Чулацаман тӀегӀо

Азербайджанийн Советийн Социалистийн Республика

40°18′ къ. ш. 47°42′ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Азербайджанийн Советийн Социалистийн Республика
آذربایجان سوسیالیست شورا جومهوریتی
Azərbaycan Sosyalist Şura Cumhuriyyəti
Азәрбајҹан Сосиалист Шура Республикасы
ХӀост
ХӀост
Байракх
Байракх
ССРС-н йукъахь
Кхин хаамаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Азербайджа́нийн Сове́тийн Социалисти́йн Респу́блика (1936 шеран 5 декабрехь дуьйна[1]; азерб. Азәрбајҹан Совет Сосиалист Республикасы) — социалистийн пачхьалкх[2], кхайкхийна 1920 шеран 28 апрелехь Азербайджанийн Демократин Республикин махкахь, маьрша пачхьалкх санна. 1936 шеран 5 декабрь кхаччалц Социалистийн Советийн Республика Азербайджан (ССРА) (азерб. آذربایجان سوسیالیست شورا جومهوریتی, Azərbajcan Sosjalist Зyra Cumhyrijjəti[3]), кхин а йевза йацйинчу цӀерашца, масала, АзССР, Азербайджанийн ССР йа Советийн Азербайджан.

1922 шеран 12 мартехь дуьйна — Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республикин (ЧКСФСР) дакъа, цул тӀаьхьа ЧКСФСР йина долу, хилира ССРС кхоьллинчу республикех цхьаъ. 1936 шеран 5 декабрехь Азербайджанийн ССР ша йукъайахара ССРСна[1], лаьттира цуьнан бертан республика йолуш 1991 шо кхаччалц.

Азербайджанийн ССР йара орденаш лело республика: цунна совгӀат дина шина Ленинан орденца (1935, 1964), Октябран Революцин орденца (1970), Къаьмнийн ДоттагӀаллин орденца (1972)[4].

Азербайджанийн ССР йара орденаш лело республика: цунна совгӀат дина шина Ленинан орденца (1935, 1964), Октябран Революцин орденца (1970), Къаьмнийн ДоттагӀаллин орденца (1972)[5].

Суверенитетан бала

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, Азербайджана Ӏалашйира шен маршо[6]. 5 майхь В. И. Ленина РСФСР Къоман комиссарийн кхеташонан (правительствон) цӀарах маршала хаттаран телеграмма хьажийра Азербайджанийн ССР Къоман комиссарийн кхеташоне. Оцу телеграммехь Азербайджанан маршо доьазза хьахайо[7]. И де массаша лерира Азербайджанийн ССР Советийн Российс къобал йар санна[8].

Маршо йа́ран хьалхара гӀулч хилира 1921 шарахь Чоьхьара Кавказан Советийн Федеративан Социалистийн Республика (ЧКСФСР) йар, иза чекхделира 1922 шеран 30 декабрехь ССРС[6]. Советийн-российн бакъойовзархочо О. И. Чистяковс йаздора:

1922 шарахь дуьйна коьрта йара Союзан суверенитет цуьнан декъашхойн сувереринентца иэйаран америкин ойла. Теорехь къобалдора, пачхьалкхан суверенитет маьрша хилар муьлххачу чоьхьарчу а, арахьарачу а Ӏедалах. Амма нагахь союзан республикаш Союзан декъашхой йелахь, цуьнан Конституцица а, законашца лелаш йелахь, тӀаккха хӀун маршонах ду къамел? Шен рогӀехь, союзан республикийн компетенцийн бакъонаша доза тоьхна йолу Союз, йуьззина маьрша йу ала хала ду. Амма йуьйцу суверенитетан конструкци чӀагӀйина йара законехь, цундела къийсалуш йацара[9].

