Самцхе-Джавахети
Мохк (АД 1-гӀа тегӀа) | |
Самцхе-Джавахети | |
სამცხე-ჯავახეთი | |
![]() | |
Пачхьалкх | Гуьржийчоь |
---|---|
Административан центр | Ахалцихе |
Губернатор | Бесик Амиранашвили |
Коьрта меттанаш | гуьржийн; иштта баьржина бу эрмалойн |
Бахархой (2018) | 155 903[1] |
Къаьмнийн хӀоттам | Эрмалой (50,5 %), гуьржий (48,3 %), оьрсий (0,4 %), желтой (0,3 %), хӀирий (0,2 %)[2] |
Динан хӀоттам | 2014 шарахь: православниш (45,2 %), эрмалойн АЦ (40,0 %), католикаш (9,4 %), бусулбанаш (3,8 %)[3] |
Латта | 6413 км² |
![]() |
|
Код ISO 3166-2 | GE-SJ |
Официалан сайт | |
![]() |
|
Са́мцхе-Джавахе́ти (гуьрж. სამცხე-ჯავახეთი) — Гуьржийчоьнан мохк (мхаре), мохк бу пачхьалкхан къилба декъехь, дозанаш ду Эрмалойчоьца а, Туркойчоьца а.
Коьрта историн сийлахь меттиг ю хьехарш йолу килсаш Вардзиа (йиллина Тамарас[4]. Махкахь ю курорт Боржоми дерригдуьненахь гӀарадаьлла долу дарбане хишца.
Регионехула ю Баку — Тбилиси — Джейхан нефтьузург а, Къилбакавказан газъюьгург а.
Административан екъаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Махкахь ю ялх муниципалитет (2006 шо кхаччалц кӀошт). 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Ахалцихе гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала яра).
Муниципалитет | майда, км² |
бахархой ларар 2002[5], стаг |
бахархой ларар 2014[6], стаг |
бахархой ларар 2018[1], стаг |
центр |
---|---|---|---|---|---|
Адигенин муниципалитет | 800 | 20 752 | 16 462 | 16 305 | Адигени гӀкэ |
Аспиндзин муниципалитет | 825 | 13 010 | 10 372 | 10 531 | Аспиндза гӀкэ |
Ахалкалакин муниципалитет | 1235 | 60 975 | 45 070 | 42 949 | Ахалкалаки гӀ. |
Ахалцихин муниципалитет[7] | 1010 | 46 134 | 38 895 | 39 375 | Ахалцихе гӀ. |
Боржомин муниципалитет | 1189 | 32 422 | 25 214 | 25 240 | Боржоми гӀ. |
Ниноцминдан муниципалитет | 1353 | 34 305 | 24 491 | 21 503 | Ниноцминда гӀ. |
мохк, берриге | 6413 | 207 598 | 160 504 | 155 903 | Ахалцихе гӀ. |
Административан центр — Ахалцихе.
Махкахь ю 5 гӀала, 6 гӀалин кепара эвла, 268 эвла.
ГӀаланаш: Ахалцихе (17 903 стаг, ларар 2014 шо), Боржоми (10 546 стаг), Ахалкалаки (8295 стаг), Ниноцминда (5144 стаг), Вале (3646 стаг);
ГӀалин кепара эвланаш: Аспиндза (2379 стаг, ларар 2014 шо), Бакуриани (1879 стаг), Ахалдаба (1586 стаг), Абастумани (937 стаг), Цагвери (799 стаг), Адигени (783 стаг), Бакурианин Андезит (352 стаг).
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь[2][8]
стаг | % | |
---|---|---|
берриге | 160 504 | 100,00 % |
Эрмалой | 81 089 | 50,52 % |
Гуьржий | 77 498 | 48,28 % |
Оьрсий | 712 | 0,44 % |
Желтой | 420 | 0,26 % |
ХӀирий | 393 | 0,24 % |
Украинаш | 142 | 0,09 % |
Азербайджанаш | 89 | 0,06 % |
Жуьгтий | 16 | 0,01 % |
Абхазаш | 11 | 0,01 % |
кхиберш | 134 | 0,08 % |
2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 155 903 бахархой бу[1], 2014 шеран 1 январехь — 213 700 бахархой, 2009 шеран 1 январехь — 208 100 бахархой[9].
2014 шарахь ларарца махкахь 160 504 бахархой бара[6], 2002 шарахь ларарца — 207 598 бахархой[6].
Самцхе-Джавахети мохк тайп-тайпнара къаьмнаш долуш бу. 2002 шарахь ларарца махкахь бара 207 598 бахархой царах 54,6 % эрмалой (113 347 стаг), 43,4 % — гуьржий (89 995 стаг), 1,1 % — оьрсий (2230 стаг), 0,4 % — хӀирий (822 стаг), 0,4 % — желтой (740 стаг)[5].
