Чулацаман тӀегӀо

Имерети

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Мохк (АД 1-гӀа тегӀа)
Имерети
იმერეთის მხარე
42°10′ къ. ш. 42°59′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Гуьржийчоь
Адм. центр Кутаиси
Губернатор Шавлего Табатадзе
Истори а, географи а
Кхоллар 1995
Латта 6 552.3[1]
Сахьтан аса UTC+4:00[вд]
Бахархой
Бахархой

507 038[2][3] стаг (2018)

  • (2-гӀа меттиг)
Луьсталла 77,38 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам гуьржий (99,32 %), оьрсий (0,26 %), эрмалой (0,13 %), Украинаш (0,07 %)[4]
Динан хӀоттам керста (98,81 %)[5]
Официалан меттанаш гуьржийн
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 GE-IM

Официалан сайт
Имерети картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Имере́ти (гуьрж. იმერეთი) — Гуьржийчоьнан регион (мохк, мхаре) а, историн мохк а, регион Риони хина бассейнехь йу. Мехкан бахархой бу (имеретинаш) цара буьйцу мотт гуьржийн меттан имеретийн диалектехь, хьалха культурица а, дахарца а кхечарехь къасталурш хила.

Регионан центр — Кутаиси. Мехкан цхьадолу дакъа Къилба ХӀирийчоьно контроль йеш ду.

Цхалтубо гӀалина гена йоцуш а, гергарчу хьесапехь Кутаиси гӀалина 10 километрехь йу Гуьржийчохь уггаре а боккха хьехКумистави хьех, 2010 шарахь цуьна цӀе Прометей аьлла хийцина[6].

Имерети, Цхалтубо кӀошт

XV бӀешеран чаккхехь, Тамерлан тӀелатинчул тӀехьа чӀагӀделира феодалийн бертазалла, Имерети Гуьржийн пачхьалкхех дӀакъаьстира шен лаамехь йолуш феодалийн пачхьалкх кхоьллина — Имеретин пачхьалкх (Картлица а, Кахети а нийсса) — коьрта гӀала Кутаиси йолуш.

XVI бӀешеран чакхехь Имеретин пачхьалкх йара Имерети дозанашкахь.

иран-туркойн бертаца 1555 шарахь Имеретин пачхьалкх Хункаран Туркойчоьна дола йаьлира, пачхьалкхан йал дала тӀедожира ахчанца а, лайшца а. Цуьна истори йара йуьззина гуттара а долчу феодалийн карзахбаларца а, леш бохк-эцарца а. феодалийн бертазалла чӀагӀделира XVII шерахь.

Соломон I паччахьана (1752 — 1784) бен аьтту цабаьлира кхузахь паччахьан Ӏедал чӀагӀдан. Цо бехкам бира леш бохк-эцарна, иза гӀоьртира ерриге Малхбузехьара Гуьржийчоь цхьаьнатоха. Соломонан I туркойшца дукха шерашка бахбала болу тӀом 1757 шарахь чекхбелира толамца а, 1758 шарахь Картлин паччахьаца Ираклица II бина тӀеман бертаца а.

XVIII бӀешерахь цари Имеретин паччахьаша Россига масийттазза гӀо дехира, амма дехарш йухатуьхира Туркойчоьца йолу йукъаметтиг ца йохорхьама. Эххара, 1769 шарахь Екатеринас II Гуьржийчу хьажийра инарла волучу Тотлебенан корпус (тӀаьхьа, Россин эскарш арадаха дукха хан йоцуш, Сухотин инарлица хийцира). Тотлебена йиш хилира Имеретера туркойн гӀепаш схьайаха а, Кутаиси гӀала схьалаца а. Цул совнах цуо Поти гӀаьпана гуо бира. Россин эскарш дукху ца лаьттинехь, цара бакхий кхиамаш бахьнехь Туркойчоьца машар хьокъехь дагадовлар нисделира: 1774 шарахь хиллачу Кючук-Кайнарджин оьрсийн-туркойн бертаца Имеретин пачхьалкхо Туркойчоьна луш йолу йал сацийра. Тотлебенас йаьхна йолу гӀепаш туркошна йуха ца йерзира.

