Эквадор

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Республика Эквадор
испан. República del Ecuador
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Dios, patria y libertad
(испан. 
«Дела, Даймохк, маршо»
Эквадоран Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш 1809 шеран 10 август (Испанех)
Официалан меттанаш Испанхойн мотт[1], Кичуа (мотт)[d][1], Шуар[d][1]
Коьрта гӀала Кито
Йаккхий гӀаланаш Кито, Гуаякиль
Урхаллин тайпа Президентан республика[1]
Президент
Вице-президент
Гильермо Лассо
Альфредо Борреро
Латта
 • Шадерг 283 561 км² (73-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 2,4
Бахархой
 • Мах хадор (2022) 18 267 203[2] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2019) 205,989 млрд[3] долл. (67-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 11 929[3] долл.
АДКИ (2019) 0,758[4] (лакхара; 85-гӀа меттиг)
Ахча АЦШн доллар, эквадоран сентаво;
эквадоран сукре (2000 шо кхаччалц)
Интернет-домен .ec
Код ISO EC
Код МОК ECU
Телефонан код +593
Сахьтан аса -5 [5]
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][2]
  1. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 86. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  2. Ecuador (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Central Intelligenca Agency. Теллина 2020 шеран 28 августехь.
  3. 1 2 Report for Selected Countries and Subjects (ингалс.). Теллина 2020 шеран 16 октябрехь.
  4. Human Development Indices and Indicators 2019 (ингалс.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН.
  5. UTC -6 на Галапагосских островах.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эквадо́р (испан. Ecuador), официалан цӀе — Респу́блика Эквадо́р (испан. República del Ecuador [reˈpuβlika ðel ekwaˈðor]), — Къилба Америкин къилбаседа-малхбузера пачхьалкх.

Эквадоран малхбузехьа Тийна Ӏапказан хиш ду, къилбаседехьа доза ду Колумбица, малхбалехьа а, къилбехьа а — Перуца. Эквадоран йукъахь ду Галапагосан гӀайренаш.

Унитаран пачхьалкх.

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

1830 шарахь Сийлахь Колумбин республикех къаьстина Кито департаментах йира маьрша пачхьалкх «Эквадор» (испан. Ecuador схьадаьлла испан. ecuador — «экватор» дашах) цӀе а йолуш, цӀе йелира пачхьалкхан мохк экваторан шинне агӀор латтарна[3].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Испанин колонизацел хьалха[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀинцалера Эквадоран махкахь генарчу заманахь дуьйна даьхна тайп-тайпана индахойн тайпанаш — кара, киту, тумбе, каньяри, кхин а. Уьш бехара талларца, чӀаралацарца, латталелорца.

Вайн эран 1-ра эзарлагӀа шо чекхдолуш бердаца деха кара тайпана индахой, тӀелетира ламанан кӀошташна, иэшийра меттигера бахархой — киту а, кхин а тайпанашкара индахой (цхьаберш хӀаллак бира, цхьаболчарна ассимиляци йира), йиллира пачхьалкх, цунах латинаамерикин литературехь олу «Киту паччахьалла».

XV бӀешарахь (1460 шо гергга долуш) «Киту паччахьалла» схьайаьккхира инкийн пачхьалкхо Тауантинсуйус (схьайаккхаран тӀом бахбелира 15 шарахь гергга). Инкийн пачхьалкхан дукхаха болу бахархой (инкаш — урхаллера чкъор) бара кечуа тайпанан индахой. И мохк схьабаккхар бахьнехь кечуа мотт уггаре баьржина индахойн мотт хилира хӀинцалера Эквадоран махкахь.

Испанин колонизаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадоран мохк Испанина баьккхира Писарро Франсиско накъосташа — Бартоломе Руиса (1526 — дуьххьара десант йоссар) а, Себастьян де Белалькасара (1531 шарахь схьабаьккхира Эквадоран мохк) а. Цара шира индахойн йуьртан меттигехь йиллира Сан-Франсиско-де-Кито гӀала. 1529 шарахь Писаррон Керла Кастилин (хӀокху заманан Перун а, Эквадоран а мохк) инарла-капитан дарж делира, ткъа 1539 шарахь шен ваша Гонсало Сан-Франсиско-де-Китон урхалча хӀоттийра.

