Дуьненан хьалхара тӀом
Дуьне́нан хьа́лхара тӀом (йап.. Йапнойн-Девтойн тӀом , оьрс. ШолгӀа Даймехкан тӀом , итл. ДоьалгӀа маршойаккхаран тӀом , кхет. Империализман хьалхара тӀом , инг. Сийлахь болу тӀом) - дӀаболабелла 1914-чу шарахь мангалан беттан 28-чу дийнахь , ткъа чекхбаьлла 1918-чу шарахь лахьанан беттан 11-чу дийнахь.Цу тӀамехь дакъалаьцна цу хенахь хилла йолу 59 пачхьалкх йукъера 38 пачхьалкхо.Цу тӀамехь дӀакхелхина а , лаздина а , хӀусам доцуш а дисна эзарза эзаршкахь адам.
1914-гӀа шо тӀе ма кхаьчча Европа йеккъа йара шина тӀеман барта тӀе.Цхьаъ бара «Кхолха Барт» бохуш цӀе йахана лелаш , цуьнан чохь йара Германин импери а , Острих-Мажаройн импери а , Паччахьалла Итлойчоь а.Важа бертан цӀе йара «Антанта» , цу чохь йара Россин импери а , Британийн импери а , КхоалгӀа Галойн пачхьалкх а.Цу берташкахь долу девнан бехкана гӀоьртинахилар лаккхарчу тӀегӀане даьллера Боснехь Острих-Мажаройн Мехк-ден вешин кӀант Франц Фердинанд шен зудчуьнца Гаврило Принцип бохучо вийча Сараевехь.Паччахьалла Сербойчоь реза хиллера зуламхо схьалоцуш гӀо дан , амма церан цхьана хӀуман тӀехь барт ца хиллера - Сербойчоьно шайн махк чухецийта дезаш дара острихойн сур.И дар-дацар доьдуш лаьтташехь Оьрсийн империно ша сербашна дов эккхахь тӀехӀотта кийча хилар кхайкхадинера , ткъа 25-гӀачу мангалан беттан дийнахь Россехь сур тӀеман кийчалле даьккха аьлла сацам бинера.Хьалхара «тӀеман кечаман муьран» де хаьржина дара 26-гӀа мангалан беттан де.Цу дийнахь къайлаха адам суре кхойкхуш сур хьаладуза дезаш дара.Иза дара сербаша шайга острихойн сур чудаийта боху бехкам йухатохале а , и чу ца даийтина аьлла вукхара тӀом кхайкхале а , Германи йукъагӀертале а хьалхе.Цу бертийн къепо кху девне йукъаозийнера Германин импери а , Германин импери а , Галойчоь а (тӀаьххьара шиъ шайн мехкан дозанал дехьахь долу латтанашца).Лахьанан баттахь Германин Германин империно а , Ӏусманойн империно а , Острих-Мажаройн империно а , Паччахьалла Болгаройчоьно а кхоьллинера «Йуккъера пачхьалкхаш» аьлла барт , ткъа Итлойчоь дехьайаьллера «Антанта» чу оханан баттахь.
ТӀеман шерашкахь тӀамехь дакъалоцучу сурашка кхайкхина 70 эзарза эзарал сов стаг, царна йукъахь 60 эзарза эзарал Европера, царах велла 9 - 10 эзарза эзарал стаг. Машаре бахархойн эшамаш бу 7 - 12 эзарза эзар гергга стаг[7][8]; 55 эзарза эзар стаг гергга чевнаш йина[9]. И тӀом хила цхьа баккхий карчамийн дӀадолорхо , царна йукъахь 1917-чу шеран Россехь хилла Чиллин буржуазин а, Эсаран социалистийн а, 1918-чу шеран Германера Лахьанан карчам а[10]. ТӀом бахьанехь йоха а йоьхха дӀайаьллера йиъ импери: Оьрсийн а , Острих-Мажаройн а, Ӏусманойн а , Германин а.
Декъашхой
[бӀаьра нисйан | нисйан]| Терахь | Хьа кхайкхийна | Хьанна кхайкхийна |
|---|---|---|
| 1914 | ||
| 28 июль | ||
| 1 август | ||
| 3 август | ||
| 4 август | ||
| 5 август | ||
| 6 август | ||
| 9 август | ||
| 11 август | ||
| 12 август | ||
| 22 август | ||
| 23 август | ||
| 25 август | ||
| 1 ноябрь | ||
| 2 ноябрь | ||
| 3 ноябрь | ||
| 5 ноябрь | ||
| 1915 | ||
| 23 май | ||
| 3 июнь | ||
| 21 август | ||
| 14 октябрь | ||
| 15 октябрь | ||
| 16 октябрь | ||
| 19 октябрь | ||
| 1916 | ||
| 9 март | ||
| 15 март | ||
| 27 август | ||
| 28 август | ||
| 30 август | ||
| 1 сентябрь | ||
| 1917 | ||
| 6 апрель | ||
| 7 апрель | ||
| 10 апрель | ||
| 13 апрель | ||
| 20 апрель | ||
| 2 июль | ||
| 22 июль | ||
| 4 август | ||
| 14 август | ||
| 6 октябрь | ||
| 7 октябрь | ||
| 26 октябрь | ||
| 7 декабрь | ||
| 7 декабрь | ||
| 10 декабрь | ||
| 16 декабрь | ||
| 1918 | ||
| 23 апрель | ||
| 8 май | ||
| 23 май | ||
| 12 июль | ||
| 19 июль | ||
| 10 ноябрь | ||
- Можачу басар тӀехь йаздинчо гойту дипломатин йукъаметтигаш йохар, ца гойту тӀом кхайкхабар.
