Эриванан губерни

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эриванан губерни
ХӀост
Пачхьалкх  Российн импери
Адм. центр Эривань
Бахархой 971 200[1] стаг. 
Луьсталла  стаг/км²
Майда 23 226,4 чаккхарма² (26 433,08 км²); Стрельбицкийца - 24 454,4 чаккхарма² (27 830,62 км²) км² 
1849
1918 шеран 28 май
Кар-кара далар
← Эрмалойн область Чоьхьара Кавказан демократин федеративан республика →
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эриванан губерни (эрм. Երևանի նահանգ; азерб. İrəvan quberniyası) — 1849 шарахь кхоьллина Российн империн административан дакъа, йукъ Эривань гӀалахь а йолуш.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йиллина Сенатан 1849 шеран 9 июнехь делла цӀеран омарца, Эрмалойн областан йукъабогӀучу махках:

Кавказан комитето къастийна Кавказан сардалан кехат тергоне эцна, аьттонца гӀуллакхаш дӀадахийтарна пайденна а, оьшуш а хиларна, урхалла дарна аьтто хиларна къобал дина, кхолла Чоьхьара Кавказан махкахь кхин а керла губерни, Оха Омар до: 1) Оцу керла кхуллучу губернин йукъа къастайе: Тиблисин губернин уездаш: Эриванан, Нахичеванан, Александрополан, Ахалкалахан дакъа доцург, ткъа Шемахин губернера Мигрински дакъа а, Шушин уездан Капак эвла. 2) Губернин гӀала хӀоттайе Эривань, цундела керла губернех ала Эриванан[2].

1872 шарахь дуьйна губерни лаьттара 7 уездах, 110 волостах а, 5 гӀалех а, 1283 кхин эвланех а. Ладаме нах беха меттигаш, Эривань йоцург, йара Александрополь, Нахичеван, Гавар, Ордубад, Эчмиадзин.

Эриванан губерни лаьттара къилба Чоьхьара Кавказан йуккъерачу декъехь, 41°7' а, 38°52' а къ-с. ш., 60°56' а, 63°54' а м-бал. й. йукъахь, йора нийса йоцу, къилбаседа-малхбузера къилба-малхбалехьа озийна параллелограмм; доза дара: къилбаседехьа — Тиблисин а, Елизаветполан а губернешца, малхбалехьа — Елизаветполан губерница, малхбузехьа — Карсан областца, къилбехьа — Азин Туркойчоьнан Эрзеруман вилайетца а, ГӀажарчоьнца а. ГӀажарчоьнца долу пачхьалкхан дозанан дохалла дара 246,5 чаккхарма, Туркойчоьнца — 130 чаккхарма; Эриванан губернин дерриг дозанан дохала дара 1052½ чаккхарма. Эриванан губернис дӀалоцура 24 454,4 кв. чаккхарма йа 27 830 км² (Стрельбицкийца). Бахархой хилла 804 757 стаг.

1918 шеран 22 апрелехь Чоьхьара Кавказан сейм кхуллуш цунна йукъайахара Эриванан губерни[3].

1918 шеран 28 майхь йукъайахара Хьалхара Эрмалойн Республикин[3].

ДӀайаьккхина 1920 шеран 29 ноябрехь ССР Эрмалойчоь кхуллуш[3].

Рельеф[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванан губерни 1882 шеран Blackie & Sons атласан тӀаьхь (Эдинбург)

Эриванан губернис дӀалоцура Жима Кавказан а, малхбален Эрмалойн акъарин а къилба дакъа, иза бара айабелла къилбаседехьара къилбехьа таьӀна болу мохк, гуонаха хедийна даккъаш долу, цара йоькъу иза цхьа могӀа тулгӀенан акъарешка а, 3 - 6,5 эз. фут хӀордан тӀегӀан тӀера айайелла лекха аренашка а. Уггаре айайелла меттигаш лаьттара губернин къилбаседехьа.

Безобдалан лаьмнашна а, Арагацан (Алагёзан) йукъахь лаьтта Александрополан аре, 5—6 эз. футал лоха йац, ткъа дерриг къилбаседа-малхбален губернин дакъа дӀалоцучу бух – Севанан чутаӀе, айайелла хӀордан тӀегӀанал 6340 фут лакха. Къилбехьа мохк мела а охьатаьӀа Араксан агӀорхьа, оцу эркан дохаллийца Ӏохку аренаш хӀордан тӀегӀанал 2—3 эз. футал лекха йац. Эриванской губернин йерриг майданах 3,6 % лаьтта 1 - 2 эз. фут лакхахь, 16,3 % — 2 – 4 эз. фут лакхахь, 29,8 % — 4 - 6 эз. фут лакхахь, 38,8 % — 6 - 8 эз. фут лакхахь, 9,3 % — 8 - 10 эз. фут лакхахь, 2,2 % — 10 эз. футал лакхахь. Иштта, 40 % сов губернин мохк лаьтта 6 эз. фут хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Мохк лакха айабелла хиларна, и хедош долу ламанан даккъаш цец ца воккху баккхийчу барамашца, дукхаха йолу церан басеш айало легӀана басешца 11-12 эз. фут лакха, цигахь ӀиндагӀан агӀонашкара ло лаьтта дуьззина шарахь. Оцу агӀора йукъара ца доккху ша-лаьтта ламанан акъари — Алагёз а, Арарат а, церан баххьаш айало гуттаренна долчу лайшал лакха.