Мохк схьа а баьккхина шортта деши а, дети а доллу меттиг ца карийна, испанхой махкахь плантацеш йан буьйлабелира, цигахь къахьоьгуш бара индахой а, Африкера балийна лайш а. Доккха маьӀна долуш дара ламанан кӀошташкахь уьстагӀийлелор.

Маршо[нисйе бӀаьра | нисйе]

XIX бӀешарахь Эквадорехь а, йерриг Латинан Америкехь буьйлабелира къоман-маршонан тӀемаш а, революцеш а.

Революцех цхьаъ хилира Китохь 1809 шеран августехь, цуьнан сийнна тӀаьхьа 10 августехь Эквадорехь кхайкхийра Маршонан де.

1820 шеран 9 октябрехь революци хилира, цуьнан жамӀехь пачхьалкх кхайкхийра — Маьрша провинци Гуаякиль.

Къоман болам туьйлира 1822 шарахь, Колумбин эскарша испанхой хӀаллак бича. Эквадор карайахара Боливар Симонна.

18221830 шерашкахь — Эквадор Сийлахь Колумбин йукъахь, оцу хенахь махках олура «Кито область»[4].

1830 шеран 13 майхь кхайкхийра маьрша республика Эквадор, нисса оцу терхьера дуьйна мехко лелайо таханлера цӀе.

Дерриг XIX бӀешарахь а, XX бӀешеран хьалхара шерашкахь дуьйна Эквадоран дахар дӀадоьду шина партина — консерваторшна а, либералашна а — йукъара ира къийсамца.

XIX бӀешерийн йуккъехь дуьйна Эквадоран кхеланна йукъагӀерта европин мехкаш. 1845 шарахь Британин агӀор болчу Ӏаткъамо Эквадорехь тӀеоьцу лолла дӀадоккху закон. 1860-гӀа шерашкахь эквадоран президенто (фактехь — диктатор) Гарсия Морено Габриела Францица протекторат хӀотто барт бан гӀерташ кехаташ йаздо.

XIX бӀешеран чаккхенехь йолийра кхечу мехкийн инвестицеш Эквадоран капитална — британхой буьйлабелира мехкдаьтта лаха, ткъа америкахой — какаон а, къаьхьуон а плантацеш кхио, цӀерпоштнекъаш дахка.

Эквадор XX а, XXI бӀешерашкахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

1906 шарахь Конституцица католикин килс дӀакъастийна пачхьалкхах[5].

1923 шарахь Эквадорехь даккха долийна мехкадаьтта.

Оццу хенахь (1920-гӀа шерашна йуьххьехь) Эквадорехь кхоллабала буьйлабелла радикалан кхолламаш — социалистийн, анархистийн, коммунистийн. 1925-28 шерашкахь цара бира Эквадорехь масех герзашца болу гӀаттам, уьш Эквадоран правительство охьатовӀийра.

1941 шарахьЭквадоран а, Перун а йукъахь тӀом хилира Амазонкин лакхенашкара шуьйра мохк бахьнехь. Перун эскар алсама а, тӀом бан хьуьнар долуш а хилла цхьа могӀа иэшамаш бира эквадоран ницкъашна. ЖамӀехь, 280 эзар км² майда йолу къовсаме мохк Перун кхечира (иза герга йу таханлера Эквадоран майданна).

