Абхазаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абхазхой
Шен цӀе аҧсуаа
Дукхалла а, ареал а
Дукхалла 185 эз. гергга

 Абхази:
122 069 ст. (2011 шо)[1][2]
 Туркойчоь:
39 000 ст. (2001 шо)[3][4]
 Росси:
11 249 (2010)[5], 11 366 стаг (2002)[6]

 Гуьржийчоь (Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а йоцуш):
3527 чел. (2002 год)[8]

 Украина:
1458 ст. (2001 шо) [9]
 Урдан
 Ливан
 Мисар

 АЦШ
Хаам
Археологин культура Колхидан оьздангалла, Цебельдин оьздангалла
Мотт Абхазхойн
Дин православи, бусалбанаш-суннийш
Йукъабоьду Кавказан доьзалш,
Къилбаседа-кавказан доьзал,
Абхазийн-адыгийн тоба
Гергара къаьмнаш абазой, адыгейш, убыхаш
Этносин тобанаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Абхазаш, Абхазхой, Апсой (абхаз. аҧсуаа) — абхазхойн-адыгийн къаьмнех цхьа къам, Абхазин орамера къам, беха Кавказан къилбаседа-малхбуза декъехь.

Йаккхий диаспораш йу иштта Туркойчохь, Россехь, Шемахь, Урданехь, баьржина — Малхбузен Европа мехкашкахь а, АЦШ а. дам.

1989 шарахь бахархой багарбарца, Абхазера абхазхойн барам хилира 93,3 эз. стаг (Абхазин 18 % бахархой), 2003 шарахь багарбарца — 94,6 эз. стаг (44 % бахархой)[10], 2010 шарахь багарбарца — 122,1 эз. стаг (51 % гергга)[1]. XXI бӀешо долалуш церан дуьненахь болу берриг бараман мах хадабо 185 эз. стаг. Абхазхой беха дуьненан 52 махкахь[11].

Буьйцу абхазхойн мотт, дукхаха болу Абхазехь бехачара — кхин оьрсийн мотт а.

Уггаре даьржина динаш — православи (VI бӀешарахь дуьйна) а, суннийн кхетаман ислам (XV бӀешерера дуьйна).

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Этногенез[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абхазхойн этногенез гар, Инал-Ипас ма-йаздара, масех агӀора ду: къилба (жимаазийн), къилбаседан (къилбаседакавказан), меттигера (автохтонан)[12]. Кхечу хьосташца абхазхойн къоман этногенезехь кхо некъ билгалбаккха мегар ду: автохтонан, миграцин, и ший а ийна[13]. Автохтонан версин агӀончаш бу А. В. Фадеев, Л. И. Лавров, кхин а. Лавровс аратеттина абхазхойн-адыгийн къаьмнаш схьадовларан «киммерийн» гипотеза, цуьнца скифел хьалхара заманахь церан дай йукъабодура киммерийн бертан тайпанашна (ахейш, зихаш, гениохаш, кхин дӀа а), дӀалоцура Къилбаседа-Малхбузан Кавказан мохк[13]. Л. Лавровс хетара, массо а киммерийхой скифаш ара ца тетина аьлла, церан цхьа дакъа, царна йукъахь ахейш, зихаш, кхин дӀа а бехаш бара Малхбузан Кавказехь. Цуо йаздора: «И тайпанаш шеко йоцуш хӀинцалерачу абхазхойн, абазойн, адыгейхойн, гӀебартойн дай хилла, цундела церан шайн схьадовлар киммерийн малхбален декъера тайпанех ду ала бух бу»[14]. И гипотеза тӀаьхьо къобал йира Н. Л. Членовс а, С. Х. Хоткос а[13]. Автохтоналлин концепци кхуьура 1970—1980-гӀа шерашкахь Инал-Ипан белхашкахь. Цунна гарца кхин а, лаххара а вайн эрал III бӀешо хьалха, абхазхойн-адыгийн этнооьздангаллин массиво, цахедда асанца, дӀалоцура Ӏаьржа хӀордан берриг малхбален берд[13]. Кхин ойла йара Кисслинга, цуо бохура, Ӏаьржа хӀордан бердашца гуьржийн тайпанаш даьхна, хӀунда аьлчи керкеташ, ахейхой, гениохаш, цунна хетарехь, картвелан бух болуш ду[12].

