Чулацаман тӀегӀо

Йоккха Эрмалойчоь

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Йоккха Эрмалойчоь
Байракх
Байракх
 
 
 
 
 
Коьрта гӀала Арташат, Тигранакерт, Двин, Вагаршапат
Мотт (меттанаш) суьдан а, канцелярин а мотт Ӏарамийн[1], къамелан мотт эрмалойн[2]
Официалан мотт эрмалойн мотт, Ӏарамийн меттанаш, Желтойн мотт
Дин Зороастризм, армянская мифология[3][4][…], насаралла[3][4][…]
Майда 387 шарахь 312 тыс. км² гергга
Бахархой IV—V бӀешерашкахь — 3 млн. гергга
Урхаллин тайпа абсолютан монархи
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Йо́ккха Э́рмалойчо́ь (эрм. Մեծ Հայք [Mec Haykʿ[5]], шир.-желт. Μεγάλη Ἀρμενία, лат. Armenia Magna, пехл. Buzurg Armenā, гуьрж. დიდი სომხეთი, шир.-оьрс. Йоккха Эрмалойчоь[6][7]) — шира эрмалойн пачхьалкх[8][9] Эрмалойн акъари махкахь[10], лаьттина 600 шарахь сов, вайн эрал 190 шо хьалха дуьйна[11][12] по 428 год н. э.[13][14][15][16][17][18][19][20]

Тигран II волуш, хилира йоккха пачхьалкх[21][22], дозанаш дара Кура тӀера Урдане кхаччалц, Лаьттайуккъера хӀорд тӀера Каспий-хӀорд тӀекхаччалц[23].

Хьалхара истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Сийлахь Тигранан импери, 1883 шеран карта

«Эрмалойчоь» (Армина) термин дуьххьара гучудолу гӀажарийн паччахьан Дарийн I Бехистунан йозанехь вайн эрал хьалхара 521 гергга шарахь, цуо билгалайоккху Урарту паччахьаллин хиллачу махкара гӀажарийн сардалалла. ТӀаьхьарчу желтойн хьосташкахь йевза иштта цӀе йолу ши сардалалла: Малхбузен Эрмалойчоь а, Малхбален Эрмалойчоь. ТӀаьхьарчун махкахь дегара кӀенте дуьтуш дарж урхалла дира ОронтидгӀеран некъаша (ЕрвандидгӀар, эрм. Ервандуни). Македонхой тӀелетта АхеменидгӀеран паччахьалла йоьжначул тӀаьхьа, эрмалойн латташ маьрша дисира[22]. Къилба Эрмалойчоьнан урхалчаша къобалдира Искандаран Ӏедал, амма и къобал дар формалан дара: Искандар ша Эрмалойчухула чекх ца велира, цуьнан тӀеман баьччаш а иштта ца баьхкира церан махка. Вайн эрал хьалхара IV бӀешо чекхдолу хенахь дуьйна Эрмалойчоьнан махкахь йолало кхоллаяла маьрша[24] я ахмаьрша пачхьалкхаш.

Сардала Ерванда (Оронт) диадохашца къовсам латтош вайн эрал хьалхара 316 шарахь кхоьллира маьрша Айраратан паччахьалла[22]. вайн эрал хьалхара 220 шарахь (кхечу хаамашца вайн эрал хьалхара 200 шо гергга долуш[25][26][27][28][29]) Эрмалойн Айраратан паччахьалла тӀетуьйхира селевкидгӀеран паччахьо Антиоха III шен тергонехь долчу Эрмалойчоьнан декъана, иза лаьттара Ван Ӏоман кӀоштахь, Тигран лакхенашкахь, оцу хенахь дуьйна цунах ала долийра Йоккха Эрмалойчоь[22][30]. Иштта, вайн эрал хьалхара III бӀешо чекхдолуш, дерриг аьлча санна эрмалойн латтанаш дисира СелевкидгӀеран Ӏедалан кӀелахь[21][22]. Оцу замана герга, вайн эрал хьалхара III — II (юьхьиг) бӀешерашкахь эрмалой охьахевшира берриг аьлча санна махкахь, цуо тӀаьхьа хӀоттийра историн Эрмалойчоь[22].

Евфратал дехьара Жима Эрмалойчоь, коьртачу асанах дӀакъаьстина шира эрмалойн пачхьалкхалла кхиарца, «Йоккха Эрмалойчоь» цӀерах официалан цӀе хилира шираэрмалойн пачхьалкхан[31]. Иштта маьӀна долуш лелийна иза вайн эрал хьалхара 77 шеран Гарнера паччахьан Трдатан I желтойн йозанехь, (желт. Μεγάλη Ἀρμενία, Мега́лэ Армени́я — «Йоккха Эрмалойчоь»). Кхин а паччахь Бакур руман II бӀешеран йозанехь язвина Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь аьлла[32]: «Аурелиус Пакорус, Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь» (желт. Αύρήλιος Πάκορος βασιλεύς μεγάλης Άρμενίας[33]). Пачхьалкхан и цӀе язйина ю кхин йозанашкахь а, масала паччахьан Трдатан III йозанехь IV бӀешо долалуш, иза карийна Апаранехь[34]. Изза цӀе лелайо иштта кхин меттанашкара — латинан, гӀажарийн, гуьржийн, оьрсийн, кхечу хьосташкахь[31].