Советийн юристашна йукъахь хӀоттаделла союзан республикийн суверенитетан бала шина кепара гар. Цхьамма бохура, республикаш цхьаьнатохарца хӀора республико дӀалора цунна шайн бакъонийн дакъа, цуьнга терра шайн бакъонаш а йойура. Бакъонашна доза тохаран ойланца бара С. Л. Ронин, М. А. Кафар-заде, Ю. Г. Судницын, кхин дӀа а. Кхечу юристийн ладаме декъан (А. И. Лепешкин, В. М. Корецкий, П. Е. Недбайло, кхин дӀа а) ойла йара доза доцу йа йуьззина йолу союзан республикийн суверенитетех. Г. Х. Рябошапкос, доза доцу суверенитетех ойла йолуш волу, апелляци йора Союзан ССР кхолларах бертан, 1924 шеран ССРС Конституцин, цуьнан бух тӀехь тӀеэцна союзан республикийн Конституцийн, ткъа кхин а оцу хенахь лелаш йолу Конституцешкахь, союзан республикийн суверенитетан доза тохар ца хилар гайта гӀерташ. 1936 шеран ССРС Конституцех лаьцна аьлча, цигахь къамел дара союзан республикийн суверенитетан доза тохарах, тӀаккха иза гора гӀуо редакци йина, хӀунда аьлча кхузахь къамел дан дезара Союзан а, союзан республикийн а бакъонаш дӀасайаларх. Цунна реза вацара А. Ш. Мильман. Цуо тидам бира, 1924 шеран ССРС Конституцица союзан республикийн суверенитетан доза ду «карарчу конституцин» арахьа, ткъа дисинчуьнца ша дӀакхоьхьу пачхьалкхан Ӏедал. Цул сов, 1921 шеран Азербайджанийн ССР Конституцис (1925 шеран редакци) боху, «Азербайджанийн ССР маьрша пачхьалкх йу. И суверенитет ССРС Коьрта Законан а, ЧКФСР Конституцин а йукъахь бен доза тоьхна йац»[10].

Арахьара политикин йукъаметтигашка йукъавахар, иза суверенитетан коьртачу амалех ду, иштта цхьаьна ца догӀура. Азербайджанийн ССР халкъан комиссариат цхьаьна шарахь бен ца лаьттира (1920—1921), йуха метахӀоттийра 23 шо даьлча, цунах хилира Азербайджанийн ССР арахьара гӀуллакхийн Министралла. Суверинетатан доза ца хиларан ойла йолу авторшна, 1922 шарахь союзан республикийн арахьара йукъаметтигаш лело меженаш цхьаьнатохар хетара церан суверенитет чӀагӀйар санна[11]. Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам (ВКъКх) кхоьллинчу хенахь цуьнан декъашхой ССРСца цхьаьна ши республика бен ца хилира: Украинийн а, Белоруссийн а ССР.

1991 шарахь Советий Азербайджан йара Союз ССР (ССРС)йечу 15 союзан республикех цхьаъ. Цу тӀе церан кхоллайаларан истории хаъал къаьстара. Белорусийн ССР йуьхьанца кхоллайелира РСФСР махкахь российн автономии санна, ткъа оццу хенахь Азербайджанийн ССР маьрша пачхьалкх кхайкхийра хьалхарчу правительство Ӏедал дӀадаларан хьесапца. Украинийн, Эрмалойн, Гуьржийн ССР кхоллайелира империн хилла мехкийн дакъош тӀехь, оццу хенахь бисина мехкан терго Гуьржийчоьнан, Эрмалойчоьнан, Украинин къоман правительствошкахь йара. Цул сов, йерриш йагарйина республикаш йукъайевлира ССРС кхоллале, ткъа кхин союзан республикаш йукъайевлира ССРС йолучу шерашкахь (пхиъ йуккъера азин республика РСФСР йукъара арайаьккхира 1920-гӀа шерашкахь, ткъа кхоъ балтикайистера пачхьалкх схьатуьйхира 1940 шарахь). Вукха агӀора меттигаш а хилира (Карелин-Финнийн ССР союзан республикех РСФСР автономи хилира, ткъа Тувин Халкъан Республика ССРС йукъайеира союзан республика санна а ца йогӀуш, РСФСР автономии санна).

