Купер, Синтия

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Купер Синтия
инг. Cynthia Lynne Cooper-Dyke
Купер Синтия 2011 шарахь
Купер Синтия 2011 шарахь
Карьера чекхйаьккина
Позици Турсло
Локхалла 178 см
Йозалла 68 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1963 шеран 14 апрель({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (61 шо)
Йина меттиг Чикаго, Иллинойс штат, АЦШ
Ишкол Локк Аленан цӀарах (Лос-Анджелес)
Колледж Къилба Калифорни (1982—1986)
Драфт ДКъБА 6-гӀа коьрта драфтал кхо бутт хьалха, 1997, хьажийна «Хьюстон Кометсе»

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Сеул 1988 баскетбол
Борза Барселона 1992 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши ССРС 1986
Деши Малайзи 1990
Панамерикин ловзарш
Деши Индианаполис 1987 баскетбол
2010 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Синтия Линн Купер-Дайк (инг. Cynthia Lynne Cooper-Dyke; йина 1963 шеран 14 апрелехь Чикагохь, Иллинойс штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. Шозза йаьккхина АЦШ студентийн чемпионат, 1988 шарахь Олимпийн ловзарийн дешин мидал йаьккхина, 1990 — дуьненан чемпионатан дешин мидал, доьазза «Хьюстон Кометсца» хилла зударийн КъБА чемпион, шозза лерина рожера шеран уггаре мехала ловзархо. Иза йу Зударийн баскетболан сийлаллин залан декъахо (2009 шарахь дуьйна), Баскетболан сийлаллин залан декъахо (2010 шарахь дуьйна).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Купер йина Чикагохь, ткъа кхиина Лос-Анджелесехь, дешна меттигерчу лакхарчу Локан ишколехь. 1982 шарахь ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Купер деша хӀоьттира Къилба Калифорнин Университете. Синтия коьрта ловзархо йара университетан баскетболан «Троянхой» командехь, цуо 1983 а, 1984 а шерашкахь йаьккхира АЦШ студентийн чемпионат, ткъа 1986 шарахь левзира чемпионатан финалехь. Купер дика ловзарна иза йукъайахийтира 1986 шеран турниран гулйина командина.

Университет чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Купер левзира баскетболех ловзаран АЦШ зударийн гулйина командин йукъахь. 1987 шарахь гулйина командо йаьккхира Индианаполисехь дӀахьо Панамерикин ловзарийн баскетболан турнир, ткъа 1988 шарахь Олимпийн ловзаршкахь Сеулехь йехира дешин мидалш. 1990 шарахь америкин гулйина командехь Куперах хилира дуьненан чемпион, ткъа Олимпийн ловзаршкахь 1992 йаьккхира борзанан мидал.

1997 шарахь зударийн КъБА кхоьллинчу хенахь, Купер Синтийн 34 шо дара, амма хено новкъарло ца йира цунна уггаре хьалхарчаьрца седа хила АЦШ коьрта зударийн лигехь. 1997 а, 1998 а шерашкахь иза лерира рожера шеран уггаре мехала ловзархо. Иза левзира «Хьюстон Кометс» клубехь деа шарахь, 1997 – 2000, йаьккхира ДКъБА чемпионат, ткъа Купер деа шарахь тӀаьхьий-хьалхий лерира финалан серин уггаре мехала ловзархо.

2000 шарахь Купера кхайкхира карьера чекхйаккхарх, дехьайелира тренеран балха, коьрте хӀоьттира коьрта тренеран даржехь кхечу Зударийн КъБА командин, «Финикс Меркурин», цуьнца болх бира цхьаьна шарахь эха шарахь. Цуьнан куьйгаллехь команда аьттонза левзира, шинне а сезонехь плей-офф а ца кхочуш. 2003 шарахь Купер йухайирзира «Хьюстон Кометсе» ловзархочун хьокъехь, амма командехь йеа матчехь бен ца ловзуш, чаккхенца йитира ловзархочун карьера. Цул тӀаьхьа цуо болх бира телевизионан аналитик а, комментатор а «Кометсан» матчашкахь.

2005 шарахь Купер коьрта тренер хӀоттийра Техас штатера зударийн Прери-Вьюн йуьртабахаман а, политехникин а университетан баскетболан командехь. Цуьнан куьйгаллица шолгӀачу шарахь университетан командо йаьккхира Къилба-Малхбузен Атлантикин конференцин турнир, дуьххьара шен исторехь кхечира финалан турнире NCAA.

2009 шарахь Купер схьаийцира Зударийн баскетболан сийлаллин зал чу. Кхин а 2010 шарахь иза хилира Нейсмитан цӀарах баскетболан сийлаллин залан декъахо, Сийлаллин зале дӀаэцаран формалан церемони хилира 13 августехь[1].

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Купер Синтия 2000 шарахь маре йахара Дайк Брайанега. 2002 шеран 15 июнехь цуо шала ши бер дира, кӀант Брайан а, йоӀ Сайен а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]