Девнан хьалхара истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Йаккхийчу пачхьалкхашна йукъахь барт ца хилар — Девтойн шуренан, Острих-Мажаройчоьнан, Итлойчоьнан а, Галойчоьнан а, Сийлахь Бриттойчоьнан, Россин — алсама долуш дара тӀом болабалале дуккха хьалха дуьйна.
1870-1871 шерашкахь немцоша толам баьккхина болу тӀом чекхбаьлча Къилбаседа немцойн Бартах Германин импери а кхуллуш Отто пон Бисмарка аьллера хӀара:
«Онда Девтойчоьнна лаьа ша паргӀат йитийта а , ша дуьненахь кхиийта а , цундела онда сур хилийта деза цо шегахь , хӀунда аьлча батта чохь урс долчунна цхьаа тӀекхета ваьхьар вац.Шайолу пачхьалкх , Галойчоь йоцург , вайх хьашт йу , цундела уьш ма-хуьллу вайна дуьхьал болу тӀеман берташ ца кхолла хьожур бу шайна йукъахь къовсам хилахь»
Амма и шен даржа мукъаваьлча Девтойчоьнан амал жим-жимма хийцалуш йара цуьнан керлачу куьйгалхошкахь шен пачхьалкхан керахь массо кепара олалла хилийта лаам хилла дера.Амма церан хьашташна новкъарло йора йаккхийн шуренаша , ала дашна , Бриттойн шурено.Девтойчоь , ша къона пачхьалкх хиларца , тӀаьхьайиснера дуьне декъарна , цундела и дозанал дехьара йолу тӀаьхьалонаш йоцуш йиснера.
1879-чу шарахь эсаран беттан 7-чу дийнахь чӀагӀам йазбо Острих-Мажаройчоьно а , Германес а Венехь , «Шалха барт» а кхуллуш.Цу бертан бехкам бара цхьа пачхьалкх кхечуьнца тӀаме йалахь цу сохьта цунна ма-хуьллу гӀо дан.Йуха кхо шо даьлча хӀутосург беттан 20-чу дийнахь царна Паччахьалла Итлойчоь вовшахкхеттачул тӀаьхьа бертан цӀе хийцало «Кхолха барт».Цу бартана дуьхьал Галойчоьно а , Оьрсийн империно а къобалбо 1894-чу шарахь кхолламан беттан 4-чу дийнахь Галойн-Оьрсийн барт , цунна тӀаьхьа боьду 1904-чу шарахь оханан беттан 8-чу дийнахь къобалбина болу Ингалсан-Галойн барт , ткъа цунна тӀаьхьа боьду тӀаьххьара барт - Ингалсан-Оьрсийн.И берташа латтаца доьзна долу хаттарш билгалдоккхур.КӀорга аьлча , Ингалсо а , Галойчоьно а Априкера латтанийн дозанаш тӀечӀагӀдо ; Россино а , Ингалсо а ШалгӀу-мохк кхаъ Ӏаткъамийн декъе боькъур : неврехь долу латтанаш оьрсийн Ӏаткъамехь дара , негӀехь долу латтанаш ингалсан Ӏаткъамехь , ткъа йуккъара латтанаш цхьаьнга а кхочуш дацара.Цу кхолабелла болу бертан цӀе хиллера «Антанта» , нохчийн маттахь и хир ду «Деган барт» санна
Шен агӀора, гуттаренна а цхьаьнаэшшара боцу кхерч хилла Европехь латтара Австро-Мажаройчоь. И дуккха а къаьмнаш деха импери гӀертара Берлинан конгрессехь кхаьчна, 1908 шарахь дӀалаьцна Босни а, Герцеговина а (хьажа: Боснийн кризис) латто. Цуьнца цхьаьна иза гӀертара, Балканашкахь берриг славянийн турсло хилла лаьтта, Россина дуьхьала латта. Шен агӀора къилба славянаш цхьаьнатохаран йукъ хила таро йара Сербин а, Россин бартхочун.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Nurullah Ardic. Islam and the Politics of Secularism: The Caliphate and Middle Eastern Modernization in the Early 20th Century. — Routledge, 2012. — С. 200—201.
- ↑ Эмират Джебель-Шаммар
- ↑ Tucker, Spencer (2005), [[[:Кеп:Google books]] Encyclopedia of World War I], Santa Barbara, CA: ABC-CLIO, p. 1074, ISBN 1-85109-420-2, ТӀекхачаран де: 2010 ш. 07 майхь
{{citation}}: Проверьте значение|url=(справка) - ↑ Сагитов Р. История независимого Дарфурского султаната (XIII в. – 1917 г.). Материалы III Всероссийской молодёжной научно-практической конференции
- ↑ Егорин А. З. История Ливии. XX век. — Институт востоковедения РАН, 1999. — С. 48—49. — ISBN 5-89282-122-6, ББК 63.3(5) (6Ли) Е 30.
- 1 2 Evans, David. Teach yourself, the First World War, Hodder Arnold, 2004. P. 188
- ↑ Keegan, John (1998), The First World War, Hutchinson, ISBN 0-09-180178-8, — page 8.
- ↑ Bade, Klaus J; Brown, Allison (tr.) (2003), Migration in European History, The making of Europe, Oxford: Blackwell, ISBN 0-631-18939-4, OCLC 52695573, — pp. 167—168
- ↑ Западный мир отмечает 90 лет со дня окончания Первой мировой войны
- ↑ Willmott, H.P. (2003), World War I, New York: Dorling Kindersley, ISBN 0-7894-9627-5, OCLC 52541937, — p. 307