Багаман ГӀайренаш
Багаман ГӀайренаш | |||||
---|---|---|---|---|---|
Commonwealth of the Bahamas | |||||
| |||||
Девиз: «Forward Upward Onward Together» | |||||
Шатлакхан Илли: «March On, Bahamaland» | |||||
![]() |
|||||
Маьрша яьлла терахьаш | 10 июль 1973 (Йоккха Британех) | ||||
Официалан мотт | ингалсан | ||||
Коьрта гӀала | Нассау | ||||
Яккхий гӀаланаш | Нассау | ||||
Урхаллин тайпа |
Йоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин юкъара маьрша пачхьалкх[1]; конституцин монархи[2] |
||||
Пачхьалкхан корта Генерал-губернатор Премьер-министр |
Елизавета II Пиндлинг Маргерит Муннис Губерт |
||||
Латта | 156-гӀа дуьненахь | ||||
• Дерриг | 13 878 км² | ||||
хина тӀехле | 28 % | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2014) | 321 834[3] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Дерриг (2012) | $11.055 миллиард долл. (151-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | $31,382 долл. | ||||
АДКМ|ИЧР (2013) | ▲ 0,794[4] (лакхара; 49-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Багаман доллар (BSD, код 44) | ||||
Интернет-домен | .bs | ||||
Код ISO | BS | ||||
Код МОК | BAH | ||||
Телефонан код | +1-242 | ||||
Сахьтан асаш | -5 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[d][5] |
Бага́ман ГӀайренаш (инг. Bahamas), юьззина официалан цӀе — Бага́ман ГӀайренийн ДоттагӀалла[1] (инг. Commonwealth of the Bahamas) — Карибийн хӀордан а, Кубан а къилбаседехьара, Флорида ахгӀайренан къилба-малхбалехьара иштта цӀе йолчу гӀайренаш тӀиера пачхьалкх. Архипелаг юкъадогӀу 700 гергга гӀайре (царех нах беха 30 гӀайрен тӀехь) а, 2000 маржанийн гӀайре а.
Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
ЦӀеран маьӀна билггала хууш дац, оцу хьокъехь шиъ коьрта гипотеза ю. Цхьана гипотезца, цӀе схьаяьлла меттигера метта декъан фраза «Taíno ba ha ma» («доккха лакхара юккъера латта»)[6]; вукха гипотезца, цӀе схьаяьлла испанхойн дешнех «baja mar» («гомха хи» / «гомха хӀорд» я «хӀорд чубожар»), цуо гойту оцу кӀоштара хи гомха хилар. Кхин цхьа ойла а ю, и цӀе схьаяьлла хила тарло меттигерчу «Гуанахани» метта декъан дешах, маьӀна цуьнан билгал ца даьлла[7].
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Дуьххьара Багаман гӀайренаш тӀехевшинарш лору лукаянаш (кхузара ю цӀе Лукайн гӀайренаш[8]), аравакийн тайпанан га, уьш кхуза кхаьчна IX бӀешо гергга долуш. ГӀайренаш дӀадиллина Колумб Христофора 1492 шарахь. Архипелаган цхьа гӀайре —Уотлинган гӀайре (Сан-Сальвадор) — 1492 шеран 12 октябрехь дӀадиллинчу Керла Дуьненан латта ду. Цул тӀаьхьа кхо шо даьлчи дуьххьарлера испанийн колонихой дӀатарбелира архипелаг тӀехь.
Испанхоша меттигера бахархой дӀабуьгура Эспаньоле (Гаити) лайш бан, 25 шо даьлчи индахойн бахархой берриг аьлча санна дӀабевлира, ткъа испанхоша йитира и меттиг.
Кхин а бӀешарахь гӀайренаш лаьттира нах кӀезиг болуш, оьшуш доцуш, Ингалсан паччахьо Карл I-чо инарлан прокуроран уьш дӀадаллалц. 1650 шарахь кхуза кхечира Бермуда гӀайренаш тӀиера кӀеззиг мухажираш-ингалсхой, цара эвла йиллира Эльютера гӀайрен тӀехь. Оццу хенахь Багамаш тӀетарбала буьйлабелира хӀордан талорхой, кхоьллира архипелаган масех гӀайрен тӀехь шайн кеманаш тодан а, садаӀа а базанаш. Багаман гӀайренаш тӀиера талорхой лаьхкира ингалсхоша 1718 шарахь.
Багамаш космосера 2009 шарахь. NASA сурт
Хьажа ишта[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 84. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4
- ↑ Censimento Bahamas 2010.
- ↑ Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 августехь.
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Peter Barratt Bahama Saga: The epic story of The Bahama Islands. — 2004. — P. 47.
- ↑ https://www.etymonline.com/word/bahamas
- ↑ Лукайские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Багаман ГӀайренаш Викиларма чохь |
---|---|
![]() |
Багаман ГӀайренаш Викикерланаш чохь |
![]() |
Багаман ГӀайренаш Викигид чохь |
- Официальный сайт Багамских Островов.
- Багамские острова // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Багамы на карте мира Архивацийина 22 декабрехь 2010 шеран..
- Энциклопедия «Кругосвет».