1989 шеран революцеш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
1989 шеран революцеш
Меттиг
Терахь 1989 шеран шолгӀа дакъа
Бахьна Социалистийн системан къоьлла, ССРС Ӏаткъам лагӀбалар, къоман ойланаш айаялар
Коьрта Ӏалашо Политикин а, экономикин а реформаш
ЖамӀ ХСРА, ХРБ, МХР, ПХР, СРР, ЧССР, СФРЮ, МХР, ССРС демократе дехьаялар, Германи цхьаьнатохар, ЦХР, СРВ, ЛХДР базаран хийцамаш; Варшавин бертан кхоллам а, ЭВКх бохар, ССРС йоха йолаялар.
Вовшахтохархой Демократин партеш
Декъахойн барам 1 млн гергга стаг
МостагӀий Социалистийн лагерь
Лецна Николае Чаушеску зудчунца, кхин а.
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

1989 шеран антикоммунистийн революцеш, наггахь олу Малхбузан мехкийн «Къаьмнийн гуьйре»[1], 1989 шеран гурахь хилла Юккъера а, Малхбален а Европера Ӏедал хийцадаларан тулгӀе.

Масех баттахь дӀаехира советийн агӀора йолу коммунистийн ражаш, цунах Малхбузехь олу 1848 шеран «Къаьмнийн бӀаьстенан» аналоги. Коммунистийн ражаш эгар доьзна дара ССРС йолчу юхадӀахӀотторца, ткъа доладелира Польшин Халкъан Республикин тӀийра, цул тӀаьхьа массашкахь реза ца хилар гайтина, Ӏедал хийцира ГДР, ЧССР, ХРБ, ткъа кхин а хийцамаш хилира МХР коммунистийн Ӏедалша шеш бина. Ӏедал хийцар ницкъ ца беш хилира (Румынехь доцург). 1985 шарахь Ӏедале М. С. Горбачёв варо толаме ялийра «керла ойла», «адаман юкъара мехаллаш», «ши система машаре яхар» доктринаш. 1987 шарахь кхайкхийра «Гуш хиларан» политика, 1989 шарахь хилира ССРС дуьххьарлера конкуренташ болу халкъан депутатийн харжамаш. ССКП факт хилла дӀатесира массийн хаамийн гӀирсийн цензура, оппозицин векалш гучубийла буьйлабелира журналашкахь, газеташкахь, советийн телевизионехь. Политикин либерализаци хуьлуш лаьттира кхуьучу экономикин къоьллица, советийн куьйгалхойн малхбузен кредитех кхуьучу Ӏаткъамашца.

Малхбалера Малхбузехьа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Горбачёв Михаилан хийцамаш реза боцуш тӀеийцира коммунистийн лидераша, масала Эрих Хонеккера (ГДР), Тодор Живкова (Халкъан Республика Болгари), Густав Гусака (Чехословакин Социалистийн Республика). 1989 шеран 15 майхь Горбачёв Михаил Цийн Халкъан Республике варо адам Тяньаньмэнь майдане даьккхира.

Цуьнца цхьаьна, шийла тӀом болуш Малхбален Европин мехкаш гӀиртира кхузза хийцамаш боло — Мажарчоь (1956, охьатаӀийра советийн эскарша), Чехословаки (1968, сацийра Советийн Эскар а, Варшавин бертан эскар а чудеина), Полшин Халкъан Республика (1980, «Дакъа кхачар» говзаллин бертан гайтамаш чекхбевлира Ярузельский Войцеха тӀеман хьал хӀоттийна).

Кхин а ССРС махкахь гӀиртира, масала, 1978 шеран Гуьржийчуьра гайтам.

Советийн тӀеман факторо дикка йоккха роль ловзайора коммунистийн правительствош оцу хиламел тӀаьхьа чӀогӀа латтош, амма перестройкин процессаш кхиарца ССРС йолайелира тӀаьхь-тӀаьхьа дӀайала «Брежневн доктринин» тӀера, ткъа 1989 шеран 23—25 октябрехь а официалан кхайкхийра шайн сателлиташна дуьхьала ницкъ боккхур ца хиларх. Цунах хилира хийцаман момент советийн арахьара политикехь.

ССРС керла политикех официалан доцуш малхбузен мехкашкахь олура «Синатрин доктрина» цуьнан эшарца «My Way»[2].

«Лайн мижарган» эффект гора, кхин тӀе йозуш йацара, демократин дика долу, экономикин а, социалан а хьолех, амма хиламийн леларан болар сихха-м дора. 1989 шеран августехь Польшехь Ӏедале коммунистийн боцу ницкъаш бахкарна ССРС дуьхьала ца хилчи, демократизаци йолийра тӀаьхьий-хьалхий мажарчоьно сентябрехь, ГДРо октябрехь, Чехословакис а, Болгарис а ноябрехь, Румынис декабрехь[3]. Шуьйра йевза, ингалсан политолого Гартон-Эш Тимотис хӀоттийна хиламийн йохаллин билламан формула[4]:

Польшехь делира итт шо, Мажарчохь — итт бутт, Малхбален Германехь — итт кӀира, Чехословакехь — итт де, Румынехь — итт сахьт.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. См. использование термина Autumn of Nations в англоязычных публикациях, а также польского термина Jesień Ludów или Jesień Narodów в польскоязычных публикациях.
  2. Иностранная пресса: Архивацийина 8 июнехь 2008 шеран.
  3. Хантингтон С. Третья волна. Демократизация в конце XX века. — М.: РОССПЭН, 2003.
  4. История антикоммунистических революций конца XX века: Центральная и Юго-Восточная Европа / Ответственный редактор Ю. С. Новопашин. — Наука, 2007.