Верещагин, Василий Васильевич
Верещагин Василий | |
---|---|
Верещагин Василий Васильевич | |
![]() | |
Вина терахь | 1842 шеран 14 (26) октябрь[1] |
Кхелхина терахь | 1904 шеран 31 март (13 апрель)[1] (61 шо) |
Кхелхина меттиг | Порт-Артур, Квантунан область, Россий импери |
Пачхьалкх: | |
СовгӀаташ: |
![]() |
Сийлахь цӀе: | ИИА профессор (1874) |
Куьг таӀор: | Lua гӀалат Модуль:Wikidata чохь 318 могӀанан тӀехь: МаьӀна гойту функци ца карийна.. |
![]() |
Вереща́гин Васи́лий Васи́льевич (14 (26) октябрехь 1842, Череповец — 31 мартехь (13 апрелехь) 1904, Порт-Артур) — Оьрсийн суртдиллархо а, литератор а, уггаре гӀарабевллачу исбаьхьалчех-баталихойх цхьаъ.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]


Верещагин Василий Васильевич вина 1842 шеран 14 (26) октябрехь Череповецехь (Новгородан губерни, хӀинца Вологдин областан) меттигера эллин баьччин доьзалехь. Дерриг, исбаьхьалчин ден Верещагин Василий Васильевичан а, ненан Верещагина Анна Николаевнин хилира 11 бер[2], амма царех диъ (Наталья, 2 Алексей, Анна) делира бераш долуш. Уггаре вевзаш вара исбаьхьалчин кхо ваша. Уьш хӀиттийра тӀеман-дешаран меттиге. Кегийнаш, Сергей (1845—1878) а, Александр а (1850—1909) хилира профессионалан тӀемлой; воккхахаверг, Николай (1839—1907) флотехь гӀуллакхехь, амма дукха хан йалале мукъа а ваьлла, йукъараллин гӀуллакххо хилира. Михаил (1816-1922) а, Алексей (1819-?) а, йиша Мария (1851-?) а бисира алсама гӀарабевллачу вежарийн ӀиндагӀехь.

1850 шарахь вешица Николайца из адӀавелира Александровн кадетийн кӀезиг хан йолчеран корпус[3]. Цул тӀаьхьа дийшира ХӀордан кадетийн корпусехь, иза чекхйаьккхича, йоцучу хенахь гӀуллакхех хилла, керла вина мичман мукъавелира, дӀахӀоьттира петарбухан исбаьхьаллин Академе, цигахь дийшира 1860 – 1863 шерашкахь А. Т. Марков, Ф. А. Моллер, А. Е. Бейдеман. Академи йитина, дӀавахара Кавказе, цигахь Ӏийра шарахь гергга. Цул тӀаьхьа дӀавахара Париже, 1864—1865 шерашкахь дийшира, болх бира Жероман куьйгаллица.
1865 шеран мартехь Верещагин йухавеира Кавказе, кхин дӀа суьрташ дахка волавелира тӀехьожуш.
1865 шеран гурахь Верещагин хилира Петарбухехь, цул тӀаьхьа йухавеира Париже, кхин дӀа дешархьама. 1865—1866 шеран Ӏа даьккхира, Парижан академехь доьшуш. 1866 шеран бӀаьста, шен дешар чекхдаьккхина, исбаьхьалча даймахка цӀа вирзира.