АрташесидгӀеран некъий

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Паччахьан Арташес I-чун делимитацин тӀулгаш (вайн эрал хьалхара189—160 шераш), карийна Сюникехь (Зангезур)[35]

Некъий схьабевлла Арташес I-чух, цуо шех Ервандид олура. Цуьнан хьалхарчу урхаллера эрмалойчоьнан некъашца йолу уьйр чеккхенца хууш йац. АрташесидгӀеран урхалла билгаладаьлла ца Ӏа мехкан экспансешца, амма билгалдаьлла аьттонца политикин а, динан а марталла ян гӀертарца, баьхна мехкашка эрмалой хийшорца, пачхьалкхан а, оьздангаллин а йукъараллица эрмалойх тарбала гӀертар чӀагӀдарца[36][37][38].

Йоккха Эрмалочоьнан коьрта шахьарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Йоккха Эрмалойчоьнан ерриг коьрта шахьраш, Тигранакерт йоцург, лаьттина Араратан тогӀенехь, хӀинцалерачу Ереванан герга — Айрарат наханган махкахь, паччахьийн долара цӀа долчохь. Айраратан паччахьаллин хьалхара коьрта шахьар хилла Армавир[39] (вайн эрал хьалхара IV чеккхе—III бӀешо); иза лору ламастан испискица историн эрмалойн пачхьалкхийн шолгӀа коьрта шахьар. Вайн эрал 200 шо гергга хьалха паччахьо Ерванд IV-чо коьллира Ервандашат[40][39], иза оццу паччахьаллин коьрта шахьар а, монархан резиденци а лаьттира, Арташес I-чо вайн эрал 176 шо хьалха Ганнибалан планца Арташат[40] гӀала йоггӀалц, иза хилира Йоккхачу Эрмалойчоьнан коьрта шахьар[41][42]. Вайн эрал 77 шо хьалха Сийлахь Тиграна югӀу Йоккхачу Эрмалойчоьнан къилба-малхбузен йисттехь керла къегина коьрта шахьар, цунна цӀе туьллу Тигранакерт[22]. Тигранакерт а, Арташат а масех бӀешарахь лаьтта коьрта шахьарш, царна йукъахь дара билггала эмгаралла: Тигранакерт яра эллинийн а, руман а Ӏаткъаман йукъ, Арташат — руман дуьхьала а, парфянашкахьара а. II бӀешо долалуш Вагарш паччахьо дӀахьо шен резиденци керлачу гӀала, цунна цӀе туьллу Вагаршапат[43]. керсталла тӀеэцарца иза хуьлу Эрмалойчоьнан килсан коьрта шахьар, хӀинца а ю иза оцу статусехь. 335 шарахь паччахьа Хосров II-гӀачо Араксан харш хийцадалар бахьнехь кхалхабо Арташатан бахархой Двине, цунах хуьлу тӀаьххьара коьрта шахьар Йоккхачу Эрмалойчоьнан, иза йоьжначул тӀаьхьа хуьлу резиденци хьалха гӀажарийн, цул тӀаьхьа Ӏаьрбийн сардалийн.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Armenia and Iran — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». M. L. Chaumont
  2. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху ИДМ тIетовжаран текст йазйина йац
  3. 1 2 http://www.iranicaonline.org/articles/armenia-iii
  4. 1 2 https://archive.org/details/historyarmeniapa00paya_610
  5. Дж. Рассел[en]. Artaxias I // Encyclopaedia Iranica. — 1986. — Vol. II. — P. 559—560.
  6. Повесть временных лет (Подготовка текста, перевод и комментарии О. В. Творогова) // Библиотека литературы Древней Руси / РАН. ИРЛИ; Под ред. Д. С. Лихачёва, Л. А. Дмитриева, А. А. Алексеева, Н. В. Понырко. — СПб.: Наука, 1997:

    А Афетови же яся полунощная страна и западная: Мидия, Олъвания, Армения Малая и Великая, Каподокия, Фефлагони, Галатия, Кольхысъ, Воспорий, меоти, дереви, сармати, тавриани, Скуфия, фраци, Македония, Далматия, молоси, Фесалия, Локрия, Пеления, яже и Полопонисъ наречется, Аркадия, Ипириноя, Илурикъ, словене, Лухития, Аньдриакия, Аньдриатиньска пучина.

  7. Новосельцев А. П. О местонахождении библейской «горы Арарат» // «Восточная Европа в древности и средневековье». — М.: Наука, 1978.
  8. Всемирная история / Ред. А. Белявский, Л. Лазаревич, А. Монгайт. — М.: Государственное издательство политической литературы, 1956. — Т. 2, ч. II, гл. XIII.:

  9. Большой энциклопедический словарь. Статья: Армения Великая
  10. Йоккха Эрмалойчоь — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. :

    Армения Великая, древнее государство, территория которого охватывала основные области Армянского нагорья.

