Барбадос

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Барбадос
Barbados
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Pride and Industry»
Шатлакхан Илли: «In Plenty and In Time of Need»
LocationBarbados.png
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Бриджтаун
Яккхий гӀаланаш Бриджтаун
Урхаллин тайпа Йоккха Британи коьртехь йолу ДоттагӀаллин юкъара маьрша пачхьалк[1];
конституцин монархи[2]
Пачхьалкхан корта
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Мэйсон Сандра
Моттли Миа
Латта 200-гӀа дуьненахь
 • Дерриг 439[3] км²
хина тӀехле кӀезиг
Бахархой
 • Мах хадор (2010) 277,821[4] адам.
 • Дерриг (2015) $4.658 миллиардов долл.
 • ХӀораннан а сина $16,653 долл.
 • ХӀораннан а сина $15,912 долл. ($15,912-гӀа)
АДКМ|ИЧР (2013) 0,776[5] (лакхара; 59-гӀа меттиг)
Ахча Барбадосан доллар (BBD,код 52)
Интернет-домен .bb
Код ISO BB
Код МОК BAR
Телефонан код +1-246
Сахьтан асаш -4
Автомобилийн некъаш аьрру[d]

Барба́дос[1][6] (инг. Barbados) — Карибийн хӀордан малхбалера Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера иштта цӀе йолчу гӀайрен тӀиера Вест-Индера пачхьалкх. Лаьтта Къилба Американ гена йоццуш, 434,5 км къилбаседа-малхбалехьа Венесуэлан.

Барбадосан гергахь лаьтта пачхьалкхаш Сент-Люси а, Сент-Винсент а, Гренадинаш а, ший а Барбадосан малхбузехьа. ГӀайренан майда 431 км² ю, иза алсама нийса ю, юккъехь лоха шунаш а долуш. Лаьттан хӀоттамо гойту, гӀайре тӀапломах даьлла ца хилар, лаьтта коьртаниг маржанех.

ГӀайренан климат тропикийн ю гуттаренна а мехаш болуш — пассаташАтлантикан океан агӀора. Цхьадолу куьг Ӏоттаза долу гӀайренан дакъошна тӀехь мангрий уьшалаш ду, кхечарна тӀехь шекаран эрзан шуьйра аренаш я даккхий таьӀна, хӀорд хаза гуш а болуш, байдаш ду.

ВКЪКХ Кхиаран программица кхуьуш болчу мехкашна юкъахь Барбадос дахаран тӀегӀа а, бахархойн грамоталла уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу пачхьалкх ю, цуьнца мохк йоьалгӀачу меттигехь бу. ЧӀогӀа гӀараяьлла туристийн агӀонца.

Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

«Барбадос» цӀе схьаяьлла я португалихойн Os Barbados дашах, я испанхойн Los Barbados, и ший а дешан маьӀна «мажош ерш» хуьлу. Цхьа могӀа гипотезаш ю цӀе схьаяларх. Царех цхьаьнца, «мажош ерш» дош догӀу гӀайрен тӀехь кхуьучу фикусийн (Ficus citrifolia) деха охкаделла орамашна, кхечуьнца — гӀайренан бахархой хилла болу мажош йолу карибашна. Ю кхин а алсама экзотикан верси, маж гаран иллюзии йора хӀордан чопано, иза кхоллалора арахьара рифашкахь. 1519 шеран генуэзийн картографо Маджиоло Висконтес[en] диллина географин картин тӀехь, гайтина шен меттехь, цӀе а ю Барбадос. Цул сов, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Барбуда гӀайрено лелайо цунах терра ала мегар долуш цӀе, и тиллина испахоша Las Barbudas.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Барбадосера дуьххьарлера бахархой хилла индахойн кхерстарш. Миграцин кхо тулгӀе чекхъяьлла гӀайрен тӀехьула, ткъа уьш Къилбаседа Американ агӀора дӀаболхара. Хьалхарчу тулгӀенца бара саладоидийн тобанийн векалш — барранкоидаш (Saladoid-Barrancoid), Венесуэлан орамера бахархой, уьш гӀайрен тӀе баьхкира каноэ кеманаш тӀехь Ориноко эркан атагӀера вайн эран 350 шеран гергарчу хенахь. Цара леладора латта, чӀерий лоьцура, кхийра гӀирсаш бора. ТӀаьхьуо, 800 шерашкахь, гӀайрен тӀебаьхкира индахой аравакийн тайпанера, иштта Къилба Америкера. Аравак тайпанан эвланашна юкъайогӀу гӀайрен тӀиера Страуд-Пойнт (Stroud Point), Чендлер-Бэй (Chandler Bay), Сент-Люкс-Галли (Saint Luke’s Gully), Мэпс-Кейв (Mapp’s Cave). Луларчу гӀайренашна тӀиера тайпанан тӀаьхьенийн тептаршца, юьхьанца гӀайрен цӀе хилла Ичиригоуганаим (Ichirouganaim). XIII бӀешарахь гӀайрен тӀехевшина индахой карибийн тайпанара, цара аратеттира цигара ший а хьалхара тайпанаш. Цул тӀаьхьа масех бӀешарахь къаьстина бехира гӀайрен тӀехь.

