Бомбейн президенталла

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Бомбейн президенталла
Flag of None.svg 
Flag of None.svg 

Коьрта гӀала Бомбей
Майда 488 850 км²
Бахархой 25 468 209
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Бомбейн президенталла (инг. Bombay Presidency, маратхи: मुंबई प्रांत) — Британин ХIиндин цхьа провинци. Кхоьллина XVII бIешарахь Британин Ост-ХIиндин компанин йохк-иэцаран пост санна. ТIаьхьа мохк хаъал шорбелира, ерриг аьлча санна ХIиндин малхбузе а, цхьайолу уллера меттигаш а дIалоцуш.

Ша угаре йоккха йолуш, президенталлин махка йукъа ягIара хIинцалера хIиндин штат Гуджарат а, берриг аьлча санна Махараштран мохк а, Карнатакин къилбаседа-малхбузе а, ткъа иштта хIинцалера пакистанан Синд провинцин дакъа а, Йеменера Аденан мохк а. Президенталла лаьттара гуонех, уьш дуьххьал дIа британин урхаллехь дара, ткъа кхин а олаллех, урхалла деш долу губернаторан администрацин куьйга кIелара меттигера урхалчаша.

Берриг мохк бара 488 850 км² (оцу йукъахь бац Аденан мохк), царех 318 530 км² бара дуьххьал дIа йолчу британин урхаллехь. Махкара бахархой 1901 шарахь бара 25 468 209 стаг, царех 18 515 587 стаг вехара британин махка тIехь, 6 908 648 стаг меттигерчу олаллашкахь. Оццу 1901 шарахь, 78,2 % бахархой индуизм лелош бара; 17,9 % — ислам; 2,1 % — джайнизм.

1947 шарахь маршо кхайкхийначул тӀаьхьа Синдах Пакистанан дакъа хуьлу, президенталлин дисина декъах хӀиндин Бомбей штат хуьлу, ткъа иза 1960 шарахь йекъало меттаца Махараштриний, Гуджаратний.