Европин бертан истори

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
1952-2007: ЕБ шорбар

Европин махкахь, шен барамца Европин бертаца буста мегар долуш цхьааллин пачхьалкхан кхоллам хилла Малхбуза Руман импери, Франкийн пачхьалкх, Сийлахь Руман импери. ТӀаьхьарчу эзар шарахь Европа екъна яра. Цхьаьнатоьхна Европин Штаташ кхолларан ойла дуьххьара кхоллаелира АЦШ маршонан тӀом чекхбаьлча, иза тӀеязйо Наполеон I Бонапартан[1]. Оццу хенахь, Наполеонан ницкъала тӀемца Европа цхьаьнатохаран ойланашна дуьхьала, Александр I шен «Сийлахь бертан» концепцица европин, лааман хьесапашца а, синмехаллин динан мехаллашца а, пачхьалкхийн къаьмнийн консолидацин ойла аратеттира.

Европа цхьаьнатохаран ойла шолгӀа меттах яьккхира Дуьненан шолгӀа тӀом чекхбаьлча. Цуьнан боламан ницкъаш дара: 1) Европин къаьмнашна бехха машар иэшар, 2) малхбузаевропин мехкашна юкъахь экономикин уьйранаш кхиар иэшар, тӀемо бохийна бахам меттахӀоттор Ӏалашо йолуш, 3) ши полюс йолу дуьненан система кхоллар, коьрта ницкъаш АЦШ а, ССРС а болуш, ткъа кхин а колонин система йохар, иза бахьнехь Малхбуза Европин хьалхалера политикин мах а, дуккха йохкаран базараш а дӀаевллера. ТӀемал тӀаьхьара цхьааллин Европин болам болабаларан меттиг ю аьлла тӀеэцна британин пачхьалкхан гӀуллакххочуьнан Черчилль Уинстонан, Цюрихан университетехь 1946 шеран 19 сентябрехь дина «Европин бохам» цӀе йолу къамел. Къамелехь Черчилла кхайкхам бина европахошка «къамнийн девнашца» дерг дита, уггаре хьалха франко-германин антагонизмца дерг, кхолла континент тӀехь «Цхьаьнатоьхна Европин Штаташах» тера хӀума.

1948 шеран майхь Гаагехь хилира Европин Конгресс, цигахь 16 европин мехкан векалша, ткъа кхин а АЦШ а, Канадера а тергончаша йийцира тайп-тайпана интеграцин планаш — катоьхна федеративан пачхьалкх кхолларе кхаччалц. Конгрессан реалан жамӀ хилира 1949 шеран майх болх бан болабелла Европин Барт кхоллар. Юьхьанца цуо леладора экономикин сферера, социалан кхиорера, оьздангаллера, законаш кхолларера, Ӏилманера, техникера цхьаьна гӀуллакх дар. ХӀинца Европин Бертан гӀуллакх тӀедирзина адамийн бакъонаш ларъяран белхан.

Европин интеграцин хьалхара мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

1951 шеран 18 апрелехь Парижехь ФРГ, Бельгис, Нидерландаша, Люксембурга, Францис, Италис куьг яздира Европин кӀора а, болат а цхьаьнатохаран (ECSC — European Coal and Steel Community) Барт кӀела 50 шеран. Барт лелабаьлла 1952 шеран июлехь дуьйна. Цуьнан коьрта Ӏалашонаш: кӀоранан а, болатан а юкъара базар кхоллар, кӀоранан а, металлургин а промышленностан а модернизаци а, эффект хьалаяккхар а, белхан хьолаш тодар, оцу отраслашкара болх ца хиларан бала дӀабаккхар. Барт лерина бара Европехь машар чӀагӀбан, къаьмнаш цхьаьнатохаран хьолаш кхолла. КӀора баккхар а, болат дар а дуьненаюкъара тергоне хӀоттийна, бертан декъахоша ши Ӏалашо кхочуш йора: цара таро йора къоман бахаман модернизаци ян (цуьнан бух оцу хенахь бара металлурги а, еза промышленность а), кхин а таро дӀайоккхура цхьа мохк керлачу тӀеман кечъян.

Йоккха Британи реза ца хилира ЕКӀБЦ юкъахь дакъалаца, шайн къоман суверенитетан доза тохарх шек яьлла.