  • 1972 — инарла Родригес Ларин тӀеман харцам.
  • 1975 шеран 31 августера 1 сентябран буса — америкин «Texaco Gulf Oil» фирмо ахча делла харцам бан гӀоьртира.
  • 1979 шеран 29 апрелехь, тӀеман диктатурин итт шо сов даьлча, хилира конституцица мехкан президентан дуьххьарлера харжамаш. Рольдос Агилера Хайме туьйлира оцу харжамашкахь, цунна Эквадорна рекорд йолу миллион сов кхаж белира, дарже веира 1979 шеран 10 августехь. «Цхьаьнатоьхна халкъан ницкъаш» (Concentracion de Fuerzas Populares) партера дӀаваьллачул тӀаьхьа, 1980 шарахь цуо кхоьллира «Халкъан хийцамаш а, демократи а» (Partido Pueblo, Cambio y Democracia) парти. 1981 шеран 24 майхь Рольдос тӀаьхь волу хӀаваан кема чудуьйжира Уайрапунга лаьмнашкахь Лоха провинцехь. Кхелхира берриг пассажираш: Рольдосан зуда Букарам Марта, дуьхьалонан министр Марко Субиа Мартинес зудчуьнца, шиъ тӀемлойн эпсар, кхин кхоъ новкъахо а[6]. Шен хийцамийн политика бахьнехь, дахарна дуккха а кхерамаш тийсар тидаме оьцуш, таллам беш автобохамехь шиъ коьрта теш кхалхар бахьнехь, авиабохаман кхечу тешаш дуьйцург цхьаьна ца дарна, Рольдос валаро кхоьллира къайлаха барт бина иза вийна хиларан верси.
  • 19841988 шерашкахь урхалла дира президента Леон Фебрес Кордерос (1931 шеран 9 март — 2008 шеран 15 декабрь), цуьнан аьттуйукъанан правительство Эквадоран исторехь хилла уггаре репрессийн йолучех цхьаъ. 1987 шарахь Кордерос охьатаӀийра коьртехь инарла Франк Варгас Пассоса волу тӀемлойн гӀаттам, Пассоса бехке йира Кордерон правительство коррупцех а, экстремизмех а. ГӀаттам охьатаӀийначул тӀаьхьа къиза репрессийн мур беира, оцу хенахь дукхаха болу оппозицин векалш лийцира, ницкъ бира, йа тӀепаза байра. Башха тидам тӀебахара вежарий Рестрепо (12 а, 16 а шо), Колумбера схьабовлар долу, тӀепаза бар, уьш полицис лецначул тӀаьхьа церан декъий ца карийра.
  • 1997 парламенто «мехкан урхалла дан хьекъал ца тоарна» Ӏедалера дӀаваьккхина президент ӀабдаллахӀ Букарам.
  • 20009 январехь тӀаьхьарчу президентан — Джамил МуӀадан — администрацис кхайкхийра къоман валюта сукре дӀа а даьккхина, америкин доллар йукъадаккха воллуо фициалан валюта дина аьлла, экономикин къоьллара аравалархьама. Оцу балхо дуккха эзарнаш эквадоран индахой а, говзберташ а президентана реза ца хилар хаийтира арабевлла, коррупцина а, экономикин политикина а дуьхьала
  • 200021 январехь — президентан гӀарулийн полкан баьчча полковник Лусио Гутьеррес, цунна омар деллера дуьхьала берш дӀасалахка аьлла, къоман парламентана тӀелеташ баьччалла а дитина йуьстаха велира, гӀишло схьалаьцча, иза гӀаттамхойн шина куьйгалхочуьнца цхьаьна йукъавахара къам кӀелхьарадаккхаран правительствона, амма иза масех сахьтехь бен ца лаьттира.
  • 200022 январехь — йукъагӀоьртина тӀеман ницкъийн баьччалло (инарла Мендоса) Ӏедал дӀаделира вице-президентана Густаво Нобоан, ткъа Гутьеррес 6 баттана набахте воьллира. Гутьеррес маьрша велира гӀараваьлла политик хилла, цунна гӀолецира индахойн «Пачакутик» боламо, кхоьллира политикин парти «21 январан патриотин йукъаралла» (Sociedad Patriótica).
  • 2002 — президентан харжамашкахь Гутьеррес Лусио туьйлира Эквадоран уггаре хьалдолчу, «бананан паччахьал» Альваро Нобоал (Álvaro Noboa). Толам цунна беира эквадоран маьхкдаьтта Эквадоран куьйгакӀела далор ду аьлла деллачу дашо. Амма сихха кхийтира, пачхьалкхан керла куьйгалхочо хаьржина эквадоран экономика тойаран хьесапаша хьал тодийр доций. Инфляци кхуьуш йара бохаман боларца, коррупцин ун кхийтира Ӏедалан йерриг тӀегӀанашна. ТӀаьххьара президентан дийзира АЦШга а, ДВФга а гӀо деха. Цунна тӀаьхьа богӀу экономикера морса белхаша кхин а къиен бира бахархой, цӀеххьана аьрру а, индахойн а партеш реза цахилар алсама делира. Вице-президент Паласио генавелира цунна, популистийн шира лозунгашна тешаме хилла.