Абхазхой схьабоавларан миграцин концепцин йу масех верси. Эфиопийн-мисран гипотезица шира колхаш абхазашца кхелхина Кавказе къилбаседа-малхбален Африкера. Кхечу версица абхазхой — схьабевлла Къилбаседа Кавказера, амма иштта гар археологин а, йозанан а хьосташца догӀуш доцу дера, иза емал дира[13]. Цхьаьна хенахь оцу версе гӀертара академик И. А. Джавахишвили (амма дерриг цхьаьна тоьхча иза а, С. Н. Джанашиа а агӀончаша бара, абхазхойн-адыгийн а, гуьржийн а тайпанаш къилбехьара къилбаседе даьхкина хиларан)[15]. Кхин цхьа гипотеза йу, абхазхой дай Жимачу Азера, цунна тӀелеттачу къилба-малхбузан Кавказан кӀоштара[13].

З. В. Анчабадзен, Л. Н. Соловьёвн археологин жамӀийн тӀетевжинчу, ийначу концепцица, меттигера автохтонан кавказан субстратан а, кхуза кхелхинчу жимаазин суперстратан а йукъаметтигаш бахьнехь, III бӀешеран гергахь кхоллабелла абхазхойн этносан орам[16].

ТӀаьхьара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀинцалера Абхазин а, Малхбуза Гуьржийчоьнан а мохк ширачу заманахь дуьйна, антикан историкийн тешаллашца, бевзаш хилла Колхида цӀарца, цигахь дехара дуккха а абхазхойн (санигаш, абазгаш, апсилаш, мисимянаш) а, ткъа иштта гуьржийн а тайпанаш (лазаш).

VIII бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна абхазхойн базилевс Леон II-гӀачо Византи гӀелъяларх аьтту баьлла, хазарийн гӀоьнца даржийра шайн Ӏедал йерриг Колхидехула. Леон II-гӀа а, цуьнан дай а абхазхойн эриставаш хилар бахьнехь, керла кхоьллинчу паччахьаллин урхалчо тӀеийцира абхазхой паччахьан дарж. Паччахьаллин коьрта шахьар хилла Кутаиси гӀала. Леона йийкъира паччахьалла эриставаллашна. Абхазхойн паччахьалла йуьхьанца дуьйна йара луьра центрера урхалла долу пачхьалкх. Цуьнан паччахьаша жигара тӀемаш бора шайн дозанаш шордеш, дикка жамӀаш а дира цара. Малхбузан Гуьржийчохь лаьтта епархеш куьйга кӀела йара Константинополан патриархан. Абхазхойн паччахьаш бинчу баккхий белхаш бахьнехь IX—X бӀешераш хийцалучу хенахь хӀинцалерачу Малхбузан Гуьржийчоьнан мехкан тӀиера епископаллаш куьйга кӀела яхийтира мцхетан католикосан.

ТӀаьхьа Абхазхойн паччахьалла дӀатуьйхира Гуьржийчоьнах. ЮккъерабӀешерийн Гуьржийчоь йоьхначул тӀаьхьа Абхази йуха а хилира маьрша олалла Чачба (Шервашидзе) некъийн Ӏедал кӀелахь.

ТӀаккха, XVII—XVIII бӀешерашкахь регионехь гучубовлу туркой, уьш чӀагӀло Сухум-ГӀала гӀопахь. Оцу хенахь кӀезиг нах беха Абхазичохь (латта къиен хиларна) хӀинцачул дуккха а алсама бахархой бара.

Абхазичоьнан хьал башха чолхе хилира оьрсийн-туркойн тӀом болабелчи (1806 г.). 1808 шарахь туркоша карзахваьхна, Аслан-бейс вийра да — Келеш-бей (кхечу версица иза вийра мегрелийн элан йоьӀан Дадиани Нинин омарца, цунах тешалла до, масала, В. И. Стражевс), кхайкхийра ша Абхазичоьнан мтавар. Сафар-бей (Георгий) ведира Мегреле, Российгара гӀо дийхира. 1810 шарахь Российн императоро къобал вира Сафар-бей (Георгий) Абхазичоьн мтавар, шен куьйгакӀела лецира. Оццу 1810 шарахь российн эскарийн дакъош дӀалецира Сухуми. Абхазин мтавар кхайкхийра Сафар-бей (Георгий) Шервашидзе. ШервашидзегӀеран фамилин тайпанехь, Абхазичоьнан бахархошна йукъахь санна, туркошка а, оьрсашка а ойла йолуш дуьхь-дуьхьал лаьтташ ницкъаш бара 1810 шарал тӀаьхьа а.

