Нартол

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Пантеонан екъна гойту нартол

Нартол (итал. cupola, лат. cupula, оьрс. купол) – шен кепаца герга ю ахсферех я кхечу сатторан (эллипсан, параболан) хьовзийна тӀехулонах. Нартолан конструкцеш лелайо дукха хьолахь къовлуш гоьрга, дуккха сенаш болуш, эллипсан гӀишлойн планаш, цуо таро ло къовла яккхий меттигаш юкъ-юккъе гӀортолаш а ца хӀиттош. И кепаш йо цхьацца саттаршца. Охьанехьа йолу йозаллийца нартолан конструкцешкахь кхоллало саттаран Ӏаткъам, ткъа иштта анасизан дӀасататтар гӀортолаш тӀехь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Нартолан истории йолаелла ширачу заманахь, уьш хаало дукха ширачу иэсашкахь Галлин, Нурагашкахь, я нурагенашкахь Сардинин (уьш ю гоьрга тӀулган экъа, тӀехь лаьтташ горгбина бохь болу бӀогӀамца, оцу бохь чохь хуьлу масех цхьаъ вукханна тӀехула йолу чоьнаш; и чоьнах къевлина хӀора а харц нартолца), Лидера каш тӀиера хӀолламакахь, шира Грецин бахамаш бохкучохь (масала, Атреян бахамаш бохкург Микенашкара), этрусскийн дӀабухку маьлхан кешнашкахь, нубийн Курна пирамидехь; амма уггаре дукха уьш лелийна, гарехь, шира халдейша а, гӀажарша а, иза гойту вайга кхаьчначу церан гӀишлойн суьрташ а, церан гӀаланаш лаьттинчохь дина археологин ахкарш а. Шира нартолаш харц хилла. Церан анасиза доьттина тӀулган я кибирчиган могӀанаш кхозура цхьаъ вукханна тӀехула, цара дӀа ца лора анасизан Ӏаткъам пенашна. Классикан Грецин архитектуро ца лелайора нартолаш; тӀаккха а иза ю Афинехь жима Лисикратан хӀоллам къовлуш монолит.

Шира Рум[нисъе | нисъе чухулара]

Технологица чолхе а, яккхий тӀулгийн нартолаш нийсачу нартолан конструкцешца ян йолийра бетон юкъаяьллачул тӀаьхьа Руман архитектуран революцин заманахь килсаш а, яккхийра юкъараллин гӀишлош еш. Румхоша, шайн исбаьхьалла къегинчу муьрехь, нартол йоттаран бакъонаш евзина, майра лелайора уьш дукха яккхий меттигашна тхов къовлуш. Лору, уггаре шира нартол, хӀинца йолчех, руман Пантеонехь ю, иза йоьттина вайн эран 128 шарахь. Кхузахь ахсферан нартол ю, боьххьехь гоьрга Ӏуьрг ду серло чукхетитархьама дитина, цуо къовлу гоьрга гӀишло диаметр 43½ м йолу. Шира румхоша нартол кечйора чухула йоькъуш арагӀоьртина хьала-охьа а, анасиза а пӀендапршца, цара йора кессонаш.

Византи[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀаьхьа нартолаш яр схьаийцира византийн динан а, культан а архитектуро. Византийн архитекторш дуьххьала аьттонца йира нартолаш гоьрга йоцучу гӀишлона а, беасенан а, дуккха сенийн а планашна тромпийн а, гатан а, я пандантиван а гӀирсашца. Оцу муьран кульминаци хилира гатан технологи лелор Константинополехь Софийн килс юттуш. Нартол хилира ладаме архитектуран элемент византийн килсан. Тойина византихоша нартол яьржира Византера ерриг цуьнан провинцешкахула а, цуьнан Ӏаткъам болчу пачхьалкхашкахула а. ЖӀарин-нартолан килсан нартолаш ян йолийра Европан малхбузехь, Эрмалойчохь (Эчмиадзинан килсера Сийлахь Рипсимен килс, VII бӀешо), Гуьржийчохь (Мцхета уллера Джвари килс, VII бӀешо), Русехь (Киевра Сийлахь Софийн килс, XI бӀешо). Апеннинан ахгӀайрен тӀехь нартолашца евза Баптистери православничеран а, базилика Сан-Витале а Равеннера, Сийлахь Маркан килс Венецера (кхузахь нартол тӀехула тхьов бина нартолах къаьсташ болу; ян йолийна — IX бӀешарахь); Рейн бердаш тӀехь — Ахенера императоран капелла; ФранцехьПеригёра Сен-Фрон килс.

