Эдвардс, Тереза
Эдвардс Тереза (инг. Teresa Edwards; йина 1964 шеран 19 июлехь, Кейрохь, Джорджи штатехь, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а, деазза олимпийн чемпион АЦШ гулйина командехь. Баскетболан сийлаллин залан декъахо 2011 шарахь дуьйна, ФИБА сийлаллин залан декъахо 2013 шарахь дуьйна.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Эдвардс Тереза — доьзалера деа берех йоккхаха йерг (цуьнан шел жима кхо ваша ву). Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа дийшира Джорджин университетехь (инг. University of Georgia), левзира университетан баскетболан командехь. 1984 шарахь 20 долуш кхайкхира АЦШ гулйина команде, цунна йукъахь Лос-Анджелесера Олимпиадехь хилира баскетболех ловзарехь уггаре къона олимпийн чемпион. NCAA деа шарахь левзина Тереза дозанал арахьа левзира — Италин, Японин, Испанин, Францин клубашкахь, хӀунда аьлча оцу шерашкахь АЦШ йацара профессионалан зударийн баскетболан лиганаш. Цу тӀе Тереза даиман а кхойкхура АЦШ гулйина команде тайп-тайпанчу турнирашка — Олимпийн ловзаршка, дуьненан чемпионаташка, Панамерикин ловзаршка, Дика лааман ловзаршка.
1995 шарахь Тереза цӀайирзира АЦШ, шен йоьалгӀачу Олимпиаде кечйала. Атлантера XXVI аьхкенан Олимпиада дӀаелларан церемонехь Эдвардса олимпийн дуй биира спортхошна хьалхара. Олимпиадел тӀаьхьа ловза йолайелира керла кхоьллинчу Америкин баскетболан лигехь (ABL). 2000 шарахь йуха а кхечира АЦШ гулйина олимпийн командин йукъа, Ловзаршкахь пхоьаззалгӀа дакъалаьцна, ткъа иза рекорд йу зударшна-баскетболхошна йукъахь, хилира уггаре йоккха олимпийн чемпион баскетболех ловзарехь (36 шо хан йолуш), кхин а хилира баскетболан исторехь дуьххьарлера деазза олимпийн чемпион.
2002 шарахь левзира французийн Валансьенера «Олимпик» йукъахь, цунна йукъахь хилира зударийн Евролигин чемпион. 2003 шарахь 38 шо долуш ДКъБА драфтехь хаьржира зударийн КъБА Миннесота Линкс клубо, цунна йукъахь левзира кхин а шина шарахь. 2004 шеран декабрехь контракт йаздира екатеринбурган УГМК клубаца[1], цунна йукъахь масех матч левзира 2004/05 шеран шолгӀачу декъехь.
Ловзархочун карьера чекхйаьлча тренер-ассистент болх бира зударийн КъБА клубашкахь: 2007 шарахь — Миннесотехь, 2011 шарахь — Талса Шок командехь (цунна йукъахь 2011 шеран йуккъехь дуьйна иштта кхочуш дира коьртачуенеран декхарш)[2].
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Командин[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Доьазза олимпийн чемпион (1984, 1988, 1996, 2000).
- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (1992).
- Дуьненан чемпион (1986, 1990).
- Дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо (1994).
- Дикачу лааман ловзарийн чемпион (1986, 1990).
- Панамерикин ловзарийн чемпион (1987).
- Панамерикин ловзарийн борзанан совгӀатхо (1991).
- Джонс Уильяман кад баьккхинарг (1984).
- Европин чемпионийн кедан (1987)[3] а, Евролигин (2002) а толамхо.
Долара[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Доьазза хилла АЦШ шеран уггаре дика баскетболхо (1987, 1990, 1996, 2000).
- Зударийн баскетболан сийлаллин зал йукъа хаьржина (2010).
- Баскетболан сийлаллин зал йукъа хаьржина (2011)[4].
- ФИБА сийлаллин зал (2013) йукъа хаьржина[5].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Среди «лисиц» появилась «рысь»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Коммерсантъ (Екатеринбург) (2004, 28 декабрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 6 мартехь. Теллина 2013 шеран 4 июнехь.
- ↑ Richardson Steps Down, Edwards Named Interim Coach (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). WNBA.com (2011, 10 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 апрелехь. Теллина 2013 шеран 4 июнехь.
- ↑ Il campionato femminile dal 1986 al 1990 (итал.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). BATS Web. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 апрелехь. Теллина 2013 шеран 4 июнехь.
- ↑ Teresa Edwards (ингалс.). Теллина 2013 шеран 28 майхь.
- ↑ FIBA announces 2013 Hall of Fame Class (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). FIBA (2013, 27 май). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 11 июнехь. Теллина 2013 шеран 28 майхь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профиль на сайте Зала славы баскетбола(ингалс.)
- Профайл на сайте WNBA.com(ингалс.)
- Профайл на сайте justsportsstats.com(ингалс.)
- Teresa Edwards Announced as 2012 U.S. Olympic Team Chef de Mission (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). USA Basketball (2011, 28 июнь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 6 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 4 июнехь.
- Teresa Edwards Bio (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). USA Basketball. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 15 августехь. Теллина 2013 шеран 4 июнехь.
- Бинарш 19 июлехь
- Бинарш 1964 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Грейди гуонехь (Джорджи)
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- ФИБА сийлаллин залан декъашхой
- АЦШ баскетболхой
- Баскетболех ловзаран АЦШ гулйина командин ловзархой
- 1984 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Баскетболхой 1984 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1988 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Баскетболисташ 1988 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1992 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо
- Баскетболисташ 1992 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 1996 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Баскетболисташ 1996 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 2000 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Баскетболхой 2000 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболех ловзаран Олимпийн чемпионаш
- АЦШ Олимпийн чемпионаш
- Баскетболех ловзарехь дуьненан чемпионаш
- Баскетболан Панамерикин ловзарийн чемпионаш
- ЗБК «Виченца» ловзархой
- БК «Рос Касарес Валенсия» ловзархой
- ЗБК «Тарб Жесп Бигор» ловзархой
- «Атланта Глори» ловзархой
- «Филадельфия Рейдж» ловзархой
- ЗБК «Валансьен» ловзархой
- «Миннесота Линкс» ловзархой
- БК УГМК ловзархой
- Баскетболан сийлаллин залан декъахой
- ФИБА Сийлаллин залан декъахой
- АЦШ баскетболан тренераш
- «Талса Шок» тренераш