Джеванширан уезд

40°20′00″ къ. ш. 46°55′00″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Джеванширан уезд
азерб. Cavanşir qəzası
оьрс. Джеванширский уезд
ХӀост
ХӀост
40°20′00″ къ. ш. 46°55′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Адм. центр Тертер
Истори а, географи а
Кхоллар 1869
ДӀайаккхар 1923 шеран 7 июль
Латта
  • 4818,4 квадратная верста
Бахархой
Бахархой 72 719[2] (1897) стаг
Джеванширан уезд картин тӀехь


Джеванширан уезд

Джеванширан уездЕлизаветполан губернин йукъара административан дакъа. Центр — поштан станци Тертер.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рельефан агӀора уезд лаьттина шина декъехь: къилбаседа-малхбален, чутаьӀна, йа Джеванширан, а, къилба-малхбузен, ламанан, йа Джрабертан. ЧутаьӀна декъех, меттигерчара олу «Аран», билгалйаьлла йовха а, хӀоршщ йоийта а климатца аьхкенан беттанашкахь, цуо доьзуьйтура бахархой лаьмнашка кхалха; Ӏаьнаш кӀеда а, доца а хуьлу. Уездан йуккъера генна къилба-малхбузехь лаьтта дакъа, гунаш а, лаьмнаш а долуш ду, хьаннаш шорта йу, климат барамера йу. Къилба-малхбузен ламанан асанехь дика лекха лаьмнаш ду, луьра климат йу (Ӏа сентябрера апрель кхаччалц ду), лайш хуьлу, иза бахьнехь чутаӀенца йолу зӀе йехачу ханна йов. Севан Ӏоман, оцу хенахь Гокча олуш хилла, къилба-малхбален а, малхбален а агӀора гуо бина (Карабахан дукъ) уездан малхбузен декъера лекха баххьаш, Муровдаг ламанан даккъаш ду[3] (у армян Севанга[4]), являлись (11219 фт.), Гезаль-дара-баши (11606 фт.), Гиналь-даг (11057 фт.) и.кхин дӀа.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Джеванширан уезда мохк, Джебраилан санна хьалха йукъабоьдура Карабахан ханаллин; 1869 шарахь из адӀакъастийра Шушин уездах[3]. ДӀалоцура хӀинцалера Кельбаджаран, Мардакертан, Тертеран, Бардин кӀоштийн мохк[5].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

БЕЭДца 1893 шарахь уездан бахархой бара 54 900 ст.[3] 1897 шеран дуьххьара бахархой багарбарца уездехь вехара 72 719 ст., царех:

Бахархой бехара 213 йуьртахь, дукхаха болчара даьхний а, латта а леладора. Йуккъера а, чутаьӀна а асанашкахь ладаме маьӀна дара кхин а бошмаш а, чилла а лелоран. Уггаре лакхара меттигаш дӀалаьцнера ламанан цанаша, уьш лаьттара хьаннашна тӀехула; лахахь йалтанех алсама ду мукх а, кӀа а; тӀаьххьара, йуккъера а, чутаьӀна а дакъошкахь кхиайо тайп-тайпана ораматаш, дугане а, бамбане а кхаччалц. ЧутаьӀначу декъехь бахархоша боккхура кон (мерза) орам. Бежний, говраш, варраш 1891 шарахь йара 52800, уьстагӀий а, гезарий а — 112000 корта; фабрикаш а, заводаш а йара 34 йара, арахецаран барам 37914 сом бара.

Джеванширан уезд 1908 шарна

Административан йекъайалар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1913 шарахь уезд чуйогӀура 35 йуьртан урхалла[8]:

  • СахӀлабадан — СахӀлабад й.,
  • Талышан — Талыш й.,
  • Хан-Ӏаьрбийн — Ӏаьрбий 1-ра й,
  • Хан-Кхаракоюнлин — Кхара-Коюнлу-Хана й.,
  • Хорузлин — Хорузлы й.,
  • Чирахлин — Чирахлу й. (Герравенд 2-гӀа),
  • Ширванлин — Алачадырму й.,
  • Шихавендан — Шихавенд й,

Нах беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Уездан уггаре йаккхий нах беха меттигаш (бахархой, 1908 шо[9])

Российн имрперин субъектийн бахархойн луьсталла
Нах беха меттигашБахархой,
берриш
царна йукъахь
эрмалой
царна йукъахь
Азербайджанаш
1 Агдара 4676 4676 0
2 Айрум 2240 0 2240
3 Алпоут-Бой-Ахьмадлу 1521 1521 0
4 Хьаджалу 2-гӀа 1146 0 1146
5 Хьасанриз 1123 1123 0
6 Хьасан-Риз 1140 1140 0
7 Джинлы 1560 0 1560
8 Довшанлу 1948 1948 0
9 Дорбатлу 2052 0 2052
10 Караманлу 1309 0 1309
11 Касапет 1111 1111 0
12 Кичик-Карабек 1138 1138 0
13 Кличлы 1553 0 1553
14 Котурлы 1635 0 1635
15 Коюнбинаси 1125 0 1125
16 Малбинаси 2575 0 2575
17 Мирзаликенд 1281 0 1281
18 Саров-Бегум 1344 1344 0
19 Талыш 1000 1000 0
20 Хан-Каракоюнлу 1255 0 1255

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш
  1. Согласно ЭСБЕ - "татары", Кавказскому календарю - "татары", переписи населения 1897 года - "татары", язык указан как "татарский"(адербейджанский)". В переписи населения 1926 года - "тюрки". Согласно нынешней терминологии и далее в тексте статьи - азербайджанцы.
  2. Согласно переписи населения 1897 года - "кюринцы", "лезгины", а так же носители Кази-Кумукского языка (лакцы). В 19-начале 20 вв. "лезгинами" в регионе помимо непосредственно лезгин, также именовались и остальные лезгинские народы. В переписи населения 1926 года лезгины указаны как "лезги".
Хьосташ

Кеп:Билгалдахарийн исписка

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 https://www.webcitation.org/65srGnsgk?url=http://demoscope.ru/weekly/ssp/rus_gub_97.php?reg=63
  2. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи 1897 г.
  3. 1 2 3 Джеванширский уезд // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Гокча // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  5. Брокгауз и Ефрон. Энциклопедический словарь. Российская государственная библиотека.
  6. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи 1897 г. Джеванширский уезд
  7. Первая Всеобщая перепись населения Российской империи 1897 г./ под ред. (и с предисл. Н.А. Тройницкого). - Санкт-Петербург: издание Центрального статистического комитета Министерства внутренних дел , 1899-1905. Елисаветпольская губерния. - 1904. - 4, XII, 184 с. Стр. VII, 1-3.
  8. Волостныя, станичныя, сельскія, гминныя правленія и управленія, а также полицейскіе станы всей Россіи съ обозначеніем мѣста ихъ нахожденія. — Кіевъ: Изд-во Т-ва Л. М. Фишъ, 1913.
  9. Список населенных мест по Кавказскому календарю 1910 года