Административан екъаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀеэцарц Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
(2000) адам.
Луьсталла,
адам./км²
1 Крайст Чёрч Ойстинс 57 49 498 868,39
2 Сент-Андру Гринленд 36 5 254 145,94
3 Сент-Джордж Булкели 44 17 868 406,09
4 Сент-Джеймс Холитаун 31 22 742 733,61
5 Сент-Джон Блекменс 34 8 873 260,97
6 Сент-Джозеф Бафшеда 26 6 805 261,73
7 Сент-Лючи Краб-Хилл 36 9 328 259,11
8 Сент-Мишель Бриджтаун 39 83 684 2145,74
9 Сент-Питер Спейтстаун 34 10 699 314,68
10 Сент-Филипп Крани 60 20 540 342,33
11 Сент-Томас Хиллеби 34 11 590 340,88
Масо 431 246 881 572,81

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Кеп:Атлас мира
  2. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 85. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4
  3. Caribbean Industry Handbook, 2015, p. 59.
  4. Barbados: People. World Factbook of CIA
  5. HDI values and rank changes in the 2014 Human Development Report. Human Development Report 2014. United Nations Development Programme. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 18 январехь. Теллина 2015 шеран 18 январехь.
  6. Правильное ударение в названии страны на сайте «Грамота.ру»

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Burns, Alan. History of the British West Indies. — London : Allen and Unwin Ltd, 1965. — 849 p.
  • Hamshere, Cyril. The British in the Caribbean. — Harvard University Press, 1972. — 256 p. — ISBN 978-0674082359.
  • Inc. IBP. Caribbean Countries Mineral Industry Handbook. — Lulu.com, 2015. — 328 p.
  • O'Shaughnessy, Andrew Jackson. An Empire Divided: The American Revolution and the British Caribbean. — University of Pennsylvania Press, 2000. — 376 p. — ISBN 978-0812217322.
  • Radula-Scott, Caroline. Insight Guide: Barbados. — Insight Guides, 1999. — ISBN 978-0887290336.
  • Rogozinski, Jan. A Brief History of the Caribbean: From the Arawak and the Carib to the Present. — Facts on File, 1999. — 415 p. — ISBN 978-0816038114.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Правительствон[нисъе бӀаьра | нисъе]

Къилбаседа Американ пачхьалкхаш
Антигуа а, Барбуда а | Багаман гӀайренаш | Барбадос | Белиз | Гаити | Гватемала | Гондурас | Гренада | Доминика | Доминикан Республика | Канада | Коста-Рика | Куба | Мексика | Никарагуа | Панама | Сальвадор | Сент-Люси | Сент-Винсент а, Гренадинаш а | Сент-Китс а, Невис а | Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ | Тринидад а, Тобаго а | Ямайка
Бозуш болу мехкаш: Виргинийн гӀайренаш (АЦШ) | Ангилья | Аруба | Банка Бахо-Нуэво | Банка Серранилья | Бермуда гӀайренаш | Бонайре, Синт-Эстатиус а, Саба а (Карибан Нидерландаш) | Британин Виргинийн гӀайренаш | Гваделупа | Гренланди | Кайманийн гӀайренаш | Клиппертон | Кюрасао | Мартиника | Монтсеррат | Навасса | Пуэрто-Рико | Сан-Андрес-а-Провиденси а | Сен-Бартелеми | Сен-Мартен | Сен-Пьер а, Микелон а | Синт-Мартен | Тёркс а, Кайкос а | Венесуэлан долахь йолу меттигаш