  • 2004ноябрехь оппозици гӀоьртира президентана импичмент йан, реза цахиларан массашкахь акцеш йеш. Гутьеррес оцу хенахь кӀелхьара ваьккхира эскаро а, оппозицин йукъахь бекъабаларш а хилла. Реза ца хиларан бахьна хилира Гутьерреса Конституци йохайар лакхара суьдан Ӏедалан агӀор — 2004 шеран декабрехь. Мехкан парламентехь цуьнан агӀончаша хийцира Лакхара суьдан дукхаха болу декъахой. Иза бахьнехь Лакхара суд, оппозицин тӀетовжийла йолу, Гутьеррес Лусион тешаме хилира. Пачхьалкхан куьйгалхочун дуьхьала болчара сихха бехке вира иза урхаллин диктатуро хӀотто гӀертарна. Оцу хенахь президенто кховдорца Лакхара суьдо берриг бехкаш дӀабехира Эквадоран хиллачу президенташна ӀабдаллахӀ Букараман (1996—1997) а, Нобоа Густавон (2000—2003 шераш) а тӀера, уьш бехке беш беш бара коррупцина. Жимма тӀаьхьа цуо бакъо а йелира шинне президентана эмиграцера даймахка верза. Оцу балхо кхачийра массашкахь нах реза цахилар.
  • 200515 апрелехь чӀагӀлуш йолу политикин къоьлла бахьнехь, президента Гутьерреса чолхе хьал хӀоттийна мехкан коьрта шахьрахь Китохь, Лакхара суьдан керла хӀоттам дӀасахецарх кхайкхийна, гӀоьртира адаманна цабеза сацам баран бехк царна тӀебилла. Оппозицис йуха а бехке вира Гутьеррес Лусио Ӏедал доладаккхарна, Китохь урамаш тӀебевлира реза боцурш. 16 апрелехь чолхе хьал дӀадаьккхира. Массашкахь адам карзахдалар бахьнехь, цхьацца хаамашца, кхелхира цхьанна тӀера кхаанна тӀекхаччалц стаг, иттаннашна чевнаш йира, бӀаьргаш Ӏийжо газца дӀовш туьйхира. 19 апрелехь балхара мукъа велира Эквадоран полицин шеф инарла Хорхе Поведа, ткъа цул тӀаьхьа президентан куьйга кӀелара дӀадолу аьлла кхайкхийра эскаро.
  • 200520 апрелехь «Бананийн путч»: Эквадоран парламент — Къоман конгресс (Congreso Nacional) (сессехь оппозицин депутаташ бен бацара) Ӏедалера мукъаваьккхира Гутьеррес Лусио, ткъа кхин а сахьт даьлча пачхьалкхан куьйгалхочун чӀагӀо йайтира вице-президенте Альфредо Паласиога. Гутьеррес ведира президентан гӀалара беркеманна тӀехь, махкара аравала таро цахилла политикин къайлавалар лоьхуш лечкъира Бразилин вакийлатехь. Эквадоран инарлин прокуратуро Гутьеррес лаца ордер йелира, экс-президент бехке вира демонстранташца къиза хиларна.
  • 200625 ноябрехь хилира харжамаш, цигахь толам баьккхира аьрру ницкъийн кандидато Рафаэль Корреас. Цунна кхаж тесира 57 % харжамхочо. Цуьнан оппонентна Альваро Нобоана (Alvaro Noboa) 43 % кхаьжнаш тесира. Харжамашла хьалха Рафаэль Корреан толам гуш бацара. Хьалхара турехь иза шолгӀа вара, онда масштабан пиар-кампани бахьнехь цунах харжамал хьалхара къовсаман лидер хилира. Цул хьалха Рафаэль Корреа Эквадоран финансийн министр вара. Европехь а, АЦШхь а дешна къона экономисто, дош делира кхечу мехкан маьхкдаьттан компанеш мехкара арайаха, арахьара декхар 10 млрд доллар дӀа ца далар. ЖамӀехь Рафаэль Корреа эккхийра правительствера, амма гӀаравелира эквадоран мискачу наханна йукъахь, уьш бу 75 % мехкара 14 миллион вахархочух. Цуо дош ло Эквадорах кхин цхьаъ онда президентан Ӏедал долу пачхьалк йан, Венесуэлин масалца, цигахь мехкдаьттан са хьажайо социалан хьашташна. Харжамашкахь иэшна Альваро Нобоа нисса бӀостанехьа ву шен къовсамочунна. Иза уггаре хьалдолу стаг ву Эквадорехь. 1994 шарахь дегара кхаьчна йоккха бизнес-импери 110 предприяти, доьзалан хьал са даьккхина, бананашца мах лелош — маьхкдаьтта дӀадаьлча Эквадоран коьрта Ӏаламан бахам. Коьрта башхалла кандидаташна йукъахь АЦШаца йолу йукъаметтиг йара. Рафаэль Корреа вевза шен америкин дуьхьала хиларца, доттагӀалла дара КӀайчу цӀийнан коьртачу мостагӀчуьнца — Венесуэлин президентаца Уго Чавесца. Альваро Нобоа, нисса дуьхьала, лууш вара, Венесуэлица а, Кубица а Эквадоро йукъаметтигаш шелйина, церан меттана АЦШца йукъаметтигаш чӀагӀйан.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Экономика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Арахьара мах лелор[нисйе бӀаьра | нисйе]

