Чулацаман тӀегӀо

Сийлахь французийн революци

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Сийлахь французийн революци
фр. Révolution française
Бастили схьайаккхар, 1789 шеран 14 июль
Бастили схьайаккхар, 1789 шеран 14 июль
Меттиг
Меттигаш Париж а, кхин Францин гӀаланаш а
Терахь
Бахьнаш Шира низман къоьлла
Коьрта Ӏалашо монархеш а, абсолютизм а
ЖамӀаши

1. Чаккхенца дӀайаккхар абсолютизм
а, Людовик XVI кхелаца виер

2. Монархи дӀайаккхар,
Хьалхара республика кхоллар
3. Ӏедале Наполеон Бонапарт вар,
Консулат хӀоттор, кин дерш а.

Ма-дарра
Вовшахтохархой Кордельераш,
Бретонин клуб,
ЯкобгӀеран клуб,
Жирондисташ,
Монтаньяраш
ДӀайахьаран ницкъаш Франци французаш: кхоалгӀа чкъор: буржуази, ахархалла, гӀалин плебейалла
МостагӀий Паччахьалла Франци Бурбонаша, роялисташа, элаша, динин белхалой
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Сийлахь францу́зийн револю́ци (фр. Révolution française, ма-дарра — «Французийн революци») — йоккха трансформаци социалан а, политикин а Францин системин, цуо хӀаллак дина махкахь шира низам (Ancien Régime) а, абсолютан монархи а, кхайкхийна Хьалхара французийн республика (1792 шеран сентябрь) де-юре маьрша а, цхьатерра а гражданийн бакъонашца девиз кӀелахь «Маршо, нийсо, вешалла». Революцин йуьхьиг хилира Бастили йаккхар 1789 шеран 14 июлехь, ткъа чекхйалар — 1799 шеран 18 брюмеран харцам (9 ноябрь)[1].

Революцин бахьнаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Революцин бахьна хилира Ӏедале болх ца бан балар, социалан-экономикин, политикин хийцамаш, Дуккха шерашкахь гуллуш долу французийн йукъараллехь, бахаман а, политикин а дар-дацарш, уьш хилира масех шарахь, 1789 шерал хьалха. Йехачу хенахь хийцамаш бан паччахьан Ӏедалан таро ца хилар, пачхьалкхан финансийн баланаш, йолуш йолчу революцел хьалха, кхочуш ца бан луш «шира низманна»; лакхара чкъоьран ца лаар (элий а, динан белхалой а) хийца хӀоьттина низам, цу низмо аьттонаш лора царна; тӀахь-тӀаьха хӀуттура, хьал толора кхоалгӀачу чкъоьран, политикин бакъонаш тӀаьххьар хӀиттира дуьхьал цуьнан экономикин таронашна; Серлонан ойла йаржор, цуо шеконе хӀиттадора ламаста институташ а, привилнгеш а. Революци йолайаларан бахьна дара правительствон финансийн къоьлла, иза хӀоьттинера Францис Америкин революцехь дакъа лацарца; йалта ца далар, йалта арадаккхар, цуо йеина мацалла а, социалан сийсарш; вон тӀаьхье Йоккха Британица бинчу махлелоран бертан (1786), цуо дӀайиллира базар британин сурсаташна[2][3][4].

XVIII бӀешеран Франци абсолютан монархи йара, иза тӀетевжинера бюрократин централизацина а, гуттаренна долу эскарна а. Махкахь йолу социалан-экономин а, политикин а раж хӀоьттинера чолхе компромиссаш бахьнехь, уьш йахнера бехха политикин дуьхьала латтаро а, гражданийн тӀемаш XIV—XVI бӀ. Иштта цхьа компромисс йара паччахьан Ӏедална а, аьттонаш бинчу чкъоьран а йукъахь — политикин бакъонех гена бовларна шайн болу ницкъаца ларйора социалан аьттонаш оцу шина чкъоьран. Кхин компромисс йара ахархошна — XIV—XVI бӀ. ахархойн тӀемаш дӀайехира дукхаха йолу ахчанан налогаш, дехьабехира уьш натуралан йукъаметтигашка йуьртан бахамехь. КхоалгӀа компромисс йара буржуазин (цу хенахь уьш йуккъера класс йара, царна луург правительство кӀезиг ца дора, буьтуру цхьа могӀа аьттонаш буржуазин йукъаметтигашкахах бахархойн коьрта массин (ахархоллин), гӀо лоцура иттаннаш эзарш кегийра предприятешна, церан долахой коьртаниг французийн буржуазин чкъор дара). Амма хӀоьттина оцу чолхечу компромиссашца ражо, ца латтадора нормехь кхиар Францин, иза XVIII бӀ. тӀаьхьйиса йолайеллера шайн лулахойл, уггаре хьалха Ингалсчоьл. Цул сов, тӀех эксплуатацино алсама духьалйахара монархина халкъан массаш, церан даран кӀезга пусар дора пачхьалкхо.