1811 шарахь Имеретин пачхьалкхахь Россин империно Имеретин мохк аьлла бира.

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Имерети мехкан йукъахь йу 11 муниципалитет (2006 шо кхаччалц — кӀошт, 1 мехкан муьтӀахь йолу гӀала:

Муниципалитет байракххӀостмайда,
км²
бахархой
ларар
2002[7],
стаг
бахархой
ларар
2014[8],
стаг
бахархой
ларар
2018[2],
стаг
луьсталла,
2018
центр
Кутаиси, гӀалаБайракхХӀост70185 965147 635140 9612013,72Кутаиси гӀ.
Багдатин муниципалитетБайракхХӀост81529 23521 58219 83024,33Багдати гӀ.
Ванан муниципалитетХӀостХӀост57734 46424 51222 79039,49Вани гӀ.
Зестафонан муниципалитетХӀостХӀост43376 20857 62856 532130,55Зестафони гӀ.
Самтредин муниципалитетХӀостХӀост36460 45648 56245 907126,11Самтредиа гӀ.
Сачхерин муниципалитет[9]ФлагХӀост76946 84637 77536 31247,08Сачхере гӀ.
Тержолан муниципалитетБайракхХӀост35745 49635 56333 32993,35Тержола гӀ.
Ткибулан муниципалитетБайракхГерб47831 13220 83919 34840,47Ткибули гӀ.
Харагаулан муниципалитетБайракхХӀост91427 88519 47319 09820,89Харагаули гӀкэ
Хонин муниципалитетБайракхГерб42931 74923 57022 23451,82Хони гӀ.
Цхалтубан муниципалитетБайракхХӀост70073 88956 88351 42573,46Цхалтубо гӀ.
Чиатурин муниципалитетХӀостХӀост54256 34139 88439 27272,45Чиатура гӀ.
Имерети, берриге6552699 666533 906507 03877,38Кутаиси гӀ.

Нах беха меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь)
[10][11]

стаг%
берриге533 906100,00%
Гуьржий530 28899,32%
Оьрсий13840,26%
Эрмалой7090,13%
Украинаш3980,07%
ХӀирий1430,03%
Цигонаш (боша)1350,03%
Ассирийхой1250,02%
Желтой1090,02%
Азербайджанаш1060,02%
Жуьгтий650,01%
Абхазаш480,01%
Езидаш60,00%
кхиберш3900,07%
ГӀаланаш
ГӀалин кепара эвланаш

Бахархой бу (имеретинаш) цара мотт буьйцу гуьржийн меттан имеретийн диалектехь.

2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 507 038 бахархой бу[2], 2014 шеран 1 январехь — 703 300 стаг[12], на 2009 год — 693 500 человек[13].

2014 шарахь ларарца 533 906 стаг[8], 2002 шарахь ларарца — 699 666 стаг[8].