1867 шарахь хазахетарца тӀеийцира Туркестанан инарла-губернаторо инарла К. П. Кауфмана ша волчохь исбаьхьалча хила аьлла кховдийна болх. 1868 шеран 2 майхь оьрсийн эскарша Самарканд схьайаьккхинчул тӀаьхьа цига веина, Верещагинан тӀом бан бийзира, кӀеззиг оьрсийн салташца лайра шахрисабзан бекаша, ций-кипчакийн тайпанаша, гӀевттина меттигера бахархоша, гӀалин чӀагӀонна гуо бар. Самаркандан чӀагӀо ларйарна Верещагинна совгӀат дира Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орденца (1868 шеран 14 августехь)[4], иза цуо кураллица лелайора, цхьан а совгӀат дезаш воцушехь:
Самаркандан бухарахойн тобанаша чӀагӀонна бархӀ дийнахь гуо латтош, прапорщика Верещагина майра масалца ир-кара хӀиттийра гарнизон. 3-гӀачу июнехь мостагӀ дуккха а массица кевнашна тӀе а кхаьчна, йаккхий тоьпашна тӀекхаьчна, кхиира дерриг саьккалш дӀалаца, прапорщик Верещагин, детта тӀулгашка а, йетта тоьпашка а ца хьоьжуш, карахь топ йолуш араиккхина, шен турпала масаллица чӀагӀонан майра турслойн дог айира
1869 шеран йуьххьехь Кауфмана накъосталла дина «туркестанан гайтам» бира коьрта шахьрахь, цигахь гайтира Ташкентехь, Самаркандехь, кхазакхийн аренашкахь Туркестанехь йаздина шен белхаш. Гайтам чекхбаьлча Верещагин йуха а вахара Туркестанан регионе, амма Сибрехахула.
хӀинца исбаьхьалчо некъ бира ВорхӀэркехула а, Къилбаседа-Малхбузен Цийчоьхула. ВорхӀэркан а, ГӀиргӀазойчоьн а лерина Верещагинан суьрташ йукъахь ду Хьал долу гӀиргӀазойн таллархо лечанца, лаьмнийн куц Лепсин гӀалин гергахь, Чу эркан тогӀенийн, Иссык-Куль Ӏоман, ГӀиргӀазойн дукъан, Тянь-Шанера Нарынан лайн баххьаш. Пхи сурт Верещагина диллина лаьмнашкахь Иссык-Кулан гергахь, царех уггаре къегинарг — «Барскаун чекхдовлийла». Цуо суьрташ дехкира Бооман чӀожехь, вахара Алаколь Ӏам тӀе, хьалавуьйлура Алатаун лекха даккъашкара лам хадорашна тӀе.
Оцу хенахь Малхбузен Цийчохь богдыханан эскарша дӀатебеш бара дунганаш (Цийчуьра бусалбанаш), цара ворхӀ шо хьалха Шэньси провинцехь гӀаттман байракх айинера. Жима тӀаьхьа дунганийн гӀаттамо дӀалецира Кульджин мохк. Керла Кульджин (Хуэй-Юань-Чэн) а, Чугучакан а урамашкахь Ӏохкура чимман лаьмнаш а, адамийн даьӀахкаш а. Верещагина халахетарца меттигера шахьрийн саьлнийн суьрташ дохкура. ГӀарадаьлла сурт «ТӀеман апофеоз» диллина Кашгаран къизачу паччахьо Валихан-торес европахойн новкъахо виен омар а делла, цуьнан корта кхечу дайина адамийн тутанех йина пирамидин боьххье билла аьлла омар дина, оцу дийцаро дог дохийна диллина.
Исбаьхьаллин агӀора Верещагинан Туркестан йоккхучу тӀемашкахь дакъа лацаран битамаш бара, ткъа 1869 шарахь цига шолгӀа некъ баро, цунна материал йелира къегина суьрташна, масала, «Чубахкийта», «Чубаьхкина», «Гуо бина», «ТӀаьхьабевлла», «Тешшийтина тӀелетта», кхин а, уьш йукъадахара йоккха «Туркестанан серин», уьш исбаьхьалчо дехкира Мюнхенехь 1871—1874 шерашкахь, Европехь а, Россехь а боккха аьтту хилира церан[5].
Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]
-
Наполеон Бородинон лакхенаш тӀехь, 1897
-
ТӀелатале хьалха. Плевнин гергахь, 1881
-
Шипка-Шейново. Скобелев Шипкин гергахь
-
ХӀиндухойн килс Удайпурехь, 1874—1886
-
Самарканд, 1869
-
Ӏаьрбо эмкал тӀехь, 1869—1870
-
Банийа (махлелорхо). Бомбей, 1874—1876
-
ОвхӀан, 1867—1868
-
Бухарин салти (сарбаз), 1873
-
Бхил, 1884
-
Алатау лаьмнашкахь. 1869-1870
-
Къарйинчу Москохахь («ЦӀераш йохкурш» йа «Кремлехь тоьпаш тохар»), 1887-1888
-
Хьовсуш бу, 1873
-
Гималайш сарахь, 1875
-
Гималайра маштакх, 1875
-
Дошло Джайпурехь, 1881
-
ГӀирмин лаьмнийн сурт
-
Ши жуьгти, 1883-1884
-
Самаркандера коьрта урам лакхара чӀагӀонан тӀера Ӏуьрре, 1869-1870
-
Шовда Кашмирехь, 1875
-
Тимаран неӀарш, 1872
-
Ши куьйра (Башибузукаш), 1878-1879
-
Японхойн зуда, 1903
-
МозгӀар парс (цӀеран гӀуллак дийриг). Бомбей, 1874-1876
-
Бачин сурт, 1867-1868
-
Вый (Пинегин лакхенаш) эрк тӀера Николин жӀар, 1894
-
Тадж-Махал мавзолей, 1874-1876
-
Рахьим мола а, Керим мола а базара боьлхучу новкъа къуьйсуш, 1873
-
Чу эрк тӀера гӀиргӀазойн баннаш, 1869-1870
-
Субаташ Ӏиданан духарш доьхна, 1869-1870
-
Бешан ринжа Чугучакехь, 1869-1870
-
ГӀалмакхойн килс, 1869-1870
-
Шпион
-
Адъютант
-
ХӀиндихойн гӀаттам ингалсхоша охьатаӀор, 1884
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
- ↑ Починюк О.П. Верещагины. России славу умножая. — СПб: Северославянское бюро рекламы, 2008. — С. 83. — 152 с. — ISBN 978-5-91542-018-1.
- ↑ Мемориальная доска В. В. Верещагину Архивйина 2019-02-25 — Wayback Machine // Санкт-Петербург : Энциклопедия / Науч. ред.: Б. Ю. Иванов, И. С. Ряховская, О. А. Кубицкая, К. А. Залесский; Редкол.: Б. В. Ананьич, Г. В. Вилинбахов, Е. Ю. Гениева, Д. А. Гранин (пред.), Я. А. Гордин, В. А. Гусев, Б. Ф. Егоров, В. Н. Зайцев, А. И. Комеч, А. Д. Марголис (отв. секретарь), С. В. Мироненко, М. Б. Пиотровский, А. Б. Рогинский, Т. А. Славина, А. А. Фурсенко. — 2-е изд., испр. и доп. — СПб.: Бизнес-пресса; М.: РОССПЭН, 2006. — 1021, [3] с. : ил., цв. ил., карт. — ISBN 5-8110-0107-X
- ↑ Ежегодник Русской армии на 1869 год. Ч. 2. — СПб., 1869. — С. 282.
- ↑ Чернышева М. А. Новый взгляд на феномен реализма: о фотографическом проекте художника Верещагина и генерала Кауфмана // Ab Imperio. — 2015. — № 4. — С. 379—413. — ISSN 21664072.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Верещагин, русские живописцы // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Верещагин, Василий Васильевич // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- Мак-Гахан В. Верещагин в Америке // Новости и биржевая газета. Изд. 1. — № 324. — 23 ноября. — 1888.
- В. Верещагин: Детство и отрочество художника. — Т. 1. — М., 1895
- Верещагин В. В. Воспоминания сына художника. — Л.: Художник РСФСР, 1978.
- Верещагин Василий Васильевич // Иванян Э. А. Энциклопедия российско-американских отношений: XVIII—XX века. — М.: Международные отношения, 2001. — 696 с. — ISBN 5-7133-1045-0.