ТӀехь-тӀехьа XVIII бӀ. французийн йукъараллин лакхешкахь кхуьура кхетам, шира низам шен ца кхиарца базаран йукъаметтигаш, урхаллин системера хаосца, пачхьакхан даржаш дохкаран коррупцин системица, бигала законаш ца хиларца, налогаш тохар кхеташ ца хилар, шира система чкъоьрийн аьттонаш хийца беза. Цул сов, паччахьан Ӏедало шен тешам бойура динан гӀуллаккхойн, элийн, буржуазин бӀаьр хьалха, царна йукъахь чӀагӀйора ойла, паччахьан Ӏедал узурпаци йу йукъаметтигашкахь чкъоьрнийн бакъонашца а, корпорацешца а (Монтескьён хетарехь) йа халкъан бакъонийн йукъаметтигашкахь (Руссон хетарехь). Серлончийн болх бахьнехь, царех башха ладаме бу физиократаш а, энциклопедихой а, французийн йукъараллин дешначу декъан хьекъалехь харцам хилла. ТӀаьххьара, Людовик XV а, кхин а дукха Людовик XVI болийра либералан хийцамаш политикин а, экономикин а областашкахь.

Абсолютан монархи

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Людовик XVI мозгӀаран духар доьхна регалешца а, Сийлах Син орденан жӀарца а, болх Калле Антуана-Франсуа, 1781 шо

Революцел хьалхара къоьлла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1787 шарахь ца кхиина чиллана гоьжа. Иза бахьнехь лионера даридуцу арахецар йацйина. 1788 шо чекхдолуш Лионехь вара 20—25 эз. белзаза стаг. чӀогӀа къора тоьхна 1788 шеран июлехь зулам делира йалтин дуккха а провинцешкахь. 1788/89 шерашкара тӀех луьра Ӏаьно хӀаллак йира кемсийн бошмаш а, кемсийн цхь дакъа а. Мехаш дуу сурсаташна айаделира. Бепиг латтор а, кхин сурсаташ латтор а цӀеххьана телхира. Дерриг чекхдолуш йолаелла промышленностан къоьлла, иза йолайелира 1786 шеран ингалсан-французийн махлелоран барт тӀера. Оцу бартца шинне а агӀоно охьайаккхира таможнин йал. Бар хилира чӀогӀа гӀуо французийн арахецараллин, цаьрга къовсам ла ца белира дорахчу ингалсан сурсаташца, Франце чудеина долу[5][6]. Эзарнаш французийн предприятеш къейелира. цӀеххьана айбайелира белхазалла.

Революцин къоьлла йолайелла Францис дакъа лацарца америко маршо къуьйсу тӀамехь. Ингалсан колонеш гӀовттаре хьовса мегар ду Французийн революцин цхьаьна бахьнега санна, цундела, адаман бакъонийн ойла чӀогӀа онда тӀелецира Францехь. Уьш йогӀура Серлонан ойланца, Людовик XVI кхаьчна шен финансаш чӀогӀа вон хьолехь. Финансийн министро Неккера ахча латтийна тӀаман займашца, амма хенан йохаллехь иза а ца дан делла. 1783 шарахь барт бинчул тӀаьхьа паччахьан хазнин дефицит хилира 20 процент. 1788 шарахь харж хилира 629 млн ливр, оцу хенахь налогаша лора 503 млн. Ламаста налогаш айа, уьш такхара беккъа ахархоша, 80-гӀа шерийн хьелашкахь, экономика охьайоьжна йолуш налогаш тӀетоха таро йацара. Оцу заманхоша бехке йора паччахьан керт дукха харж йарах. Массо а чкъоьрийн йукъараллин ойла массара а лорура, налогаш тӀечӀагӀйар Инарлин штабан а, харжамийн векалийн а карахь ду[7].

