Стэйли, Дон

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Стэйли Дон
инг. Dawn Staley
«Къилба Каролина Геймкоксан» тренер Дон Стэйли Пэрадайс турнирехь
«Къилба Каролина Геймкоксан» тренер Дон Стэйли Пэрадайс турнирехь
Къилба Каролина Геймкокс
Позици Турсло
Локхалла 168 см
Йозалла 61 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1970 шеран 4 май({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (51 шо)
Йина меттиг Филадельфи, Пенсильвани
Ишкол Профессионалан-техникин Маррелл Доббинс цӀарах ишкол (Филадельфи, Пенсильвани)
Колледж Виргини (1988—1992)
Драфт ДКъБА 9-гӀа, 1999, Шарлотт Стинг

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Ловзархо:

Тренер:

Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Атланта 1996 баскетбол
Деши Сидней 2000 баскетбол
Деши Афина 2004 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Австрали 1994
Деши Германи 1998
Деши Цийчоь 2002
Универсиадаш
Деши Шеффилд 1991 баскетбол
Америкин чемпионаташ
Деши Бразили 1993
Дика лааман ловзарш
Деши Петарбух 1994 баскетбол
2013 Баскетболан Сийлаллин зал
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Дон Мишель Стэйли (инг. Dawn Michelle Staley; йина 1970 шеран 4 майхь Филадельфехь, Пенсильвания штат) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь. Кхаа шарахь тӀаьхьий-хьалхий левзина Студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) еаннан финалехь «Виргиния Кавальерс» юкъахь (1990-1992), царех цхьаннан юкъахь лерира оцу турниран уггаре гӀараяьлла ловзархо (1991), амма ца хилира цуьнан чемпион. ХӀинца ю «Къилба Каролина Геймкокс» командин коьрта тренер, 2017 шарахь иза ялаелла цуьнга дукха сатийсина титуле.

Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дон Стэйли йина 1970 шеран 4 майхь Филадельфи гӀалахь (Пенсильвани штат), циггахь дешна профессионалан-техникин Маррелл Доббинсан цӀарах ишколехь, меттигера баскетболан командехь а ловзуш, арахоьцучу классехь йолуш яьккхира къоман ловзархочун титул.

Студентийн карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

1988 шарахь Стэйли Дон хӀоьттира Виргинин университете, цигахь деа шарахь левзира баскетболан «Виргиния Кавальерс» командехь, гӀараваьллачу тренеран Зударийн баскетболан сийлаллин залан декъахочун Райан Деббин куьйгаллица, аьттонца карьера дӀаяьхьира, гулйира 131 матчехь 2135 очко (юккъера 16,3 очко ловзарехь), 729-зза буьрка дӀаелира (5,6), 454-зза дӀаяла лерина буьрка схьаяьккхира (3,5)[1][2]. Иза йолуш «Кавальерсо» шозза яьккхира рожера чемпионат (1991, 1992), шозза — Атлантикин Бердйистан конференцин турнир (1990, 1992), кхин тӀе даиман а йолура АЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе (1989-1992).

Стэйли Дон йолуш «Виргиния» кхузза левзира NCAA турниран еаннан финалехь (инг. Final Four) (1990-1992), амма 1991 шарахь бен ца кхечира коьртачу матче, гуттаренна а оьшура хин йолчу триумфаторна, кхин цкъа а ийшира финала 1/8 тӀегӀанехь (1989). 1990 шеран 30 мартехь «Кавальерс» ахфиналехь ийшира Эйзи Дженниферан, Стединг Кэтин, Хеннинг Сонин «Стэнфорд Кардинал» командин 66-75 чоьтаца, оцу матчехь Стэйли Стедингца цхьаьна хилира уггаре дика ловзархо шайн жамӀашца, шиммо а гулйира 18 очкош, 8-зза буьрка схьа а ийцира[3]. Цул тӀаьхьарчу шарахь, 30 мартехь, «Виргинийс» юьхьанца ахфиналехь Бэском Керрин «Коннектикут Хаскис» командин дуьхьало каггийра 61-55 чоьтаца, оцу матчехь Дон хилира шен жамӀашца йоьалгӀа командехь, гулйира 11 очко, 8-зза схьалецира, ткъа цул тӀаьхьа финалан матчехь, 31 мартехь, халачу къовсамехь ийшира овертаймехь, Хэд Динин а, Чарльз Дэдрин «Теннесси Леди Волантирс» командина 67-70 чоьтаца, оцу ловзарехь Дон хилира жамӀашца уггаре дика ловзархо матчехь, гулйира 28 очко, 11-зза буьрка схьаийцира, 6-зза дӀаелира[3]. Дустархьама, «Теннессин» уггаре дика баскетболхо хилира Хэд Дина, цуо а иштта гулйира 28 очко, амма схьаэцар а, дӀаялар а кӀезиг хилира (9 а, 3 а), цундела NCAA уггаре гӀараяьлла ловзархо (MOP) лерира Стэйли, кхин тӀе иза хӀинца а ю зударийн NCAA турниран цхьаъ бен йоцу MOP оцу шарахь чемпион хиланза[3]. 1992 шеран 4 апрелехь ахфиналехь «Виргиния» компромисс йоцучу къовсамехь ийшира Уайтинг Вэл а, Гуденбур Моллин «Стэнфорд Кардинал» командина 65-66 чоьтаца, оцу матчехь Стэйли хилира жамӀашца уггаре дика ловзархо шен командин, кхоьссира 19 очко, 9-зза буьрка схьа а ийцира[3].