  11. Armenia — йаззам бу «Британской энциклопедии»:

  12. Artaxias — йаззам бу «Британской энциклопедии»
  13. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху История Древнего мира тIетовжаран текст йазйина йац
  14. Энциклопедия Ираника. Статьи: BAGRATIDS и ARSACIDS, автор — C. Toumanoff:

  15. Энциклопедия Ираника. Статья: ARMENIA AND IRAN iv. Iranian influences in Armenian Language, автор — R. Schmitt:

  16. Энциклопедия Британника. Статья: Armenia, раздел «History»:

  17. «История Востока» (Восток в средние века), Глава I, раздел «Закавказье в IV—XI вв.»:

  18. The Cambridge Ancient History. Том 13, стр. 426, автор — R.C. Blockley:

  19. Cyril Toumanoff «Chronology of the Early Kings of Iberia» Стр. 17:

  20. R. Hewsen, «Armenia: A Historical Atlas» стр. 82, Хронология: стр. 84 стр. 109:

  21. 1 2 Древние цивилизации / Под. ред. М. Г. Бонгард-Левина. — М., 1989.:

    Титул «царь царей», который вскоре принимает Тигран II, был вполне закономерен — при нём Армения действительно превратилась в крупнейшую державу.

  22. 1 2 3 4 5 6 7 Всемирная история / Ред. А. Белявский, Л. Лазаревич, А. Монгайт. — М.: Государственное издательство политической литературы, 1956. — Т. 2, ч. II, гл. XIII.:

  23. Всемирная история / Ред. А. Белявский, Л. Лазаревич, А. Монгайт. — М.: Государственное издательство политической литературы, 1956. — Т. 2, ч. II, гл. XIII.:

    В 70-х годах I в. до н. э. государство Тиграна II представляло собой обширную державу, простиравшуюся от Куры до Иордана и от Средиземного моря до Каспийского.

  24. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху БСЭ тIетовжаран текст йазйина йац
  25. «История Востока» (Восток в древности). Глава XXIX, Закавказье и сопредельные страны в период эллинизма. Часть 1. Независимые государства IV—III вв. до х. э.:

  26. The Cambridge History of Iran Volume 3. Chapter 12: Iran, Armenia and Georgia. — P. 512:

  27. Cyrille Toumanoff. The Orontids of Armenia. // Studies in Christian Caucasian History. — P. 277—354. — См. в частности страницы 282—283.
  28. Генеалогия династии Ервандидов. // Richard G. Hovannisian. The Armenian People From Ancient to Modern Times. — Vol. I. — P. 36.
  29. Рыжов К. В. Армении цари Архивйина 2012-05-19 — Wayback MachineКеп:Мёртвая ссылка. // Все монархи мира: Древний Восток: Справочник.
  30. Древние цивилизации / Под. ред. М. Г. Бонгард-Левина. — М., 1989.:

    Сравнительно недолгой независимости Армении пришел конец в 220 г. до н. э., когда Антиох III присоединил это государство к так называемой Великой Армении, созданной им в рамках Селевкидского государства.

  31. 1 2 См. прим. 2 к «Истории Армении» Мовсеса Хоренаци
  32. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху M. L. Chaumont тIетовжаран текст йазйина йац
  33. Van Den Hout, A Commentary on the Letters of M. Cornelius Fronto, p.302
  34. Тревер К. В. Очерки по истории культуры древней Армении (II в. до н. э. — IV в. н. э.). — М. — Л., 1953. — С. 273.:

    Тиридат Великий Великой Армении царь пожаловал … [из рода] Гнтуни сыну Родомира на кормление [?] город Ниг… февраля…

  35. Тревер К. В. Очерки по истории культуры древней Армении (II в. до н. э. — IV в. н. э.). — М. — Л., 1953. — С. 164—165.
  36. Nina Garsoian, The Emergence of Armenia, in: The Armenian People From Ancient to Modern Times The Dynastic Periods. Vol I: From Antiquity to the Fourteenth Century, 1997, стр. 50

  37. Albert de Jong Armenian and Georgian Zoroastrianism, in: The Wiley Blackwell Companion to Zoroastrianism, 2015 — стр. 120

  38. James Russell Zoroastrianism in Armenia 1987, стр. V

  39. 1 2 Cyrille Toumanoff. Studies in Christian Caucasian history. — Georgetown University Press, 1963. — С. 75.:

    The capitals of Armenia were successively: Armavira or Armawir of the Orontids (Manandyan, O torgovle 37) untill the transfer by Orones IV of his residence to Eruandasat (*Orontasata)

  40. 1 2 Eruandašat — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». Robert H. Hewsen
  41. Artaxata — йаззам бу «Encyclopædia Iranica». Robert H. Hewsen
  42. Adrienne Mayor. The Poison King: the life and legend of Mithradates, Rome's deadliest enemy. — Princeton University Press, 2009. — С. 55.
  43. M. Chahin. The kingdom of Armenia: a history. — Routledge, 2001. — С. 217.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]