Эриванан губернин уггаре къилбаседа дакъа дӀалоцу, лакхахь ма-аллара, Александрополан акъарис, иза лаьтта Тиблисин губернех из адӀакъастийна Безобдалан дукъан а, къилбаседехь, Алагёзан а, Памбакан лаьмнашна йукъахь къилбехахь. Шинне а дукъан йукъара локхалла 8,5 эз. гергга фут йу, цхьацца баххьаш кхочу 9,9—10,6 эз. футе. Акъарин малхбален дакъа лаьтта Безобдалан а, Памбакан а лаьмнашна йукъахь, хиш дохку Храми эркан аьтту га долчу Борчала эркан лакхенашкара, цуо кхузахь лелайо Памбак цӀе, ткъа малхбузен, кхочу Арагац тӀе, хадайо Арпа эркан лакхенаша. Кхин дӀа къилба-малхбузехьа айало Арагацан тӀапломан массив, цуо шен дерриг лаьмнийн генашца а, контрфорсашца а дӀалоцу йоккха аре 2 эз. кв. чаккхарма гергга, айало хӀордан тӀегӀанал 13 436 фут лакха. Алагезан малхбалехьа, Памбакан лаьмнашна къилбаседехьа, Агманганан дукъан малхбалехьа 40° къ-с. ш. къилбехьа, Эриванан губернин йуккъерачу декъехь лаьтта Апаран акъари; иза мела а лоха йу Александрополанчул, хедийна Памбакан а, Агманганан а лаьмнийн, хи дуьллу Араксан аьрру агӀора кхета эркаша: Апаранам а, Раздан а. Губернин оцу декъан къилбаседа йист айайелла 6,5 а, 7 а эз. фут, Эривань гӀалин тӀейогӀу къилбаниг, 3,5—4 эз. футал лекха йац; лаьмнийн баххьаш ца кхочу 9,5 эз. футе. Губернин дерриг къилбаседа-малхбален дакъа дӀалаьцна Севан Ӏоман йоккха чутаӀено, цунна гуонаха ду лекха лаьмнаш. ЧутаӀенан майда йу 4200 кв. чаккхарма гергга, царех 1200 кв. чаккхарма дӀалаьцна Ӏомо (6340 фут хӀордан тӀегӀанал лакхахь). Севанан чутаӀе къилбаседа-малхбалехьа лаьтта Севанан дукъ, цуо къастайо иза Елизаветполан губернех, Оцу дукъан къилбаседан декъехь лаьтта Семёновн дукъ доккхийла (7124 фут), цунна тӀехула цӀерпоштнекъ биллале боьдура цхьа некъ (Чоьхьара Кавказан цӀерпоштнекъан Акстафа станцера) Севан Ӏам тӀе а, Эриване а. Цуьнан къилба йуьхьиг, уггаре лекха йу (Гинал-даг — 11 057 фут), тӀекхета Гезаль-дара йа Гокчин дукъан, цуо гуо лаьцна Севанан чутаӀен къилбе агӀора; цуьнан дукхаха долу баххьаш хӀордан тӀегӀанал 11 эз. фут лекха ду. ТӀаьххьара, Севан Ӏоман малхбузен йистехула дахбелла Агманганан дукъ, иза лаьтта цхьа могӀа бижина тӀапломах, церан баххьаш, дукха хьолехь гуш долчу кратерашца, айаделла 12 эз. фут гергга. Севанан чутаӀен хи дуьллу Ӏам чу кхета масех жима эрко а, Раздан эркан лакхенаш а, иза арадолу Севан Ӏоман къилбаседа-малхбузен агӀора, доьрзу къилба-малхбузехьа, Эривань гӀалин уллехула долий кхета Араксах. Эриванан губернин къилба-малхбален дакъа дӀалаьцна ламанан махко, иза кхуллу Зангезуран лекха дукъан дуккха а генаша, уьш хьажийна Гезаль-дара лаьмнашкара, нисса къилбехьа Араксан тӀе, иза Эриванан губернин Елизаветполан губерница доза ду. Зангезуран дукъан дукха долу баххьаш айало 10—11 эз. фут лакха, ткъа масех кхочу 13 эз. футе (Капуджух — 12 855 фут). Хьахийна ламанан мехкана хи дуьллу Малхбален Арпа, Нахчыван, Алинджи-чай эркаша, уьш охьаоьху кӀоргачу Ӏинашкахула, кхета Араксах. Эриванан губернин къилба йистехь Аракс эркаца лаьтта уггаре нийса а, лоха а (3,5—2 эз. фут) меттиг йу губернехь, иза йу цхьа могӀа малхбузера малхбалехьа охьатаьӀа шера аренаш. Уггаре йоккха аре, 2,5 эз. кв. чаккхарма гергга, дӀалоцу хьена латта долу Эриванан аре, иза лаьтта Эриванан губернин къилба-малхбузен декъехь Аракс эркан шине а агӀора, Алагезан ламанан кӀажошкара Агрыдаган лаьмнийн кӀажошка кхаччалц, ткъа иза пачхьалкхан доза ду Туркойчоьнца, къилбехьа. 9 - 10 эз. фут локхалла йолу, Ӏункар а, тархаш долу а Агрыдаган дукъ, чекхдолу малхбузехь, Эриванан меридианехь, цуьнан йу гуонахьа 120 чаккхарма кхаччалц Араратан ламанан тобанан массив, иза лаьтта Боккха Араратан (16 915 фут) а, Жима Араратан (12 840 фут) а чутаӀенехь царна йукъахь тӀеттӀакхета кхо доза Российн, ГӀажарчоьнан, Туркойчоьнан. Боккха Араратан бохь къевлина бу гуттаренна а лайша (лайн аса къилбаседан а, малхбузен а басешкахь охьайолу 12 806 футе, малхбален а, къилбан а — 12 136 футе), ткъа цуьнан Ӏинашкахь лаьтта кегийра шаш. Араратан лайшкара ца долу цхьан а эрк, хӀунда аьлча дерриг хи дӀахӀуда хира тӀапломан лаьтто. Геологин агӀора Эриванан губернин акъареш гойту цхьаьна заманахь тӀапломан болх алсама жигара хилла мохк санна; царна тӀехула стомма чкъор ду туфах, трахитех, базальтех, долеритех, лавех, кхечу Ӏаьттийначу породех, ткъа дукхаха долу ламанан баххьаш (Йоккха а, Жима а Арарат, Алагез, Агманганан дукъан баххьаш, кхин дерш а) ду дийшина тӀаплаьмнаш.