1817—1864 шерашкара Кавказан тӀом болуш ах сов абхазхой кхалхийра Туркойчу а, Гергарчу Малхбале а, цигахь йисина гумгӀеран а, цабальгӀеран а тобанаш.

1917 шарахь революци йаьккхинчул тӀаьхьа Абхазичоь хилира маьрша а, большевикийн йоцу а Ломан Республикин цхьа субъект. Йоцца хан йаьлчи дӀалецира Гуьржийчоьнан Демократин Республикин эскарша. Советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, кхоьллира ша йолу Абхазийн ССР ТӀехьакавказан СФСР, иза тӀечӀагӀдира 1925 шеран абхазийн конституцино. Амма 1931 шарахь Абхазичоь йукъатуьйхира Гуьржийчоьнан йукъа АССРн бакъонашца, дӀайолийра гуьржий цуьнан махка охьаховшоран жигара процесс, дукхаха дерг Малхбален Гуьржийчуьра.

ССРС куьйгалло Абхазийчу гуьржийн этнос кхалхоран политико, гайтира, тӀаьххьара хиллачу Йерригсоюзан бахархой багарбарехь (1989 шо) абхазхой шайн Даймахкахь кӀезиг, 17 % (93,3 эз. ст.) бен ца бисар, ткъа гуьржий хилира 45 % (243 эз. ст.). ССРС йоьхначул тӀаьхьа сепаратистийн куьйгалло автономи дӀа а йаьккхина, маьрша Абхазичоь кхайкхийра, цуо тӀемца дов даьккхира, цуьнан жамӀ – гуьржаша массашкахь йитира Абхазичоь.

Этнографин тобанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чергазийн элийн гулам. Аьрру агӀонера аьтту агӀорхьа: Маан Кац, Аублаа Ӏали Ахьмад, Гечба Арсланбей, Зоскан Амаршан, Ростом Инал-ипа

Абхазхойн къам генара дуьйна декъало цхьа могӀа этно-мехкийн тобанашка, уьш къаьста меттан башхаллашца, оьздангаллин элементашца, ткъа иштта меттигашкара кхетамашца а.

  • АбжуйгӀар — беха Кодор а, Охурей а эркашна йукъахь. Очамчиран кӀоштам доккхаха долу дакъа ду. Хаало Туркойчоьнан абхазхойн диаспоран йукъахь;
  • Аибгамухажараллал хьалха баьхна хӀинца дозанехь долчу Псоу эркаца. ХӀинца беха Туркойчохь;
  • Ахчипсаш — 1864 шо кхаччалц баьхна Мзымта эркан лакхенашкахь хӀинцалерачу Красни Поляна курортан кӀоштахь. Тахана гулахь охьаховшийна къилбаседа-малхбузан Туркойчоьнан 17 эвлахь;
  • БзыпгӀар — беха Гагран а, Шицкуара эркан йукъахь. Коьрта бахархой Абхазичоьнан Гудаутан кӀоштан. Дукха бу Туркойчоьнан абхазхойн диаспорин йукъахь;
  • ЧлоугӀар — 1864 шо кхачале хьалха Кодор а, Охурей а эркашна йукъахь хиллачу бахархой кӀезиг долу дакъа дара. Хаало Туркойчоьнан абхазхойн диаспорин йукъахь;
  • Джгердинхой — 1864 шо кхачале хьалха Кодор а, Охурей а эркашна йукъахь хиллачу бахархой кӀезиг долу дакъа дара. Хаало Туркойчоьнан абхазхойн диаспорин йукъахь;
  • ГумгӀар — Юккъерачу Абхазийчоьнан орамера бахархой. 1877 шо кхачале хьалха Щиквара а, Кодор а эркашна йукъахь баьхна. Берриш аьлча санна арабаьхна Туркойчу, хӀинца а беха цигахь. Абхазичохь йисина цхьацца кӀезиг тобанаш;
  • ПсхувгӀар — 1864 шо кхачале баьхна Бзып эркан лакхарчу декъехь. ХӀинца беха Туркойчохь;
  • СадзгӀар — хӀинца беха Туркойчохь, ткъа иштта Аджарехь. Мухажираллал хьалха баьхна Малхбуза Абхазичохь, Сочи эркан а, Гагран а йукъарчу махкахь;
  • СамурзакангӀар — историн Самурзаканан орамера бахархой. XIX—XX бӀешерашкахь доккхаха долу дакъанах мегрелаш хилла. Абхазаш-самурзакангӀар хӀинца жима тоба йу, гулахь беха Ткуарчалан кӀоштан Агубедиа а, кӀеззиг Чхуартал а эвланашкахь, ткъа иштта Очамчыран кӀоштан Река эвлахь.
  • ЦабальгӀар — мухажираллал хьалха баьхна Кодор эркан юккъера а, лакхара а декъехь. Берриш арабаьхна Туркойчу, цигахь гулахь охьаховшийна 17 эвлахь;
  • ДальгӀар — мухажираллал хьалха баьхна Кодор эркан юккъера а, лакхара а декъехь. Берриш арабаьхна Туркойчу;
  • Цвыджаш — гулахь беха Туркойчоьнан кхаа эвлахь. 1864 шо кхачале баьхна Кавказехь, Мзымта эркан юккъерачу декъехь а, цуьнан аьтту генца Чвежипсеца а. Къамел до садзгӀеран меттадекъан вариантехь, амма шеш садзгӀар ца лору.