Исламехь[нисъе | нисъе чухулара]

Бусалбачара Сасанидийн импери а, Византийн Гергара Малхбале а схьаяьккхинчул тӀаьхьа нартол дакъа хилира бусулбачеран архитектуран (Самаркандера Биби Ханум маьждиг, XV бӀешеран юьхьиг).

Итали[нисъе | нисъе чухулара]

Лакхарчу тӀегӀанера нартол кхиар хилла италин ЮхаметтахӀоттар муьран архитектурехь (Флоренцин Санта-Мария-дель-Фьоре килсан нартол (Брунеллески, XV бӀешо), руман Сийлахь Петран килсан нартол (Микеланджело, XVI бӀешо), кхин дуккха а). Бароккон муьрера нартолаш яра уггаре яккхий гӀишлошна а, гӀаланашна а тӀехь йина.

XIX бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

XIX бӀешарахь нартол лело йолийра ладаме пачхьалкхан гӀишлош еш. ЦӀенош деш нартолаш кӀезиг лелайора. Нартолаш еш металлан каркас, эчигбетон, аьнгали лело долийра. ЧӀогӀа хаза шайн барамца а, исбаьхьа конструкцица а нартолаш ю ЗаьӀапчеран цӀийнан а, Пантеонан а Парижехь, лондонан Сийлахь Павлан килсан, Германехь — берлинан Паччахьан музейхь (К. Шинкель); Россехь — москохан Ӏийсан килсан а, пиетарбухан Исакъан килсан.

НАРТОЛ

XX бӀешо[нисъе | нисъе чухулара]

XX бӀешарахь гӀишлошъяран технологеш кхиарца а, керла гӀирсаш юкъабовларца а, масала полимераш, архитекторш тхьов къовларан проекташъян буьйлабелира тайп-тайпана кепара нартолашца (масала, Р. Фуллеран геодезин нартолаш). Нартолаш чӀогӀа яьржира спортан а, ловзаран а гӀишлошъярехь.

Nuraghe Losa.jpg Choragic monument.jpg PantheonOculus.01.jpg Maket Sofii.JPG Markusdom Kuppeln.jpg
Лосера Нураг, Сардини. ХӀинцалера хьал Афинера Лисикратан иэс Руман Пантеонан кессонаци йина нартол Киевра Софийн килс. Реконструкци. Сурт Венецера Сийлахь Маркан килсан нартолаш

Нартол исламан архитектурехь[нисъе | нисъе чухулара]

Исламан архитектурера ширачех масала ду Скалан нартолан, Цепин нартолаш, Иерусалимера Байтал Мукъаддис маьждиган, иштта кхин а Дамашкъера Омейядийн маьждиган конструкцеш. Оцу ерриг а гӀишлоша схьаэцна византийн архитектуран амалаш. Амма исламан пхьерашна хиира шайн евзачу амалаш тӀиера дӀа а таьӀна цӀенна бусалбачеран кхолларалла юкъадаккха[1]. Скалан нартол йина 691 шарахь Ӏабд аль-Маликан лаамца. Иза ечу хенахь пхьераш тӀетевжина хила тарло Ӏийсан кешан килсан конструкци. ГӀишлочун нартол ю шина чкъоьран дечиган конструкци диаметрехь 20,44 метр, локхаллехь 30 метр. Иза лаьтта ялхийтта бӀогӀам тӀехь лаьтта вотан тӀехь. Оцу бӀогӀамийн гуонехь лаьтта бархӀсаболу аркада 24 бӀогӀамах лаьтта. Тахана нартол арахьа деший тоьхна наштарца къевлина бу. ДӀадевллачу бӀешерашкахь конструкцийн дуккха а сакхташ динехь а, ерриг схьаэцча ширачу заманера дуьйна хийцамаш кӀезиг бу. Цепин нартол масала хилира тӀаьхьа йинчу бархӀсаболчу гӀишлойн.