Гуьржий (месхетинхой) Адигенин муниципалитетехь бу дукхахкарш (95,7 % я 19 860 стаг 3,4 % эрмалойн дуьхьала), Боржомин муниципалитетехь (84,2 % я 27 301 стаг 9,6 % эрмалойн, 2,2 % хӀирийн, 1,8 % оьрсийн, 1,7 % желтойн дуьхьала), Аспиндзин муниципалитетехь (82,0 % я 10 671 стаг 17,5 % эрмалойн дуьхьала), Ахалцихин муниципалитетехь (61,7 % стаг 28 473 стаг 36,6 % эрмалойн (16 879 стаг дуьхьала)[10].
Эрмалой Ниноцминдин муниципалитетехь бу дукхахберш (95,8 % я 32 857 стаг. 2,7 % оьрсийн а, 1,4 % гуьржийн а дуьхьала), цул совнах Ахалкалакин муниципалитетехь (94,3 % я 57 516 стаг 5,3 % гуьржийн дуьхьала).
Месхетехь бехаш хила болу туркой-месхетинхой (туркой-Ӏосманаш) 1944 шарахь Гуьржийчура арабаьхира; хӀинца йолу ханна цера тӀаьхьенаш еха хилачу ССРСн тайп-тайпанара пачхьалкхашкахь а, АЦШ-ехь а. ХӀинцалерачу регионехь бусулбанаш кӀезига бу; бахархой лараро уьш «гуьржашна» юкъатуха.
- Мехкан бахархой Юккъера оьмар хьалхарчу а, Лакхарчу а муьрехь.
Оцу хенахь Джавахка ахкахь бехаш бара эрмалой. Иза бакъ хилар тешалладо эрмалойн, а гуьржийн а, иштта Ӏаьрбийн а хӀосташа. XI бӀешеран Леонти Мровели цӀе йолучу тептархочуна хаамашца, Джавахка бахархоша эрмалойн мотт бара буьйцуш[11].
XVI — XVIII бӀешерашкахь хилачу туркойн налогийн реестраш боху, Джавахка махкахь а, цуьна гонахьарчу кӀошташкара а нах бехачу меттигашкахь дукхахберш бара эрмалой. Вахушти Багратиони а, мхитаристийн конгрегацин декъашхочун Гукаса Инчичянан а кхиболу а гӀуржийн авторийн тептаршкахь а карадо иза[12]. Кхузахь туркойн Ӏедал дӀахӀотиначул тӀехьа Джавахка махкан къаьмнийн хӀоттам хийцабала болабелира. Джавахка махкан керста бахархой, маддара аьлча эрмалой, кӀизига хилира, бусулба къаьмнаш совдала доладелира, кхуза баха ховшира лазаш а, чергазий а бара. XVIII бӀешеран чакхехь дукху эрмалой Джавахк махкара арабаьллира, кхидолу дакъа хӀалак дира. Туркойн Ӏедало Джавахк махкахь кхоьллира Ахалцихин пашалык, иза тӀехьо Хункар-мехкан къилбаседа-малхбалехьара дозанийн коьрта форпост хила дӀахӀоьтира[13].
- Махкан бахархой 1829-1831 шш.
Оьрсийн-туркойн тӀом болабалале, 1820-гӀа шераш долалуш, Джавахкехь дехаш дара 2534 доьзал, царах[14]: эрмалой - 1716 доьзал (67,7 %) бусулбанаш - 639 доьзал (25,2 %) гуьржий - 179 доьзал (7 %) Оьрсийн-туркойн тӀом чекхбелчул тӀехьа Самцхе-Джавахети бехаш болу бусулбашна (оцу юкъахь бара гуьржий а) аьллира Хункар-мохк дехьа довла аьлла[15]. Цера метта Ӏедала гӀоьнца 1829-1831 шш. Самцхе-Джавахети Туркойчура сихьабаьллира эзаршкахь эрмалой. Адрианополин машаран бертан сацамца, шайна баха пачхьалкх харжа 18 бутт беллира. Оцу муьрехь бусулба бахархойн аьтту бара бусулба йолу Туркойчу дӀакхалха, ткъа эрмалойн - керста Росси[16]. Керла администрацино 1830 шарахь цига баха ховшира Эрзерумера 35 эзар эрмало.
- Махкан бахархой ХХ бӀешеран юьхьехь.