Йукъаралла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Владислав Ардзинба Рауф Орбай Дырмит Гулиа Фазиль Искандер
Ӏали бей Баграт Шинкуба Нестор Лакоба Харейддин Паша

Революцел хьалхарчу абхазий йукъараллехь дара хӀара чкъоьрнаш: элий, ахархой (латта лелон бахархой), жаӀуй. Российн Ӏедал Кавказехь чӀагӀлуш абхазаш кхоьллира элийн фамилийн Чачба некъийн долара дайн латта.

XX бӀешо долалуш малхбузан (бзыбийн, йа гудаутийн) а, малхбален (абжуйн, йа очамчиран) абхазашна йукъара башхалла йов. Экзогаман фамилин-гергарчу цхьаьнакхетарийн (абипара) маьӀна Ӏалашдо. 1980-гӀа шерашкахь кхоллало этнополитикан болам, 1989 шарахь гучуйолу Халкъан фронт «Айдгылара».

Абхазийн неграш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адзюбжа эвла йистехь беха ша-кепара этно-расан тоба — абхазхойн неграш. Билггала хууш дац муха а, маца а кхаьчна африкхой Абхазе. Уьш эцна, чубалийна, хила тарло, мандаринан бошмашкахь болхбан. Амма хууш ду, XIX бӀешарахь цара абхазийн мотт бен ца буьйцура, шеш абхазаш лорура. Тахана доккхаха долу дакъа адзюбжахойн неграш чӀогӀа метисаци йина (ийна), дукхах болчара шайн йурт йитина, Абхазин кхечу дакъошка охьахевшина, ара а бевлла.

Оьздангалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кавказан къаьмнийн ламастан оьздангалла йу. Ламастан говзаллехь кхиина кузаш дар, бустамийн доьхканаш дуцар, тегарш (царна йукъахь дешийн а, детийн а тайнашца), аьчкан пхьола, дечиг агаран белхаш.

Ламастан духар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Абхазхойн къуонаха вертанца

Оьздачу (элех болчу) абхазхойн божарийн духаран хила декхарийлахь дакъа хилла шаьлта.

ГӀовталан доьхкуш хилла туран доьхка, аьлчи а цӀестан а, детийн а кӀеганашца кечдина цӀуокана доьхка, цунна тӀе тосуш хилла шаьлта , тур а.

Абхазхоша лелийна кама а, бебут а тайпана шаьлтанаш, церан кхин а, хӀайкалан функцеш хилла, лелийна цхьацца гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а кхочушдеш.

Таррех, тароне хьаьжжина, гӀуоле хетара мамлюкийн таррийн тайп, килич йа гаддарэ.

Беречун духаран дакъа лорура секха Ӏад пхенийн ботца.

Абхазхошкахь даиман шайца хуьлура доккха а доцуш урс, из алело таро йара бахаман Ӏалашонна, газан, бежанан хьакха, жижиг декъа (абхазхоша диг ца тухура дийнатан чархан, ткъа говза йоькъура иза меженашкахула 64 даа мегар долчу «жижиган дакъошка», хӀора декъан шен цӀе йара, царна тӀеязйора луьра билгалйаьккхина «статус» хьешан хьошалла лелош), дигарна дага еш, шоднашна а, мангалшна а дечиг еш, кхечу бахаман гӀуллакхашна цӀахь а, лаьмнашкахь а.