1990/1991 а, 1991/1992 а шерашкахь Стэйли Дон Нейсмита Джеймсан цӀарах совгӀатан лауреат хилира, USBWA версица шеран баскетболхо хилира, цул сов Atlantic Coast конференцин шеран баскетболхо хилла ца Ӏаш, хилира Атлантикин Бердйистан шеран спортхо. Студентийн карьера чекхъяьллачул тӀаьхьа Стэйлис хӀиттийра «Кавальерсан» рекордаш очкошца, дӀаяларца, схьаяккхарца, амма тӀаьхьуо хьалхара шиъ йохийра Райт Моникас а (2540 очко), Цолль Шарнис а (785 дӀаялар). Дон «Виргинехь» левзина 24 лоьмар йолу свитер, лелочура юкъара яьккхира, дӀаоьллина «Джон Пол Джонс-аренин» тхов кӀелахь, «Кавальерсо» шен цӀера матчаш дӀахьо баскетболан майданехь[4].

Профессионалан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Виргинин университет чекхъяьккхинчул тӀаьхьа Дон кхаа шарахь левзира Европехь Испанин, Италин, ФранцинТарб Жесп Бигор») чемпионаташкахь, ткъа кхин а Бразилин чемпионатехь. 1996 шарахь цуо шен кандидатура хӀоттийра драфте, оцу хеннахь кхоьллинчу зударийн АБЛ, цигахь Дон Лесли Лизица цхьаьна хаьржира «Ричмонд Рейдж» клубо, цунна юкъахь шен дебют шарахь левзира турниран финалан серехь. Юьхьанца «Ричмондо» ахфиналехь атта иэшийра «Колорадо Экспложн» команда 2-0 чоьтаца, цул тӀаьхьа финалехь халачу къовсамехь ийшира «Коламбус Квест» клубан 2-3 чоьтаца, хьалхеяккхаран жамӀашца Стэйли юкъаяхийтира лигин дерриг седарчийн хьалхара гулйина командин[5]. Шина шеран юккъехь командо хийцира меттиг, кхелхира Дон йинчу гӀала, цӀе а хийцира «Филадельфия Рейдж» аьлла. 1997/1998 шарахь «Филадельфийс» тӀаьххьара меттиг яьккхира Малхбален конференцехь, плей-офф ца кхечира, 44 матчехь 13 толам бен ца баьккхира, ткъа Стэйли цуьнан жамӀашца АБЛ дерриг седарчийн гулйина шолгӀа командин юкъаяхийтира, цул сов шозза дакъалецира дерриг седарчийн матчехь. 1998 шеран 22 декабрехь лигин куьйгалхоша цхьанне аьлча санна ца хоуьйтуш АБЛ болх сацийра, лигин банкроталлица, амма 1998/1999 шеран чемпионатехь командаш ловза кхиинера 12 – 15 матч[5].