Йукъара хаамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Азербайджанийн ССР йиллира 1920 шеран 28 апрелехь Азербайджанийн Демократин Республика йожарца. 1922 шеран 12 мартера 1936 шеран 5 декабрь кхаччалц дара Чоьхьара Кавказан федерацин дакъа, ткъа 1936 шеран 5 декабрехь йукъайахара ССРС Союзан республикин бакъонашца. Лаьтта меттиг — Чоьхьара Кавказан къилба-малхбален декъехь. Къилбаседехь доза дара РСФСРца (ДегӀастанан АССР) къилбаседа-малхбузехьа Гуьржийн ССРца, къилба-малхбузехьа Эрмалойн ССРца а, Туркойчоьнца а, къилбехьа Иранца. Малхбалехьа Каспий хӀордаца, республикин майда 86,6 эзар км², Каспий хӀордан гӀайренашца. Бахархой 5042 эз. ст. (1969 шеран 1 январан маххадорца). Коьрта шахьар — Бакох гӀала. 1921 шарахь дуьйна, Москохан бертаца, Эрмалойчоьнах дӀа а къастийна Азербайджанийн ССРна дӀайелира[12] Нахичеванан Автономин Советийн Социалистийн Республика. Къовсамечех цхьаъ йолу регион, Ламанан Карабах, Эрмалойчохь а, Азербайджанехь а советан Ӏедал хӀотторца, РКП(б) ЦК Кавбюрон сацамца 1921 шеран 4 июлехь дӀайелира Эрмалойчоьнна, амма 5 июлера керлачу сацамца иза йитира Азербайджанна йукъахь шуьйра областан автономин а луш[13][14]. Республика йекъалора 60 кӀоштанна, йара 57 гӀала (1913 шарахь йара 13 гӀала), 119 гӀалин тайпана посёлкаш.

1985 шарахь Советийн Союзехь йолало Перестройкин а, демократизацин а политика, цуо, масала, гӀелйо хьалха махкахь а, Советийн Союзехь а хилла центран а, партин а Ӏедалан морса терго. 1987 шарахь дуьйна Азербайджанийн ССР йукъара Ламанан-Карабахан автономин областан махкахь (коьртаниг эрмалой охьахевшина) Бакохахь а, Сумгаитехь а эрмалойн бохорца сийса долало советийн заманахь дайна эрмалойн-азербайджанийн дов. Йуьхьанца дуьйна девно этносан ницкъ баран тулгӀенца гӀайгӀане эгийра (Сумгаитехь эрмалой бохор). Цу тӀе дов чӀагӀлуш дара, шинне агӀора белларш а, бевддарш а бара. Цуьнан тӀаьхье хилира 1990 шеран январехь эрмалой Бакохахь бохор, цунах советийн дуьхьала гӀаттам хилира, цуьнан координаци йеш йара Азербайджанан Къоман фронт. ГӀаттам охьатаӀийра Советийн эскаро, амма, цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, 1991 шеран бӀаьста дуьйна девнах диллина герзашца дуьхьала латтар хуьлу.

1991 шеран 5 февралехь Азербайджанийн ССР Лакхара Кхеташоно тӀеоьцу республикин «Азербайджанан Республика» аьлла цӀе хийцаран закон[15], иза ца догӀура ССРС Конституцин 71 йаззамца.

1991 шеран 30 августехь, ЧХьПК йоьхначул тӀаьхьа, Азербайджанийн ССР Лакхара Кхеташоно кхайкхийра республикин маршо[16]. Маьрша Азербайджанан хьалхара президент хилира Азербайджанийн ССР президент, Азербайджанан Компартин ЦК Хьалхара Секретарь Муталибов Айаз.

Азербайджанан Республика (Азербайджанийн ССР) формалан ССРС йукъахь йуьсура иза 1991 шеран 26 декабрехь йоххалц, хӀунда аьлча кхочуш ца йинера ССРС 1990 шеран 3 апрелан «ССРС йукъара союзан республикаш арайовларца доьзна гӀуллакхан низамах лаьцна» законашца йогӀу процедураш.

Пачхьалкхан хӀоттам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1921 шарахь бахархой багарбарца Азербайджанехь вехара 1 881 399 человек[17]. Чоьхьара Кавказан статистикин урхаллин центран хаамашца (ЧКСУЦ) 1925 шеран 1 январехь республикехь вагарвира 2,084,008 стаг (Нахичеванан АССР йоцуш)[17]. Советийн Азербайджанан бахархойн барам хьалхарчу иттаннаш шерашкахь тӀекхеташ бара. Нагахь 1897 шерера 1920 шо кхаччалц болчу муьрехь шеран йуккъера тӀекхетаран боларан барам 0,37 % хиллехь, 1920 шерера 1939 шо кхаччалц болчу муьрехь республикин бахархойн берриг барам тӀекхийтира 67,8 %, иза хилира 3,6 % шеран йуккъера тӀекхетаран боларан барам[18].

