Чулацаман тӀегӀо

Итальянийн мотт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Итальянийн мотт
Шен цӀе italiano, la lingua italiana ладогӀар 
Пачхьалкхаш
Официалан статус

 Итали
 Ватикан
 Сан-Марино
 Швейцари
 Малтойн орден
Регионийн йа локалан официалан мотт:
 Хорвати

 Словени

Организацеш:
 Европин барт
Латинан Барт
Нисдеш организаци L’Accademia della Crusca
Мотт буьйцурш 70 млн герга
Рейтинг 18
Статус кхерамзаллехь[5]
Классификаци
Категори: Евразин меттанаш

ХӀинди-Европин меттанаш

Романийн тоба
Итало-романийн бухара тоба
Йоза латиница
Меттанийн кодаш
ГОСТ 7.75–97 ита 235
ISO 639-1 it
ISO 639-2 ita
ISO 639-3 ita
WALS ifi, ita
Ethnologue ita
Linguasphere 51-AAA-q
ABS ASCL 2401, 24
IETF it
Glottolog ital1282
ХӀокху маттахь Википеди

Итальянийн мотт (lingua italiana) — Италин официалан мотт бу.

Итальянийн абат (alfabeto)
Элп Алар ЦӀе (ит.) ЦӀе (нох.)
A a [a] a а
B b [b] bi би
С с [k], [ʧ] сі чи
D d [d] di ди
E e [e], [ɛ] e э
F f [f] effe эффе
G g [g], [ʤ] gi джи
H h хьажа тексте acca акка
I i [i], [j] i и
L l [l] elle элле
M m [m] emme эмме
N n [n] enne энне
O o [o], [ɔ] o о
P p [p] pi пи
Q q деккъа цхьаьна qu [kw] cu ку
R r [r] erre эрре
S s [s], [z] esse эссе
T t [t] ti ти
U u [u], [w] u у
V v [v] vu ву
Z z [ʣ], [ʦ] zeta дзета
Деккъа кхечу меттанашкара девлла дешнаш дӀаяздан
J j [j] i lunga и лунга
K k [k] cappa каппа
W w [v], [w] vu doppia ву доппиа
X x [ks] ics икс
Y y [i], [j] i greca и грека

Итальянийн матто лелайо латинан абат тӀетоьхна диакритикашца. Яьржина ю иштта диграфаш.

Элпаш c, g билгалдоху аьзнаш [k], [g] хьалхарчу могӀанера доцучу мукъа аьзнашна хьалха (o, u, a), ткъа мукъа аьзнашна e, i уьш доьшу [ʧ] а, [ʤ] а. Цхьаьна «ci, gi + мукъа аз» элп i ца доьшу, ткъа билгал бен ца доккху дешар c, g аффриката сашша (ciao 'салам'/'Ӏие шайна' ['ʧao]), нагахь i уозош дацахь. Цхьаьна элпаш cie, gie хӀинцалерачу маттахь ца къаьста аларца ce, ge([ʧe] а, [ʤe] а). Уьш леладо цхьадолчу орамашкахь (cieco 'бӀаьрзе', хӀунда аьлча ceco 'чехийн' ду) а, зударийн родера дукхаллин терахьехь мукъа аьзнашна тӀехьа: valigia 'тӀоьрмиг', дукх. т. valigie (valige дац). Триграф sci билгалдоккху [ʃ].

Аьзнаш [k], [g] i, e хьалха хилча билгалдоккху ch, gh (дуста иштта sch [sk]): ghiaccio 'ша' [gjjaʧ:o], che [kje] 'хӀу'.

h элпан шен аз дац. Иза леладо диграфашкахь ch, gh (триграфехь sch), тӀеэцначу дешнашкахь, айдардешнашкахь (ahi 'хӀун дие'), ткъа иштта, хандешан кеп билгалъяккха avere 'хила' омонимаш йолчу кхечу дешнех: ho 'сан ю' (o 'я'), hai 'хьан ю' (ai — предлоган цхьаьнатоьхна кеп a а артикль i а), ha 'цуьна ю' (a 'к'), hanno 'церан ю' (anno 'шо').

Диграфаш gl а, gn а билгалдоху палаталан сонанташ [ʎ] ('лль') а, [ɲ] ('нь') а. i доцург [ʎ] муьлххачу мукъа озаца цхьаьна, яздар доьху триграф gli: дус. gli [ʎi] ('льи') — артикль i хийцаялар, йа 'цунна'; амма migliaia [mi'ʎaja] ('милья́я') 'эзар'.

Элп q лела ца до qu кепара бен, цуо билгалдоккху [kw]. Шала дар qu триграф cqu санна хуьлу: acqua 'хи', nacque 'иза вина' (йукъарадаккхар: soqquadro 'низам ца хилар', biqquadro 'бекар').

Элпаш i а, u а билгалдаха тарло мукъа аьзнаш [i] а, [u] а, ткъа иштта глайдаш [j] а, [w] а. Дукха хьолах кхечу мукъа озан уллехь цуо билгалдоху глайдаш, нагахь иза уозош дацахь йа юьцург суффикс -ia яцахь. И уозор йозанехь билгал ца доккху: Russia ['rus.si.a] 'Росси', амма trattoria [trat.to.'ri.a] 'трактир'. Дус. capìi [ka.'pi.i] 'со кхетта'.

e, o элпашка билгалдахало алсамо къевлина [e], [o], алсамо къевлина а [ɛ], [ɔ]. Нагахь царна тӀехула акутан йа грависан хьаьрк ца латтахь, уьш къаста ца ло: legge 'закон' ([leʤ:e]), амма legge 'цуо йоьшу' ([lɛʤ:e]).

Акутан а, грависан хьаьркаш лелайо уггар хьалха, тӀехьара слог уозо езар гойтуш, цу тӀе уозо деза мукъа аз — i, u йа a делахь, даиман лелайо гравис: città 'гӀала', gioventù 'къуоналла', capì 'иза кхетта'. Нагахь мукъа аз йукъара барамехь уозо дезахь, диллина хилар гойтуш лелайо гравис, ткъа къевлина гойтуш — акут: perché 'хӀунда' [per'ke], [tɛ] 'чай'.

Цул сов, акут а, гравис а хьаьркаш хӀиттайо цхьайолчу юьззина уозош йолчу кепашна, уьш уозош доцу дешнийн омографех къастаялийта: 'цуо ло', da 'тӀиера', 'хӀаъ', si '-ся' (дус. кхин а è 'иза ду', e 'а').

Элп j леладо цхьа могӀа тӀеэцначу дешнашкахь а, доларчу цӀерашкахь а ламастан яздар Ӏалашдеш (дус. Juventus). Шира тексташкахь хаало j дукхаллийн терахьера цӀерийн чеккхенгахь -io: principj 'долораш' (морфологехь principi-i, дус. principio 'юьхьиг')[6].


Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ScriptSource - Italy
  2. ScriptSource - San Marino
  3. ScriptSource - Switzerland
  4. ScriptSource - Vatican State
  5. Красная книга языков ЮНЕСКО
  6. Battaglia, S., Pernicone, V. La grammatica italiana. Torino: Loescher — Chiantore, 1962, p. 36.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]