Гурин кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам 2014 г.[4]
муниципалитет[14]берриге гуьрж-
ий
%оьрс-
ий
%эрм-
алой
%ук-
раин-
аш
%хӀир-
ий
%Циго-
наш
%Асси-
рийхой
%жел-
той
%азер-
байд-
жанаш
%кхи.%
Имерети, берриге533 906530 28899,32 %13840,26 %7090,13 %3980,07 %1430,03 %1350,03 %1250,02 %1090,02 %1060,02 %5090,10 %
Кутаиси, гӀала147 635146 15399,00 %5330,36 %1270,09 %1510,10 %510,03 %1010,07 %750,05 %660,04 %540,04 %3240,22 %
Багдатин21 58221 51499,68 %320,15 %60,03 %150,07 %30,01 %00,00 %00,00 %00,00 %10,01 %110,05 %
Ванин24 51224 46599,81 %310,13 %30,01 %80,03 %00,00 %00,00 %00,00 %40,02 %00,00 %10,01 %
Зестафонин57 62857 36599,54 %1190,21 %420,07 %380,07 %80,01 %00,00 %310,05 %50,01 %10,00 %190,03 %
Самтредин48 56247 77998,39 %2180,45 %3790,78 %570,12 %120,02 %340,07 %180,04 %70,01 %230,05 %350,07 %
Сачхерин37 77537 69099,77 %310,08 %70,02 %50,01 %260,07 %00,00 %00,00 %50,01 %00,00 %110,03 %
Тержолан35 56335 44699,67 %640,18 %130,04 %170,05 %30,01 %00,00 %00,00 %10,00 %90,03 %100,03 %
Ткибулан20 83920 64699,07 %900,43 %130,06 %400,19 %120,06 %00,00 %10,01 %50,02 %30,01 %290,14 %
Харагаулин19 47319 41799,71 %300,15 %50,03 %30,02 %70,04 %00,00 %00,00 %10,01 %20,01 %80,04 %
Хонин23 57023 50499,72 %380,16 %100,04 %110,05 %20,01 %00,00 %00,00 %10,01 %00,00 %40,02 %
Цхалтубин56 88356 60199,50 %1470,26 %280,05 %350,06 %100,02 %00,00 %00,00 %80,01 %130,02 %410,07 %
Чиатурин39 88439 70899,56 %510,13 %760,19 %180,05 %90,02 %00,00 %00,00 %60,02 %00,00 %160,04 %

Картин легенда:

Административан центр, 200 600 стаг.
20 000 тӀера 30 000 кхаччалц стаг.
10 000 тӀера 20 000 кхаччалц стаг.
5 000 тӀера 10 000 кхаччалц стаг.
2 000 тӀера 5 000 кхаччалц стаг.
1 000 тӀера 2 000 кхаччалц стаг.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. საქართველოს მოსახლეობის 2002 წლის პირველი ეროვნული საყოველთაო აღწერის შედეგები: ტომი I. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 23 октябрехь . მთავარი რედაქტორი: თეიმურაზ ბერიძე. თბილისი: საქართველოს სტატისტიკის ეროვნული სამსახური, 2003, გვერდი 52. ISBN 99928-0-768-7
  2. 1 2 3 Численность населения краёв и муниципалитетов Грузии на начало года в 1994—2018 гг. (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 29 октября 2018. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 июлехь
  3. Без районов, подконтрольных частично признанным государством Южная Осетия
  4. 1 2 georgia-ethnic-2014
  5. georgia-religion2014
  6. Саакашвили стал крёстным отцом пещеры Прометея Архивйина 2015-09-24 — Wayback Machine // Росбалт, 24 мая 2010.
  7. Этнический состав Грузии по переписи 2002 года (ингалс.)
  8. 1 2 3 Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 General Population Census Main Results General Information). 2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 8 августехь Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  9. Грузия причисляет к Сачхерскому району Имеретии юго-запад Дзауского района Южной Осетии, неподконтрольный Грузии
  10. Национальный состав по краям Грузии (Total population by regions and ethnicity). Итоги переписи населения Грузии 2014 года (2014 GENERAL POPULATION CENSUS RESULTS) (инг.). Национальная статистическая служба Грузии. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 28 апрель. Архивйина 2016-08-08 — Wayback Machine
  11. Национальный состав населения Грузии, его регионов и населённых пунктов по переписи населения 2014 года
  12. Оценка населения Грузии на 2004—2014 гг. по муниципалитетам по данным Департамента статистики Грузии (инг.). Архивйина 2014 шеран 22 июлехь
  13. Оценка населения Грузии на 2000—2009 гг. по районам по данным Департамента статистики Грузии (инг.). Архивйина 2009 шеран 13 ноябрехь
  14. 2006 шарахь дуьйна Гуьржийчоьнан массо кӀошташ муниципалитеташ аьлла хийцина