Лойд, Джуэл
Джуэл Лойд (инг. Jewell Loyd; йина 1993 шеран 5 октябрехь, Линкольнвуд, Иллинойс штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзу Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Сиэтл Шторм» клуб йукъахь, иза хаьржина 2015 шеран ДКъБА драфтехь йукъара хьалхарчу лоьмарца. Ловзу ловзар дӀахьо турслочун позицехь. ЗКъБА янле левзира Нотр-Дам университетан студентийн командехь.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лойд Джуэл деа шарахь левзира Найлз-Уэст (Скоки, Иллинойс) лакхара ишколан баскетболан командин стартан хӀоттамехь, цигахь цуо цхьаьна ловзаран йуккъера барам кхоссара 24,8 очко, 11,9 буьрка хьалха схьаэцара. Йерриг оцу шерашкахь и очкош цуо йехира 3077, гӀо дира шен командин 93 толам баккха, 31 бен ца оьшуш.
Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Лойд дӀахӀоьттира Нотр-Дам университете. Шен тӀаьххьарчу университетера шарахь, цуо шозза тӀехьий-хьалхий шен командин NCAA чемпионатан финале йала гӀо динчул тӀаьхьа, Лойд хилира уггаре дика студентийн ловзархо зударшна йукъахь ESPN версица. Нотр-Дамехь ловзучу хенахь кхоьссира 1909 очко, иза пхеалгӀа жамӀ ду дешаран меттиган исторехь[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Jewell Loyd Profile. und.com. Notre Dame Fighting Irish women's basketball. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 22 апрель.