Лоуренс-Брэкстон, Дженис

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дженис Лоуренс-Брэкстон
инг. Janice Lawrence Braxton
Карьера чекхъяьккхина
Позици Яйн форвард
Локхалла 190 см
Йозалла 80 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1962 шеран 7 июнь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (59 шо)
Йина меттиг Лусдейл, Миссисипи, АЦШ
Ишкол Джордж Каунти (Лусдейл)
Колледж Луизиана Тек (1980—1984)
Драфт ДКъБА коьрта драфт хила кхо бутт болуш 3-гӀа, 1997, «Кливленд Рокерс» команде хьажийна

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лос-Анджелес 1984 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Сан-Паулу 1983
Панамерикин ловзарш
Деши Каракас 1983 баскетбол

Дженис Фэй Лоуренс-Брэкстон (инг. Janice Faye Lawrence Braxton; йина 1962 шеран 7 июнехь, Лусдейлехь, Миссисипи штатехь) ― америкин профессионалан баскетболхо, левзина зударийн къоман баскетболан ассоциацехь. За три месяца до 1997 шеран ДКъБА коьрта драфт хилале кхо бутт хьалха хьажийна кхоалгӀа лоьмарца «Кливленд Рокерс» команде. Левзина яйн форвардан позицехь[1].

Студентийн карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Брэкстона дийшира Луизианин Технологин университетехь, цигахь левзира «Луизиана Тек Леди Текстерс» командехь, 1981 а, 1982 а шерашкахь NCAA турнире яьккхира[1].

1982 шарахь, шолгӀа курсехь доьшуш йолуш, къобал йира NCAA турниран уггаре дика бомбардир а, уггаре гӀараяьлла ловзархо а, ткъа «Луизиана Тек» хилира NCAA чемпион[1].

АЦШ гулйина командин карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Брэкстон яра АЦШ къоман гулйина къомандин 1983 шеран Венесуэлера Панамерикин ловзарийн декъахо, цигахь дешин мидалш ехира[2].

Брэкстон АЦШ гулйина командин декъахь яра 1983 шеран Бразилин Сан-Паулура дуьненан чемпионатехь. Команда туьйлира ялх матчехь, амма ийшира шина матчехь Советийн Союзан дуьхьала. Хьалхарчу матчехь АЦШ гулйина командин исс очко сов яра хьалхара тайм чекхъяьлча, амма ССРС гулйина командо ловзар шен каралецира, АЦШ командин агӀора тӀаьххьара тӀелатар юхатохаделира, толам баьккхира АЦШ гулйина командин тӀаьхь 85-84 чоьтаца. АЦШ гулйина команда туьйлира дисинчу деа ловзарехь, дешин мидалш яха дагахь яра ССРС дуьхьалчу матчехь. Толам чӀогӀа герга бара, чот 82 очко йолуш ялх секунда йисинера ловзар чекхдала. ССРС гулйина командин ловзархочуьнга Чаусова Еленега пас кхаьчна, тӀаьххьарчу секундехь толаман буьрка кхоьссира, 84-82 чоьтаца америкахой ийшира ССРС гулйина командел, детин мидалш ехира. Брэкстонан жамӀ хилира юккъера барам 8,9 очко ловзарехь[3].

1984 шарахь АЦШ яхийтира шайн гулйина команда Уильям Джонсан кедан къийсамашка Тайбэй, Тайвань, олимпийн ловзарийн хьалхарчу практике. Командо атта иэшийра шайца левзина ерриг бархӀ команда, цхьаьна ловзарехь юккъера барам 50 очкол кӀезиг болуш. Брэкстонан жамӀ хилира юккъера барам 6.7 очка ловзарехь[4].

Оццу шарахь дешин мидал яьккхира АЦШ Олимпийн гулйина командин юкъахь[5].

1987 шарахь Луизианин техникин университетан Спортан сийнан зал юкъаяхийтира. 2006 шарахь Брэкстон Зударийн баскетболан сийнан зал юкъаяхийтира, иза лаьтта Ноксвилл гӀалахь (Теннесси штат)[6].

Профессионалан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Брэкстон левзира Нью-Йоркан командехь Зударийн америкин баскетболан ассоциацехь (дукха ца лаьттинчу 80-гӀа шерашна юккъерачу лигехь: тӀаьхьа хиллачу изза цӀе йолчу ЗАБАх ма тардалийта)[7].

Брэкстон Европехь левзира 13 шарахь Виченца, Мессина, Парма клубашна юкъахь Италин лигехь. Виченцас баьккхира биъ Европин чемпионийн кад, ткъа Брэкстона юккъера барам кхоьссира 23 очко гергга ловзарехь[7].

Ши шо даьккхира «Кливленд Рокерс» юкъахь Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь (ЗКъБА).

2003 шарахь болх бан йолаелира «Кливленд Рокерсан» тренеран ассистентан даржехь[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]