Бирд, Алана

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Бирд Алана
инг. Alana Beard
Alana Beard 2011.jpg
Карьера чекхъяьккхина
Позици Турсло / Форвард
Локхалла 180 см
Йозалла 73 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1982 шеран 14 май({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (39 шо)
Йина меттиг Шривпорт, Луизиана, АЦШ
Ишкол Саутвуд (Шривпорт)
Колледж Дьюк (2000—2004)
Драфт ДКъБА 2-гӀа, 2004, Вашингтон Мистикс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 2006
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Алана Моник Бирд (инг. Alana Monique Beard; йина 1982 шеран 14 майхь Шривпортехь, Луизиана, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацин (ЗКъБА) юкъахь «Мистиксан» а, «Спарксан» а хӀоттамашкахь. Ткъа студентийн тӀегӀанехь левзина Дьюкан университетан зударийн баскетболан командехь. Университетан гӀуллакхаш дарна 20-гӀа лоьмар гуттаренна а цунна йитина, иштта цунах дешаран меттиган исторехь дуьххьарлера ловзархо хилла и сий дина. 2004 шеран ДКъБА драфтехь хьалхарчу раундехь юкъара шолгӀа лоьмарца хаьржира «Вашингтон Мистикс» клубо. Ловзу турслочун а, форвардан а амплуахь. 2016 шеран ДКъБА чемпион «Спаркс» юкъахь.

Хьалхара шераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бирд йина Шривпортехь (Луизиана штат) 1982 шеран 14 майхь Леройн а, Мэрин а БирдгӀеран доьзалехь. Иза лийлира Шривпортера Саутвудан лакхара ишколе. Иза ловзуш яра меттигера баскетболан команде, цунна юкъахь хьалхий-тӀаьхьий яьккхира штатан чемпионан йиъ титул. Цуо доьшу ерриг хенахь гайтира жамӀ 144-6, ткъа Бирда гулйира 2646 очко. Цуьнан кхиамаш бахьнехь иза юкъаяхийтира WBCA дерриг седарчийн гулйина командин, дакъа лецира WBCA дерриг седарчийн лакхара классерачийн матчехь 2000 шарахь[1][2].

Университетан командехь ловзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бирд левзира Дьюкан университетан «Дьюк Блю Девилз» цӀе йолчу зударийн баскетболан командехь 2000 - 2004 шерашкахь. Деа шарахь цуо гулйира 2687 очко, дешаран меттиган рекорд а хӀоттош. Цунах хилира, 2600 сов очко яьккхина, 500 сов буьрка дӀаелла, 400 дӀаяла лерина буьрка схьаяьккхина дуьххьарлера NCAA баскетболхо. Оцу хенахь Дьюк доьазза рожера чемпионатан а, конференцин турниран а толамхо хилла, шозза Йеаннан финале а яьлла[2].

ЗКъБА карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

2004 шеран ЗКъБА драфтехь Бирд хаьржира хьалхарчу раундехь юкъара шолгӀа лоьмарца «Вашингтон Мистикс» клубо. Шен дебютан шарахь цуо гӀодира командин плей-оффе яла. Цу тӀе чемпионат йоьдуш йолуш «Мистикс» юкъара елира клубан лидер Холдскло Чамик. Амма «Мистикс» хьалхара раундал дехьа ца ялаелира, ийшира «Коннектикут Санал». Вашингтонехь Алана даьккхира бархӀ шо, оцу хенахь доьазза дакъалаца кхайкхира ЗКъБА дерриг седарчийн матчашка. Иза кхин а доьазза юкъаяхийтира дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина командин, рекорд а хӀоттийра дӀаяла лерина буьрка шарахь схьаяккхарехь[3].

2011 шарахь Бирда контракт яздира «Лос-Анджелес Спарксца»[3], цунна юкъахь 2016 шарахь хилира ДКъБА чемпион[4].

Къоман гулйина командин юкъахь ловзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2000 шеран июлехь АЦШ кегийрхойн гулйина командин (18 шо кхачанза) юкъахь Бирд левзира Аргентинера Мар-дель-Плата гӀалахь хиллачу Америкин баскетболан чемпионатехь. Алана араелира стартан хӀоттамехь турнира ерриг пхеа матчехь, хилира командин уггаре жамӀе ловзархо, гӀодира шен командин дешин мидалш яха. Командо финалехь иэшийра Кубин гулйина команда[5]. ШолгӀачу шарахь цуо 19 шо кхачанза болчеран гулйина командехь дуьненан баскетболан чемпионатан борзанан мидалш ехира чехин Брнохь. Турнирехь Бирда йоккхура юккъера барам 18 очко, цунах хилира шен командехь жамӀаллица шолгӀа ловзархо[6].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. WBCA High School All-America Game Box Scores. Women's Basketball Coaches Association. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 15 июлехь. Теллина 2014 шеран 29 июнехь.
  2. 1 2 Porter p. 32
  3. 1 2 Sparks Sign Four-Time WNBA All-Star Alana Beard. WNBA.com. Теллина 2016 шеран 24 августехь.
  4. Los Angeles Sparks Win 2016 WNBA Finals. WNBA.com. Теллина 2016 шеран 21 октябрехь.
  5. Fourth Women's Junior World Championship Qualifying Team -- 2000. USA Basketball (2010, 10 июнь). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 12 сентябрехь. Теллина 2015 шеран 20 октябрехь.
  6. Fifth FIBA Women's U19/Junior World Championship -- 2001. USA Basketball. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 17 октябрехь. Теллина 2013 шеран 12 октябрехь.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]