Вудард, Линетт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Вудард Линетт
инг. Lynette Woodard
Карьера чекхъяьккхина
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 180 см
Йозалла 70 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1959 шеран 12 август({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (61 шо)
Йина меттиг Уичито, Канзас штат, АЦШ
Ишкол Къилбаседа (Уичито, Канзас)
Колледж Канзас (1977—1981)
Драфт ДКъБА 10-гӀа (элитин шолгӀа раунд), 1997, Кливленд Рокерс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лос-Анджелес 1984 баскетбол
дуьненан чемпионаташ
Дети Бразили 1983
Деши Малайзи 1990
Панамерикин ловзарш
Деши Каракас 1983 баскетбол
Борза Гавана 1991 баскетбол
2004 Баскетболан Сийлаллин зал

Вудард Линетт (инг. Lynette Woodard; йина 1959 шеран 12 августехь Уичитохь, Канзас штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. Левзина тӀелета турслочун позицехь. 2004 шарахь дуьйна баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вудард Линетт баскетболех ловза йолаелира бераллехь дуьйна, Ӏемаш яра воккха волчу вешийца, 10 шо долуш ловзуш яра кӀоштан баскетболан командехь, дукха хьолехь капитан хуьлура кӀентийн командин юкъахь. Лакхарчу классашкахь, Норт-Уичито лакхара ишколан гулйина командехь ловзуш, цуо шозза (1975 а, 1977 а шерашкахь) яьккхира Канзас штатан хьалхеяккхар, кхузза юкъатуьйхира сийлаллин гулйина командин.

Канзасан университете хӀоьттинчул тӀаьхьа Вудардах университетан гулйина командин «Канзас Джейхоксан» седа хилира. Ша доьшучу хенахь цуо командица кхузза яьккхира Миссури атагӀин университетийн турнир (цунна юкъа Канзасан йоцург, юкъайоьдура Миссурин университет, Небраскин университет, Сент-Луисера Вашингтонан университет). ТӀаьхьий-хьалхий деа шарахь юкъаяхуьйтура АЦШ студентийн сийлаллин гулйина командин, ткъа университетехь ловзуш гулйина очкош (3649) хӀинца а АЦШ рекорд ю зудаберашна юкъахь. Цуьнан жамӀ ца оьшу кӀентийн рекордал бен (3667 очко), иза ю Маравич Питан[1]. 1981 шарахь, шен тӀаьххьара дешаран шарахь, цуо даьккхира Уэйд Маргаретан цӀарах совгӀат а, иза ло АЦШ зударийн студентийн чемпионатан лакхарчу дивизионан уггаре дика ловзархочун, Бродерикан совгӀат а, иза ло студентийн спортан къоман ассоциацин уггаре дика спортхо-студентан[2]. Оцу хенахь Вударда Мехикохь яьккхира 1979 шеран Универсиада, официалан юкъатуьйхира москохан Олимпиадина кечам беш йолчу АЦШ гулйина командин, амма Цхьаьнатоьхна Штаташа оцу ловзаршна бойкот яр бахьнехь, цуьнан олимпий дебют ца хилира диъ шо тӀаьхьий бен: 1984 шарахь цуо АЦШ гулйина командин капитан а йолуш, цуьнца яьккхира Лос-Анджелесера зударийн баскетболан Олимпиадин турнир.

Олимпиадел тӀаьхьарчу шарахь Вудард хилира, гӀараяьлла гастролан «Гарлем Глобтроттерс» командин юкъахь, хьалхара зуда, цунна юкъахь дуккха а шерашкахь ловзуш вара цуьнан гергарниг Гиз Осби[3]. «Глобтроттерсехь» ши шо даьккхина, цуо кхин дӀаяьхьира ловзаран карьера, хьалха Италехь, цигахь левзира 1987 – 1990 шерашкахь. 1989 шарахь хилира Италин чемпион Приолон «Эникем» командин юкъахь, ткъа цул тӀаьхьа левзира Японехь (1991/92 шерашкахь). 1990 шарахь цуо АЦШ гулйина командица дуьненан чемпионат яьккхира Малайзехь[4]. 90-гӀа шерийн шолгӀачу декъехь, масех шарахь Нью-Йоркера биржин брокер болх бина[5], иза юхайирзира ловзаран майдане, хӀинцца кхоьллинчу зударийн къоман баскетболан ассоциацехь ши шо даккха — хьалха «Кливленд Рокерсехь», ткъа цул тӀаьхьа «Детройт Шокехь». 1999 – 2004 шерашкахь Вударда болх бира Канзасан университетан зударийн баскетболан командица, 2003/2004 шо чекхдаьккхира коьрта тренер а йолуш. Амма ехачу ханна тренеран контракт цуьнца ца дира, Вудард юхайирзира финансийн консультантан сацийначу карьере[6].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Профайл на сайте команды Канзасского университета «Канзас Джейхокс» Архивацийина 13 ноябрехь 2014 шеран. (ингалс.)
  2. Blevins, 2012, p. 1067.
  3. Players and coaches honored. ESPN (2005, 16 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 25 майхь. Теллина 2013 шеран 15 майхь.
  4. Профайл на сайте Зала славы баскетбола(ингалс.)
  5. Lynette Woodard. Biography.com. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 25 майхь. Теллина 2013 шеран 15 майхь.
  6. Линетт Вудард в «Канзапедии» на сайте Исторического общества Канзаса (ингалс.)

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]