Билгалъяхаеза ширачу гӀишлойн нартолан конструкцеш, масала, Тунис пачхьалкхера Кайруан гӀалара Укъбан маьждиг, цигахь масех нартол ю, уггаре йоккханиг царех михраб тӀехула ю, ламазан зал чура чоьхьарчу керта чекхволийла а ю. Нартол лаьтта бархӀсаболу вотан тӀехь, бух биъсаболчун базан тӀехь бу. Шен истори иссалгӀа бӀешере йоьдуш йолу иштта нартол, лору уггаре ширачех а, хаза нартолех а исламан архитектурехь. Кордован рузбанан маьждиг, хӀинца руман-католикийн килс, Испанин Кордовера, иштта жовхӀар ду исламан архитектуран.

Нартолийн кепаш[нисъе | нисъе чухулара]

Асанан нартол[нисъе | нисъе чухулара]

Асанан нартол. Атреян хазна

Асанан нартол къаьста «боккъал нартолах» иза анасизан чкъоьрех латтарх. ХӀора тӀехулара чкъор кӀеззиг арадолу бухарчул, латтадо консольца, боьххьехь тӀеттӀакхочу. Иштта нартолан масала ду Атреян хазна.

Нартол-хоханкорта[нисъе | нисъе чухулара]

Нартол-хоханкорта. Пушкино, Боголюбскан килс
Нартол-хоханкорта. Дели, Гурдвара Бангла Сахиб[2]

Нартол-хоханкоьртан боьххьехь ирлуш, хохан коьртах тера а йолуш кеп ю. Дукха хьолахь иштта нартолаш лелайо Россехь а, Туркойчохь а, ХӀиндехь а, Юккъера Малхбалехь а. Иштта кепара нартолаш лелайо оьрсийн православин килсаш еш. Делахь а уггаре хьалхара Русера тӀулгах йина килсийн византийн нартолийн хатӀ дара, тӀаьхьуо уьш ерриг аьлча санна дӀаехира хохан корта кепарчу нартолаш. Иштта нартолийн бухал а йоккха диаметр ю, вотана тӀехӀиттайо уьш, ткъа церан локхалла шораллел сов хуьлу. Йисанчех уггаре хьалхара иштта нартол йолу гӀишлош XVI бӀешерера ю, шира тептарш тӀиера суьрташ тешалла до, уьш XIII бӀешерал тӀаьхьа юкъаевлла ца хиларх что. Четарш, нартолаш санна юьхьанца лелодолийра дечиган килсаш тӀехь, тӀулган архитектурехь гуттара а тӀаьхьа лелийра. Амма тӀаккха а уьш кечйора дечигах я металлах, хӀиттайора дечиган вотан тӀе. Православин килсийн нартолаш ечу говзаллехь гӀараваьлла инженер-архитектор хилла Падюков Сергей Николаевич[3] (1922—1993), цуо нартолийн конструкци йина, дакъа лаьцна АЦШхь 44 килс еш.

Масех нартол-хоханкорта болу килс оьрсийн килсан архитектуреран кеп хилла, иза къаьста кхечу православин къаьмнийн а, керсталлийн конфессийн а архитектурех. Исторера ишттачу оьрсийн килсийн хьалхара масала ду Новгородера хьалха хилла дечиган 13 нартол йолу Софийн килс (989)[4] а, Киевера 25 нартол йолу Десятинни килсан меттигехь хилла хьалхара килс а (989—996). Нартолийн барам оьрсийн архитектурехь сийлалла йолуш хуьлу, масала, 13 нартоло гойту Ӏийса пайхӀамар وصلة= шен 12 асхьабаца, ткъа 25 нартол — инжил тӀиера кхин а 12 пайхӀамарца وصلة=. Византийн нартолашца юьстича, оьрсийн килсийн нартолаш кегийра ю, дукха хьолахь деший диллина я къегина басар тоьхна ю.