Хиш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванан губернин хиш, Куран чу шен хиш хьуш долу Памбакан а, Акстафан а уггаре къилбаседехьара эркийн лакхенаш йоцург, Араксан системера ду. Эриванан губернин дерриг эркаш, Аракс доцург, кӀоргачу Ӏинаш чухула охьаоьху ламанан Ӏовраш йу, хин барам сиха хийцало лайш дашаре йа догӀаш даре хьаьжжина, уьш лела ца до хидилларехь бен, хи ца диллича губернин доккхаха долчу декъехь латта лела ца ло. Эриванан губернин коьрта эрк къилбехьахула дозанера Туркойчоьнан а, ГӀажарчоьнан а асанехула догӀу Аракс ду. Аракс чекхдолу Эриванан губернин Карсан областца долчу дозанехула 24,8 чаккхарма дохаллехь, губернин чухула — 141,6 чаккхарма, ГӀажарчоьнца долчу дозанехула — 210 чаккхарма, ткъа дерриг дохаллехь 376,4 чаккхарма. Эрк дожаран йуккъера барам техка 1 фут тӀера 30 футе кхаччалц, йуккъера барам 6,5 фут, шоралла 15—60, меттигашкахь 100 сажа, кӀоргалла 3—15 фут. Хи, даиман аьлча санна даьржина ду, амма дика ду, тӀедан долало мартехь, наггахь февралехь, кхин тӀе наггахь тӀедогӀу 3 сажа кхаччалц; охьадожа долало июнехь дуьйна; гечонаш губернехь 32 ду, бураман дехьаволийла 5 йу, тӀайнаш дац (2 аьчканиг деш ду). Кеманаш ца лела хи кӀезиг хиларна. Севан Ӏам боцург, Эриванан губернехь ладаме Ӏаьмнаш дац.

Климат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванан губернин климатан хьал чӀогӀа тайп-тайпана ду меттиган хӀордан тӀегӀанан тӀера локхаллин хьоле хьаьжжина; климатан къаьста башхаллаш йу шеран заманашка а, дийнан сахьташка а хьаьжна цӀеххьана температураш техкар, аьхка чӀогӀа йовха хилар а, Ӏай шийла хилар а, кӀезиг йочанаш хилар а. Лахахь даладо Эриванан губернин климатан цхьадолу терхьаш, цу тӀе билгала даккха деза, Александрополь а, Гавар а станцеша, дика лакхахь лаьтташ хиларна, акъарийн климатан амал гойту, ткъа Эривань, Эчмиадзин, Аралых станцеша — араксйистера аренийн климат, уьш шозза лахахь йу акъарел.

