Дипломати
Дипломати- пачхьалкхийн а, мехкан урхаллийн а куьйгалхоша а, арахьарчу юкъаметтигийн меженаш а[1] шайн пачхьалкхан арахьара политикин Ӏалашонаш а, хьесапаш а кхочушдаран болх бу[2]. Иштта дипломати- шайн пачхьалкхан хьашташ дозанал дехьа лардаран гӀуллакх ду.
Дипломатин кеп[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дипломати вуно чӀогӀа кодификаци а, формализаци а йолуш гӀуллакх ду. Дипломатин лард ю 1961-чу шеран дипломатин юкъаметтигаш ларйеш йолу Венан конвенци.
Дипломатин Ӏалашонаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Векалалла
- дипломатин тӀекере а, дипломатин кехаташ дӀасакхехьийтар а
- дагадовларш дӀадахьар
- информаци лахар я дипломатин таллам
- Кхечу пачхьалкхашкахь болу шайн махкахойн хьашташ лардар а.
Дипломатин методаш а, гӀирсаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Официалан а, кхин тайпа а хьажа-хӀоттар а, дагадовларш а
- дипломатин гуламаш а, конференцеш а, кхеташонаш а
- шина а, масийтта а агӀор дуьненаюкъара барт бар
- дуьненаюкъара кхолламийн а, церан меженийн балхахь дакъалацар
- кхечу пачхьалкхехь xӀop дийнан векалалла дар
- дипломатин кехаташ кхехьийтар
- дипломатийн кехаташ зорба тохар
- массийн хаамийн гӀирсашкахь дуьненюкъарчу хаттаршкахь мехкан урхаллин позици йовзийтар
- дипломатин хаам (нота)
- дипломатин юкъаметтигаш хадор
- Интернет машонан гӀирсаш а, хаамийн-коммуникацийн технологеш а, социалан машаш а лелаяр.
Дипломатин баххаш а, башхаллаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Халкъашна юккъерачу бакъоно ца магдо диплотамийн векалшна болх беш болу пачхьалкхан чоьхьарчу гӀуллакхийн юкъагӀерта.
- Болх беш болу пачхьалкхашкахь дипломатин меженийн а, дипломатин гӀуллакх дӀакхоьхьу жоьпаллин белхалойн массара а тӀеэцна бакъонаш а, гӀолинаш а ю (иммунитет а, дипломатин персоналан а, чоьнийн а корта-мукъалла а, дипломатин къевлина зӀенан а, шифраца яздина кехаташ кхехьийтар а, пачхьалкхан байракх айар а, таможнин гӀолинаш а).
Дипломатин тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Пачхьалкхан арахьарчу политикин Ӏалашонашка а, цу Ӏалашонашна тӀекхача кепашка а хьаьжжина дипломатин тайпанаш хуьлу:
- машар баран политика
- канонеркин политика
- юкъалелар
- лехам-девнан дипломати
- долларийн дипломати
- юкъара дипломати
- халкъан дипломати
- экономикин дипломати
- цифрийн (электронан) дипломати
Дипломатехь лелаеш цхьацца говзадешнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дуьненюкъара юкъаметтигаш; Дуьненюкъара кхолламаш; Дипломатин кехаташ кхьехийтар; Дипломатин таллам; Дипломатин юкъаметтигаш; Юкъара дипломати; Зарратан (атоман) дипломати; Дипломатин протокол; Тешаллин грамоташ; Векал; Дипломат; Дипломатан де; Дипломаташ бохор (махкахбахар); Дипломатийн иммунитет.
Хьостанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Венская конвенция о дипломатических сношениях на сайте ООН (PDF, 1,3 Мб)
- ↑ Дипломатия // Большой Энциклопедический словарь . — 2000.