Овалан нартол[нисъе | нисъе чухулара]

Овалан нартол

Овалан нартолаш барокко архитектуран дакъа ду. Ша цӀе схьаяьлла латинан дешах ovum, гочдича хӀоа хуьлу. Дукха хьолахь овалан нартолаш йоьзна ю архитекторийн Л. Бернинин а, Ф. Борроминин цӀерашца, амма хьалхара бароккон овалан нартол йина Джакомо да Виньолас Сант-Андреа-ин-Виа-Фламина[it] килсан (кхин олу Сант’Андреа-дель-Виньола). Нартол папас Юлий III-гӀачо яйта йолийра 1552 шарахь, шолгӀачу шарахь елира. Уггаре йоккха овалан нартол йина Викофортехь архитекторо Галло Франческос[it].

Полигоналан нартол[нисъе | нисъе чухулара]

Полигональный купол

Полигоналан нартол анасизаца екъча дукхасенашберг хуьлу. Уггаре а гӀараяьллачеран масала ду Брунеллески Филиппос йоьгӀна Флоренцера Санта-Мария-дель-Фьоре килсан барӀсаболу нартол.

Гатан нартол[нисъе | нисъе чухулара]

Гатан нартол

Гатан нартолаш, кхин а византийн нартолаш а олу царех, иза ду гата, цуьнан бух тӀиера юккъе тӀеттӀа йоьду нарптол. Иштта йолу нартолаш тера ю лахара еасонера дӀа а йихкина, лахара хьала мохь хьоькху биъсаболчу гатанах.

Нартол-бошхап[нисъе | нисъе чухулара]

Йоккха нартол-бошхап

Нартол-бошхап кӀорга ца хуьлу, анасизан а, бух болчура тӀехалонан а юкъара са жима хуьлу. Геометрица, ишттачу нартолийн анасизан хадор гуо бу, ткъа хьала-охьаниг — гуонан сегмент (аьлчи а цуьнан дакъа). Нартол-бошхапаш лоха ю кхечу нартолел. Тахана уггаре яккхийчу нартолех дукхахаерш иштта кеп йолуш ю.

Нартол-бошхапаш гӀарадевлира XVIII бӀешарахь, хӀинци а иштта ду уьш. Дукха хьолахь уьш леладо хӀусаман чуьра дизайн еш, бедан чохь чоь йина меттиг хилча. Иштта меттиг хилча нартол арахьара ца го, ткъа чохь чоь йоккха хетуьйту. Дукхахдерг иштта нартолаш кечйо бустамашца я фрескашца.

Иштта нартолаш лелийна византийн килсанаш а, Ӏусманийн маьждигаш а дечу хенахь. Дукхаха долу ХӀиндера, Пакистанера, Иранера, ОвхӀанера маьждигаш къевлина ду нартол-бошхапашца.

Нартол-четар[нисъе | нисъе чухулара]

Нартол-четар. Санта-Крочера килсан Пацци капелла. Флоренци

Нартол-четарш декъна ду, юккъера бух тӀе доьдучу пӀендаршца, сегменташна. ПӀендаршна юккъера меттиг хьевзина юьзина ю, цуо охьанехьа болу Ӏаткъан пӀендаршна бо. Софийн килсан юккъера нартол ишттачу схемица йина, цуо аьтту бира архитекторан нартол йолалучохь пӀендаршна юкъахь кораш дан. Сийлахь Петран килсан коьрта нартол а иштта кеп йолуш ю.

Цацан нартол-четар. ДК «Эла Александр Невский». Пиетарбух

ГӀараевлла нартолийн конструкцеш[нисъе | нисъе чухулара]