Локхаллаа, метрашкахь Январь Апрель Июль Август Ноябрь Шо Йочанийн шеран
барам, мм
Йочанаш йолу
денойн барам
Гавар 1946 - 5,3° 4,5° 17,4° 17,7° 2,3° 6,0° 474 105
Александрополь 1524 - 10,9° 5,0° 18,4° 18,8° 1,7° 5,4° 381 95
Эривань 994 - 9,0° 12,6° 24,3° 25,0° 6,2° 11,2° 324 93
Эчмиадзин 865 --- --- --- --- --- --- 267 ---
Аралых (Араратан кӀажа) 839 - 6,4° 12,7° 26,1° 26,3° 4,6° 11,6° 158 58

Уггаре кӀеда климат йу араксйистан аренехь. БӀаьсте кхузахь йолало февралан чеккхенгахь, мартехь заз долу стоьмийн дитташна, май чекхболуш йа июнан йуьххьехь йалта гулдо, бецаш йакъало. Уггаре чӀогӀа тов хуьлу июлехь а, августехь а, цу тӀе температура айало ӀиндагӀехь 40° кхаччалц. Октябрехь дуьйна хӀутту гуьйре, иза лаьтта декабрь йуккъе баххалц, оцу хенахь Ӏа а дулу, иза лаьтта 2 баттахь гергга. Деина ло сихха деша, ло доцу шелонаш кхочу наггахь 20 а, кхин лахара а градусашка (Эривань −26,7°). ДогӀанаш оьху коьртаниг бӀаьста а, Ӏай а; цхьаццанхьа (Аралых) йочанийн барам чӀогӀа кӀезиг бу. Мехаш (дукха хьолехь къилбаседин а, малхбузен а) дукха хуьлу. Аьхка чӀогӀа тов хиларна, хи диллина аренашкахь (дуганан) миазмаш бахьнехь, гӀуон хи бахьнехь, кхин беркате доцу хьелаш бахьнехь, вай йуьйцу кӀоштан климат зуламе йу бахархойн могашаллина, уьш цомгаш хуьлу хоршах а, кхечу цамгарех а. Эриванан губернин ламанан дакъа къаьста дикка луьра климатца, меттигашкахь дагайоуьйту Европин Российн къилбаседин декъера климат. Лайш оьху кхузахь ноябрехь, Ӏа дукха хьолехь лаьтта 6—7 баттахь дарц хьийзош шийла а йолуш, уьш кхочу −30° а, кхин лаха а (Керла-Баязет −32,3°); аьхке йоца, салкхене, сих-сиха догӀанаш оьхуш, къора тухуш, ткъа меттигашкахь дохк йолуш. Гокча Ӏам йисташкахула гӀорабо, ткъа алсама луьра Ӏай дерриг а, цхьаьна шина баттана. Дуьххьарлера гӀоролаш хуьлу августехь йа сентябран йуьххьехь, ткъа тӀаьххьарнаш — манн йухььехь. Климатан хьелаш беркате ца хиларна, дукха меттигашкахь йалта ца кхуьу, бахархой даьний лело дезаш хуьлу.

Ораматаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванан губернехь хьаннаш дӀалоцу жима аре, лаьтта йерриг аьлча санна лаьмнийн басешкахь а, чӀожашкахь а. Йерриг хьаннийн майда, лаьтта пачхьалкхан урхаллехь — 159 996 дестин, царех хьун кхиарна пайден а йац, хьаннаш дӀалаьцна а йац 67 761 дестин бен, аьлча а губернин йерриг майданех 2,8 %. Эриванан губернехь долара хьаннаш 5 эз. дестин сов ца йолу. Алсана долу диттийн тайпанаш: наж, поп, пха, къахьашту, къахк, дагӀ (ӀаммагӀ), жӀолам, дакх, мах, кхор, Ӏаж, жигади, гӀаргӀа, стов, маъ. Хьуьнан дечиг дика йац, хӀунда аьлча лелайо дечиганна а, кӀоранна а; дечиг чӀогӀа деза ду, дукхаха йолу хьун йоцучу меттигашкахь гӀий лелабо.

Ламанан аренаш, йийна йоцучехь Араксца охьа бецан ораматаш йолуш йу, алсама йу бай-аренийн а, кӀайн лаьттан а флора; ламанан басеш дукха хенара схьа хьаннех кӀумзала йаьхна, наггахь коьллаш йевлла лаьтта.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

1863 шарахь гӀалин бахархойн процент, берриг бахархойх 11% кӀезиг хилла. Эрмалой баьхна бусалбачарал алсамо йаккхийчу нах бехачу меттигашкахь, гӀалин бахархошна йукъахь алсама бу[4].

1897 шарахь Российн имперера дуьххьарлера массера йукъара бахархой багарбаран хаамашца[5][6]. Губернин бахархой коьртаниг йуьртан бахамехь къахьоьгуш бу, кӀеззиг — промышленностехь, долара гӀуллакхехь, махлелорехь. Дукха тӀеман гӀуллакхехь берш. 1897 шарахь бахархой бара 829 556 ст. (441 889 божарий а, 387 667 зударий а), царех грамота йолуш — 6,4 %. ГӀалин бахархой бара 92 323 стаг (11,13 %) бахархойн йукъара барамах (царех грамота йолуш — 25 112 (27,2 %)). 10 эз. сов бахархой болу гӀаланаш йара Александрополь (30 616) а, Эривань (29 006)[7].