1914 шарахь, Дуьххьара дуьнен тӀом болабалале, Джавахкехь бехаш бара 98159 стаг, царах:
- Эрмалой-81 014 (82,5 %)
- Оьрсий-7185 (7,3 %)
- Гуьржий-6905 (7 %)
- Бусулбанаш-3036 (3 %)
- Кхиберш-19 (0,01 %)
Самцхе-Джавахетии а, цуьна муниципалитетийн а къаьмнийн хӀоттам (2002)[5]
муниципалитет[17] | шаберш | эрмалой | % | гуьрж- ий |
% | оьр- сий |
% | хӀир- ий |
% | жел- той |
% | ук- раин- аш |
% | азер- байд- жанаш |
% | абха- заш |
% | кхи | % |
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Адигенин | 20 752 | 698 | 3,36 % | 19 860 | 95,70 % | 101 | 0,49 % | 28 | 0,13 % | 7 | 0,03 % | 20 | 0,10 % | 17 | 0,08 % | 13 | 0,06 % | 8 | 0,04 % |
Аспиндзин | 13 010 | 2273 | 17,47 % | 10 671 | 82,02 % | 34 | 0,26 % | 9 | 0,07 % | 8 | 0,06 % | 5 | 0,04 % | 0 | 0,00 % | 4 | 0,03 % | 6 | 0,05 % |
Ахалкалакин | 60 975 | 57 516 | 94,33 % | 3214 | 5,27 % | 157 | 0,26 % | 10 | 0,02 % | 51 | 0,08 % | 14 | 0,02 % | 3 | 0,00 % | 3 | 0,00 % | 7 | 0,01 % |
Ахалцихин | 46 134 | 16 879 | 36,59 % | 28 473 | 61,72 % | 410 | 0,89 % | 52 | 0,11 % | 129 | 0,28 % | 42 | 0,09 % | 13 | 0,03 % | 12 | 0,03 % | 124 | 0,27 % |
Боржомин | 32 422 | 3124 | 9,64 % | 27 301 | 84,21 % | 585 | 1,80 % | 719 | 2,22 % | 540 | 1,67 % | 75 | 0,23 % | 24 | 0,07 % | 10 | 0,03 % | 44 | 0,13 % |
Ниноцминдин | 34 305 | 32 857 | 95,78 % | 476 | 1,39 % | 943 | 2,75 % | 4 | 0,01 % | 5 | 0,01 % | 6 | 0,02 % | 2 | 0,01 % | 0 | 0,00 % | 12 | 0,03 % |
мохк, шаберш | 207 598 | 113 347 | 54,60 % | 89 995 | 43,35 % | 2230 | 1,07 % | 822 | 0,40 % | 740 | 0,36 % | 162 | 0,08 % | 59 | 0,03 % | 42 | 0,02 % | 201 | 0,10 % |
Мехкан динан хӀоттам: Эрмалойн Апостолийн килс (42,3 %), Гуьржийн православин килс (40,9 %), Эрмалойн Католикийн килс (13,2 %), Ислам (2,8 %).[3]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 3 Численность населения краёв и муниципалитетов Грузии на начало года в 1994—2018 гг. (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Национальная статистическая служба Грузии. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 23 июлехь. Теллина 29 октября 2018.
- ↑ 1 2 Национальный состав по краям Грузии (Total population by regions and ethnicity) (ингалс.). Национальная статистическая служба Грузии. Теллина 2016 шеран 28 апрелехь.
- ↑ 1 2 Конфессиональный состав Грузии по переписи 2014 года(ингалс.)
- ↑ Вардзия
- ↑ 1 2 3 Этнический состав Грузии по переписи 2002 года(ингалс.)
- ↑ 1 2 3 Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 General Population Census Main Results General Information) (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Национальная статистическая служба Грузии. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 8 августехь. Теллина 2016 шеран 28 апрелехь.
- ↑ включая город Ахалцихе
- ↑ Национальный состав населения Грузии, его регионов и населённых пунктов по переписи населения 2014 года
- ↑ Оценка населения Грузии на 2004—2014 гг. по муниципалитетам по данным Департамента статистики Грузии (ингалс.). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 22 июлехь.
- ↑ Этнический состав Грузии по переписи 2002 года (ингалс.). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 7 апрелехь.
- ↑ Леонти Мровели «Картлис Цховреба» («Житие Грузии»). — XI век. (ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Мелконян А. Джавахк в XIX веке и первой четверти XX века. (на арм. языке). — Ереван: Институт истории Национальной академии наук, 2003. — С. 88. — 215 с.
- ↑ История Турции (на английском)
- ↑ http://javaxk.narod.ru/history.html
- ↑ Джавахети
- ↑ Этнические чистки и депортации в Грузии и на Северном Кавказе
- ↑ 2006 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан массо кӀошташ муниципалитеташ аьлла хийцина