Aya sofya.jpg Santa Maria del Fiore.jpg Saint Isaac's Cathedral in SPB.jpeg OitaStadium1.JPG Reliant Astrodome.jpg
Константинополера Сийлахь Софин килс Флоренцера Сийлахь Санта-Мария-дель-Фьоре килс Пиетарбухера Исаакиевн килс Оитера стадион Релайант Астродом стадион
Дуьненара уггаре яккхийчех нартолаш историн тайп-тайпанчу муьрашкара
Шо Диаметр ЦӀе Лаьтта меттиг Йинарг Билгалдахарш
в. Э. 1250 шо хь. — в. Э. I бӀешо хь. 14,5 м Атреян хазна Микенаш, Греци Асан нартол
в.э. I бӀешо хь. — в.э. 19 шо хь 21,5 м Меркурийн килс Байи, Итали Руман импери Хьалхара монументан нартол
в.э. 19 шо хь. — II бӀешо долалуш 25,0 м Агриппин термаш Рум, Итали Руман импери Румера коьртачу гӀишлон нартол лелийна хьалхара термаш
II бӀешо долалуш — 128 шо 30,0 м Траянан термаш Рум, Итали Руман импери Ахнартол
128—1436 43,4 м Пантеон Рум, Итали Руман импери Дуьненахь уггаре йоккха арматура йоцу бетонан нартол (тахана а яц цул йоккха)
1436—1881 45,52 м Санта-Мария-дель-Фьоре Флоренци, Итали Флоренцин архиепархи Дуьненахь уггаре йоккха киран берамца кибирчиг юьллуш йоьттина нартол (тахана а яц цул йоккха)
1881—1902 46,9 м Девонширера паччахьан госпитал[en] Бакстон, Йоккха Британи Cotton Famine Relief Fund
1902—1913 59,45 м Уэст-Баден-Спрингс Уэст-Баден-Спрингс, АЦШ Lee Wiley Sinclair Болатах а, аьнгалих а йина нартол
1913—1930 65,0 м БӀешеран зал Вроцлав, Польша Германин импери Нартол эчигбетонах
1930—1955 65,8 м Лейпцигера базаран гӀишло Лейпциг, Германи Нартол эчигбетонах
1955—1957 101,5 м Bojangles' Coliseum[en] Шарлотт, АЦШ Thompson and Street Нартол конструкцин болатах
1957—1965 109 м Belgrade Fair[en] Белград, Серби Belgrade Fair Дуьненахь уггаре йоккха нартол буламе бетонах йина
1965—1975 195,5 м Релайант Астродом Хьюстон, АЦШ H.A. Lott, Inc.
1975—1992 207 м Мерседес-Бенц Супердоум Нью-Орлеан, АЦШ Blount International Гур конструкцин болатах бу
1992—2001 256 м Джорджи стадион[en] Атланта, АЦШ Брэнсфилд а, Горри а[en] Тенсегрити тайпана конструкци
2001—2009 274 м Стадион Оита Бэнк Оита, Япон Кисё Курокава ДӀашерша тхов
2009 — тахана а 275 м Ковбойз Стадион Арлингтон (Техас), АЦШ HKS, Inc.[en] ДӀашерша тхов

Нартол динехь[нисъе | нисъе чухулара]

Нартолаш лоцу ладаме меттиг керсталлин а, бусалбачеран а архитектурехь. Дукхаха йолу православин килсанаш а, бусалбанийн маьждигаш а, ткъа иштта дуккха а католикаллин килсанаш а тӀехула нартолаш йолуш ю.

Дукхаха долчу динашкахь нартолан доккху сийлаллин маьӀна до. Иштта, православехь нартол Стигларчу Паччахьаллин сийлалла ю, цара цу тӀе суьрташ а дохку Дела ву, маликаш ду олий.

Исбаьхьаллехь[нисъе | нисъе чухулара]

Нартолан бух тӀиехь йина конструкцеш[нисъе | нисъе чухулара]

Тандыр[нисъе | нисъе чухулара]

Тандыр Азин къаьмнийн Куьрк-пеш ю, цуьнан хуьлу хӀоан кеп, тера хуьлу ламастан кхабанах лакхахь гоьрга Ӏуьрг долуш. Тандыр шен лакхарчу декъехь — нартолан конструкци ю, кхин тӀе нартол чухула ладаме меттиг а ю: оцунна тӀе туху боккха буткъа чӀапа бод; довхачу хӀаваэхь деттанчул тӀаьхьа атта схьадолу чоьхьарчу пена тӀиера. Дукха яккхий тандыраш а хуьлу; наггахь уьш ялта, кхин хӀума а лело меттиг санна лелайора, кхин а — тӀом болуш зударий, бераш ловчкъа меттиг санна а хуьлура. Тандыро шира архитекторийн ойла тӀеяхийтинна хила, тера ду, нартолаш яккхий гӀишлошна ян.

