, Prospero’s Magic. Some thoughts on Class and Race (London, 1962), S. I
  12. Maurice Collis, Trials in Burma (London, 1953), p. 191, 194f, 207, 21 Iff
  13. М. Саркисянц Английские корни немецкого фашизма От британской к австро-баварской «расе господ» Архивйина 2013-10-06 — Wayback Machine
  14. Кеп:Книга:Niall Ferguson:Empire
  15. Кеп:Книга:Hogg+Denison:History of the English Language

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оьрсийн маттахь
Ингалса маттахь

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]