Фольклор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Музыкин фольклор гергара йу адыгийн а, гуьржийн а чух. Амалехь йу нартийн эпос, историн а, турпалаллин а эшарш, турпалех белхамаш; латталелорех а, даьхнийлелорех а, талламан бахамехь белхан эшарех лекхар, (царна йукъахь догӀа дехар дзиуоу а, ацунух а;); дарба лелор, цунна юкхьахь чов йинчун метта уллохь кхочушдешдерг ; эшарш-дехар Деле лемма Ажвейпшаага); цӀеран эшарш а, хелхарш а.

Дуккха аьзнийн алсама кеп — бурдонан тайпанан ши аз; амалехь ду хьалхара а олуш тӀаьхьара алар. Ладан бух — диатоника.

Абхазхойн эшарийн специфийн башхалла — асемантически дешнийн айдардешнийн боккха барам.

Музыкин гӀирсаш: Ӏад хьокхурш апхьарца, пӀелг тухурш ачамгур, арфа кепара аюмаа (лелош бац), цитран кепара хымаа, зурма кепара ачарпан, абык, кӀаркӀар аинкьяга, вота адаул.

ГӀарабевлла абхазаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Самукъане факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ССРС меттигашна йукъахь дукха деха адамаш хӀора синна декъча рекорд хуьлу Абхазин бахархойн[21].1956 шарахь Абхазийн АССР бехара 2144 стаг дезткъе итт шерера ваьлла; царех 270 — бӀешерера ваьлла, ткъа 11 — 120 шо сов долуш[21]. Абхазера дукха бехачарна йукъахь бацара оьгӀазе а, дера а нах; абхазийн кица ду: «Дера нах дукха ца беха»[21].
  • Абхазийн алсама йолу Y-хромосоман гаплотоба йу гаплотоба G — 47,5 %, шолгӀачу меттигехь J2 — 26,5 %, кхоалгӀа R1a — 10 %[22]. 2011 шеран Балановский Олеган а, кхечеран а белхашкахь гаплотобанаш кхечу агӀора йекъна: G — 56,9 %, J2 — 13,8 %, R1b — 12,1 %, R1a — 10,3 %[23]. Оцу хенахь тесташ кӀезиг йара.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 В Абхазии подведены итоги первой переписи. Кавказский узел. 28.12.2011
  2. В Абхазии опубликованы результаты переписи населения 28.12.2011
  3. Справочник «Этнолог: Языки мира». Абхазский язык. (ингалс.). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2011 шеран 11 июлехь.
  4. joshuaproject.net Abkhaz
  5. 1 2 3 4 5 6 7 Итоги Всероссийской переписи населения 2010 года в отношении демографических и социально-экономических характеристик отдельных национальностей
  6. 1 2 3 4 5 6 7 8 Всероссийская перепись населения 2002 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 24 декабрехь.
  7. Мосстат: Приложения к итогам ВПН 2010 года в городе Москве: Приложение 5. Национальный состав населения по г. Москва(ТӀе цакхочу хьажорг)
  8. Перепись населения Грузии 2002 Этносостав на английском языке
  9. Государственный комитет статистики Украины. Всеукраинская перепись населения 2001 года. Распределение населения по национальности и родному языку. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2011 шеран 11 июлехь.
  10. Этнокавказ. Этносостав Абхазии в 1886—2003 гг.
  11. Президент Всемирного конгресса абхазо-абазинского народа Тарас Шамба Архивйина 2012-02-15 — Wayback Machine.
  12. 1 2 Инал-Ипа, 1965, с. 74.
  13. 1 2 3 4 5 6 Инал-Ипа, 1965, с. 57.
  14. Инал-Ипа, 1965, с. 75.
  15. Инал-Ипа, 1965, с. 77.
  16. Инал-Ипа, 1965, с. 58.
  17. АРДЗИНБА Владислав Григорьевич - БД "Лабиринт" (ru), База данных "Лабиринт.
  18. Багапш, Сергей. Лентапедия. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь.
  19. Габлия Варлам Алексеевич. Герои страны. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь.
  20. Кокоскерия Ясон Басятович. Герои страны. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 22 августехь.
  21. 1 2 3 проф. П.Аггеев, проф. Е.Андреева-Галанина, проф. В.Башенин и др. Книга о здоровье / ред. член-корр. АМН СССР Д.А.Жданова. — М.: Медгиз, 1959. — С. 349. — 448 с. — Кеп:Число экз.
  22. Distribution of European Y-chromosome DNA (Y-DNA) haplogroups by country in percentage
  23. Balanovsky et al. Parallel evolution of genes and languages in the Caucasus region. Molecular biology and evolution, 28(10), 2905—2920, (2011)

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]