2017 шеран экспорт[7] — 19.12 млрд долл. — маьхкадаьтта, бананаш, зезагаш, креветкаш, какао, къаьхьуо, дечиг, чӀара, кӀуомал.

Коьрта эцархой — АЦШ — 31,5 %, Вьетнам — 7,6 %, Перу — 6,7 %, Чили — 6,5 %, Панама — 4,9 %, Росси — 4,4 %, Цийчоь — 4 %.

2017 шеран импорт — 19.03 млрд долл. — промышленностан сурсаташ, маьхкадаьтта сурсаташ, хьаштан сурсаташ.

Энергетика[нисйе бӀаьра | нисйе]

45 % электроэнерги йоккху ЙЭС тӀехь, йисинарг ГЭС тӀехь, амма Эквадоран гидроэнергетикин таронаш йерриг лелош йац — хин резервийн доккхаха долу дакъа (Андашкахь) лелош дац.

Хьуьнан бахам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аренийн а, лаьмнийн а доккхаха долу дакъа (44 %) тӀуьна экваторан хьаннаш йолуш ду. ТӀаьхьарчу заманахь гӀаш долу дитташ хьакхар алсама даьлла. Хьуьнан промысел кхуьуш йу, масала кечдеш ду бальзан дитт, гевейан мут, капока а, пальмин бӀар гулдар. 75 % дечиг йагочунна лелош ду.

Транспорт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ламанан ландшафто транспортан маша кхиорехь новкъарло йо. Дерриг цӀерпоштнекъийн дохалла ду 1200 километр. Онда къовлам болу автонекъаш — 23 256 км, лаьттан — 5044 км. Бердйисташкара а, кхи чоьхьара а гӀаланаш вовшахтосу Панамерикин некъ, чекхболу коьртачу шахьрахула — Китох. коьрта цӀерпоштнекъан хаамаша вовшахтосу Гуаякиль Куэнкица а, Китоца а.

Гуаякиль а, Пуэрто-Боливар а — уггаре йаккхий порташ йу. 10 коммерцин авиаасанаша дуьненайукъара а, кхин чоьхьара а хӀаваан дӀасалелориш до Хосе Хоакина де Ольмедо аэропортера.