Экономикин интеграци кӀаргъяр Ӏалашо йолуш ялх пачхьалкхо 1957 шарахь кхоьллира Европин экономикин йукъаралла (ЕЭЮ, Юкъара базар) (EEC — European Economic Community) а, Европин атоман энергин йукъаралла (Euratom — European Atomic Energy Community). ЕЭЮ кхоьллинера уггаре хьалха ялх пачхьалкхан таможнин барт санна, иза лерина бара сурсаташ, гӀуллакхаш, капиталаш, адамаш дӀасалелоран маьршо латто. Евратом декхарехь яра оцу пачхьалкхийн машарен хӀоьънан ресурсаш цханатухуш гӀодан. Оцу Европин кхаа юкъараллех уггаре ладамениг яра Европин экономикин йукъаралла, иштта тӀаьхьо (1990-гӀа шерашкахь) цунах ала долийра Европин йукъаралла (EC — European Community). ЕЭЮ кхоьллира Руман бартца 1957 шарахь, иза леладелира 1958 шеран 1 январехь. 1959 шарахь ЕЭЮ декъахоша кхоьллира Европин парламент — векалийн консультацин, ткъа тӀаьхьо, закононашкхолларан меже.

Оцу европин йукъараллаш таханлерачу Европин барте кхиаран а, хийцаяларан а процесс хилира цхьанахенан структурин эволюци а, институцин трансформаци а алсама чӀагӀъелла пачхьалкхийн блоке, тӀехь-тӀехьа тӀекъета урхаллин функцеш дӀаяларца къаьмнийн тӀехулара тӀегӀанан новкъа (евроинтеграцин, я кӀаргдаран процесс олу пачхьалкхийн барт), цхьана агӀора, Европин юкъараллийн (ткъа тӀаьхьа Европин барт) декъашхойн барам тӀетохар 6 тӀера 28 пачхьалкхе кхаччалц (пачхьалкхийн барт шорбар).

Европин интеграцин шолгӀа мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

Европин интеграцин керла истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЕБ тӀе керла итт мохк тоьхначул тӀаьхьа, ткъа церан экономикин кхиаран тӀегӀа юкъара европин барамал хаъал лахара яра, Евробертан лидераш гӀочу хьолехь нисделира, социалан сферин, юьртан бахаман дотацеш, кхин йолу бюджетан харжан коьрта мохь царна тӀебужура. Оццу хенахь оцу мехкашна ца лаьа бертан юкъара бюджете ахчанан дакъа ЕБ документаша билгалбаьккхинчу ЧВС 1 % тӀегӀанал сов тӀетоха.

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • History of the EU Official Europa website(ингалс.)
  • CLIOH-WORLD CLIOH-WORLD: Network of Universities supported by the European Commission (LLP-Erasmus) for the researching, teaching and learning of the history of the EU, including History of EU Integration, EU-Turkey dialogue, and linking to world history(ингалс.)
  • An Outline of the Emergence of the European Union(ингалс.)
Куьг яздина
Леладаьлла
Документ
1948
1948
Брюсселан пакт
1951
1952
Парижан барт
1954
1955
Парижан барт
1957
1958
Руман берташ
1965
1967
Цхьаьнакхетаран барт
1975
ца далало
Европин бертан сацам
1986
1987
Цхьааллин европин акт
1992
1993
Маастрихтан барт
1997
1999
Амстердаман барт
2001
2003
Ниццин барт
2007
2009
Лиссабонан барт
Pix.gif Pix.gif Pix.gif Pix.gif Pix.gif Pix.gif Pix.gif Pix.gif
                       
Европин бертан  кхо гӀортол:  
Европин юкараллаш:  
Европин хӀоьънан
энергин йукъаралла
(Евратом)
Европин кӀоран а, болатан а
цхьаьнакхетар
(ЕКӀБЦ)
Леларан хан чекхъяьлла 2002-гӀачу Европин барт (ЕБ)
    Европин экономикин йукъаралла (ЕЭЮ) Европин йукъаралла (ЕЮ)
    TREVI Бакъонан суд а, чоьхьара гӀуллакхаш а (БСЧГӀ)  
  Зуламийн гӀуллакхашкахь полицин а, суьдан а цхьанагӀуллакхдар (ЗГӀПСЦ)
  Европин политикин цхьаьнагӀуллакхдар
(ЕПЦ)
Юкъара арахьара политика а, кхерамзаллин политика а (ЮАКхП)
Консолидаци йоцу меженаш Малхбузаевропин барт (МЕБ)    
2011 шарахь гӀуллакх сацор