1920-гӀа шерашна йуккъехь Азербайджанан гӀалин бахархой хилира 24,4 %, ткъа йуьртан — 75,6 %[17]. Бахархойн йуккъера луьсталла хилира 24,4 стаг 1 кв. км тӀехь, оцу заманахь Гуьржийчоьнал а, Эрмалойчоьнал а дикка оьшуш[17]. ТӀаьхьарчу шерийн дохаллехь урбанизацин тӀегӀа хаъал айайелира. 1940 шо долалуш гӀалийн бахархойн декъан дозалла бахархойн берриг барамах хилира 37,1 %; 1960 шо долалуш — 48,0 %; 1970 шо долалуш — 50,0 %, ткъа 1976 шеран йуьххьехь кхечира 51,7 % (60 шарахь гергга Азербайджанийн ССР гӀалийн бахархойн барам 7,2-зза тӀекхетта)[19]. ГӀалин бахархой тӀекхетаран лакхара боларна гӀодира йуьртан нах беха меттигех гӀалин нах беха меттигаш йаро а, республикин чоьхьарчу миграцис а, йарташкара нах гӀаланашка кхалхаро[19]. Нагахь 1926 шарахь Азербайджанехь 18 гала а, 16 гӀалин тайпана посёлкаш хиллехь, тӀаккха 1975 шарахь гӀалин нах беха меттигийн барам 186 гӀале айабелира[19].

Советийн Азербайджанехь законашкхолларан тӀегӀанашкахь магадора кхолламашкахь бахархойн кхин меттанаш лелор. АзЦКхК, Чоьхьара Кавказан ЦКхК ШолгӀа сессин «Пачхьалкхан кхолламийн меттанех а, кӀезга къаьмнийн бакъонаш латторех а лаьцна» декларацеш кхочушйеш, 1923 шеран 27 июнан арахийцира декрет «Республикин пачхьалкхан кхолламашкахь пачхьалкхан мотт а, даккхийчу а, кегийчу а къаьмнийн меттанаш а лелорех». Оцу декретца АзЦКхК йелира азербайджанийн меттана пачхьалкхан меттан статус республикехь, ткъа дукхаха болчу азербайджанаш боцучу бахархойн меттанашна къоман кегийрачу къаьмнийн таро йелира пачхьалкхан кхолламашкахь лелоран статус[20].

1937 шеран Азербайджанийн ССР Конституцица Советийн Азербайджанан пачхьалкхан мотт хилла азербайджанийн мотт[21]. Амма и йаззам ара ца белира 1956 шеран 21 августехь бен, оцу хенахь тӀеийцира 1937 шеран Азербайджанийн ССР Конституци йузаран закон, Конституци йуьзира пачхьалкхан меттанех болчу йаззамца[22]. 1978 шеран Азербайджанийн ССР Конституцис кхайкхадора азербайджанийн мотт республикехь пачхьалкхан мотт хиларх[23].

Оццу 1937 шеран Конституцица (1956 шеран редакцица) «Азербайджанийн ССР махкахь деха кегийрачу къаьмнашна, бакъо ло маьрша кхиа, шайн оьздангаллин а, пачхьалкхан а кхолламашкахь ненан меттанаш дийца»[21][24]. 1978 шеран Конституцехь йаздина, пачхьалкхан а, йукъараллин а меженашкахь, оьздангаллин а, дешаран а кхолламашкахь, йа кхечанхьа «паргӀата лело таро йу… оьрсийн мотт а, кхин бахархоша лело кхин меттанаш»[23].