Шарль Александр де Калонн

Цхьана хенахь Неккеран меттана волу Калонна хьалха санна займин практика дӀайаьхьира. Займин хьосташ чекхйовла йуьйлаелча, 1786 шеран 20 августехь Калонна хаийтира паччахьна, финансийн хийцамаш оьшу аьлла[8]. Ца тоьарг къовла (фр. Precis d'un plan d'amelioration des finances) кховдадора ткъа соти хийца, иза токхура фактехь кхоалгӀа чкъоьро, керлачу лаьттан налогаца, иза йужура массо а латтанаш тӀе паччахьаллехь, элийн а, динан гӀуллакххойн а. Къоьлла иэшо оьшура, налогаш такха массара а[7]. Мах лелорна кховдадора маьрша бепиг дохкар йукъадаккхар а, дӀайахар таможнин йолаш. Калонн йухавогӀура Тюргон а, Неккеран а планашка, уьш йара метигера ша шен урхаллица. Кховдадора кхолла гуонан, провинцин, йукъараллин гуламаш, цигахь дакъа лаца дезара шеран са 600 ливр йолчу массо а лаьттан долахоша[9].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Комментареш
Хьосташ
  1. Великая француузская буржуазная революция 1789—94 // Военный энциклопедический словарь. Источник. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 13 февраль. Архивйина 2022 шеран 13 февралехь
  2. Larousse, 1. Origines et causes de la Révolution.
  3. Britannica, Origins Of The Revolution.
  4. Французская революция 18 в. / Д. Ю. Бовыкин // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  5. Ревуненков, 2003, с. 59—60.
  6. Doyle, 2002, p. 87.
  7. 1 2 Lefebvre, George. The Coming of The French Revolution. — Princeton: Princeton University Press, 1989. — P. 22—23. — ISBN 0-691-00751-9.
  8. Furet, 1996, p. 40.
  9. Vovelle, 1984, p. 76.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Оьрсийн маттахь
Документийн гуламаш
Ингалсан маттахь
  • Ливси, Джеймс. Создание демократии во Французской революции. — Издательство Гарвардского университета, 2001. — ISBN 978-0-674-00624-9.
  • Шлапентох, Дмитрий (1996). "Проблема самоидентификации: русская интеллектуальная мысль в контексте Французской революции". Европейские исследования. 26 (1): 061—76. doi:10.1177/004724419602600104.
  • Десан, Сюзанна. Французская революция в глобальной перспективе. — Издательство Корнельского университета, 2013. — ISBN 978-0801450969.
  • Фехер, Ференц. Французская революция и рождение современности. — 1992. — Издательство Калифорнийского университета, 1990. — ISBN 978-0520071209.
  • Ballard R. A New Dictionary of the French Revolution. — L. : I.B. Tauris, 2012. — 422 p. — ISBN 978-1-848-85465-9.
  • Bouloiseau, Marc. The Jacobin Republic: 1792–1794. — Cambridge: Cambridge University Press, 1983. — ISBN 0-521-28918-1.
  • Doyle, William. The Oxford History of the French Revolution. — Oxford: Oxford University Press, 2002. — ISBN 978-0199252985.
  • French Revolution. — статья из Encyclopædia Britannica Online. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 6 январь.
  • Furet, François. The French Revolution: 1770-1814. — London: Wiley-Blackwell, 1996. — ISBN 0-631-20299-4.
  • Hampson, Norman. A Social History of the French Revolution. — Toronto: University of Toronto Press, 1988. — ISBN 0-710-06525-6.
  • Lefebvre, George. The French Revolution: from its Origins to 1793. — New York: Columbia University Press, 1962. — Vol. I. — ISBN 0-231-08599-0.
  • Lefebvre, George. The French Revolution: from 1793 to 1799. — New York: Columbia University Press, 1963. — Vol. II. — ISBN 0-231-08599-0.
  • Rude, George. The French Revolution. — New York: Grove Weidenfeld, 1991. — ISBN 0-8021-3272-3.
  • Soboul, Albert. The French Revolution: 1787-1799. — New York: Random House, 1975. — ISBN 0-394-47392-2.
  • Thompson J. M. The French Revolution. — Oxford: Basil Blackwell, 1959.
  • Vovelle Michel. The Fall of the French monarchy 1787-1792. — Cambridge: Cambridge University Press, 1984. — ISBN 0-521-28916-5.
  • Woronoff, Denis(франц.) The Thermidorean regime and the directory: 1794–1799. — Cambridge: Cambridge University Press, 1984. — ISBN 0-521-28917-3.
Французийн маттахь