Эрмалой алсама бу уездашкахь: Александрополан (85,5 %), Керла Баязатан (66,3 %), Эчмиадзинан (62,4 %). Эрмалойн бахархойн уггаре кӀезиг процент йу Шаруро-Даралагезан уездехь. ТӀаьхьарчохь, Нахичеванан уездца цхьаьна, алсама бу азербайджанаш. Оьрсий беха, доккхаха долу дакъа, гӀаланашкахь, коьртаниг тӀеман дакъошкахь, цундела царех алсама бу божарий (74 %)[6][8].

Центран статистикин комитетан хаамашца, 1905 шарахь Эриванан губернехь вехара 901 900 вахархо.

1913 шарахь губернехь вехара 971 200 ст.[9]. К 1916 году, доля армянского населения среди жителей губернии достигла 60 %[10].

Ӏедалан меженаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вице-губернаторш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ф. ЦӀ. Д. Дарж, чин, эскархойн цӀе Даржеь хилла хан
Блаватский Никифор Васильевич кертара хьехамча (статсан хьехамча)
1849—1861
Дзюбенко Василий Афанасьевич бакъволу статсан хьехамча
1861—1865
Бучен Карл Игнатьевич бакъволу статсан хьехамча
1865—1873
Чеховский Валерий Афанасьевич бакъволу статсан хьехамча
30.12.1873—02.09.1890
Тизенгаузен Владимир Фёдорович граф, бакъволу статсан хьехамча
29.11.1890—29.10.1892
Накашидзе Михаил Александрович эла, бакъволу статсан хьехамча
19.11.1892—15.04.1904
Тарановский Виктор Петрович подполковник
06.09.1904—13.08.1905
Чегодаев Алексей Павлович эла, коллежски хьехамча
1913—1914
Стрельбицкий Аркадий Евгеньевич кертара хьехамча
1914—1916

Латталелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Латта леладо 6,5—7 эз. фут хӀордан тӀегӀанал лакхахь. 4—5 эз. футал лахахь хи ца диллича латта лелор пайденна дац. Цхьаццанхьа хи диллар оьшу кхин а лакхахь, масала Гокчи Ӏоман бердашца. Хи дуьллуш леладо эркаш, ламанан аьхкаш, шовданаш, уьшалаш, лаьттан бухалара хи дилларан галерейш (кяризаш), куьйга йина хи лоттийлаш а. Латталелоран лакхарчу асанехь, 4,5 эз. футал лакхахь, кхиадо кӀеззиг йалта, кхоьш, даьттин ораматаш; кхин лахарчу асанехь, 4,5 – 3 эз. фут, кхиадо, цул сов, бешан дитташ; 3 эз. футал лахахь гучуйовлу бамба, дуга, кунжут, клещевина, кхин царех тера культураш, царна оьшу лакхара аьхкенан температураш а, йеха аьхке а. Уггаре бес-бесара йу культураш араксан тогӀи чохь, кхин а башха, цуьнан лахарчу декъехь (Нахичеванан уездехь); дикка лакхарчу акъарийн меттигашкахь беккъа цхьа мукх бен ца кхиабо. Аренан ораматех Эриванан губернехь леладо: кӀа, мукх, дуга, борц, акха кӀа, сула, сос, цӀен дуга, хьаьжкӀа, кхоьш, хьозан кхоьш, картол, бамба, тонка, вета, кунжут, клещевина, рыжик, сурепица, репак, кӀомал, маьлхан хуш, лалеманци, марена, кхоткъа, эспарцет, аларт, акха сула, кхин бецаш. Ладаме маьӀна ду кӀенан, мекхан, борцан, дуганан, бамбанан. Гуьйренан кӀа кхиадо дукхах дерг аренашкахь, бӀаьстенан — акъарин тӀехь, хи ца тухучехь. 1900 шарахь кӀа дийнера 166 154 дестин майданехь; гулдира 17,5 млн пунт гергга. Мукх буьй дукхаха дерг акъарин тӀехь, дӀадер цуьнан кхочу цкъацца 7,5 эз. фут лакха: 1900 шарахь мукх бийнера 58 586 дестин майданехь, цуо делира 4 млн пунт йалта. Дуга кхиадо уггаре йовхачу меттигашкахь, хи сов долчохь, коьртаниг Эриванан уездехь. 1900 шарахь дуга дийнера 8737 дестин майданахь, делира 2,5 млн пунт гергга йалта. Борц буй йерриг аьлча санна меттигашкахь кӀез-кӀезиг; цуьнан йалта йуккъера барам 1894—1898 шерашкахь кхечира 118 эз. пунте. Сос, акха кӀа, цӀен дуга, сула, хьаьжкӀа кхиайо чӀогӀа кӀезиг барамехь. Бамба кхиабо уггаре йоххачу меттигашкахь Сурмалун, Эриванан, Эчмиадзинан, Шаруран-Даралагезан уездашкахь; 1900 шарахь бамба бийнера дерриг 15 257 дестин майданехь, гулдира 400 эз. пунт гергга тай. Даьттин ораматаш кхиадо чӀогӀа кӀезиг барамехь; клещевина дукха хьолехь йуьй бамбийн плантацийн йисташкахула, уьш даьхнаша йохорах ларйархьама; губернехь гулден хӀуш 5—6 эз. пунтал сов ца хуьлу. Кунжут гулйо 15 эз. пунт гергга, тонка-махорка — 10 эз. пунт гергга. Латталелоран техника хьалхара бахаман йу, тобина гӀирсаш а, хьесап а наггахь бен ца леладо. Хасбошмашлелор, алсама йовхачу меттигашкахь хьелаш дика доллушехь, гӀийла кхиина йу; цхьаццанхьа иза дикка ладаме маьӀна долуш йу. Кхиайо кхоьш, пастанаш, хорбазаш, наьрсаш, хох, копаста, кхин йерш а. пастанийн а, наьрсийн а, хохан а кӀезиг ладаме роль йац дааран сурсат санна; цхьацца тайпана пастанаш (дутма) шуьйра йевза йерриг Чоьхьара Кавказехь. 1900 шарахь Эриванан губернехь йара 10298 дестин кемсийн бошмаш а, 2868 дестин бошмаш а; кемсийн бошмийн доккхаха долу дакъа — Эриванан а, Эчмиадзинан а уездашкахь ду. Кемсаш оцу шарахь гулйира 2 664 587 пунт; 50 % гергга чагӀардаккхаре хьажайо, 30 % кхачанан, 20 % гергга спирт доккху. ЧагӀардоккху заводаш 1900 шарахь 498 йара; даьккхина 8 821 041 градус спирт. Стоьмашлелор меттигашкахь, масала Шаруран-Даралагезан а, Нахичеванан а уездашкахь, ладаме маьӀна долуш ду. Кхиадо барамера асанера дерриг стоьмаш, шапталашка кхаччалц; тӀаьхьарчеран Эриванехь, Нахичеванехь, Ордубатехь кхио цхьацца тайпанаш, Чоьхьара Кавказехь уггаре дика лору. Салларшлелор гӀийла кхиина ду; 1901 шарахь даьхна (коьртаниг Нахичеванан уездехь) 20 эз. аьрга гоьжанаш.

Даьхнийлелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шуьйра аренашкара байданаш ду акъари тӀехь, йалта деран асанал лакхахь, кхин а чутаьӀначу меттигашкахь, дилла хи доцучехь латта ца лелало, и меттигаш беркате йу даьхний лело, дукха хьолехь бахархойн хьелийн цхьаъ бен доцу хьост ду иза. Даьхнийлелорхой кхурдой а, азербайджанийн дакъа а, кхерсташ лела, шайн жашца, шеран замане хьаьжжина, аьхкенан байданаш тӀера Ӏаьнан байданашка боьлхуш, йуха богӀуш. Байданийн майда, йерриг аьлча санна пачхьалкхан йу, бахархошка лелайойту, 597 эз. дестин йу; царех 325 эз. дестин аьхкенан байданаш йу, 272 эз. дестин — Ӏаьнан йу. Аракйистан аренашкара Ӏаьнан байданаш (кишлаг) тӀера, даьхнийлелорхой арабовлу мартан йуьххьера май болабаллалц. Ахкхерста а, охьахевшинчеран дакъа а арабовлу тӀаьхьуо, бӀаьстенан аренан белхаш чекхбохий. Хьала а боьлхуш, совца а совцуш, наггахь дикка йехачу ханна, йуккъера лоттийлашкахь (йаздаг), даьхнийлелорхой богӀу аьхкенан байданашка (йайлаг) майхь йа июнехь, охьаховшу дукха хьолехь четарш чу. Салкхене хӀаваан Ӏаткъам, хьена йаало бецаш, шовданан хиш бахьнехь даьхний сихха тӀедогӀу, алсама шура ло, цунах йайлагашкахь йоккху нехча, доккху даьтта а, кхин сурсаташ а. Йайлагашкара охьабовлу сентябрехь. Охьахевшин беха бахархой йухабоьрзу шайн эвланашка; гуьйре кӀоргайоллалц даьхний латтадо йалта чудерзийначу аренийн чен тӀехь, хьаннашкахь, цул тӀаьхьа бежний дӀатосу божалаш чу, ткъа уьстагӀий а, гезарий а жаӀушца Ӏаьнан байданашка дуьгу. Кхурдоша уьстагӀий бен ца леладо, даьхнашца боьлху кишлагашка, шешша а Ӏа Ӏадоккхуш, ткъа даьхний дажадо. Иштта кепара, Эриванан губернин даьхнийлелор ладамечу тӀегӀанехь хьалхара бахаман амалаш йолуш ду. Губернехь 1900 шарахь дара даьхний: говраш а, бӀарзанаш а 38 720 (3,3 %), бежний 434 630 (37,6 %), гомаш 44 620 (3,8 %), уьстагӀий а, гезарий а 605 840 (52,4 %), эмкалаш 5610 (0,5 %), варраш 27 580 (2,4 %).