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Республика филателехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Азербайджанская Советская Социалистическая Республика. Справочник по истории Коммунистической партии и Советского Союза 1898—1991.
  2. Революция и Гражданская война в России: 1917 — 1923 гг.: Энциклопедия. В 4 томах. — М.: ТЕРРА, 2008. — Т. 1. — С. 25.
  3. Azərbajcan Sosjalist Зyra Cumhyrijjətinin Kanyni-Əsasisi (1927-ci il 26 martda umym Azərbajcan V Зyralar Kyryltaji tərəfindən təsdik edilmiзdur). — Baqı̡: Azərnəзr, 1929.
  4. Азербайджанская Советская Социалистическая Республика. booksite.ru.
  5. Азербайджанская Советская Социалистическая Республика. booksite.ru.
  6. 1 2 Гёзалов П. Ф. Установление советской власти в Азербайджане // Материалы международной научно-практической конференции «История Гражданской войны в России 1917 — 1922 гг.». — М., ЦМВС РФ, 24—25 мая 2016 г.. — С. 53.
  7. Гросул В. Я. Образование СССР (1917-1924 гг.). — М.: Изд. ИТРК, 2007. — С. 56.
  8. История Коммунистической партии Азербайджана. Часть 1. — Баку: Азернешр, 1958. — С. 353.
  9. Чистяков О. И. К вопросу о «Русской республике» // Хрестоматия по истории отечественного государства и права: форма государственного единства в отечественной истории XX века. — М.: Изд. Юрайт, Высшее образование, 2009. — С. 612.
  10. Мильман, 1971, с. 125—128.
  11. Мильман, 1971, с. 129—130.
  12. Julfa i. Safavid Period — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». Vazken S. Ghougassian:

    In 1921, a treaty between the Soviet Union and Turkey separated the province of Nakhijevan from Armenia, declaring it an autonomous territory of Azerbaijan.

  13. Постановление Кавбюро от 4 июля 1921 года. ЦПА ИМЛ, ф. 85, оп. 18, д. 58, л. 17. Постановление от 5 июля: ЦПА ИМЛ, ф. 85, оп. 18, д. 58, л. 18.//Нагорный Карабах в 1918—1923 гг. Сборник документов и материалов. Издательство АН Армении. Ереван, 1991, стр 649—650.
  14. История нагорнокарабахского конфликта. ТАСС (2020 шеран 16 июль). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 19 декабрь.
  15. Закон Азербайджанской ССР «Об изменении в наименовании Азербайджанской ССР»
  16. Декларация Верховного Совета Азербайджанской Республики О восстановлении государственной независимости Азербайджанской Республики
  17. 1 2 3 4 БСЭ. Т. I. (1-е изд.), 1926, с. 641.
  18. Великий Октябрь и расцвет экономики и культуры Советского Азербайджана. — Баку: Элм, 1977. — С. 169.
  19. 1 2 3 Великий Октябрь и расцвет экономики и культуры Советского Азербайджана. — Баку: Элм, 1977. — С. 174.
  20. Гулиев Дж. Б. Под знаменем ленинской национальной политики (Осуществлением Коммунистической партией ленинской национальной политики в Азербайджане в 1920-1925 гг.). — Баку: Азербайджанское гос. изд-во, 1972. — С. 283, 285, 292-293.
  21. 1 2 Сборник законов Азербайджанской ССР 1938-1966. — Баку: Азербайджанское гос. изд-во, 1966. — Т. 1. — С. 26.
  22. Гасанлы, 2009, с. 175—177.
  23. 1 2 Конституция (Основной Закон) Азербайджанской Советской Социалистической Республики. — Баку: Азернешр, 1987. — С. 24.
  24. Гасанлы, 2009, с. 177—178.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Большая Российская Энциклопедия. — М., 2005. — Т. 1.
  • Большая Советская Энциклопедия. — М., 1926. — Т. 1.
  • История государства и права Азербайджанской ССР (1920-1934 гг.). — Баку: Элм, 1973.
  • Гасанлы Дж. Хрущёвская «оттепель» и национальный вопрос в Азербайджане (1954-1959). — М.: Флинта, 2009. — С. 177—178.
  • Мильман А. Ш. Азербайджанская ССР — суверенное государство в составе СССР. — Баку: Азербайджанское гос. изд-во, 1971.
  • Шабанов Ф. Ш. Развитие советской государственности в Азербайджане. — М.: Гос. изд-во юридической литературы, 1959.