1999 шарахь Дона шен кандидатура хӀоттийра ДКъБА драфте, цигахь хаьржира юкъара иссалгӀа лоьмарца «Шарлотт Стинг» клубо[6], цунна юкъахь левзира ялх шарахь сов. Шен дебютан шарахь Стэйли хилира кхоалгӀа жамӀ долу ловзархо шен клубехь, юккъера барам матчехь кхуссура 11,5 очко, 2,3 буьрка схьаоьцура, 5,5 дӀалора, 1,2 дӀаяла лерина буьрка схьалацара, иштта гӀодира «Стинган» Малхбален конференцин финале кхача[7]. Юьхьанца «Шарлотта» хьалхарчу раундехь иэшийра «Детройт Шок» команда 1-0 (60-54) чоьтаца, цул тӀаьхьа ахфиналехь гӀоьртинчу къовсамехь ийшира «Нью-Йорк Либерти» клубал 1-2 чот йолуш[8]. Цул сов шеран жамӀашца Стэйли хилира спортан низаман совгӀатан лауреат[9]. Цуьнан карьерехь уггаре аьтту болу шо хилира 2001 шо, оцу шарахь «Стинг» левзира турниран коьрта серехь, кхин тӀе шен исторехь цкъа. Плей-офф хьалхарчу раундехь «Шарлотто» иэшийра «Кливленд Рокерс» клубо 2-1 чоьтаца, цул тӀаьхьа конференцин финалехь, компромисс йоцучу къовсамехь иэшийра «Нью-Йорк Либерти» команда 2-1 чоьтаца, ткъа финалехь атта ийшира «Лос-Анджелес Спаркс» клубан 0-2 чоьтаца[10], ша Дон жамӀаца шолгӀа ловзархо хилира шен командехь, плей-офф бархӀ матчехь 94 очко (11,8 ловзаран юккъера барам) яьккхира, 18 схьаийцира (2,3), 35 дӀаелира (4,4), 9 схьалецира (1,1)[11]. Цул сов оццу шарахь цуьнга дуьххьара кхайкхира зударийн КъБА дерриг седарчийн матче резерван гӀантан тӀера ловзархочун меттиге, оцу матчехь майданан тӀехь яьккхина 15 минотехь яьккхира 4 очко, 3-зза дӀаелира, 4-зза дӀаяла лерина буьрка схьалецира[12].

2006 шеран 12 июнехь Стэйли Дон юкъатуьйхира ткъе итт номинантантана, Зударийн КъБА хьовсархошна, массийн хаамийн гӀирсашна, тренерашна, баскетболхошна юкъахь кхаж тесчи, сацам бира ассоциацин итт шеран гулйина команда харжа, ткъа 13 июлехь лиго кхайкхийра кхаж тасаран официалан жамӀаш, ткъа Дон оцу иттанна юкъаяхара[13]. 2011 шеран 23 июлехь Стэйли юкъатуьйхира лигин 15 уггаре дика ловзархошна, царна юкъабахара зударийн КъБА хьалхарчу пхийтта шеран уггаре Ӏаткъаме баскетболхой, церан хьуьнаршна юкъахь лорура спортан фейр-плей ларъяран хьесап, юкъараллин гӀуллакх дар, лидерийн хьуьнар, зударийн баскетбол кхиор[14]. 2016 шеран 21 июнехь зударийн КъБА рогӀера юбилей йолуш нахала яьккхира лигин 20 уггаре дика ловзархочун исписка, ткъа Дон бен ца хилира хьалхара шина испискин юкъара кхоалгӀачунна юкъа яханза[15].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Dawn Staley Biography (ингалс.). wnba.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA Enterprises, LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 18 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  2. Dawn Staley Named to WNBA's All-Decade Team (ингалс.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  3. 1 2 3 4 Virginia Women's Basketball: Final Four Team Capsules (ингалс.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  4. Virginia Women's Basketball: Retired Numbers (ингалс.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  5. 1 2 History of the American Basketball League (ингалс.). apbr.org. The Association for Professional Basketball Research. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  6. 1999 WNBA Draft (ингалс.). draftsite.com. USA TODAY Sports Digital Properties. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  7. 1999 Charlotte Sting Stats (ингалс.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  8. 1999 WNBA Season Summary (ингалс.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  9. Postseason Awards: 1998 (ингалс.). wnba.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA Enterprises, LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 25 январехь. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  10. 2001 WNBA Season Summary (ингалс.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  11. 2001 Charlotte Sting Stats (ингалс.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  12. 2001 WNBA All-Star Game: Box Score (ингалс.). wnba.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA Enterprises, LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  13. WNBA Announces All-Decade Team (ингалс.). wnba.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA Enterprises, LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  14. WNBA Honors Top 15 Players in League History During Halftime Ceremony at 2011 WNBA All-Star Game presented by adidas (ингалс.). wnba.com(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA Enterprises, LLC. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 25 сентябрехь. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.
  15. WNBA Top 20@20 Presented By Verizon Unveiled (ингалс.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. Теллина 2016 шеран 13 июнехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]