Гаити (гӀайре)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гаити
фр. Haïti, гаит. Ayiti
NASA World Wind чуьра Гаити гӀайренан сурт
NASA World Wind чуьра Гаити гӀайренан сурт
Амалш
Майда76 480 км²
Уггар лаькха меттигДуартен бохь 3087 м
Бахархой21 396 000 стаг (2014)
Луьсталла279,76 стаг/км²
Лаьтта меттиг
19°00′00″ къ. ш. 70°40′00″ м. д.HGЯO
АкваториКарибийн хӀорд
Пачхьалкхаш
Гаити Республика
Red pog.png
Гаити
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Гаи́ти (фр. Haïti, гаит. креолийн. Ayiti) — Вест-Индера Карибийн хӀорд чуьра Даккхий Антилийн гIайренашна юкъахь шен майданца шолгIа гIайре ду. ГIайрен тIехь ю ши пачхьалкх Гаити Республика а, Доминикин Республика а.

Хьалхара цIе — «Эспаньола (испан. La Española, фр. Hispaniola, гаит. креолийн. Ispayola)» хилла.

Гаитин майда — 76,48 эз. км² гергга ю. ГIайренан бахархой — 20 миллион сов стаг (2009 шо)[1].

Ӏалам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта шина гIайренан юкъахь юкъахь: Кубан а малхбузехь (цунах къастийна Мох дуьхьала хидоькъено), Пуэрто-Рикон а малхбалехь (цунах къастийна Мона хидоькъено).

Бердаш чIогIа хедийна ду, дукхаха долу дакъа айаделла (къилба-малхбаленарш доцурш), гуонахьа рифаш; малхбузехь — йоккха Гонав айма иштта цIе йолчу гIайренца. Эспаньолан бух лаьтта тIапломан а, охьахевшина а юккъерачу кайнозойн тобанех; кийрахь ду деший, детий, цIеста, эчиг, тIулган туьха. Ломан рельеф ю (кхузара цIе а яьлла); малхбузера малхбалехьа дахделла диъ ломан дукъ ду, уггаре доккханиг царех — Юккъера Кордильера (Кордильера-Сентраль) гIайренан а, ерриг Вест-Индин а уггаре лекха меттиг — ломан Дуарте бохь (3087 м) бу; цуо цIеро ма-баххара, дIалоцу юккъера меттиг, дахло гIайренан къилбаседа-малхбузан декъера Доминикин республикин къилба бердашка кхаччалц. ГIайренан къилба агIора, Сибао тогIен, Юккъера акъарин, Кюль-де-Сак боьран дехьа, От, Сель, Сьерра-де-Бауроко даккъаш ду. Уьш дахделла гIайренан къилба бердашца, ткъа кхин а Сьерра-де-Нейба а, Мато а. ГIайренан къилбаседехь — Къилбаседан (Юккъера Кордильерин чаккхе), Кордильера-Септентриональ (лекха меттиг 1249 м) а, лекха доцу Кордильера-Орьенталь (локхалла — 701 м) даккъаш ду. ГIайренан къилба-малхбален декъехь — шуьйра акъари.

ГӀайрен тӀехь сих-сиха мохкбегабо.

Эркаш дуьзина, сиха ду, дукхахдерш доца ду (уггаре даккхийнарш — Артибонит малхбузехь, Яке-дель-Норте къилбаседехь Осама къилбехахь). Дукха Ӏаьмнаш; уггаре даккхийнарш — чур ахи ара ца долурш Энрикильо а, Соматр а.

Климат тропикан пассатан; дукха йочанаш (тӀуьна шеран зама июнера декабрь кхаччалц; йочанийн шеран йукъара барам мох хьоькхучу басешкахь — 2000 мм, чоьхьарчу атагӀашкахь — 300—1000 мм); августехь-сентябрехь сих-сиха чӀогӀа мехаш.

Флора гайтина гуттаренна а сийна тропикан хьаннаша, цигахь кхуьу мехала тайпана дитташ (палисандр, кампешан дитт, тайп-тайпана пальмаш, кхин а); Кордильераш-Сентраль басешкахь — баганан-морсагӀаш долу хьаннаш; гӀайренан чоьхьарчу кӀошташкахь алсама ю гӀаш оьгу хьаннаш а, коьллаш а. ГӀайренан фауна декхачу дийнатех къен ю (шуьйра яьржина бирдолгаш а, цоьсту дийнаташ а); экханаш дац. Тайп-тайпана олхазарш а, сагалматаш а ду. Моьлкъанаш а, саьрмикаш[2] а ду.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀайре карийна 1492 шарахь 6 декабрехь Колумб Христофоран, цуо цӀе тиллина Эспаньола («Жима Испани»)[3] аьлла; Колумб шолгӀа ваханчу хенахь кхузахь йиллира Керла Дуьнера дуьххьарлера испанийн колони. Индахоша дуьхьало йора испанин конкистадорашна[4]. Цул тӀаьхьа гӀайренан дай хӀитта буьйлабелира Йоккха Британи а, Франци а. 1697 шарахь куьг яздира Риксвикан машар кӀела, цуьнца гӀайренан малхбуза дакъа дӀаделира Францин, ткъа малхбален дакъа дисира Испанехь. Францис Йоккха Британица а, Испаница а тӀом болийначул тӀаьхьа дерриг гӀайре 1795 шарахь дӀалецира французаша.

1791—1803 шерашкахь гӀайрен тӀехь хилира Гаитин революци — исторехь цхьаъ бен боцу лайшан аьтто хилла гӀаттам.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Department of Economic and Social Affairs Population Division (2009). «World Population Prospects, Table A.1» (.PDF) (United Nations). Теллина 2009-03-12.
  2. Ӏ.Т. Карасаев, А.Г. Мациев, Оьрсийн-нохчийн словарь, Москох, Арахецаралла «Оьрсийн мотт», 1978
  3. Гаити // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Начало сопротивления Хосефина Олива де Коль ::: Сопротивление индейцев испанским конкистадорам

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гонионский С. А. Гаитянская трагедия. М.: Наука, 1974.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]