Гумбаз[нисъе | нисъе чухулара]

Туркойчохь, Иранехь, кхин цхьа могӀа Юккъера Азин пачхьалкхашкахь «гумбаз» олу нартолан конструкцех, уьш шуьйра лелийна гӀишлошъярехь сардобаш, ковра-божалаш, зияраташ, банеш, кхин дуккха а гӀишлош еш. Нартол-гумбаз яран говзалла Азехь кхаьчна кхачамалле. Нартолийн тхевнаш баран Азера говзалла кхаьчна цхьацца Африкан кӀошташка. Ерриг гумбазаш юттура башха кибирчиг йоттаран хьесапца. Иза далора ша-кепара кибирчиг яран технологица, кибирчиг юьллу берам башха йоттаран хьесапца уьйр йолуш, оьшучехь лелайора лакхара исбаьхьаллин нартол кечъяран материалаш. Дерриг оцу хӀумано таро лора даккхий тхевнаш дан, гумбазан геометрин кепаш бес-бесара ян, механикан ондаллин а, цецвоккхуш дукха латтаран а конструкцеш ян.

Азин цхьа могӀа ламастахь а, оьздангаллехь а гоьрга нартол-гумбазо Дуьненан сийлалла гойтура — адаман бӀаьрган буса го стигал. Килсан классикан кеп хилира дуьненан йиъ агӀо гойту къуб, иза гоьрга нартол-гумбазца къовлура. Оцу тайпана классикан гӀишло ю дуьненан гӀишлош яран исбаьхьаллин хазна Бухарера Саманидийн зиярат.

Сардоба[нисъе | нисъе чухулара]

ЧӀогӀа ша-кепара ю, архитектурехь а, инженеран а, гишлошъяран а практикехь кхин йоцу является сардобан конструкци — Азехь къевлина молу хи латто меттиг. Кхузахь дукха хьолахь нартол-гумбаз хуьлу тоьуш йолу архитектуран феномен, иза кхуьу дешна лайн, догӀан хи гулдечу меттигехь. Наггахь сардобе даладора татолашца я кяризашца хи. Нартол-гумбазан сардобехь масех функци хуьлура: бассейн чуьра мола хи ченах а, ченан мохех а Ӏалашъяр, бассейн тӀехула ӀиндагӀ дар хи Ӏаьнаре ца далийтархьама. Цхьацца гуонахьа галерейш йолу сардобашкахь, сардобан нартолаш кӀелахь дийнахь садаӀа совцура новкъахой, йовхачу хенахь некъ ца балора, кхузахь нартолан ӀиндагӀехь хин уллохь, буьйса юлийтий шелонехула юха новкъа бовлура, гӀум-аренашкахь ковранаш аьхкан заманахь буса бен ца лелара. ГӀунаш, кяризаш, татолаш санна сардобаш мола хи латтадора новкъаца, ткъа цхьацца меттигехь иза бен хин хьост а ца хуьлура. Сардоб йоцуш ойла а ца ялора йохк-иэцаран а, новкъан а. Хьалхарчу а, Юккъерчу а Азин, ткъа иштта Африкан цхьа могӀа пачхьалкхийн экономика а, транспортан логистика а XX бӀешо юккъе даххалц еккъа сардобан хица хьашташ кхочуш дора. Оцу ширачу заманан гидротехникан говзаллин хазно деккъа ша хиларца а пачхьалкхийн а, къаьмнийн историйн тӀаьхьало йора. Сардобах архитектуран гӀишло хилира, ткъа нартоло ерриг гӀишлон эстетикан чам тобора, иза коьрта конструктиван а, гаран а дакъа дара цуьнан технологин иэшар бахьнехь.