Промышленность[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванан губернехь Фабрикийн-заводийн промышленность кхиина гӀийла; кемсийн-къаркъин промышленность йоцург, уггаре дика кхиина йогӀу даридуца, спиртцӀанноран, дама доккхьу, цӀесталало, даьттадоккху, бамбацӀаннор, йийдаккхан арахецараллаш. Йаккхий промышленностан предприятеш чӀогӀа кӀезиг йу. 1900 шарахь йара 3469 промышленностан предприятеш, цара арахоьцура 1 336 640 соьман сурсаташ, цунах 1 млн сов ло: дама даккхаро (409 эз.), кемсийн-къаркъинн (390 эз.), дари дуцу (117 эз.), спиртцӀанноран (98 эз.) арахецараллаш.

ПхьолгӀанийн, кхин башха кегийра пхьолгӀанийн промышленность кхуьу дика алсама цхьайолчу кӀошташкахь, арахецараллин жима бараме хьаьжна доцуш, бахархошна ладаме маьӀна долуш йу. Дерриг оцу тайпана промышленносто хьовзо ахча 309 эз. сом бен дац; цуьнан уггаре ладаме отраслаш — мачашйар, бедар тегар, детин пхьола, кузашдар. Шайн цӀахь кузаш дар кхиина ду кхерста а, ахкхерста а бахархойн, чӀогӀа уьйр йу церан гӀуллакхца а, дхарца а. Кхунна йукъа догӀу кхурдаша а, азербайджанийн цхьаьна декъо а тӀаргӀанах кузаш, палсаш, джиджимаш (дорожкаш), машшаш, четаршна морса кӀадеш, галеш, белшах тосу тӀоьрмигаш дар, кхин бахамехь оьшу а, йохка а хӀумнаш йар. Кузаш дуцар а, оцу тайпана кхин хӀумнаш йар а леладо беккъа зударша; бӀаьста а, аьхка а цара кечдо эханг, басарбо, ткъа гурахь а, Ӏай а дуцу. Дерриг арахецна кузан сурсатийн мах 30 эз. соьмал кӀезиг хуьлу. Эриванан губернера лаьмнашкахь маьӀданаш дикка дукха ду, амма уьш дахар гӀийла ду; девза цӀестан, детин-дашин, дашин, аьчкин, кобальтан маьӀданаш, саьнгал, тӀулган туьха, амма алсама туьхий бен ца доккху. ТӀулган туьха даккхар кхиина Сурмалун уездехь Кохб эвлана уллехь, Араксан аьтту бердаца, кхечу меттигашкахь Нахичеванан уездан Суст эвлан йистехь. 1901 шарахь Кульпан маьӀда доккху меттигехь уггаре дика туьха доккху, даьккхина 1 754 500 пуд, Нахичеванан — 82 659 пуд, Сустан — 27 125 пуд тӀулган туьха. Александрополан уездера Сицимаданан цӀесталалоран заводехь 1901 шарахь даьккхина 49 650 пуд маьӀда, амма цӀеста ца даьккхина. ГӀишлошйарехь лелайо массанхьа а йолу туф. ЧӀара лоцу, кегийрачу барамехь, Гокче Ӏам тӀехь.

Бахьарчийн болх, дукха хан йоццуш Эриванан губернехь цӀерпоштнекъаш доцучу хенахь, дуккха алапаш дара коьртаниг оьрсийн бахьарчашна. Нах дӀасалелоран ахча 1900 шарахь кхечира 450 эз. соьме. Тиблисера Эриване кхаччалц цӀерпоштнекъ биллалц губернера коьрта магистраль хилира, Акстафа станцера Семеновн ламбоккхийла тӀехула Гокчи Ӏоман уллехула Эриване боьду шоссен некъ. ХӀинца, цӀерпоштнекъ билларца, цуо кхачам бо 250 чаккхарма бохаллехь губернин къилбаседа а, малхбузен а йисташна, цунна тӀехула лелар гӀелделла. Ладаме маьӀна ду Эривань Нахичеванца хӀутту лаьттан некъан а, кхин дӀа йу дозанера Араксца йолу эвла Джульфа, цигашхула боьду махлелоран некъ Чоьхьара Кавказера Тавризе а, Тегеране а.