ТӀеман ницкъаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадора тӀеман-хӀаваан ницкъаш

Эквадоран тӀеман ницкъаш (испан. Fuerzas Armadas del Ecuador) — пачхьалкх маьрша а, латта ца даккхийта а, машар ларбаран а Ӏалашо йолу Республика Эквадоран дерриг эскар. Лаьтта лаьттахулара, тӀеман-хӀордан, тӀеман-хӀаваан ницкъех. 1996 шарахь герзашца болу ницкъашкахь гӀуллакхехь вара 125 185 стаг. 1995 шарахь тӀеман хьашташна дайира 386 млн долл., йа 2,1 % ДЧС.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадоран бахархойн хенийн-сте-боьшаллин пирамида 2020 шарна

Бахархойн барам — 16 904 867[8] (2020 шарахь мах хадор). Бахархой гулбелла шина уггаре йоккха гӀалахь — Гуаякилехь а, Китохь а, мехкан йисина нах беха меттигаш 400 эз. стагал сов йац.

Шарахь тӀекхета — 1,2 %;

Дуьненна тӀе бовлар — 17 стаг 1000 стеганна;

Адам далар — 5,2 стаг 1000 стегах;

Эмиграци — 0 стаг 1000 стегах.

Адам дахаран йуккъера барам — 74,5 божарий; 80,6 зудаий.

Иммунокъоьллин вирус кхеттарш (ВИЧ) — 0,4 % (2018 шеран мах хадорца).

Этно-расин хӀоттам: метисаш 65 %, индахой 25 %, хӀукӀайнаш 7 %, хӀуӀаьржанаш 3 %

Грамоталла — 94 % божарий, 92 % зударий (2017 шеран хаамашца).

Дин: католикаш 74 %, кхин берш 26 % — уьш бу Керстачеран а, Дин даржоран а Альянсан, Эквадорера Делан Ассамблейн Инжилан конференцеш, Делан килсан тӀаьхьабозурш, баптисташ, адвентисташ.

Меттанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхьаъ бен боцу официалан мотт Эквадоран Конституцин 1 коьртан 2 йаззамца бу испанхойн мотт, къаьмнашна йукъахь буьйцу меттанаш официалан къобал бина цуьнца цхьаьна кечуа а, шуар а. Орамера къаьмнийн кхин меттанаш лелабо гуттаренна гулахь деха къаьмнийн шеш бехачура официалан мотт санна.[9]

ГӀаланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Урбанизацин тӀегӀа йу 64,2 % (2020 шарахь), уггаре луьста бахархой хевшина мехкан малхбузехь (бердйист) а, йуккъехь а.

Эквадоран коьрта шахьар Кито, йиллина испанхоша жима индахойн эвлан меттехь. Гуаякиль — шен барамца уггаре йоккха гӀала, йоккха порт а, махлелоран йукъ а йу, лаьтта хьена латта долчу йуьртабахаман регионехь. Куэнка — шен барамца кхоалгӀа гӀала йу, лору мехкан «оьздангаллин йукъ», дуккха а студенташ болуш, америкин а, европахойн а пенсионерашна йукъахь гӀарайаьлла - экспаташца. Манта — 250 000 вахархо волу хӀордан порт йу. Тойеш йу, цуо Мантина таро лур йу регионехь уггаре йаккхийчех порт хила.

Оьздангалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадор къаьста испанин оьздангаллин тӀаьхье орамера бахархойн оьздангаллин ламастийн тӀаьхье цхьаьнакхетарца. Мацца а цкъа мехкан латта йукъахь дара инкийн империн. Кито, Къилба Америкин колонийн коьрта шахьрехь уггаре дика лаьтташ йерг, хьалхара колонийн архитектурин чӀогӀа дика кепаш йу. Колонин муьрехь йерриг говзаллин кепаш кхуьура килсан Ӏаткъамца, цара леладора Европехь коьрта долчу бароккон хотӀан ларраш. ХӀинца дукхаха йолу болх беш йолу килсаша, Китохь Ӏалашдо мехала исбаьхьаллин кхолламаш: суьрташ, килсан пхьегӀаш, аьгна дечиг, статуяш, тайп-тайпана хаздерш.