- Володарский В. Василий Верещагин. — М.: Белый город, 2000.
- Дёмин Л. М. С мольбертом по земному шару. Мир глазами Верещагина. — М.: Мысль, 1991.
- Дорошевич В. М. Верещагины: Биогр. очерк. — СПб.: Тип. Манасевича, 1913. — 15 с., 1 л. портр.
- Игнатова Е. Братья // Василиев остров. — Череповец, 1993.
- Лебедев А. К. В. В. Верещагин. Жизнь и творчество. — М., 1958.
- Лебедев А. К. В. В. Верещагин. Жизнь и творчество. М., 1972.
- Лебедев А. К., Солодовников А. В. Василий Васильевич Верещагин. — Л.: Художник РСФСР, 1987.
- Брюханова Е. В. В. В. Верещагин и Ростов // Сообщения Ростовского музея. Выпуск 5. — Ростов, 1993. — С. 140—152.
- Ким Е. В. В. В. Верещагин в Ростове: Факты, гипотезы, домыслы // Сообщения Ростовского музея: Выпуск № 16. — Ростов, 2006. — С. 414—463.
- Булгаков Ф. И. В. В. Верещагин и его произведения / Ф. И. Булгаков. — Фототип. и автотип. изд. — {{СПб.}}: Тип. А. С. Суворина, 1896. — 95 с., [88] л. ил., портр.
- Верещагин, Василий Васильевич // Верещагин, Василий Васильевич — Воинская повинность. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1912. — С. 321—322. — (Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. К. И. Величко [и др.] ; 1911—1915, т. 6).
- Кондаков С. Н. Юбилейный справочник Императорской Академии художеств: 1764—1914. — СПб.: Товарищество Р. Голике и А. Вильборг, 1915. — Т. 2. — С. 36. — 454 с.
- Кистович-Гиртбан Ирен. «Опыт евразийского синтеза музыки и живописи». Вступ. ст. в сб.: Гусейнов М.С. Балханские эскизы [Ноты] = Balkhan sketches: пьесы-фантазии для фортепьяно/ Мамед Гусейнов; вступ. статья Ирен Кистович. – Москва: Музыкант-классик. 2018. – 40 с. Цв. портр., цв. илл.; ст. Елены Володиной «Балханские эскизы». Статья о проблематике синтеза искусств на примерах произведений Андо Хиросигэ, Л. Бакста, В.Верещагина, В. Гартмана, В. Мазуровского.
- Чернышева М. А. Новый взгляд на феномен реализма: о фотографическом проекте художника Верещагина и генерала Кауфмана // Ab Imperio. 2015. № 4. – С. 379–413.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Кеп:Staratel.com
- Полное собрание произведений, аудиобиография, интерактивная карта жизни и работ Василия Верещагина сайт о художнике
- Жизнь и смерть Василия Верещагина сайт о художнике
- Реакция властей на антимилитаристические картины В. В. Верещагина
- Сочинения В. В. Верещагина в библиотеке Мошкова
- Выставки картин Верещагина В.В.
- Фильм проекта Забытые Моряки//Нерассказанные истории "Василий Верещагин. Последние годы жизни в Нагатино." Часть 1 и Часть 2
- Бинарш 26 октябрехь
- Бинарш 1842 шарахь
- Белларш 13 апрелехь
- Белларш 1904 шарахь
- Адамаш абатца
- Белларш Порт-Артурехь
- Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орденан кавалераш
- Императоран исбаьхьаллин Академин профессорш
- Исбаьхьалчаш абатца
- Александровн кадетийн кӀезиг хан йолчеран корпусан кхиорхой
- ХӀордан кадетийн корпусан арахецархой
- Оьрсийн-туркойн тӀеман (1877—1878) декъахой
- XIX бӀешеран Российн исбаьхьалчаш
- Российн империн исбаьхьалчаш-баталихой
- Исбаьхьалчаш-реалисташ
- Исбаьхьалчаш-ориенталисташ
- Российн империн мемуархой