Махлелоран меттигаш 1899 шарахь йара 2789, царех 2313 пхи эзар сов сом ахча хьовзош, ткъе бархӀ 50 эз. сов сом хьовзош. Берриг бина мах — 14 035 120 сом. Иштта кепара губернехь махлелор жима лору. Эриванан губернин ГӀажарчоьнца болу махлелор хуьлу беккъа Джульфехула; ГӀажарчуьра коьртаниг кхоьхьу стоьмаш, керла йаьхна а, йакъийна а хурманаш, кишмаш, миндаль, фисташкан, тӀаьрсиг, бамба, тӀергӀан кузаш; ГӀажарчу хьо кӀадеш а, пхьегӀаш а.

Дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эриванера божарийн а, зударийн а гимнази а, хьехархойн институт а, Александрополера зударийн прогимнази, галийн доьшийлаш 5, гӀалийн йуьхьанцара йукъараллин ишколаш — 12, гӀалийн йуьхьанцара Ӏедалан ишкол — 1, йуьртан Ӏедалан нормин ишколаш — 4, йуьртан ишколаш — 12, халкъан серлонан министраллаш — 18, йуьхьанцара — 39, долара — 8. 1900 шарахь вара 6983 дешархо. Цхьайолчу доьшийлашкахь пхьолан а, йуьртабахаман а дакъош дара.

Арахьара суьрташ
Эривань-Елисаветполан халкъан доьшийлийн дирекцин карта 1876 шеран хьолехь

Грамотин тӀегӀанца эрмалойн бахархой оьшура оьрсийнчарал, амма хаъал алсама бара кхечу къаьмнел. 1897 шеран бахархой багарбарехь (1905 шеран арахецар) билгаладоккху «Губернин меттигера бахархойх эрмалой, алсама оьзда долу халкъ санна, грамотин тӀегӀанца лаьтта хьалхарчу меттигехь… грамота йолу эрмалойн процент кхузза гергга сов йара грамотин говза гӀезалойл, грамота йолу эрмалойн зударийн процент йалхазза алсама йу грамотин говза гӀезалойн зударел».[11]

ХӀост[нисйе бӀаьра | нисйе]

Александр II-чо чӀагӀдина официалан йийцарца губернин хӀост (1878 г.)

Эриванан губернин йехачу хенахь йацара шен хӀост. Российн империн губернийн а, областийн а хӀостийн керла проекташ чӀагӀйинчул тӀаьхьа 1878 шарахь бен Эриванан, 46 керлачу хӀостаца цхьаьна, ца хилира шениг. Цул хьалха лелайора 1843 шеран Гуьржийн-Имеретин губернин Эриванан уездан хӀост. И хьал лаьттара 1878 шо кхаччалц, оцу хенахь чӀагӀйира губернин хӀостан керлачу бакъонашца йогӀуш йолу чаккхенан вариант. ХӀостах закон арадаьлла 1878 шеран 5 июлехь, цуо боху: "Сина турс тӀехь, детин тарх, дешин оьрсийн жӀаро тажтиллина. Турсан тажтиллина Императоран тажца, гуо бина дешин ножан гӀаш, Андрейн асано"[12].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш
Хьосташ
  1. Россия. Географическое описание Российское Империи по губерниям и областям с географическими картами. / А.Е. Рябченко. — СПб.: Тип. "Бережливость", 1913. — 286 с.
  2. Полное собрание законов Российской империи, собрание 2-е, т. XXIV, ст. 23303
  3. 1 2 3 ЭРИВАНАН ГУБЕРНИ • Большая российская энциклопедия - электронная версия. bigenc.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 18 февраль. Архивйина 2021-05-11 — Wayback Machine
  4. Ronald Grigor Suny. Eastern Armenians under tsarist rule // The Armenian People from Ancient to Modern Times / Richard G. Hovannisian. — Palgrave Macmillan, 1997. — P. 121. — 493 p. — ISBN 0312101686. — ISBN 9780312101688.
  5. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи, 1897 г. т. 71 Эриванан губерни. Н. А. Тройницкий, С.-Петербург, 1904. Скан.
  6. 1 2 Демоскоп Weekly - Приложение. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи 1897 г. Эриванан губерни. www.demoscope.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 2 март.
  7. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи, 1897 г. т. 71 Эриванан губерни. Н. А. Тройницкий, С.-Петербург, 1904. Стр. 1.
  8. Первая всеобщая перепись населения Российской Империи, 1897 г. т. 71 Эриванан губерни. Н. А. Тройницкий, С.-Петербург, 1904. Стр. X—XII.
  9. Россия. Географическое описание Российское Империи по губерним и областям с географическими картами. / А.Е. Рябченко. — СПб.: Тип. "Бережливость", 1913. — 286 с.
  10. Richard G. Hovannisian. Armenia on the Road to Independence(ингалс.). — University of California Press, 1967. — P. 13. — 364 p.
  11. Перепись населения. т.71 Эриванан губерни. Н.А.Тройницкий (ред.) (С.-Петербург, 1905).pdf (1905).
  12. Аветисян Ваэ, Геральдика армянских земель в составе Российской империи.- Ер.:Ав. издание, 2018, с. 117-128

Литература а, хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]