Кухни[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадоран кухнехь индахойн къаьмнийн ламасташ ду, дукха кепара даарш ду. ЧӀогӀа деза даар ду кхузахь: ягуарлокро (картолийн чорпа цӀийца), локро-де-кесо (картолийн чорпа нехчанца а, авокадоца а), кальдо-де-пата (эсанан кхаьрзина бергех йина чорпа), севиче (буьда хӀордан сурсаташ: чӀара, креветкаш, лаймин мутт чу, кӀуон бурч тухуш бераме йоьхкина устрицаш), кхаьрзина банан патакон, иза хьалха йуьллу тӀекхалла йа гарнир санна, кангрехада (кхехкийна крабаш). ГӀарайаьлла кхаьрзина куй (хӀордан хьакха) иза хьалхайуьллу ламанан декъехь а, бердйистехь а. Орельяна провинцехь меттигера бахархоша йуу[10] чуйн тӀаьхь кхаьрзина пальмин чхьуьйриган нӀаьвцицигаш.

Эквадоран йий Къилба Америкехь лору уггаре дикачех. Цул сов, барашкахь ца кхоьрруш лур ду къоман «чичу», шекаран эрзаш даьккхина «писко» йа «агуардиенте» къаркъа.

Арахьара политика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эквадоран коьрта арахьараполитикин Ӏалашо йу: арахьара агрессех мохк ларбар а, чоьхьара законехь доцу гӀуллакхех лардалар а; Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо (ВКъКх) а, Америкин пачхьалкхийн кхоллам (АПКх) гӀолацар; чӀара лаца берд йистера 200 миль хӀордан мехкан реза цахилар; 1942 шеран Машарех, доттагӀаллех, дозанех лаьцна Перус а, Эквадоро а махк къийсаран дов дерзоран протоколанна (Протокол Рио) реза цахилар. Эквадоран арахьамахлелоран йукъаметтигаш ламаста Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташка йирзина йара, 1970-гӀа а, 1980-гӀа а шерашкахь Эквадоро Маьхкдаьтта дозанал арадоккху — мехкийн кхолламан (ОПЕК) декъахо хиларна цкъаццӀа йозуш йоцу арахьара политика лелайора. Борха Севальос Родриго президент волуш, 1980-гӀа шерашкахь, Эквадоран дуьненайукъара арахьараполитикин уьйранаш хилира алсама тайп-тайпана, президент Фебрес-Кордеро Рибаденейра Леон волуш хиллачул, иза Цхьаьнатоьхна Америкин политике хьаьжна вара. Масала, Эквадоро шен уьйранаш жигарайаьхна КхолгӀа дуьненан мехкашца, дуьненайукъара кхолламашца, Малхбузен Европица, социалистийн мехкашца[11]. 1969 шарахь Эквадоро а, Советийн Союзо а дӀатесира дипломатин йукъаметтигаш, амма 1972 шарахь, Эквадор ОПЕК йукъайахча бен, СССР бала ца хилла оцу мехкана. 1970-гӀа шерашна йуккъехь Советийн Союзо Китохь латтайора вакилат, АЦШца оцу мехкан Ӏаткъамна къовсам латтабора[12].

Эквадоро делла политикин къайлабовларш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏиданаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 2 // Конституция Эквадора (2008)
  2. http://chartsbin.com/view/edr
  3. Поспелов, 2002, с. 479.
  4. Нумизматика — Обзоры по континентам. Южная Америка Архивйина 2019-12-09 — Wayback Machine
  5. Галибина Е. С. Общее и особенное в Революции Мэйдзи и в либеральной революции в Эквадоре // Вестник Российского университета дружбы народов. Серия: Международные отношения. — 2008. — № 4. — С. 69
  6. Президент Эквадора погиб в авиакатастрофе
  7. По данным книги фактов ЦРУ Архивйина 2007-06-12 — Wayback Machine
  8. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху cia тIетовжаран йоза йаздина дац
  9. Ecuador: 2008 Constitution in English.
  10. youtube: н. п. Помпея, завтрак из личинок пальмового жука
  11. Ecuador — Foreign Relations
  12. Ecuador — Other Nations and International Organizations
  13. Эквадор выдал Сноудену документы беженца

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]