Азин къаьмнийн архитектуран оьздангаллехь гумбазаш доккха маьӀна долуш ю: цхьаьна агӀора — тайп-тайпана гӀуллакхашна лерина хӀусамашна аьтту болуш а, технологин конструкци а ю, кхин тӀе хаза а ю, дукха хьолахь — гӀишлон куьцехь уггаре коьртаниг ю. Гумбазо кхузахь ши функци кхочушйо: лахара чухоаман тхов а, эстетикан, идеологин, конфессин маьӀнехь, — хаза гаран функцис Ӏаткъам бо хьажархошна шен куьцаца. Дуьненан архитектуран тӀаьхьалонехь уггаре гӀараяьллачех гумбаз ю Самаркандера Гур-Эмиран кошан нартол.

Сардоб а, гумбаз а вовшен гергара нартолан конструкцеш ю, Азин аренашкахь дуьнен тӀеевлла, иштта, Малхбузан архитектуран ламастехь ю пурхнехьа дуьхьалонаш а: тӀех сов атта а, абсолютан а сардобан нартолан функционалан архитектоника, хаза, бес-бесара гумбазан кепаш а, декор а — динан а, мемориалан а гӀишлошна муххале а, дукха хьолахь — яккхий, айина «тӀекхочур воцучу лакхене», лепаш Малхбалехь дукха безачу сийначу бесан смальтан а, айсийначу экъан а.

Яранга[нисъе | нисъе чухулара]

Сибрехан Къилбасела-Малхбален къаьмнийн ламаста, яйн гуран-нартолан вовшахтосу-вовшахйоккху конструкцин дӀасхьалело хӀусам. Атталлийца а, функцийца а шех тера кхин йоцу инженерин конструкци, аьтту бо адамийн баха а, болхбан а чӀогӀа луьрачу климатан лахарчу температурийн, лаьтта таьӀна хӀаваийн, чӀогӀа мехаш, дарц, лайш долчу хьолашкахь. Ярангин конструкцис иштта Ӏалашбо чухула болу нах акхаройх. Ярангех тера нартолийн конструкцеш ю Тийна океанан бердашкарчу къаьмнийн хӀусамийн; и нартолаш йина дийнатийн цӀоканех, гур бо китан а, океанан кхин даккхийчу дийнатийн даьӀахкийн бух болуш.

Иглу[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀортола йоцу нартол йо чорда лайх я шех яьхначу блокех — ламаста дахаран гӀишло ю эскимосийн. Ша-кепара, цхьанне хӀуманах тера а йоцу гӀортол йоцу нартолан конструкци, йина «цхьа йоцучу хӀуманех» башха, оцу гӀишлон бен йоцучу технологица. Иглу ян иштта атта а дац: оьшу билгалчу кӀоргаллин а, чӀогӀаллин а лайн чкъор — «детта ло», кхин а дика — фирн. Лайх яьхна еакӀуон кибарчиган блокашна зайла кепара куц до, тӀаккха блокаш дӀаютту мелла а чоьхьа таӀош; эвнашна чу лот уху я хьокху. Нартол «къора» йо; чуволу Ӏуьрг классикан вариантехь цӀенкъал лахахь доккху, нартол кӀелхьара йовхо дӀа ца яхийтархьама. ХӀаваъ шен кристаллех дузуш долу чӀогӀа мехаш, баабо иглун мох болу агӀо, цундела и пен стомма бо, я — ша лаьтта мехах ларвен пен буту лайн блокех.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Власов В. Купол // Новый энциклопедический словарь изобразительного искусства: В 10 т. — Спб.: Азбука-классика, 2006. — Т. IV. — 751 с.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Брунов Н. И. Очерки по истории архитектуры. Том 1, стр.322-330
  2. А. В. Галанин, Купола и главы храмов, 2010
  3. Зарудный Н. Памяти друзей. С. Н. Падюков // За Россию. — 1994. — N 1(300) — 1994. — С.2.
  4. Новгородский кафедральный Софийский собор. — Новгород: Тип. Губернского правления, 1886. — С. 3.
  5. Военно-авиационный словарь, Москва, Воениздат

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Бартенев И. А. Конструкции русской архитектуры XVIII—XIX вв.: Учеб. пособие. — Л., 1982.
  • Сомов А. И., Таненбаум А. С. Купол // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.