Томпсон, Тина

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Томпсон Тина
инг. Tina Marie Thompson
Tina Thompson cropped.jpg
Карьера чекхъяьккхина
Позици Форвард
Локхалла 188 см
Йозалла 81 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1975 шеран 10 февраль({{padleft:1975|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (46 шо)
Йина меттиг Лос-Анджелес, Калифорни
Колледж USC (1993—1997)
Драфт ДКъБА 1-ра, 1997, Хьюстон Кометс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Афина 2004 баскетбол
Деши Пекин 2008 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 2006
Америкин чемпионаташ
Деши Чили 2007
2018 Баскетболан Сийлаллин зал
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Тина Мари Томпсон (инг. Tina Marie Thompson; йина 1975 шеран 10 февралехь Лос-Анджелесехь, Калифорни) — америкин профессионалан баскетболхо. Хаьржира 1997 шеран ЗКъБА драфтехь Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Хьюстон Кометс» командо, цунна юкъахь яьккхира йиъ чемпионан титул, цул сов, иза ю шозза Олимпийн чемпион. Иссазза дакъа лаьцна ЗКъБА дерриг седарчийн матчашкахь, кхин а ю чукхоссаран жамӀашца шолгӀа баскетболхо ассоциацин исторехь. 2011 шарахь хьовсархоша кхаж тосуш хаьржира ЗКъБА исторера 15 уггаре дика баскетболхошна юкъа. Шен тӀаьххьара профессионалан матч левзира 2013 шеран 22 сентябрехь, оцу матчехь цуьнан клуб «Сиэтл Шторм» ийшира плей-офф хьалхарчу раундехь «Миннесота Линкс» командина 55:58 чоьтаца[1]. 2018 шарахь дуьйна Баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жималлехь Тина шен вешица Ти Джейца, доттагӀашца а цхьаьна Малхбуза Лос-Анджелесера Робертсон-паркехь сих-сиха ловзура баскетболех. Инглвудера Морнингсайдан лакхара ишколехь доьшуш, иза баскетболан командин юкъахь яра, ша ловзучу хенахь яьккхира 1500 сов очко, 1000 сов схьаэцар дина. Баскетбол йоцург йоӀ ловзура кхин а волейболех. Дешар чекхдаьлчи иза хӀоьттира Къилба Калифорнин университет, чекхъяьккхира 1997 шарахь[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]